19. Дахарехь зеделларш

181) Дахаран хам беш волчуьн вахар эрна дац.

182) Дуьненачу валар - лийриг хиларан белгало.

183) Дан долийнарг кхочуш хиллалц дуола а ца дича санна ду.

184) Шайн дай галбевлла хетачийн т1аьхьенна хуур ду шайн дай галбевлла хиллий.

185) Хазаллица баьккхина толам беха лаьттар бац.

186) Нахах ца вашар - ма варра ша ца вовзар ду.

187) Лийр вуй хуушехь вала ца кечло, вехар воций хуушехь  ваха-м кечло.

188) Г1алат ца долуш цхьа а вац, амма цунна къера хуьлуш наггахь а вац.

189) Къинош летош волчо нахана ца летадо.

190) Жимачунна дов дан лууш волчунна цунна дола дан хаа деза.


Рецензии

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →