18. Дахарехь зеделларш

171) Шена хуург д1ахьеха хила еза 1алашо.

172) Кхоьруш долу ж1ала даим леташ хуьлу.

173) К1еззиг дерг данза дисча доккханиг кхочуш ца хуьлу.

174) Бахамо хьекъал д1адоккху, ткъа б1аьрмецигалла са йоккху.

175) Цхьайолчу заманахь дукхачаьра диканиш эшийна карабо.

176) Сонтачунна кхерам хила тарлой а ца хаа.

177) Хилла баьлла машар тоьлу, хила тарлучу толамал.

178) Бахам са баьлча хьекъал оьшу.

179) Наха тешам беллачунна т1ехь декхар доккха ду.

180) Хьаьнг-хьаьнгга а, муьлх-мулхха а г1уллакх далуш дац.


Рецензии
Говза аьлла дешнаш, хьекъале тидамаш-ойланаш ю! Т1аьхье беркате хуьлийла!
Ларамца,

Асламбек Гайтукаев   20.12.2017 11:35     Заявить о нарушении