21. Дахарехь зеделларш

201) Хила тарло бохуш ладоьг1учул хилла даьлларг лан атта ду.

202) Доттаг1чуьнан вуон амал ловш хилахь и вуон амал шегахь юьсур ю.

203) Шегара даьллачу г1алатана къера хила доьналла ца хилар тешаме ца хиларан билгало ю.

204) Кхечунна вас атта ечо шена хилла вас хала лов.

205) Ша кхочуш дийр доций хуушехь дош далар къола дар ду.

206) Д1аяьлла хан - хьекъалечунна хьехам, ткъа 1овдалчунна бала.

207) Кегийра г1алаташ терго ца еш дитахь доккха г1алат дожа а герга ду.

208) Д1ахьоьхуш хилар шена дика 1амарца а пайда бу.

209) Вист хила хууш верг 1ад1ан хууш а караво.

210) Шен даге хьаьжжина хуьлу къамел: 1аьржа а, к1айн а.


Рецензии