17. Дахарехь зеделларш

161) Ши г1уллакх цхьана дан г1ортахь, цу шиннах цхьаъ дайна ду.

162) Ала ца дог1учохь аьлла дош ала дог1учохь ала деса карор ду.

163) Ца аьлча а волуш верг ца алар са ву.

164) Дай дика хиллехь церан дика ц1е хилла а, шеца цхьа дика доцуш хир яц т1аьхье.

165) Бахам са баларе терра хьашташ а са довлу.

166) Б1аьрмециг верг хьоланна вукъвелла велахь а къен ву.

167) Пхьег1а боьха елахь цу чу доьттина молха а д1аьвше хир ду.

168) Ша цхьамма хастийначо шега ладог1а деза.

169) Яаран дуьхьа вехаш хила ца веза, вахаран дуьхьа юуш хила веза.

170) Г1алат 1амийнарг нисдарал а атта ду керла 1амо


Рецензии
Дала т1аьхье беркате йолуш хуьлийтийла ахь кхочушдийриг!

Асламбек Гайтукаев   27.11.2017 15:47     Заявить о нарушении
Дела реза хуьлда,Асламбек.Ахь санна кегийчара а тидам беш хилахь царех пайда оьцурш а хила тарло.Т1аккха эрна цахиларе дог дог1ийла ю.

Сайд-Эмин Мартанхо   27.11.2017 18:46   Заявить о нарушении
Тидам биначунна карор ду, цунна иза санехь хир ду! "Хьалхавоьдург т1аьхьавог1учунна т1ай ду", - баьхна вайн хьекъалечу дайша.
Ларамца,

Асламбек Гайтукаев   28.11.2017 08:58   Заявить о нарушении