Зийнин к1ант Рамзан

                Зийнин к1ант Рамзан.  /Вахит Хаджимурадов/
                (Берашна дийцар)

Тхайн нана Зийна дагалацарца, вежаршна Рамзанна а, Ражапна а лерина.

- Рамзан! Схьавоьл чу, хьо оьшу нанина. Сиха лелалахь, хьо дукха вахарг, - чу кхайкхира Зийнас шен 4 шо хир долуш волу жима к1ант, лохачу поппар хьаьхна динчу ц1енна жимчу не1арах ара а хьожуш, малхана дуьхьала куьйг а лоцуш.
- Ца лаьа суна. Суна арахь ловза лаьа! – реза вацара жима к1ант, х1инцца сийна буц хьалаг1оьртина, малхо серлаяьккхинчу жимчу уьйт1ара чу ван.
1уьйре жимма т1ехиккхина хан яра, малх айбеллера, хьозарчийн эшарша екайора аре, г1а тохаделлачу диттийн гаьннашкахь ловзуш.
Ц1ера арадохуш х1окхеран дех Хьуьсенах дисинчу лаьттан декъа т1ехь дуьйцина, поппар хьаькхина лоха жима шен куьйга дина ц1а дара Зийнин. Ц1адаьхкича а баланах ца долура нохчийн адамаш. Дег1астана куьйга к1ела дисинчу нохчийн латтанашна т1ехь йолчу нохчийн ярташ, г1ишлош нохчашна юха схьаяла реза бацара суьйлий. Маь1-маь11ехь мах луш лаьцначу чоьннашкахь 1аш амал а дайна, шен дех йисинчу кертахь шен шина жимчу к1енташца Мартант1ехь д1атаръеллера жима зуда, цхьана ханна майрачух а къаьстина. Рамзан воккхаха волу к1ант вара, жимах волу к1ант Ражап аганан хан йолуш вара. Ражап аганан чохь хьарчавой, цунна ха дан Рамзан а х1оттавой, уьйт1ахь, кертахь г1уллакхаш дан дезаш хуьлура жимчу зудчуьна. Б1асьтенан юьххьехь д1айийна т1еяьлла х1ума мехала хуьлура къелла ловш йолчу х1усамна. Зийна шайолу нохчийн зуда санна жима йо1 йолуш дуьйна къахьега 1емина яра. Кхуьнан йоккхачу кертахь д1айийна т1ейолуш дукха х1ума дара: хох, саьрамсекх, наьрс, хорсам, картолаг. Доцца дийцича, ша а, шен бераш а 1анера даха а, совъяьлларг д1айохка а хуьлура. Ц1ера арадаьхна кхойтта шарахь шело, мацалла ловш леллачу нахана, х1орш шайн ц1абирзича а, ц1ахь бан болх а, дина ц1а а дацара. Амма мел хала делахь а, х1инца-м шайн ц1ахь бара х1орш, шайн дай эзар шарахь баьхначу махкахь, латтахь.
- Рамзан, дукхавахарг, хьо нанина г1о дан ца ваг1ахь, нана кертахь г1уллакх дан кхуьура яц. Т1аккха вайна яа х1ума хир яц. Схьавоьл кхуза, хьайн жимчу вешига хьажа веза хьо, - к1ант 1ехон г1ертара Зийна.
Рамзан-м вацара нанас дуьйцучуьнга ладуг1учохь: стенгара баьллехь а, карабеъначу жимчу сарагца дуьххьара сийначу байтехь схьакъаьрзинчу можачу Баьппа-зезагца хазалла къовсуш болу можа полла уьйт1е ма-ю лаьллина лелаш вара к1ант-м.
- Ой! Схьавола ца боху аса хьоьга! Со оьг1аза ма яхийта! – собар кхачадалар хоийтура нанас.
- Хи-и, хи-хи! – бохуш воьлуш поллана т1аьхьа уьдура жима к1ант, нанас дуьйцург цхьа лерг ухьуш, ша сема велахь а.
Ша цхьамма шен к1ант кхобуш йоллучу жимчу зудчо наггахь, собар а кхачадой, х1инца к1ентан карахь бериг санна буткъа сара узура к1ентан настарех. Жима хан юкъаялале юха ша а 1ара нана даккхийра б1аьрхиш а эгадеш. Жимчу дег1ахь яра жима зуда, ц1ера арадаьхначохь мацалла а, хало а лайна хилар дара цуьнан бахьана. Х1окхеран дех йисначу кертахь даьтта санна хьеначу латта т1ехь-м д1айийна х1ума хьекъана т1ейолура. Ша жима йо1 йолуш лайна мацалла дага а оьхуш, хьанала къахьоьгура Зийнас х1инца шен кертахь: хьаьжк1а, кхоь, ц1азам – ца лелош х1ума яцара цо.
Кестта, жимма воккхахилча, накъост хир вара нанна жима к1ант Рамазан, амма х1инца а дукха жима вара и нанна улло а х1оьттина г1одан. Делахь а нанас бохург а ца дина, ша и елха йича, шен настарех кхетта сараг а бицлой, цунна улло а воьдий, цуьнан пхьарс шен кегийрачу беран куьйгашца мара а къуьйлуш тебий 1ара.
Ц1аьххьана ловзаваьллачу к1анта лестош болу сараг кхийтира поллана, хьаьвзина жима можа кема санна т1ек1ела а буьйлуш, можачу Баппа-зезагна улло буьйжира и.
- Э-х1ей! – экха дожийначу иччархочун ц1ог1 хьоькхуш чухьаьдира жима к1ант бацалахь лазоро къиза хьовзийначу поллана.
«Экха» метта а деъна т1ома а даьлла шех дедда к1елхьара даларна кхеравелла «жима иччархо», айдинчура шен «герз-сараг» охьа ца дохийтуш, кхин а эшахь т1етоха кийча волуш теббина улло вахара поллана. Чевно лозийна ницкъа эшна делахь а, шена чов йина мостаг1 улло веъча цунах кхерабелла делахь а, полла тебаш д1атийра. Шена «экхано» дьухьалло йийра ю моьттина т1емлочун дог-ойла йолуш т1евеъна жима к1ант цецволуш соцунг1а а хилла висира. Буйнахь айбина лаьтта сараг, буй бостуш, охьабахара, улло бацала охьабуьйжира. Шен буткъа ц1ег1а басахь болу беран п1елг бахбина-а улло бехьира т1аккха меттах ца болуш 1уьллучу поллана, п1елг меллаша д1ахьакхабалийтира. К1ентан п1елго жимма д1ахилор доцург, полла меттах ца хьовра. К1ант д1а-схьа хьаьжира, нене аг1ора вирзира, г1одоьхуш санна. Полла меллаша, лозорна кхоьруш санна, караийцира, керан юккъехь д1анисбира, чубожарна кхоьруш. Х1инца бацара можа полла маьлхан з1аьнарш ловзош, баьццара буц, сийна стигал, к1айн мархаш санна хаза, х1аваэхь т1емаш даржийна хьийзаш санна хаза. Жима к1ант ца кхетара х1ун хилла, амма ша динарг вон дуйла тусаделлера цунна. Малх мархашна т1ехьа баьлла лечкъара ц1еххьана. Велха дог дог1ура Рамзанан, стенна делахь а! Зийна а лаьттара, шен к1антана даьтт1а дог а дицдина, 1адийча санна.
- Нан-н… Суна чуван лаьа… Хьажахь…, - шен карахь 1уьллу зезагах тера болу полла ненехьа уьйхьира жимчу к1анта.
Нана йоьхна лаьтташ гича, вуьйхира к1ант а. Велха лиира цунна ч1ог1а, жима батт а озийра цо, амма ца велхавалора. Ненан б1аьргах хин т1адам хьаьдира, бесне т1ехула лара а юьтуш.
- Нана-а! – олуш г1ийла велхан вуьйлира к1ант а, белшаш а егош.
Зийна, полланах хетта къа а, шен к1антах хетта къа а логашаде а х1оьттина, б1аьргах йовлакхан са а хьоькхуш улло еъара. Нене хьала а хьоьжуш, воьлхучура ца сацавалора Рамазан. К1ант, т1ехула куьйг а доккхуш, маракъевлира нанас.
- На-ан, полла… иза хьала ца г1отту, - кераюккъера полла, шершина охьабожарна кхоьруш, ларош нене уьйхьира жимчу к1анта. – Самабаккха-а и!
- Х1унда туьйхира ахьа цунна сараг? И кхин самабера бац, - к1ентан коьртах куьйг хьаькхира нанас. – Ма велха, сан диканиг, к1ант воьлхуш ца хуьлу. Ларон безаш хиллера ахьа и полла, и жима ма бара хьол а. Хьайл жиманиг, г1ийланиг ларош, цунна дола деш хила ма веза хьо. Хьох къонах хира вац, хьо хьайл а г1ийлачарна ницкъа беш хилахь, ахьа царнна г1о деш ца хилахь. Хьо дика к1ант ма ву. Вуй?
- Ас кхин лозор бац полла. Лозор бац… сама бала-а, - полле доьхура к1анта.
Амма полла меттах хьовш бацара. Дуккха а лаьттира наний, к1антий полле хьоьжуш. Эххар а к1ентан карара ларбеш шен кара ийцира Зийнас полла. Куьйг дайдина баьццарчу бай т1е биллира и. Полле хьожуш кхин а жимма лаьттина, нана чуяхара, к1ант лаьтташ а витина.
Х1инца самаваьлла велха волавелла жима Ражап аганахь вихкина, и тахка ван юьйлира Зийна, ойланийн йийсарера ца ялалуш.
Ц1аьххьана арара Рамазанан ц1ог1а хезира цунна. «Х1инца х1ун хилира техьа!» - аьлла кхераелира Зийна. Оцу хенахь кхин а ч1ог1а хезира цунна Рамазан «г1ад вахана» воьлуш, ц1ог1 хьоькхуш. Кхераялар елакъажаре дирзира ненан. К1ентан зевне велар хезича, дог деладелира. «Х1инца х1ун хилла техьа!» - елакъежира нана. Жима Ражап а, шена цхьаъ кхеташ санна велакъежира, воьлхучура соцуш. Зийна сиха жимчу не1арах арахьаьжира. Г1адъяхана елаелира!
Жима Рамзан вара схьакъежначу маьлхан з1аьнаршца ловзуш байт1ехь хелхаран чан туьйсуш. Куьйгаш ирх кхуьйсуш, ловзуш, зене воьлуш. Цунна коьрта т1ехула гуонаш туьйсуш можа зезагах тера хаза полла бара «х1айт!» аьлла хьийзаш. К1ентан сараг а бара йистаха кхоьссина 1уьллуш. К1ант халха вуьйлура, багахь шена йиша а локхуш. Йо1 санна гонаха хьийзара полла а, хелхаран кепехь. Эххар а стигала ирх а баьлла, к1айн мархашца, маьлхан дашо з1аьнаршца д1аийра можа полла.
- Рамзан, дукхавахарг, хьо нанийна г1одан ца ваг1ахь, нана кертахь г1уллакх дан кхуьура яц. Т1аккха вайна яа х1ума хир яц 1ано а. Схьавоьл кхуза, хьайн жимчу вешина хьажа веза хьо! - к1анте кхайкхира Зийна.
Зинийна ца моьттачу кепара мох санна ведда чувеара к1ант, шена мел ч1ог1а хазачу б1аьстенца арахь ловза лаахь а. Нанас дайн куьйг хьаькхира улло веъначу к1ентан коьртах.
- Ас г1одийра ду хьуна, нана. Х1ун де ас? – воккхачо санна хаьттира цо.
- Хьо дика а ма вуй, х1окху хьайн жимах волчу вешина уллохь хьо ца 1ахь, сан кертахь долу г1уллакхаш к1ела дуьсур ду. Ражап аса аган чу виллина, ахьа жимма тахкийча, цунна наб озор ю, ц1енкъахь истанга т1ехь хьайн тайнигех ловзур ву хьо т1аккха. Ага, ловза а валий, дукха ч1ог1а ма тахкаделахь, Рамзан. Кхийтарий хьо? Дика дуй? – хоьттура нанас юха а, юха а.
- Дик ду! – ша кхетар гойтуш, корта а лестош элира к1анта.
- Со кест-кеста чу а йог1уш, хьожуш хир ю хьуна. Ара а валий ловза ма г1олахь, хьо дукха вахарг, - хьоьстура цо к1ант.
- Дик ду, - дагахь 1амийча санна юха а олура к1анта.
Шен гам белшна т1е а биллина, са шен меттехь дацахь а, яханза а ца яьлла, керта яхара Зийна.
Рамазан г1арол санна агана улло д1ах1оьттинчохь а висира.
Дуккха а лаьттира к1ант агана уллохь. Жима Ражап шен вешига а хьоьжуш «Н-нга, нга!» бохуш шен х1инцца т1еяла тохаелла цхьа церган юьхк а гойтуш хабарш дийца г1ертара.
- Ахьа х1ун боху? Ца кхета со, - улло а хилла т1евог1авелла хьоьжура Рамзан агана чохь 1уьллучуьнга.
- «Н-н-нга!» - велакъежара Ражап-м, шеца ваша къамеле валарх вокхавеш.
Амма кестта иштта деш долу хабар а к1ордийра Ражапна. Цунна вешица ловза лаьара. Агана чухчанашца дихкина долу куьйгаш мукъадаха тохавелира и. Хаалора чухчийн стомма памбархатан к1адийна бухахь цо меттахдоху куьйгаш.
Резавоцуш шен «Н-н-г! Н-нн-га!» - элира Ражапас шен вешига.
Ража, хьо жима ма ву, 1ад1илла хьайн агана чохь вижий. Хьан куьйгаш мукъадаха йиш яц. Хьуна оьшуш х1ума а дац. Аса хьуна цхьанге вон х1ума а дойтур дац. Хьо жима волундела, хьо ларош лаьтташ ма ву со, - жимах волу ваша кхетон г1ертара Рамзан.
- Ражапас цхьана ханна сацийра, аганан йийсарах валан г1ерташ, ша латтош болу къийсам. Велан къежира и юккъехула шен мотт 1амаза долчу кегийрачу берийн, деккъа ц1ена дешан дакъойх лаьтташ болу, мотт а буьйцуш.
- Ма кхера хьо цхьана а х1уманах, со ву хьуна уллохь, йоккха борз яг1ах а, аса хьуна х1умма а дойтур дац! Аса сайла а кегийранарш ларон беза боху нанас, хьо а, полла а, кегийра синтарш а. Т1аккха сох воккха хилча, къонах хир ву боху нанас, - к1ант кхетош къамел дора Рамзанас вешига, т1ехула куьйг а даьккхина и хьостуш.
Амма, шен амал йолуш волчу Ражапана сиха к1ордийра шен вешин хабарш, шен ма-доггаха ши куьйг мукъадаккха г1уртуш, озавелира и. Вешина т1е мохь а хьаькхира шена хуъучу кепара.
- Ахьа дов дахь а, куьйгаш схьадастан йиш яц, Ража! Нанас ма даста аьлла, - машарен къамел дан г1ертара Рамазан.
Ражапас юх-юха а хьала ийзадора аганан чухчана бухара куьйгаш. Рамзанас г1ийла тахкадан долийра ага, шен хуучу аг1ора йиша лакхаран кеп а х1оттош. Ражапна тайра шен ага тахкадар, цул совнаха цо-м Рамзанан эшарна т1аьхьа мукъам балош, ша а локхура йиша, цхьана-шина мукъачу элпах вовшахтоьхна бен и яцахь а. Жима Ражап вешин а, шен а эшаро 1ехаван вуьйлира, цунна мела наб озийра. Рамзан ша а вара к1адвелла: поллана сагаттадина а, Ражапца къийсина а. Иза техкош долу ага меллаша сацош, агана уллохь истингана т1е охьалахвелира, агана сонах д1атаь1аш наб озийра цунна а.
Набарах жимчу Рамазанна дуьхьала тесира можа полла, к1антана гонаха хьийзара и г1абали юьйхина жима йо1 санна халхарна т1емаш даржийна.
Ц1аьххана йо1ана-поллана т1ехула тур санна айбина сара а болуш гучувелира туьйранахь нанас вийцина 1аьржа-Х1ожа! «Ма кхера, хаза полла, ас ларор бу хьо 1аьржачу-Х1ожех!» - олуш, дуьхьла велира жима к1ант Х1ожина. Амма 1аьржа-Х1ожа ц1аьххьана юьхьанца хийцавелира, цунах буьрса юьхь а йолуш Ражап хилира. «Нга-а-а!» - бохуш ц1ог1 хьоькхура цо.
Рамзан самавелира. Ражапас хьоькхуш болу мохь лергаш чура д1а ца болура. К1ант хьалаиккхира. Ражапас мухха делахь а, куьйгаш муъадаьхнера, уьш д1а-схьа а лестош, шен толам базбеш вара и, хьоькхуш ц1ог1а а долуш.
Рамзан воьхна висинера, цунна-м ца хаьара х1инца х1ун дан деза. Схьалаьцна вешин жима куьйг чухчина бухадолла вуьйлира и. Амма Ражапна и ч1ог1а ца тайра. Велаха озавелира и, хьоькхучура ц1ог1 ац сацош. Рамзанас вешин куьйг д1ахийцира.
- Ма велха, аса х1умма а ца до! Ма велха-а, со-м хьуна дика дан г1ертара, - шен машарен ойланах ваша кхетон г1ертара Рамзан.
Ражап-м кхета дагахь а вацара, и кхин а ч1ог1а воьлхура. Рамзанас ага тахкийра, Ражапас куьйгаш лестадора, самукъадолуш.  И воьлхучура сецира, амма толаман ц1ог1 кхин а ч1ог1а хьоькхура цо. Рамзанас ага кхин а ч1ог1а тахкадира. Ражапас ц1ог1 кхин а ч1ог1а хьаькхира. Ага т1ема дала доллуш санна тахкадоладелира. Рамазанан шен а самукъадолура х1инца-м. Цо ша а хьоькхура самуъадаларан ц1ог1а. Ц1аьххьана ага Рамзан волчу аг1ора коган салазийн сона т1е х1оьттира. К1анта аганан г1аж схьалецира, ши куьйг дуьхьала а г1ортош. Ага д1атеттина, шен метте нисдан г1оьртира к1ант, амма жимчу к1ентан куьйгаш доца дара оцу балхана. Охьадужучу агана дуьхьала г1ортийна куьйгаш, когаш озийна 1ад санна дара к1ентан. Коган буьххье а х1оьттира и, ага шен метте нисдан г1уртуш, амма жимчу к1ентан когаш а дукха боца бара аганца ларон. Ага д1а а хецна, бухура д1аэккха-м кхуьура вара и, т1аккха агана чохь 1уьллуш волу жима ваша лазоран кхерам бара. Озийна 1ад санна тасавелла лаьтта к1ант, дужучу агана дуьхьала ваьлла. Кестта куьйгаш, когаш даш санна дазделира дукха ч1ог1а ницкъа хилла. К1ант дукха латталура волуш вацара ишттачу хьолахь.
- На-н! Нана-а! – мохь туьйхира Рамзанас.
Амма нана генахь яра, мохь тохаро а ницкъа д1абоккхура. Сатохан дезара. Муха тухур д уса, к1адваларо б1агор оьхийтучу жимчу к1анта. «Д1ахеца!» - бохура к1адвеллачу к1ентан о1лано. «Жима ваша лазор ву! Со воцург цунна г1о дан стагга а вац!» - дуьхьала г1ертара шен г1елъеллачу о1лана к1ант.
- Ца хьоьцу-у! – шабарца олура Рамзанас дере а, о1ланца болу къовсам гойтуш.
- «Нга-а! Нга!» - вешин б1аьра а хьоьжуш шабарца г1одора Ражапас, велха а г1ерташ.
- Ма велха, ас вужийтар вай хьо! – меллаша олура Рамзанас, вешин б1аьра а хьоьжуш, б1аьргашна чухьийдачу хьацарна б1аьргаш а къуьйлуш. К1адваларо куьйга, когаш эгабора. Иштта д1адодахь, кестта вужура вара к1ант.
«Дхьахеца-а!» - хьоьжура к1адъелла х1оьттинчу о1лано.
- «Ца… ца хоьцу! Хоьцур дац! – ца къарлора жима к1ант.
«Х1инцца охьавужу-кх со!» - ойланца догг1елделла б1аьргаш д1ахьаьбаш дара к1ентан.
Оцу хенахь маьлхан з1аьнарша меттавалийра к1ант. «Муха маьлхан з1аьнарша меттавалийра к1ант. «Муха маьлхан з1аьнарш?» - ца кхетара и. Амма кестта кхийтира: малхо санна чоь серлайоккхуш к1антана т1ехула хьийзара можа полла. К1антана г1одеш аганан г1аж яйнеш хьалхха охьахиира можа полла. Рамзан велавелира поллана. Поллан т1емаша ластош г1о дора к1адваларан юьхьт1ехула охьахьаьддачу хьацарна а.
- Аса охьа-м ца дожийтара хьуна ага! – поллана хьалха дозалла дора жимчу к1анта.
Можа полла малхал а сирла къегира ц1аьххьана. Рамзан ша а полла санна т1емаволуш дег1дайдела висира. К1антана хезира шен ненан эсала аз: «Хьо майра к1ант ма ву! Хьох къонах хи рву, воккха хилча! Мискачарнна, г1ийлачарнна г1о деш, хьайн сам а кхоаделахь, сан к1ант!»
- Ва-а, орца дала! Рамзан, дукха хан юй, хьо иштта лаьтташ волу! – ненан аз дара Рамзанан т1аьххьара хезинарг.
Чуиккхинчу Зийнас т1екхеташ схьалецира, Рамзанас т1аьххьарчу ницкъаца ирахь латтош долу ага. К1ант схьалаца ца кхиира нана, истангана т1е вуьйжира и ницкъа а кхачийна, нанна делахь а, можачу поллана делахь а вела а къежаш.
                5 ноябрь 2017 шо.


Рецензии