20. Дахарехь зеделларш
192) Ша хастийча мегаш верг шегара г1алат даьккхича а мага веза.
193) Ала леринарг д1ааллал деха хила деза къамел.
194) Цхьаволчо хастийча, цуо бехк баьккхича санна юьхь1аьржа хуьлу.
195) Д1аяьлла хан - т1ейог1учу ханна хьехам.
196) Дина г1уллакх дайна ду, цунах мах боьхуш белахь.
197) Нахана стагах х1уъу моттахь а, иза ша верриг бен хир вац.
198) Г1алат 1емачул ца 1амар са ву.
199) Мотт вуон лебеш хилар - дог боьха хиларан билгало.
200) Стаг вовза, цуо дуьйцуш долучул а, и дийцаран куц мехала ду.
Свидетельство о публикации №217120601247