Суна т1аьхьа ма хьажалахь

                Перевод  чеченский язык рассказа Хожбауди Бархаджиева
               
     Ц1ерпошт т1аьхь-т1аьхьа чехкайолуш яра. Прохладне олучу станцехь билет а ца нисделла, новкъабохучуьнца  барт а бина, со вагон чу хьалавелира. Гуш дара яьсса меттигаш цахилар. Уча а ваьлла, сайчух цхаъ хир дац-те, суна меттиг хир ю а ма-аьллера, бохуш, лаьттара со. Дехьо йолчу ткъех шо хир долчу, ч1ог1а                Суна т1аьхьа ма хьажалахь…
               
     Ц1ерпошт т1аьхь-т1аьхьа чехкайолуш яра. Прохладне олучу станцехь билет а ца нисделла, новкъабохучуьнца  барт а бина, со вагон чу хьалавелира. Гуш дара яьсса меттигаш цахилар. Уча а ваьлла, сайчух цхаъ хир дац-те, суна меттиг хир ю а ма-аьллера, бохуш, лаьттара со. Дехьо йолчу ткъех шо хир долчу, ч1ог1а безамечу йо1ахь б1аьргкхийтира сан. Шен мотт д1алуьстуш йоллура иза. Гоь лакха т1е ца йиллалуш йоллучу цунна, и хьалаюьллуш г1о а дина, кхийн цхьацца х1уман т1ехь цунна накъосталла а дина, дехьаволуш, цо соьга охьахаар дийхира вайн маттахь. Ткъа со воьхна лаьттара. Цкъа – делахь, ишта хаза вайн къоман йо1 хилар суна дозалла а дара, шолг1а – со новкъабохург  ларъеш а вара, цо сайна меттиг баларе сатуьйсуш.

– Охьахаа, охьахаа, ахь суна новкъарло ца йо хьуна, меттиг яьсса ма ю, кхин кхуза хууш цхьа а ма вац! – элира цо. Со охьахиира. Корех арахаьжча гора д1ауьду ц1енош, гора хаза б1аьстенан юьхь.

– Цкъа а хьо нохчий хир ю аьлла, дага а дог1ур дацар-кха суна, – элира. Къамел доло дешнаш лоьхучу.
– Со а дера яра, суо галъяларна кхоьруш Делахь а хьан 1аьржачу месаша, г1еххьа таь1начу юьх-сибто майралла-м лора суна, хьо вайн къомах ву аьлла. Хьуна хала-м ца хийти-те, ас ишта хьайн васт х1отторна?
– Со верг ву-кха со, халахета х1ума дац иза-м.
– Бакъ ду иза, – аьлла, т1етайра йо1.

– Вайшиннан къамел дахдала тарлуш ду, бехха некъ бу вайн бан безарг, цундела суна вайшиъ девзаш хилча, нийса хир ду, аьлла хетта. Доцца аьлча, сан ц1е 1ела ю  – Алик, – элира ас.
– Сан ц1е Малика ю, – аьлла, цо шен ц1е йийцира.
– Ас хьох Алика ала мегар дарий? Алик, Алика ма хаза дека и ши дош?
– Мегар ду. Бакъдолуш вай цхьана х1уманна довзийтина моьттуш-м  ю со, цу Дала – элира йо1а, забаренна санна.
– Х1унда?
– Стенна делахь а, суна ишта хета-кх.
– Алика, ас цхьа х1ума хатта мегар дарий хьоьга?
– Хаттал, х1ун хатта воллура хьо?
 – Оццул хаза йо1, юххехь цхьа а воцуш, ц1ера ара муха ялийтина?
– Со хьанна оьшуш ю? Со генара йог1уш ю. Москвара… Х1ан-х1а – Курганера…  ткъа и меттиг цхьамма лаьцна хиллачух тера ду, амма  цхьа гучу-м ца велира, – аьлла, къамел стенна делахь а, д1ахьавзо г1оьртира йо1.
– Со ч1ог1а воккхавийна ца волу-кх, х1ара меттиг сайна кхачарна, – элира ас. Ойлане велира со.
Студентка ю-те х1ара, я да-нана цигахь балхахь хир ду кхуьнан, уьш болчуьра йог1уш хила а тарло х1ара. Генарачу Уралера йог1у-кх х1ара, мухха делахьа а. Т1аьххьара сайн ойлано схьалаьцнарг бакъхила тарлуш хийтира суна, х1унда аьлча, оццул ц1енна гена а ваьлла, деша ваха г1ала ю аьлла ца хийтира суна Курган. Ткъа балха ваха магайора сан сино иза.
– Бехк ма биллалахь, да-нана долчу йоьдуш ю хьо, я да-нана долчуьра йог1уш ю?
– Со ц1акхачаре ч1ог1а сатесна болу сайниш Грознехь бу, ткъа Кургане со цхьа г1уллакх хилла яхнера.
– Цу хьайн яхана-ярах, дехьа туькана яхана еъча санна, ма атта дуьйцу ахь?
– Синтеме хила хьо! Соьца ваша а вара. И шен цхьана г1уллакхна Москвахь висина. Ткъа сан Уралехь долчу г1уллакхах аьлча… ала дош ца карош санна, йо1 къамел сацийна 1ара.
– 1аддадитий вайшимо и къамел, – аьлла, йоь1ан б1аьргаш суна т1едог1аделлачохь севцира. Х1оьттина тийналла йохо со ца х1уттуш 1ашшехьа,  ша долийна къамел,  ела а елла, д1адерзийра Аликас.
– Ойланаш цкъацца ма ярра д1а ца алало-кх, мел ала г1ортарх, – элира ас.
– Бакъ ду иза. Делахь вешан ойланаш йовзийта  вайшиммо. Стенна ойлане вара хьо?
– Сан даг чу цхьа тамашийна ойла иккхинера-кх!
– Х1ун ойла яра и, Алик?
– Вайшимма керла киншка кхуллуш санна, ткъа цу киншканан дуьххьарлера аг1о вайшинан къамело д1айолош санна.
– Сан а кхоллаеллера из-за ойла. Цхьа х1ума бакъду: и киншка вайшимма язйийр ю моьттушша-м яц со… Т1аьххьара цо аьллачу дешнаша сан дог, уьрсо цостуш сана, лазийра. Делахь а къамел дахдала тарлуш дара.
– Алика, и киншка шиммо язйича, нийса хир дара, моьтту сунна. Амма, хьо реза ца хилахь а, хаалахь, ас и язйийр ю, цуьнан коьрта турпалхо хьо а хир ю!
– Сайна бехк цабиллар доьху ас, шу божарий муха адамаш дай, х1уъа делахь а, х1ума къийса дуьйлало шу. Хьуна со мила ю а ца хаьа. Девзина а довлале, сох киншка язйан дагахь ву хьо. Со тешна ю-кх, и язъян хьо д1а ма волавеллинехь, цуьнан хьалхара аг1о, реза а ца хилла, д1акхуссур хиларх!
  Дагахь а доцуш, оццул цхьа хаза, экаме суна хетта йо1, киноактрисех Ирина Мерашниченкех тар а елла, д1адуьйцучуьнга ла а ца дуг1уш, чу са дилла дицделлачу робатах тар а елла, ч1ог1а дуьхьалйирзинера.
– Алика, хьуна хаа ма ца хаьа сан дагахь дерг. Со Ванга санна, х1ума хууш хила а ма тарло?
–Делахь, суна суо а ма евза дика.   Суо евзина а ца 1аш, арахьа дерг го.
– Хьох долчунан мах хадо безарг со ма ву. Хьоьга а хьоьжуш, и болх беш ма ву со!
– Галваларна кхерам бу хьуна хьо, х1унда аьлча, галвоккхучу куьзганашца хьоьжуш ву хьо!
– Ахь х1уъа бахахь а, хьоьца долу деригге а суна товш-м ду, со ахь муьлххачу куьзганех чекххьоьжуш ву бахахь а!
– Уьш-м луурш дара. Ц1ерпоштанан ч1ургашка ла а доьг1уш, айхьа кхуллуш туьйранаш дара уьш-м ахь. Ткъа адаман куц-кеп галдоккхучу куьзганех дерг аьлча…
    Цуо юха-юха элира и дешнаш. Т1аккха, цхьаъ ала дагахь хилира иза. Делахь а цхьана х1уманна, ца олуш, сецира… Цуьнан т1унделла б1аьргаш д1ахьоьжура генна, малхчубузучу аг1ор. Цу хенахь ша хила ма деззара дахар дара вагончохь д1адоьдуш. Цхьаъ крассворд еш воллура, дехьо кхиберш кехатех ловзура, цхьаъ вара В.Высоцкийн эшар локхуш. Алика хьеян суна ца лиира. Схьагарехь, суна ца бевза, соьга бийца ца луучу лазамаша карла а бевлла, цара дог дохийна, 1ара иза.
Ц1еххьана схьа а йоьрзуш, шен б1аьргаш совцийра Аликас сан сахьт т1ехь.
–Алик, цхьа сахьт даьлча вайн ц1ерпошта Грозне кхочур ю, суна дуьхьала деана сан да-нана хир ду. Ткъа хьо хьайн Гуьмсе д1а а вахана, хьайн дахарехь вехар ву. Цкъачунна, вахавезарна, цхьацца г1уллакх эцна вахана, лелла ц1а вог1уш ву хьо. Ас хьан дахарах цхьа а х1ума ца хаьтти хьоьга, сайна и ца оьшу дела. Ахьа а ма лолахь соьга и тайпана хаттарш, уьш хьуна а оьшуш дац, х1унда аьлча кху вайшинан цхьанакхетаран т1аьхье хир яц. Х1орда юккъехь дуьхьалкхетта ши кема санна, Грознехь д1асакъаьстар ду вай. Дехар ду хьоьга: даккхийн къамелаш ма дахьара ахь вайшиннах, юха а цхьана кхетарх. Цу къамелашца ахь хьуо, х1ун дан деза ца хууш, цхьана к1ажа верзор ву.
–Алика, ахь дуьйцучо цецвоху со. Цу хьан къамело, хьо ган лаарна а, хьуна т1екхача лаарна а т1ехь, кхин а ч1аг1во со, Х1инца со кхетта, хьо марехь ю.
– Х1ан-х1а, хьо галваьлла, со марехь яц, я гергарчу хенахь и хир ала а хаац. Цу аг1ор х1умма дац. Ахь хьуо зуда ялийна а вац бохуш, дуйнаш баарх хийцалур долуш х1умма дац хьуна. Схьагарехь, хьо дика а, аьлларг аьлла а долуш, къонаха стаг ву. Хьо саннарш, ас ч1ог1а лору. Суна ч1ог1а лаьа хьо ирс долуш ваха.
– Дика ду делахь, Алика. Ахь бохург дийр ду ас. Хьуна со оьшуш ца хилча, хьуна суо эшийта ницкъ бац соьгахь. Хьо сихъеллий-те туьллучу т1айн к1елхьара когаш д1адаха? Нийса, хьекъале х1ума а дуй-те ахь дийриг?
– Хьалххе когаш д1адахар г1олехь ду, кхано т1ай дагочул, хьо хьуо а кхетар ву-кх вай вовшахкъастале!
    Ц1ерпошт Грозне  кхочуш яра. Пассажираш, т1оьрмиг-х1ума схьаоьцуш, охьабисса кечлуш бара. Ткъа Алика пенах корта а товжийна, б1аьргаш а хьабдина, йог1ура. Юьхьа-дуьхьал яьхкинчу месаша ах юьхь-сибат д1акъевлинера цуьнан. Ишта и кхин а хаза яра. Ц1ерпошт сецира. Б1аьргаш схьадиллира цо. Тхойшинан вовшашка хьаьжначохь дисира.
– Дагахь латто сурт даьккхин ахьа? Ишта дагахь латтаелахь со. Ишта дахар ду-кх х1ара. Цхьана кхетар, вовшхкъастар а. Ас доьху хьоьга, т1аьххьара сан дехар кхочушдехьа. Хьо кхин д1а ваха везахь а, охьа а воссий, дехьавалахьа, юха т1ехуур вара хьо. Хьо бухахь а витина, охьайоссалур яц-кх со.
– Х1ан-х1а, Алика, хьоьца 1одика ян лаьа суна.
– Мегар дац. Со арахь лоьхуш сунна дуьхьалбаьхкинарш хир бу. Ас Делах доьху хьоьга, дехьа чу валахьара хьо, суна т1аьхьа ма хьажахьара хьо. Ирсе вахар хуьлда хьан!
    Ас цо бохург дира. Со дехьа чу велира, амма т1аьххьара Аликех б1аьрг тоха бахьана лоьхура ас. «Суна т1аьхьа ма хьажалахь, ас Делах доьху хьоьга…» декара сан лерехь. 1а-м ца велира со. Вагонан не1аре а ваьлла, со хьаьжча, шен гергарчу нахана юккъехь д1айоьдучу Аликин хьарса месаш яра гуш, аьрру когана т1е таь1аш йоьдура иза. Шийла хьацар туьйхира сох. «Ша остаг1а йолу дела, суна ша ган ца лиъна хилла-кх цунна. И хилла-кх, цо шена т1аьхьа ма хьажалахь аьлла, соьгара дош  даккхар». Со-сайх эхь а хетта, айса цунна делла дош кхочуш ца дарна, цунна со гуш сана, юьхь1аьржа а х1оьттина, сан б1аьргаш шаьш д1акъовладелира. Алика д1аяхара…

                1987 шо 

      Цул т1аьхьахьа дукха шераш д1адевлира. Цхьана хазчу суьйранна со вара «Юбилейни» кинотеатрана хьалхарчу г1онта т1ехь хиъна 1аш, кино д1а йолало хан ларъеш. Хетарехь, хаза хила мегаш кино яра иза. Бакъду, цуьнга хьовса баьхкина нах к1езго-м бара. Цу кинох дерг  т1е яздина, пенах кхозучу суьрте хьаьжча, со г1еххьа шеконе-м вуьйлура, хаза юй-те и бохуш. Цхьа г1уллакхна со Грозный вахча, кино ца хьожуш ц1а ца вог1ура со.
 
  Сахьийзаш со, айса эцначу газеташка б1аьргтоха, царах цхьаъ ас схьадостушшехь, суна хьалха лекхо, а волуш, спортсменах тера а волуш, цхьа жима стаг сецира. Иза д1асахьийзара. Сих-сиха сахьт т1е хьожуш, схьа мел йог1у автобус ларйора цо. Ц1еххьана схьа а хьожуш, соьга хаьттира цо: «Х1ун яздо?» – аьлла.

– Истори юха язъеш ю-кха, – элира ас.
– Кхета со… Горбачёвс массо не1 д1а а йиллина, бакъо ели газетчикашна шайна луург язда. Х1инца уьш бу-кха вовшашна т1ехлелха г1ерташ, д1аяхна хан бехъеш,  къаьхьаде деш, – олуш, суна юххе охьахиира и накъост.
– Къаьсттина Сталинна т1ехь деш дерг къаьхьаде ду, ишта партина, Ленинна а, – элира ас, айса доьшу газет  охьа а дуьллуш.
–Хьо партеххьа-м вац? – аьлла, хаьттира цо
 – Дера вац. Ткъа хьо?
– Со парг1атлатархойн спортан союзан декъашхо ву, и суна тоьаш а ду, – элира, сан лулахочо.
– Цецвала х1ума ду: вайшиннах цхьа а партехь а вац, тахана х1оьттинчу хьолана вайшиъ т1етан везаш вара, ткъа вайшиммо а тамашена къамелаш до.
– Лакхарчу 1едало еллачу маршонах со ца теша, х1унда аьлча, вайниг санна йолчу дукхакъамнаш дехачу пачхьалкхехь, и санна долчу г1уллакхо цхьа зулам дан тарлуш ду… 
   Тхойшиъ къамел деш а волуш, еана схьах1оьттира можа, «Паз» автобус. Цу т1ера охьа а йоьссина, кхо шо хир долчу йоь1ан куьг лаьцна, тхойшиъ волчу аг1ор схьайолаелира можа месаш йолу цхьа тайна зуда. Сан накъосто, хьала а г1оттуш, бехк цабиллар дийхира.
– Тахана сайн х1усамненаца а, йоь1аца а кино г1ур ву аьлла вара со. Кино хаза юй-те?
– Арахь цара д1атоьхначу суьрте хьаьжча, хаза йолчух тера ду, – аьлла, кхин дош ца алалуш, сецира со. Суна хьалха лаьттарг Алика яра. Т1едуьйхинчу духаро, лекха к1ажаш болчу мачаша кхийн а хазйина, исбаьхьчу суьртехь яра иза. Юххехь майра а волуш, и сайца къамеле ер йоций хаьара суна. Амма, со тешна вара, цунна со вевзина хиларх. Цо сайх б1аьргаш лечкъорехь кхийтира со, и сан б1аьра хьажа кхоьруш хиларх.
    Уьш д1абоьлхуш, царна т1аьхьа а хьоьжуш, со воккхавера, сел хаза цхьанакхеттачу царах. Цхьана ч1ог1а товш бара уьш. Алика шен йоь1ан куьг лаьцна йоьдура, ткъа юххехь верг гора ч1ог1а товш. Дуьненахь цаьршинна дика накъост и хирг хиларх тешна вара со. Уьш не1арах чоьхьабевлча, со меттавеара. « Ванах, Алика хьалха остаг1а ма яра, тахана и остаг1а а ма яц»? Суна хьалха хьоьттира тхойша вовшахкъастар, дагадеара цо соьга дина дехар:  «Ас Делах доьху хьога, суна т1аьхьа ма хьажалахь!» – аьлла. Дагадеара х1етахь и остаг1а лелхаш, д1аяхар, цо ма хьажалахь аьлча а, со т1аьхьа хьажар, тахана остаг1а а йоцуш, хазчу боларца и д1аяхар а. Суна сайх эхь хийтира. Куьйгашца юхь д1акъевлира ас, цаьрца сайн ц1иелла юхь къайлаер йолуш санна.
     Ц1еххьана сайн киснара билет дагадеара суна: «Со а ма ву и кино ларъеш, цунна билет эцна 1аш!» – аьлла, сихха хьала а г1аьттина, чувахра со. Со чукхаьчча, кино д1айолаелла яра. Жимма сайн б1аьргаш боданах доьлча, суна дехьо хевшина 1аш, сайн ойлано лоьху, девзаш долу кхо адам гира. Царна т1ехьара меттигаш яьсса яра. Со нисса Аликина т1ехьа г1анта охьахиира. Б1аьрган йистаца  схьахьажначу цунна шена т1ехьа хиъна 1аш со вуй хиира. Хезаш хир дара цунна ас доь1у са а. Со башха кино хьожуш а вацара. Ас сайн садуура: бакъо юй-те сан кхунна юххехь 1а бохуш, ойланаш еш. Аликина дагайог1у хир ю х1етахь, вокзалехь, соьгара яьлла ледарло, со тамбур чуьра охьа ца воссар, со шена т1аьхьа ца валар а. Цуьнан цу т1ехь дегабаам хилла хила а тарлора, ша соьга т1аьхьа ма вала аьлла, дехар динехь а. Кино чекхъялале д1аваха веза со, аьлла, ойла кхоллаелира сан. Делахь а, сой д1авахалае, киснара кехат ручка схьа а эцна, ас цуьнга яздира: «Со воккхавоь хьох. Суна йишъелахь, къинт1ера ялалахь, кху ас дечунна…Алик». И кехат ас, цунна юххехь парг1ат лаьттачу меттехь биллина болчу цуьнан т1оьрмиг чу диллира. Ас дийриг кхераме х1ума дара Аликина а, суна а, Делахь а, дериг хаза чекхделира. Со араволуш, не1саг1ехь юхахьаьжира со, т1аьххьара а цуьнах б1аьргтоха. Аликас, жимма схьа а йоьрзуш, дерригенах ша кхеташ юй хоуьйтуш корта та1ийра. Ишта аса а.
   Цул т1аьхьа нисса 8 шо делира, Алика кхин суна ца гуш.

                1995 шо      

    Дуьххьара чубеанчу т1амо х1оттийнарг ирча сурт дара Грознехь. Вон хьал дара цигарчу базарахь, цунна гонахьа: дохийна ц1енош, аьтта урамаш. Шина аг1ор берш а, къар ца луш, яхь д1а ца яла г1ерташ, мохк отуш бара. Россин т1емлоша, хьалхарчу дийношкахь шайна дукха зенаш хиларна, кхоамза этира г1ала. Россин эскар а, цуьнан ницкъаш а бевзаш волу Дудаев, Масхадов хууш хила везара хиндерг. Шайна хиндерг хаахь а, Кавказехь уггар хазчу г1алахь уьш т1ом бан кечбелира. Ши к1ира даьлча, ериг вайн г1ала аьттачул т1аьхьа, уьш цу чуьра арабевлира. Дудаевс, цуьнан гоно т1амна к1ел тесира, шайн цхьа галъевлла 1алашонаш бахьан долуш, хаза г1ала, ишта цхьана а х1уманна бехкен доцу халкъ, мохк а.

    Цхьана дийнахь «Юбилейни» кинотеатара хиллачохь лаьттара со. Сан коьрте хьийзара тайп-тайпана ойланаш. Дагалоьцура хилларш, цу чохь со кино хьежар. Ткъа тахана кинотеатр хиллачохь, мохо а лоькхуш, пенаш лаьттара.
Суна генабоццуш ч1ерий духкуш цхьа зударий лаьттара,. Хаза а, даккхий а ч1ерий дара цара духкурш. Аьтто аг1ор лаьтта цхьа зуда ч1ерий ц1андеш яра. Ч1ара эца т1евеанарг д1а ма вахханехь, шен можа месаш д1а а хьулйина, и зуда кхин вог1ург ларван х1оьттира. Цунна т1евог1авеллачохь висира со. Со муха воьду а ца хууш, оцу зудчунна т1евахара со. Ч1ерий духкуш лаьттарг Алика яра.
– Дийна ч1ерий хуьлий шуьгахь? – аьлла, забар йира ас.
– Дехьо Сунжи чохь ду хьуна дийна ч1ерий. М1ара-м ца ло хьуна? – аьлла, чордо йистхилира Алика.
– Алика, хьоьгахь товш-м дац хьуна чорда йистхилар, – элира ас.
Мохь ца хьакха, шен бета дуьхьал куьг а лоцуш, 1адийча санна, сецира иза.
– Алик, хьо вац х1ара?– элира цо, цхьанна хазарна кхоьруш санна.
– Ву…
– Суна хьо сих-сиха дагавог1ура, – элира цо, т1евеанчу эцархочух къахка а ца къаьхкаш.
– Суна хьо а йог1ура…
– Вайшиннан дийца шорта х1умнаш ду, моьтту суна? Хьан хан юй? – аьлла хаьттира цо, со реза хир вуй хууш санна.
– Ахь х1ун дуьйцу? Ханна-м дера ю шортта! Хьалхауллург ч1ерашна т1етесира цо. Д1огахь охьахаа г1ант ду, цига охьахаий вайша? – аьлла, г1ант долу аг1о гайтира Аликас.
Некъал дехьа а даьлла, цхьана г1анта т1е охьахиира тхойшиъ.
– Алика, х1ара г1ант дагадог1ий хьуна? – аьлла, хаьттира ас дегочу озаца.
– Дера дог1у. Хьо 1ийра-кх кху т1е хиъна генарчу 1987 шарахь. Хьуна юххехь хиъна 1ийра сан ц1ийнада. Сайн йоь1а куьг а лаьцна, со шуна т1е еара. Аликас хала дора къамел. Цуьнан б1аьргаш чохь хиш дара.
– Хьан боккха сингаттам болчух тера ду?
– Дера хилла, Алик, уьш боцуш бу, – элира цо.
Ас доггах, халахетарца кадам бира цуьнга.
– Гой хьуна, т1амо цхьа а ца кхоаво. И дохийна ц1енош гой хьуна? Цу чохь адамаш даьхна, цара бераш кхиийна, цу чохь дахар кхихкина. Ткъа тахана х1ун хилла царах? Цхьа пенаш дисина. Декъаза адам, декъаза Нохчийчоь! Б1архиш оьхуш дуьйцура цо. Со и парг1атяккха г1ертара, делахь а иза шеен дог 1аббалц елхийта езара.
– Алик, жимма к1айн асанаш яьхкинехь а сан дахарехь, со шена бухахь йина седа ирс доцуш седа хилла, моьтту суна. Вай дуьххьара цхьанакхетар со Со новкъахьовзамехь лазаяран бахьана хила тарло. Со тайинарш Курганера, Москохара говза лоьраш бара. Уьш ца хиллехь заь1апхо а хилла, яккха езар яра ас дуьненчохь кхин д1а йоккху хан. Ишта, со сайн дарбанна яхана йог1уш, довзар хилира вайн а. Цул т1аьхьа со дикачу маре яхара. Ц1ийнда ч1ог1а дика стаг вара сан. Ма дика вара и соьца. Дагадог1ий хьуна, х1окху меттехь, со яре хьоьжуш, хьоьца цхьана хиъна 1ийра иза. Тхан ч1ог1а хаза бераш дара: йо1, к1ант… Х1инца и шадериг ца хилча санна, д1адаьлла.
– Алика, хьан деган чевнаш хьея-м ца лаьара суна, делахь хьо суна шадерриг дуьйцуш яц. Х1ун ду хилларг?
– Суна хала ду и дийца. Декабарь баттахь ас ламчу, т1ом боцчу хьовсийра бераш. Сан х1усамда, х1усамаш а йитина, цхьанха ца веара. Ткъа и ша вита суна ца лиира. Массарна а, кхо-диъ де даьлча,  т1ом д1а а баьлла, г1алахь маьрша дахар д1ах1уттур ду моьттура. Январ бутт болалуш, дийнахь а, буса а ца совцуш бомбанаш еттара Россин кеманаша. Минотана а ларми чуьра ара довла йиш йоцуш, цу чохь дара. Цкъа цхьана суьйранна тхуна ларми чу хабар кхечира, тхан ц1енош догуш ду, аьлла. Сан х1усамда цига д1ахьаьдира, х1уъа яьккхина а, к1елхьараяккхалур яц-те, аьлла. Шаршуна юкъахь киншканаш а йолуш, сихха юхавеара иза. Юха д1авахара. Хьевелира иза. Цунах дерг хаа лиъна, со цунна т1аьхьа яхара. Ц1ийна маь11ехь, бомбанан гаьргаш а кхетта, вериг ц1ийх а вуьзна, лайлахь вийна 1уьллучу цунна т1екхечира со. Ерриг киншканаш а яра ц1ийх юьзна. Ч1ог1а киншаканаш дукха йоьшура цо. Шен долахь дукха киншаканаш яра цуьнан. Уьш гулъеш вара иза. Наха г1о а деш, ас иза луларчу ц1енойн тховк1елла д1атакхийра. Шолг1ачу дийнахь, т1едеттачу герзашна бухахь, тхаьшна боккха кхерам а болуш, оха луларчу нехан беша д1авоьллира иза. Иза д1аволла кечвеш, тхуна карийра цуьнан г1адаюкъах  Айдамиров Абузаран «Еха буьйсанаш»  киншка. Цунна ч1ог1а дукхаезаш киншка яра иза. Тхан ц1енош хиллачохь цхьа оьрнаш бен кхин х1ума дацара. Тхан дец1а а дохийнера. Феврал бутт чекхболуш, со Грознера ара а яьлла, Толстой-Юьрта яхара. Дукха хала д1акхечира со сайн бераш долчу. Хьетахь уьш цигахь бара. Ши бутт бара суна уьш ганза… Алика йоьлхуш, т1ехбуьйлурш а совцура, юха долчух кхета а кхетий,  д1абоьлхура.
– Дала сох а, сан гергарчех жимма мукъан къинхетам х1унда ца бина-те? Цхьаболчара къинош леторах, бехкебоцурш стенна къила бахна-те? Ц1ийнда а, бераш а дели сан, массо х1ума, чим хилла д1адели сан. Сунна бинарг даг т1ера к1орга мо, сингаттаме а, къаьхьа дагалацам…
    Бераш мукъан могуш-маьрша гаре сатуьйсура ас… Со д1акхаьчча. юьртахь доккха тезет лаьттара. Бомбанаша маситта стаг вийнера. Цаьрца цхьана сан ши бер а дийнера: итт шо кхаьчна йо1, пхи шо долуш к1ант а. Цу дийнахь со хьера ца йолуш, муха йисира ца хаьа суна.
Цуьнан белшаш, куьйгаш дегадора… Цунна г1о дан, дагна парг1ато ян лууш, хьоьжура со цунга. Амма кхаьхьа шад, боккха хорам лаьттара сан логехь… Ц1еххьана йоьлхучура саца а соцуш, цо соьга хаьттира: «Хьан г1уллакхаш муха ду Алик? Дахар муха ду хьан»?
– Вон да, – элира ас.
– Ма дика ду-кх, цхьаболчех мукъан а ца хьаьрчаш, т1ехбаьлла и бала.
– Алика, соьгара х1ун оьшу хьуна? Ас г1о дийр дар-кха хьуна. Сан белхан даржашкахь бевза-безарш бу, сан хьуна г1о дан аьтто хир бу?
– Х1умма ца оьшу. Сан да-нана Поволжье д1адахна. Кестта со а цига д1аг1ур ю. Со кхин 1алац кхузахь: х1ара йохийна г1ала, х1ара доцу дахар…Кхин са ца деттало соьга кхузахь, х1ара къематде гуш. Цкъа кхечу махкахь ехар ю со. Дала машар а, парг1ато а схьалур яц-те кху махка а. Юха цхьа хан яьлча, вайшиъ вовшахкхетта,, юхаметтах1оттийначу, «Юбилейни» кинотеатрехь кино а хьожуш, дахар хир дац-те кху махкахь?
– Дала мукъалахь, – аьлла, т1етайра со.
Ц1еххьана схьа а хьожуш, цо элира:
– Алик, ишта чаккхе хили-кх ахь х1инца а язйина а йоцчу хьан романан..!
Цигахь тхаьш д1асакъаьсташ, тхуна ца хаьара, кхийн а цхьа т1ом гур буй а, кхин а вонаш дог1ур дуй а, кхин а дега1ийжамаш  бог1ур буй вайн махка…
               
                2002 шо               
               
                1аьржа денош               
                Борхаджиев Хожбауди               
                Гочйинарг – Мохьмад Алиев
    1944-чу шеран, феврал беттан 23-г1а 1уьйра яра иза. Гуьмсе-эвлахь бехачу Чапановг1еран доьзале нохчий махках бохуш бу аьлла, шийла кхаъ кхаьчна 1уьйре. Билал ц1а варе хьоьжуш, цо х1ун дохьу-те бохуш бара церан доьзалш. Ша чу ма кхаьччинехь, цо нохчий къам махках доккхуш хилар хаийтира цаьрга.
– Вайн г1уллакхаш дика дац, со вайн юьртахой гуллочохь, гу болчехь вара. Нохчий а, вайн вежарий г1алг1ай а, махках бохуш бу боху. Цхьаъ буха вуьтуш а вац. Вайн халкъана т1едаьхкинарш 1аьржа денош ду. Вайна кечбинарг хийра мохк бу. Стенга дуьгу ца дуьйцу. Схьадийцарехь, Сибрех дуьгучух тера ду. Кечамбан ахса1ат делла. 
Х1азан: (Деле дийхира):
– Тхан Дела, хьо гуш ма ву тхо хьайна мел т1ера ду, ахь диначунна тхо реза ца хилча а ца довлу, ма боккха бала бу-кх тхох хьаьрчаш берг, оха муха дуьтур ду дай баьхна лат
та, дайн кешнаш, х1ара лаьмнаш, хьаннаш, хиш? Ва, устазаш… Ва, устазаш…
Саидат:
– Дада! Цхьана наноша кхиийна бу-те и нах? Шаьш лелийначу харцонна, къизаллийна муха жоп дала бохку уьш? Делахь…акхароша стенах жоп лур ду адамийн хьесапехь кхоьллинчу.
Билал:
 – Хьо бакълуьйш ю: акхарой, акхарой ю, цаьргара жоп дац. Даимна а къасталуш а яц, наггахь бен адамашкахь гучуйолуш яц иза. Уггар а ч1ог1а шен къизалла хьан гайтира хаьий хьуна? Селхана вай чувола баьхна и эпсар вар-кха. Дагадог1ий хьуна чу ца веара иза, жимма хьокхум а эцна, д1авахара. Амма цо делла тамашийна хаттар суна диц ца делла: «Маса стаг ву шу кху х1усамехь вехаш?» – аьлла. Х1инца со кхетта, цо и стенна хаьттина.
Х1азан:
– Стаг! Вай кечам ца бо, вай холча а дуьйлуш, и дуьйцуш 1арх г1уллакх хир дуй-те, вайна цхьа хьаам болуш г1уллакх хир долуш х1ума дац-кха иза? Билал:
– Дика ду, сихха шайн т1е довханиг барзакъ духа, новкъа яккха юург а схьаэца.
Хадижат (йоьлхуш ю):
– Вайн атто х1ун дийр ду, цунна йол хьан лур ю, хи хьан малор ду? Соьца ч1ог1а уьйр лаьцна ма бара иза, даим кертал сехьа корта а боккхий, лаг а дахдой, ас шена юург яларе хьоьжуш ма 1ара иза. Вайн цициго х1ун дийр ду, иза вайн ц1а лардеш, вайн метта кху ц1ахь 1ийр ду? – бохуш, йоьлхуш х1ара а йолуш, не1арехь оьрсийн эпсар гучуволу.
Эпсар: – Итт минот ю шуна арадовла, со арахь шуьга хьоьжуш хир ву. Шу цул сов хьелой, корех чу герзаш тухур ду шуна! Хан д1айолаелла! – аьлла, и эпсар араволу.
Хьазан:
 – Тхан бепиган дакъа легехь дуьсийла шуна, цунах д1овш хуьлийла шуна! Дала д1аэцийла шу! Дала дохко дахийла шу!
Хадижат:
– Дада, и хийра мохк сайна гур боцуш санна хета-кх суна, соьга д1атасалур дац вайн ц1енош, вайн дакъа, вайн етт биталур бац соьга, вайн Майка (лаьтта нуй а хьоькхуш, ч1ог1а  йоьлхура иза).
Билал (ша т1е барзакъ духушшехь олу):
– Йо1, битахь и хьайн нуй, хьанна оьшу и хьан г1уллакхаш, ахь ян хьийзайо и ц1ано а? Ахь боху: «Вайна гур бац и хийра мохк…» Со суо а вац тешаш сайга махках къастар лалур ду моьттуш…. Массо х1уманна Делан кхел ю лелаш. Алхьамдулиллах1, Дела, тхо реза ду-кх Ахь йинчу кхиэлана.
(Арара чухезаш эпсаран буьйха ц1ог1а дара:
«Нагахь шу минот ялале ара ца довлахь, оха корех чу герзаш туху, чехка лела!»
Билал г1ийла д1асахьожу чухула).
– Х1а, х1усамаш, шу 1е шайна…Дала шун доладан юха дахка пурба лойла тхуна! Аллох1у аминь!
(Зударий боьлхура. Карахь цхьацца х1уманийн шеддаш а долуш, ловзархой кирхьанна т1ехьа бовлу)
Хезаш эпсаран буьрса аз ду:
«Сихалела, машенашна т1е хьаладовла!» – бохуш.               

                ( Шолг1а дакъа)
  (Хиъна 1аш ю зуда, Саидат ю иза. Цунна хьалха 1охку декъий, т1етийсина т1елхигаш а йолуш. Цу зудчо ша-шега дуьйцуш санна дуьйцу.
Саидат:
– Во Дела! Х1ара бала лан ницкъ лолахь суна! Ас х1ун дандеза х1инца? Т1амт1ехь волчу сан ц1ийнадегара а цхьа хаам боцу беолг1а бутт бу. Х1инца х1ара бохам а хили. Ишта Далла лиъна хир ду-кха, сан угар кху гергарчу нахана и хийра мохк ца гойла. Х1орш лууш бацара х1ара мохк д1атаса. Х1орш машен а хаьрцина, цу бухахь бала язделла хилла. Сан Хадижат, дада, нана. Х1орш кхузехь д1а а боьхкина, кхузахь буьсур бу. Ткъа сох хун хир ду Далла бен хуур дац.         
  (Х1ора веллачунна т1е а йоьдуш, т1е куьйгаш а хьокхуш, меллаша йоьлхура иза. Юха, ц1еххьана ч1ог1а мохь а хьокхуш, стигла кхуьйгаш а дохуьйтуш, Деле кхайкхира).
– Ва, Дела, хьуна гуш ду-кха х1ара 1азап. Бехьа хьайн бекхам х1ара къизалла тхуна еанчарна!
(Кирхьанна т1ехьара схьа аз хеза:
   «Х1ей, зуда, вукху машенна т1е хаа сихо елахь!» Саидат, беллачу шен нахе а хьожий, кирхьанна т1ехьа йолу).
Кхин а, гуш доцу цхьа аз хеза:
 «Саидат бакъ луьйш хилла: беллачийн декъий циггахь 1илла дисира. Уьш д1абоьхкира, я ца боьхкира Саидатна ца хиира. Шен дахарехь сатийсам хилла дисира цунна церах хилларг х1ун ду ца хаар. Т1ех1оттийначу тоьпан 1алошонан к1еллахь иза машенна т1е хьалаелира, машен д1айолаелира. Чапановг1еран доьзалера кхо дакъа, г1орийначу, шийлачу лаьттахь 1илла дисира. Ткъа ло-м, цкъа а ца деанчу тайпана, Гуьмсе-эвлара вайнах махках бохучу 1уьйранна, цара йиначу къизаллийн лараш д1аяйа санна, даккхийрачу чимашца дог1уш дара. Билална, Х1азанна, Хадижатна 1944 – чу шеран, феврала беттан 23-1уьйре, т1аьххьара 1уьйре хиллера.      
                .               

безамечу йо1ахь б1аьргкхийтира сан. Шен мотт д1алуьстуш йоллура иза. Гоь лакха т1е ца йиллалуш йоллучу цунна, и хьалаюьллуш г1о а дина, кхийн цхьацца х1уман т1ехь цунна накъосталла а дина, дехьаволуш, цо соьга охьахаар дийхира вайн маттахь. Ткъа со воьхна лаьттара. Цкъа – делахь, ишта хаза вайн къоман йо1 хилар суна дозалла а дара, шолг1а – со новкъабохург  ларъеш а вара, цо сайна меттиг баларе сатуьйсуш.

Рецензии