Да, кIант, хьоза а

   Перевод на чеченский язык притчи "Отец, сын и воробей"               

   Хенара стаг волу да, к1ант а шайн ц1ийнан лабана хьалха хиъна 1ара. Т1емадаьлла деана олхазар цаьршинна йуххе охьахиира. Дас хаьттира: «И х1ун йу?» Газет доьшучуьра саца а ца соцуш, к1анта жоп делира: «Хьоза ду».

   Масех минот йаьлча а дас хаьттира, уллорчу хьозанна ишар йеш: «И х1ун йу?»  К1анта, ша резавацар гойтуш, хьалхачул а ч1ог1а жоп делира: «Хьоза ду».

   Кхин цхьа минот йаьлча а воккхачу стага хаьттира: «И х1ун йу?»  К1анта, оьг1азвахана, мохь туххуш, жоп делира: «Хьо кхеташ вац! Хьо-за ду! Хьо-за ду!»

   Хала а хетта, да ц1а чу вахара. Йуха аравелира иза, шен карахь ша цхьацца тидамаш д1айазбеш лелош долу тептар долуш. К1антана йуххе охьа а хиъна, цу тептар т1ера ша масех шо хьалха д1айаздина хилла мог1анаш дийшира дас:

 «Кхолламан беттан ткъолг1а де ду тахана. Вайгара жимачу к1антаца беша ваьллера со. Сих-сиха суна йуххе вог1ий, дехьо долчу хьозанна ишар йеш, беро х1оразза хоттура соьга: «И х1ун йу?»  Массо х1ума хаа лууш долчу беро ткъозза гергга дира соьга и хаттар, ткъа аса, иза хьаста а хьостуш, цунна барт а луш, х1оразза жоп делира: «Хьоза ду», – аьлла.


Рецензии