Минкаилов Эльбрусан цхьа дийцар
«…Со лаамза хилла теш ма вара цуьнан дахаран…» ишттачу дешнашца чекхйоккху Минкаилов Эльбруса дахаран талламан-тидаман цхьа жимма йолу кийсаг, шен дийцар «Гурабожийна сай», «Вайнах» литжурналан 2010 шарахь, №6 т1ехь арадаьлла долу. Амма и дахаран кийсаг ма-хуьллу хабийна, йоцца язъйина ю авторан дийцаран аг1онашна т1ехь, Минкаилов Эльбрус даима а г1урту шен кхолларалехь дош ма-торру доца ала. Х1ара «Гуорабожийна сай» ц1е йолу дийцар а ду хьаьдда доьдучу дахарана юкъара дош хоржуш ка тоьхна схьадаьккхина яздича санна. Эльбруса кест-кестта ша олуш ма-хиллара: «дийцар мелла а юккъе совнах долу басарш ца ийдеш дош доцца олуш яздан деза, делахь а оцу доца яздаро легашка хорам бина садукъдан а ца деза кхуллучу произведенин…» Дийцар ша кхуллучу заманчохь цу т1ехь аьлла дош доца делахь а, 1аламат боккха а, «адаме муха ланлур бу техьа иштта халниг» аьлла хоьтийтуш хала а адамийн дахарехь хилан тарлуш болу (х1унда ца мега ишттачу дахаран некъ, хилам хилла хила а) цхьа некъ бу автора теллинарг. Вайна гайтархьама бийцина бац и некъ, ша теш а волуш, шен дийцаран коьрта турпалхочуьнца шен синлазам а буцуш, цуьнан халонах ша дакъа а лоцуш, и хало шен дагах чекх а йокхуш, дог а лозуш дийцаран аг1онашкахула чекхволу автор, шен турпалхошна улло а х1уттий. Дийцаран коьрта турпалхой Шемал а, Саида а бу, ткъа Шемалца ишколехь дуьйна цхьана дешна, цхьана юьртара а волуш, вевзаш ву произведенин т1ехь Эмин. Эминан ц1арах ду дийцар д1ахьош, амма дийцаран турпалхочун мотт хьоьхург а хилла ца вуьсу Эльбрус оцу произведенин аг1онашна т1ехь. Эминас дуьйцуш долу, дагна лан а, лергана хаза а хала долу дийцар, автор гуш вацахь а, шен пох1мин к1оргаллийца ша уллохь хилар гайтаро синлазам алсамбоккхуш ду. Эминин дийцар-м дац кхин басарш совдаьлла, ур-аттал шен накъостийн юьхь-сибаташна т1е тидам бахийтина а. Амма говзачу суртдиллархочо санна ши-кхо басархьакхаран кепехь кхоссар а дой автора кхоччушдолу сурт-м дуьллу шен турпалхойн. Масала, Шемалан дешнаша «…Хьажахь, хьажахь хьуьлла йог1учуьнга! Цхьа сай бу-кха, сай!...» ца дуьйцу мел куц-кеп долуш хаза йо1 ю Саида. Коьрта тидам т1ебохуьйтург духар а дац, амма вайн б1аьргашна хьалха хазчу куьцехь дуьззина сурт-м х1утту оцу йоь1ан. Йоь1ан духарх лаьцна доцца аьлла долу «…б1аьстенан басаршца йог1у къорза коч…» а ца хетало оцу кучан сурт кхолларан дуьхьа аьлла, амма – б1аьстенан хазалла гайта, б1аьстенан зама гайта аьлла хетало. Т1къа коьртаниг йоь1ан куьцехь дерг: «…суна хета а хийтира и сайнах тера, цхьана курачу сайнах, парг1ато евзаш а, и лоруш а болчу…» Мел дукха басаршца къагош дийцича а алалур дацара иштта к1оргера чулацам болуш оцу йо1ах дош. «Парг1ато еза сай» йоь1ан, къоначу адаман дахаран юьхь, мел сирла дахар хьоьху дешархочун синкхетамехь ишттачу турпалхочун васто. Б1аьсте, къоналла, «парг1ато еза сай» - мел лекхарчу, сирлачу т1ег1анашкара хаза д1адолало дахар. Х1аъ, дахар даима а долало хаза, сирла – серлонна, хазаллийна кхоьллина а ду дахар! Адаман ойланаш, догдаг1арш а хуьлу даима а хазаллехьа г1ерташ, амма адаман ницкъаш а, комаьршаллаш а цхьатерра ца хуьлу. Адам дукха чолхе кхоьллина ду, дукха комаьршаллонаш цуьнца елахь а, цхьадолу адам дахаран 1аьржачу аг1онашкахь тиллой дуьсу, хьуьнаюккъехь тилделларг санна, адам ша хьуьнюккъара арадолу моьттуш кхин а к1орге чутуьлу. Мел чолхе ду дахар, ткъа и дахар довза, оцу дахарах лаьцна дош ала мел чолхе хьекъал оьшу. Эрна олуш дац: «дийцар – уггаре а халачу литературни жанрех цхьаъ ду». Йоккхачу романан т1ехь-м дийнна адамийн дахарах лаьцна яздан шортта таронаш ю, ткъа доццачу дийцаран аг1онашкахь чолхечех цхьаъ адаман дахар гайта ондда пох1ма долуш стаг хила веза. Эльбрусан аьтто баьлла, бу бохуш болчу вайн яздархойн дийцаршна т1ера масала далийча а, цаьрца дуьстича а, шен дийцарехь к1орггера турпалхойн васташ кхолла а, дахаран юккъера цхьаъ чолхе кхоллам гайта а.
Дийцаран юьхьанца дуьйна автора вай цхьана кхераман а, хиндолучун а йийсарехь латтош санна хета, къаьсттина дийцаран юьххьехь вайна Саида евзинчул т1аьхьа. Х1унда ду вай авторан «йийсарехь»? Х1унда аьлча, шен дийцаран ц1е а говза тиллина автора: «Гуорабожийна сай», дикка тидам бича, гуорабоьжна а бац сай – «гуорабожийна». Хьа? Сте? Дахаро? Мостаг1чо? Мел дукха хаттарш кхуллуьйту оцу дийцаран ц1аро а! Интрига ц1еран т1ера д1айолалуш ю дийцарехь. Хетало дийцарехь вайна хьалха х1уьттун долу суьрташ 1аламат тамашена, я инзаре хир ду, амма автора вайна гойту сурт дахарехь хила тарлуш а, хуьлуш долчех мог1арера хиламийн сурт ду. Делахь а Эльбрусан дийцаран турпалхой а бу, массо а адам санна ша тайпа шайн амалаш йолуш, оцу амалийн бесарийн башхаллашца мехалла а бу уьш дешархошна. Соьга хаьттича, коьрта турпалхоша санна шен дуьненан кхоллам лохуш, дуьненчохь санна дийцаран аг1онашна т1ехь шен меттиг д1алоцуш ву ша автор а. Аса лакхахь ма-аллара, автор ву наггахь 1индаг1 санна дийцаран аг1онашна т1ехь хаалуш а, наггахь коьртачу турпалхочун Эминан вастаца, амалца д1ауьйш а схьавог1уш. Делахь а билгала дериг ду, автор Эминан вастах шавериг а д1аийна ца хилар. Дийцаран мог1аршлахь шена лерина меттиг хилийта дуй а ца хаьа, автора Эминан васт мелла а эшош кхоллар. Сурт доккхуш санна, геннара шен турпалхой Саидий, Шемаллий гайта безначу киртигехь, меттехь шена хьалха тотту автора Эмин, цо шена автора т1едиллина и декхар кхиамца кхочуш а до. Амма синлозамо, къинхетамо дог 1овжочу меттехь Эминан уллохь делахь а, цуьнца ийна делахь а, г1улч хьалха хилла а цунна хьалха хуьлий а автора шен дог 1овжадо шена дукха безаш болчу турпалхойн къинна шен дог лозадо. Билгал долуш ду Эминан безамаш, къинхетамаш цхьана Саидийца бен доьзна доцург, амма авторан синлазам хьаьрча Саидех санна Шемалан декъазчу дахаран хиламех а. Кхин цхьаъ а ду, Эмин Шемалца жима волуш дуьйна цхьана хьалакхиъна велахь а, юьртахо велахь а, кхин доттаг1алла цаьршимма лелош дацахь а, цо Саида ялорна цунна къинт1ера ца волу Эмин дахаран дохаллехь. Цуьнан бахьна а вайна дика гуш ду, Эмин ша а ву Саиде болу къайлаха безам шен дагчохь къуьйлуш, дешархойх цо и мел лечкъорах а гуш ду иза а «…б1аьрзе ца хилар…» къона Саида ца гуш, аьлча а, къайла-къулаха ца езаш и ца хилар а. Т1аьхьа дахаран халонийн хиламаша а, ша шен бен ца гуш, ша бен дуьненахь кхин х1ума ца дезаш хиларна а оьшуш, дахарна к1елавуьсуш схьавог1уш велахь а, къаьсттина къона волчу хенахь Шемал Эминал онда ву амалашца. Цунна тешалла ду, масала, Шемалас мало а ца еш «йо1 йовза шена некъ а лохий» шена хазахетта йолу йо1 Саида ялайо. Саидина а, Шемална а, ур-аттала ша-шена а гучубаккха ца ваьхьа Эмин шен йо1е болу къайлаха безам. Дийцаран дешархошна а схьакъийдабо цо и Саидех лозуш долу са санна, къинхетам санна. Оцу масалана т1ехь а гойту Эминас шен ледара, мела аг1о.
Коьртачу турпалхойн вовшашна юккъехь йолчу уьйрашна т1ехь хилла ца 1аш кхин цхьа аг1о а ю Эминас шен ледара гойтуш. Ала деза, Минкаилов Эльбрусас Эминан вастаца гойтуш ериг нохчийн интеллигенции хилар а, х1инцалерачу заманахь оцу интеллигенцино шегара ялийтина ледарлонаш гойтуш хилар а. Вайна дика дагадог1у, иттех шо хьалха вайн къомана т1ех1иттина хилла къиза хиламаш. Интелигенцино оцу хиламашкахь шегара гайтина хьуьнарш а, нийса хир ду, ца гайтина хьуьнарш аьлча. Суна хетарехь, Минкаилов Эльбрусан дийцаран т1ехь коьрта меттиг д1алоцурш а, коьрта ерш а нохчийн къомана т1ех1иттина халонаш, къизалонаш а ю. Дийцар литературан жанр жимачех ларалуш делахь а, авторан дика аьтто баьллачех коьртаниг а ду, йоцачу литературан произведенехь къоман а, пачхьалкхана а ницкъа хуьлуш, дерриг дуьненан а бала кхочуш хилла болу баккхийн хиламаш гайтар. Ткъа шина-кхаа турпалхойн васташ бен ца гойтуш, ца кхуллуш ишттачу барамехь литературни а, дахаран а к1оргалла гайта яздархочунна к1езига девзаш хилан ца деза дахар а, цуьнан алсама хилан деза пох1малла а.
Дийцаран юьхьенгахь, дуьххьара вайна Шемал вевзачу хенахь, и жима стаг цхьабосса, адамийн юкъараллехь хилан еза аьлла юкъарлаьцначех тера, амалаш йолуш вац, Эмине хаьттича-м х1етте а. Эминас мелла а сийсаз яхь а, Шемалас ша мел бен-башхалла ца хеташ ша гайтахь а шен амалаш, дешархочун кхин дог доккхуш, дог дохош, билгалла вон ю аьлла амалаш а яц оцу жимчу стеган, хан-замане хьаьжича. Эмин санна тай тоьхча санна нийса и лелаш вацахь а, дешархочо шех дог оьцуш, дешархо шегахьа д1аийзош ю Шемалан амалаш. Эмин институте деша воьду атта экзаменаш д1а а лой, Шемалан и аьтту ца хуьлу, делахь а Шемалас шена юьхьара лаьцна йолу 1алашо кхочушйо заочно деша а воьдий. Шена хазъеллачу йо1е геннара хьоьжуш ца 1а и, масала, Эмин санна къайла-къулах хьоьшуш, цо-м и т1ехьа а волий, йоь1ан ойла шегахьа а ерзайой и ялайо, шайн х1усам а кхуллу. Аьлла хета, нагахь санна Советан 1едал ца духуш, машарен зама кхин а д1а яханехь, Шемал кхин нах санна г1ийла шена а шен х1усаман а дуьхьа вехар вара аьлла. Берашна «берийн бешахь» меттиг а хир яра, Шемална а, Саидийна а бан болх а хир бара, цхьана х1уманах кхеран а ца дезара, шина вонах цхьаъ «дика во» харжа а дезара дацара. Мел к1еззиг а хийцамаш буьйлалуш, халонаш т1ех1уьттучу заманчохь Шемал милицин капитан ма хуьлу, иза Советан 1едал долчу хенахь к1езига дарж лоруш ма дацара. Вай къайла дахийта хьаьвсича а Эминас дуьжийтур дац Шемал маларца эвхьаза ваьлла хилар жима стаг волуш дуьйна, цо адмна мел дохьуш долчу вонах Шемал к1елхьара ваьлла ца хилар а. Делахь а Шемалас санна къаьркъа малар советан 1едал долчу хенахь, бакъ дериг аьлча вайн заманчохь а, къаьсттина Россин юкъараллин дахарехь кхин доккха къа лоруш а дацара. Молуш болучаьрга хьаьжича Шемал масмалик хилан а тарлуш хьал дара, делахь а уггар а вончарех цхьаъ амал-м ю иза, оцу т1ехь вайн ойланаш Эминан ойланашца цхьана йог1уш а ю. Делахь а, Шемалан мел делахь а, даржах х1ума а ду, шен х1усам а ю, къизаллех сийсаш йолу зама т1е ца кхаьчнехьара Шемалан доьзална а, дерриг а вайн къомана а. Халчу замано даима а адмана ч1ог1алла туьйсу, к1еданиг, ледарниг дакъаза а воккху оцу сохьта. Советан замано кечвеш вацара стаг халонаш лан, харцонашца къийса а, оцу къийсамехь толамаш баха а, лай хилан 1амавора. Берзан амалаш йолчу капитализмах-м вайн нехан х1инца а бац кхин баккхийн кхетамаш, кхечу къаьмнашка, Россин регионашка хьаьжича вайн къам х1инца а ша Советан заманахь дехаш ду тарделла 1аш ду. Ткъа Советан пачхьалкх йоьхна д1аяьлча, советски «теплицан» хьелашкахь 1емина долу вайн къам цхьана маь11ера вукху маь11е кхоссалуш тохаделира. Хуьлуш долчух билгал кхеташ к1езига адамаш дара, шаьш х1ун дан деза хуурш кхин а к1езига бара. Къомана хьалха бевллачара а, къоман мостаг1аша а бен шайна пайда оьцуш стаг а вацара оцу хьелашкахь. Дийцаран аг1онашна т1ехь гойтуш йолчу масех митингаша а, цкъа цхьанна т1ехьадовлуш, т1аккха вукхарна т1ехьа х1уьттуш лелачу б1аьрзечу адамаша а гойту мел кийча дац адам ишттачу хиламашна дуьхьала латта, къийса а, шайна оьшуш йолчу меттиге д1аг1орта а, цига кхача-м х1етте а. Масанаш адамаш дакъаза дехира оцу чолхечу хьелаша, масанаш х1аллак а бира, царех цхьаъ Шемал а, цуьнца цхьана Саида а, церан х1усам а. Ишттачу хийцамашна кийча вацара Шемал, цуьнца цхьана дерриг а къам а ца хиллера ишттачу хийцамашца къийса, толам баккха, толам баьккхича а, цунах нийса пайда эца а. Кийча ца хилира Эмин а, цуьнца цхьана вайнехан шайолу интеллигенции а. Эмин Шемал санна дакъаза цаваларан бахьана дахаран хийцамашца и ларавалар дацара, амма и а, вайн интеллигенции а юьстаха латтар дара, къийсамана йистехьа латтар! Интеллигенци къоман нийсонехьа болчу къийсамехь хьалхарчу мог1анашкахь хила езар-кха аьлла хета, къоман уггар а хьекъален долу дакъа ма ду и. Шемал-м г1оьртира къовсамна улло, харцоно и сихонца мерцира, т1аккха вага а вина чим бира цунах. Эмин Шемалах кхаьрдаш санна хетало, цунна атта ду аьлла а хета, геннара хьожуш латта, бакъверг а воцург а билгалваккха, эшнарг бехкеван а, воьжначунна т1е п1елг хьажон а. Оцу хенахьлера интеллигенци ян а яра шен къоман хиламийн «…лаамза хилла теш…», я къомана хьалха яьлла нийса некъ гайта а де доцуш, я къовсаман байракх буйна эцан а стогалла доцуш. Генара кхечу пачхьалкхашкара, уллора вайн пачхьалкхан кхечу регионашкара х1ун хуьлу хьовсар дар-кх цара хаьржинарг «…теш хилар…». «Оппозици» сардамийн дош долчу хенахь, кхин къийсам латтон де долуш ца хилира Шемал а. Мухха делахь а, оццу оппозиционераша толам баккхалца и ваьхнехьара цхьа дарж а кхача мегара цуьнга, хьалха советан 1едал долуш санна наха а лоруш стаг а хилла д1авахан а тарлора иза. Саида а дийна йисан тарлора, хенан къизалло «гуора ца йожош». Амма хенан хиламан кхел кхочушхилира оьздачу мискана Саидин а, заманан къизалло хьекъалах талхавал к1еда хиллачу Шемалан а, шех х1ара ду аьлла цхьа а пайданехьа х1ума ца даьллачу Эминин а дахарехь.
Дийцаран юьхьанца йолчу аг1онашна т1ехь Эмин цхьаъ ву аьлла хетало уггар нийса, ницкъала амалш а йолуш тоьллачех волу произведенин турпалхо. Кхин х1ара ду аьлла шех къаьрзина гуш вон х1ума ца долийтуш чекх а волу Эмин дерриг а дийцар чекхдаллалц. Оцу халачу заманчохь нийса хила а атта дац, делахь а нийса аг1о харжар ду аьлла хетта юьхьанца Эминан дийна висан аьтто балар, ницкъа кхачар. Делахь а бакъволу ницкъала турпалхо-м къийсаман к1ур юккъехь а вуьсу дийна, толам а боккхуш шена а, шен къомана а. Эмин муха висира дийна, дийна виса а висиний техьа и, чохь садолуш и велахь а синхаамца? «Селхана сан къомана т1е вониг кхаьчча, ас х1ара дика дир-кх сайн къомана» ала х1ун дитира цо оцу шен дахаран цхьана кийсагехь шех лаьцна? Ша «лаамза теш хиллачу» Саидин а, Шемалан а дахарах лаьцна долу доцца дийцар? Ткъа ша ваха а ваьхний и оцу заманчохь? Х1ун бакъдолу дахар гина цунна шена, схьакъедадарш доцург? Ткъа Саида? Саида вайна Эминин дешнашца бен ца евза, амма Эминан вастехь ца гуш йолу деган йовхо ю цуьнца, деган лозам, кхин башха баккхий толамаш цо ца баьхнехь а, бу къийсам! Х1аъ, Саидас шена чуьра са д1адаллалц латтабо къийсам дахаран къизаллийца! Оцу къийсамехь г1ор а довш к1елаюьсуш д1айоьду и. Х1унда? Ша цхьаъ хиларна! Саидин халчу дахарах лаьцна дийцар доцург кхин цунна накъост хилан де долуш Эмин а вац. Шемалах хилларг а вайна гуш ду, дахаро хьовзавой х1оз бо цунах, цо Саидас латтош боллучул а къийсам ца латтабо цо. И сиха вуху дахаран халонца дуьхь-дуьхьал ша 1оттавелча, кхерало. Оцу кхераваларо иза а «гуорвожаво» Саидел а хьалха. Ткъа Саидас дахарца латтош болу къийсам вайна шабериг а гуш бацахь а, бакъболу къийсам и бу. Шена мел хала хиларх и гонахарчаьрга ца оьхьуш, цаьрга г1о ца доьхуш, ца тийжаш латтабо цо шен х1ора дийнахь болу къийсам. Х1ун дийр ду, дахаро цунна дуьхьала теттина халонаш онда хилла-кх цуьнан к1едачу куьйгел, цуьнан хазаллел, серлонел, адамаллел!
Дерриг а дуьненахь евзаш йолчу оьрсийн классически литературехь оьрсийн яздархоша кхоьллина долчу «оьрсийн зудчуьна» васте д1аг1уртуш, масала эцан тарлуш васт ду Эльбрусас шен дийцарехь кхоьллина долу Саидин васт. Цуьнан бакъболу мах-м кхин а лакхара хилан хьакъ долуш бу, хенан заманахь дешархоша а, литературан 1илманчаша-талламбархоша а хадора бу Саидин сирлачу вастан хьакъ болу мах.
Т1ехьарчу хенахь д1адижина делахь а, дукха дийцарш деш дара вайн прессехь а, журналийн аг1онашкахь а х1инцалерчу заманчохь хиллачу т1емашкахь турпалалла гайтинчу нохчийн зудчунна х1олам х1оттон декхарехь ду вайн къам бохуш. Оцу нохчийн турпала-зудчунна Эльбруса ша-тайпана х1оллам х1оттийна шен дийцарехь! И х1инцалера нохчийн турпала зуда Дадин-Юьртара Альбика санна марахь герз къуьйлуш къовсамехь гайтан оьшуш ца хилар а ду Эльбрусас шен дийцарехь гойтуш дерг. Дукхахьолехь базара х1оьттина, шелонехь делахь а, муьлххачу а хенахь оцу базаршна т1ейожан таро йолуш бомба елахь а, снаряд елахь а, халонна, шен синкхерамна сатухуш схьаеира нохчийн зуда. Шен доьзал мацаллех а, шелонех а ларабеш, доьзалара салташа бехказа д1авигина ц1ийнада, шийтта-кхойтта шо кхаьчна к1ант к1елхьара цо ваьккхира, хийлаза шен дахарана кхерам а болуш. Оцу нохчийн-турпалачу зударийн тобана юккъера цхьаъ ю Эльбрусан Саида а, цуьнан малх санна серлонех лепаш долу сурт а, васт а! Масана бисира оцу х1инцалерачу къизачу т1еман кийрахь иштта серлонех буьззина, шаьш тийна-таь11ина оьзда бехаш уьш хиллехь а, турпала сийдолу нохчийн зударий! Къонахий а шайх догдиллина, къарбелла гуораоьгучохь цара къийсам д1акхийхьира. Шаьш эгнехь а, толам а баьккхира, вайн къам парг1атоне дерзалца шайн къийсам ца сацош хьалха д1а а г1иртира.
Дийцар йисте долуш, Саида ма-ярра евзинчул т1аьхьа бен ца кхета дешархо «…сай гуорабоьжнехь…» а, дахаро шена хьалха теттинчу халонашца г1ийла белахь а, чохь са мел ду, къийсам латтош боьжна и гора, къийсамехь гуорабоьжначохь са д1а а даьлла цуьнан. Шена чохь са мел ду къийсам латтийна «…кура сай, парг1ато евзаш а, и лоруш а болу сай…» бу Саида!
Шен дийцаран турпалхойн хиламашца автора буьстина хетало вайн къомана ца оьшуш йолу къизалла, эшамаш, харцонаш йохьуш кхаьчна хилла болу хилам а. Дерриг а вайн къоманан дахарехь хиллачу хиламийн кхоччуш яцахь а жима макет ю аьлла хетта Эльбрусан дийцаран турпалхойн дахаран аг1онаш. Дукха хьолехь оцу дийцаран турпалхойн цхьаъ ша жима дахар доккхачу нохчийн къоман хиламашца дустар доккха маь1на долуш а, дукха мехалла а ду. Иза произведенин чулацаман а, идейни а башхалийн бух хуьлий д1ах1утту. Кхечу аг1ора аьлча, и ойла иштта кхето а мегаш ю: жимчу х1уманан масаллийна т1ехь доккхачу х1уман проблематични хилам гойту автора шен произведении т1ехь. Дериге дуьненан а литературан жанрашкахь и литературни бакъо(прием) дукха хенахь дуьйна лелаш елахь а, автора кхин керланиг схьа ца диллинехь а, Эльбрусан аьтту баьлла и литературни бакъо говзаллийца шен дийцаран бухна т1еялош, цу т1ехь пайдаэца.
Эльбрус сайн ца вевзаш велахьара-м ца ала а мегар аса иштта, ала деза яздархо Минкаилов Эльбрус нохчийн мотт к1орггера хууш болучеран а, бевзаш болучеран а, нохчийн мотт 1алашбечеран а хьалхарчу мог1анашкахь ву. Цундела ала деза, дийцаран мотт, авторан хьелашка хьаьжича, мелла а к1езиго хета. Х1ора произведени мел язъйо оцу 1илманийн-яздархойн аьтто бу нохчийн меттан шабериг а ницкъа гайта, х1инцалерачу заманах лаьцна произведени елахь а, ширачу нохчийн меттан к1оргера таронаш гайта. Меттан бекъина хилар-м тхуна, яздан 1амаг1ертачарнна а магон дезаш дац. Минкаилов Эльбрус санна ницкъалчу нохчийн моттлелорхоша дешархо нохчийн меттан аьттонаш а, таронаш а, басарш а гойтуш цецбохийла лаьар-кх, нохчийн меттан хилан х1акъ болу лаккхара мах хадабойла а лаьар-кха.
«Минкаилов Эльбрус шовзткъе итт сов статьян автор ву. Литературин истории, теории, иштта литературни з1енийн хаттарш толу цо царна т1ехь. Литературин критикин декъехь а, фольклор талларехь а, гочдарехь а къахьоьгу цо. Царах цхьаерш «Нохчийн литературах а, фольклорах а» ц1е йолчу шен киншки юкъа а яхийтина автора.»
Нийса хир ду иштта т1еч1аг1дар: Минкаилов Эльбрус дукха хьолехь шен 1илманан балхана т1е алсама тидам бахийтина велахь а, цуьнан яздархочун пох1ма шен к1оргаллийца, хьал долуш хиларца а нохчийн х1инцалерачу яздархойн мог1анашкахь шен вевзаш волчу яздархочун меттиг д1алоцуш билгалваьлла ву.
Свидетельство о публикации №217112301074