Вевзарий хьуна

Резванова Айза
- Ассалам  – 1алайкум,
Тхан сийлахь Даймохк!
Вевзарий хьуна со?
Суна хьо – м, бевзара...

Хьох къастар ца лайна,
Ненан дог доьлхуш,
И б1аьрхиш, цу кийрахь, мийланарг ву со!
Безамца хьан суьрташ, шен дагчохь хьоьстуш,
Шен кийрахь нанас хьо,
Марзбинарг ву со!

1уьйренца дашочу, з1аьнарийн маша,
Хьан лаьмнийн баххьаш т1ехь, цу малхо буцара.
Цу т1улгий ламанех, самукъне хьаьрчаш,
Кхийссалуш, и сирла шовданаш ловзура.
 
Бесс– бессара шакаршца, эшаре  дуьйлуш,
Юькъачу хьаннашкахь, олхазарш декара.
Б1аьстенца аренгахь, помбархат зезагийн,
Тхи муьйлуш, полларчий х1аваие г1уьттура.

Баьстенан зазанах, седарчий къегий,
Бода д1акъехкабеш,
Бетта са даьржара
Куц хазчу 1аламах, Ойланца хьаьрчий,
Сан ненан са т1ома, 1аьршашка долура.

Хьоьгарчу марзоне сатийсам г1оттий,
Шовданийн аьзнашца, мукъаме йолура.
Юха а, къастаран бала т1е 1аьткъий,
Г1ерг1ачу терках и,
Елхаре йоьдура.

Стогаллин амал т1ехь, Кхиуо къахьоьгуш,
Турпалчу къонахийн
Амалаш хьоьхура.
Дайн оьзда г1иллакхаш, Шайн кийрахь кхиош,
Бехачу мехкарийн,
Сий лаккхахь гойтура.

Генарчу Сибрехахь, Хийрачу махкахь,
Даймохк, хьан ц1е Йохуш,нанас дог лоьцура.
Ша хьегна марзо шен, т1аьхьаьнна йоьхуш,
Даима, до1ийца, цо  Деле доьхура.

Халонийн, харцонийн Дозанаш эешош,
Ца къарлуш, Дег1астан Некъа со ваьккхира.   
Мерзачу сих хаьдда,
Дилх лаьттах эелуш,
Шех хилла лаьттан цинц, Хьох тохар, дийхира,

- Ассалам – 1алайкум, Тхан сийлахь Даймохк!
Вевзарий хьуна со?
Суна хьо – м, бевзара....

Сийлахьчу, хьан ц1еран, Декъашхо хила,
Нанас т1е диллина, хьан к1ант ву со!
Даймохк, хьан сий долчу ц1арт1е ц1е йилла,
Ирсана кхаж баьлла, нохчо ву со!







                Резванова Айза               

Х1иллане мох

Х1иллане мела мох шок лекха баьлчи,
Ду моьттуш баьстенан самукъне аз.
Малх кхетта, 1аьнан цхьа де серла даьлчи,
Жимачу марг1ало хийцира заза.

Г1ура т1елетарх а, шан м1араш къийзош,
И хазлуш къегира, цец доккхуш 1а.
Даш санна, дазделла, ло т1ет1а хьийзош,
Цо къиза, хьулйира и хазна  д1а.

Заманна гуш яра, ойла цо йина,
Г1о дан йиш йоцуш  ша хетарна г1ийла.
Мохь тоьхна йилхира, и цуьнан къина,
Г1а-бецо оьцийла-кха, бохуш:-хьан ч1ир.

Еъна схьакхечира, и къуона  б1аьсте,
Лайн чимаш делхадеш, 1иенийра хиш.
Жовх1арех лепачу, шовдана коьртехь,
Марг1ална хазийра безаман .


Резванова Айза

Бехк баккхар...

Со кхиина йог1учу заманчохь, дара иза...
Цхьана суьйранна, сарамсекхаш т1ера бог1уш белхий бинера, Мартан - чу олучу юьртахь, тхан гергарчу наха...
Цу белхий кхайкхана йиганера со а, кхин болу мехкарий санна.
Кегий нах сиха схьагулбелира, нохчийн белхешкахь ма хиллара...

Кегийчу нахана юккъехь вара,  соьга б1аьрг бетташ волу к1ант а...
Дукха хьен цалуш, юкъа лелачуьнга мехкаршна хабарш т1е кхоьхьийтуш, шайн - шайна тайначу йо1ана т1е сарамсекхаш  кхуьйссуш, сакъоьру кеп д1айолаелира...
Иштта, суна т1е а хабар даийтира соьга б1аьрг бетташ лелачу к1анта...

Х1етахь со жима йолуш,  эхь хеташ хиллехь а, я лела ца хууш хиллехь а, со цу к1анте д1а ца хьожуш, охьа таь11ина, сарамсекхаш т1ера бог1уш йоллура... Цо дуьйцург хезашехь, хьала ца хьожуш, колхозан балхахь таж яккхар т1е диллича санна, сарамсекхашна юккъе яхана, цу балхана т1е йоьллера со.
Цуьнга д1а хьажа а, сакъера а ца лаар дацара иза...
Эхь хеташ, д1а ца хьожура со...
К1антера хабар дахьаш жимзуда, юху а т1ееара:
- Схьахьожуш хила боху хьоьга... Наггахь д1а а хьожуш, ела а къежаш х1ума дел ахьа, дик к1ант ву хьуна иза, - элира цо.
- Дик ду, - аьлла, т1етайна, д1аяхийтира ас иза..
Амма суна керадоьрзуш дацара и, белхешкахь а, синкъерамашкахь а сакъоьру кеп лелор...

Луьйш - олуш, сакъера хуучо сакъоьруш, белхийн хан чекх йолуш лаьттара...
Т1аккха соьга б1аьрг бетташ волу к1ан вист хилира, белхехь  гулбеллачу нахе кхайкхам беш:
- Х1ей нах, цкъа цхьа жимма собар дай, ладог1ийша соьга, шайн тарлахь....
Вист хила воллура со, - аьлла...
Хетарехь мехаш а цхьана д1атийнера, к1анте ладоьг1уш...
Деригге а тап аьлла сецира...
И х1ун ала г1ерта хууш цхьа а вацара...
Суна т1е хабар дахьаш еаначу жимчу зудчо, къайлаха улле а таь1ана, соьга элира:
- Хьох бехк баккха воллу иза.
Хьо шега д1а ца хьожуш 1ерна, - аьлла.

Ловзаргахь а, синкъерамехь а, белхешкахь а, х1етахь иштта бехк а боккхура йо1ах, к1ентан терго цайича, цаяшаран кеп лоруш...
Хьалха хаийначу тхьамдано, бехказа а йоккхура йо1, я бехк т1е лоций, къинт1ера воккхура хьаша велахь а, юьртахо велахь а, лерам беш.
Я баркалла кхайкхадора, ша лоруш, шен  терго ярна, ша т1е хабар дахьийтиначу йо1ана, лела хууш хилар билгал доккхуш...

Амма,  тхан белхехь хаьржина тхьамда яцара...
Юкъа лелаш, хабар - кост д1аса кхоьхьуш, кертарчу несарех, кегий зударий бара...
Со эхь хетта, холчу х1оьттира, сайн ц1арах бехк баккхар хьахийча...
Цо т1аккха, сан ц1е а йоккхуш,  мохь туххуш, элира:
- Хьенехк, ладог1ахьа соьга!
Со ладуг1уш лаьттара, охьа таь11ина...
Цунна гуш дара, са холчу х1оьттина, эхь хетта латтар а...
Мухху а, цо юху а сан ц1е а йоккхуш, массарна хозийтуш, элира:
- Хьенехк, тховса кхузахь схьагулделла долу, х1ара массо а адам теш х1оттош, ч1аг1о йо - кха ас хьуна, ас бохург а дина, хьо соьга яхахь, со велла д1аваллалц, хьан сий деш, куьйгаш т1ехь лелор  ю - кх ас хьо! - аьлла.

Массо а цец ваьлла цуьнга хьоьжуш, соьга хьоьжуш, 1адийча санна висира, ладоьг1уш...
Сан бос а хийцабелира, са парг1ат даьлла...
Т1аккха, тийналла йохош массо а карзаха велира, шег - шеггара цхьацца дош олуш.
Цхьаммо элира:
- Йист хила.... Жоп луо цунна... 
Вукхара "к1анта дика элира,, бохуш т1е тадеш, къамелаш дуьйладелира...
Со айса х1ун аьлча, я х1ун дича нийса хир ду ца хууш, ойлане яьлла лаьттара.
Сан жоп  дацара цунна дала...
Ас и цуьнан къамел а, забаре - бегаш лерира...

К1ант хаза а вара...
Шен накъосташна а, нахана а юккъехь  лоруш а, дош лелаш а вара иза....
Амма, цу сарахьчул т1аьхьа, ца ларар а, я ца эешар а доцуш, со цу к1анте кхин йист а ца хилира. Тхойшинна захало цу т1ехь д1ахедира...
Цхьа хан яьлчи, цо, сан ц1е йолуш зуда  ялийра...
И вуно хаза ваха а хиира, ирсе доьзал а кхоьллина...
Оьзда х1усамнана а яра цунна нисъелларг а...
Масех шо д1аделира цул т1аьхьа...
Дахар таделла дог1ура, массер а.

Нохчийчоьнна б1аьрг хилира...
Дагахь а доцуш, т1ом белира. Бертахь хиллачу адамашна юккъе питанаш даьржира...
Кегий болуш дуьйна а шайн дахаран дай хила 1емина болу, нохчийн к1ентий, мостаг1ашна дуьхьал г1евттира, Даймехкан сий лардеш, т1амехь шайн синош д1адала реза а хилла....
Цу к1ентех вара иза а...

Дуккха а адам х1аллак а хилира...
Даьржина, дохийна лелаш долу къам, т1ом д1абаьлла аьлла, т1еман балех ваьлларг, ц1авирзира.
И х1етахьлера жимстаг вацара гуш...
Наггахь ойла йора ас, иза х1унда вац те гуш, я хезаш а, боху хаттарш коьртехь кхоллалой...

Цкъа цхьана дийнахь, тхайн ненан йиша йолчу хьошалг1а яханчахь, цхьа газет деанера суна кера, иза деша дагахь, со цу т1е хьаьжчи,  цу к1ентан сурт дайра суна газета т1ехь,  " Грантамёт,, олуш долу, герз а буйнахь.
Цу суьрта т1оьхула,  даккхийчу элпашца яздина йоза д1адийшира ас:
"Ас лелийнарг бахьана дара...
Кема чу даийтинарг, Аллах1ан ницкъ бара...,, - аьлла.
И дешнаш аьлларг и к1ант хиллера...
Иза д1акхелхинера т1амехь...
Амма суна а, иштта дукха нахана а дагчохь висира иза...

Дала г1азот къобал дойла цуьнан а, вайн т1емашкахь д1акхелхинчу массо йиш - вешин а!!!
Дала т1аьхье беркате йойла вайн нохчийн къоман!!!

2018тайинарг...


Рецензии