6. Дахарехь зеделларш

51)  Х1ора дош ша ша цхьацца дош бен дац, и дешнаш вовшахтаса хиъчий бен къамел хуьлуш дац.

52)  Нахана дика болх лууш хилар а ду дикачу амалех.

53)  Харцонна к1ел сацар г1оле ду, ша харц хуьлучул а.

54)  Хьан г1алаташ хьулдеш волчу доттаг1чул а хьуна г1оле ву, хьоьга уьш нисдойтуш волу хийра стаг.

55)  Ала дезарг д1а аларал а пайдехь ду ала ца дезарг ца олуш дитар.

56)  Хазачу дашо хьекъал дерг нисво, ткъа 1овдалниг гал вокхкху.

57)  Шена ца хуург хаа г1ортар тоьлу хаа моттийта г1ертачул.

58)  Оьзда воцуш ваьхначуьнан валар а хир ду оьзда доцуш.

59)  Дешарах пайда бац коьртехь хьекъал дацахь.

60)  Ша 1емачул а алсам хьекъал оьшу кхечунна 1амо.


Рецензии