16. Дахарехь зеделларш

151) Хастийча билгал волу стаг - я хьекъале ву я 1овдал ву.

152) Бахамо шен эла хилларг кхобу, ткъа шен лай хилларг дакъаза воккху.

153) Шегара даьлла дика а, вон а юха т1еэца кийча хила веза.

154) Нахехь шена ца дезарг шегара д1адаккха деза.

155) Нахаца гома верг уггар ч1ог1а шен мостаг1 ву.

156) Дерриг цкъа хаа г1ерташ верг х1умма а ца 1емаш вуьсур ву.

157) Ойла ц1ена ца хиларх а хабар хаза дуьйцуш хуьлу цхьаверг.

158) Дайша лелийнарг лело ницкъ ца кхачарал а доьхна ду, цара ца лелийнарг дита доьналла ца хилар.

159) Ша хаставар дезаш верг хаставал г1уллакх дина а ца хуьлу.
 
160) Х1ума девзачуьнца къовсавелларг х1ума довзарехь са вер ву.


Рецензии
Дахарехь зеделларг - беркате хьехам бу!
Ларамца,

Асламбек Гайтукаев   27.11.2017 11:43     Заявить о нарушении

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →