Харжам

Перевод на чеченский язык рассказа Руслан Юсупов "Выбор"

   Дукха хьалхе цIийнда а кхелхина, дерриг а цIийнан дукъ а, бераш хене дахар а тIедуьйжира Баретна. ТIехь да вацара аьлла ца Iаш, цхьа хIума ца оьшуьйтуш, кхобура нанас Рамзан, Заира. Шена мел ницкъ хилахь а, тIехь да ца- хилар, уьш цунах хьегар гуш, шен ма-хуьллу и лазам дIабаккха гIерташ, къахьоьгура нанас.

   Жимчохь дуьйна кIентан декхарш шена хьалха хIитто Iеминчу Рамзанна гора, шаьшшиъ хене даккха гIерташ нанас шен могашалла хIаллак а еш, хьоьгу къа. Шен йиша хьалакхиъалц, эхь а ца хеташ, цуо воккхаверца гIо дора нанна. Цунна хаьара, ша воцург гIо дан стаг воций, цу- нах нанна доккха гIо хуьлий а. Хи дохьура цо, чоьнаш цIанйора, нана балхара цIа йогIуш, дуьхьал а воьдий, цуьнгара ларча схьаоьций, цунна цхьацца цIера керланиш а дуьйцуш, цIа вогIура кIант. Нана йоккхайина ца йолура шен кIантах.

   Ишколехь а дика доьшура Рамзана. Сих- сиха кхойкхура Барет дай-нанойн гуламе. Цигахь даима а дика вуьйцура кIант. Цара хестадора цуьнан гIиллакхаш, лела хаар, дика дешар. Шен кIант дикачу агIор хьахийча, дог-ойла айалой, цIа йогIура Барет. Цуо хастам бора Далла, ишта дика кIант шена валарна. Шен кIантах йоккхайина ца йолучу нанна, тIекхечира кIант шина шарна эскарехь гIуллакхдан хьажо деза де. Шена мел хала делахь а, кIант эскаре дIахьажийра нанас. Дахделлера цунна и ши шо.

  Амма генарчу махкахь, хала киртиг тIехIоьттина, бIарзвелла хьийзара Рамзан. Кхеран накъостех цхьанна, гIаларчу хелхарийн майданахь меттигарчу кегийрхоша йиттинера. Бекхам бан безаш хьал хIоьттира. Динарг дуьтийла яцара. Рамзан, шеца мелла а тIах аьлла, каде а болу кIентий вовшах а тоьхна, хелхарш чекхдевлча, шайн накъостана йиттина кегийнах автобусан социйле схьабогIур буй а хууш, царна дуьхьалвахара. Рамзанан накъостий берриг а Кавказера бара. Массара а схьадехира, деза, ондий, буьххьехь даккхий йоьза мIараш долу салтийн доьхканаш. Уьш куьйгех а хьарчош, кавказхой лата кечбелира. ХIора а вулавелла вара. Хиндерг ца хаьара.
  Гучубевлира, цхьа а хIума дагахь а доцуш, схьабогIу меттигара, кхеран накъостана йиттина кегий нах.
– Цаьрца болу мехкарий ларбелаш, царах хIума ма хьакхадалийталаш, доьхканаш, ца хуьлча даьлча бен, ма тохалаш, вай акхарой яц, вай адамаш ду, цундела вай лардала деза, вай ваьшна динарг дуьтур доций дIахаийта деза вай, – элира Рамзана.

  Кегийнах кхарна тIекхочуш бара. ЦIеххьана Рамзанна дуьхьалхIоьттира: хIара гIуллакх чекхдаьлча, кхуьнах хиндерг, кхуьнан чаккхе а. Уьш дукха хиларна тIаьхье ирча хила тарлуш дара. ХIорш кIезиг хиларна тухург чIогIа тоха езара. Ткъа цул тIаьхьа хиндерг гора Рамзанна – иза набахте яра.
 
  Ойла йора кIанта: «Сан ненах хIун хир-те? Даима а сох йоккхайиначу, со цIа варе хьоьжучу, сох гIортор а йина Iийначу? ХIан-хIа, хIара иштта мегар дац. ТIаккха а, хIун бекхам бу хIара, царна юкъахь тхан накъостана йиттинчех цхьа а ву-вац а ма ца хаьа. Бехк-гуьнахь а доцу нах вовшах хIунда лета», – бохуш, Рамзанан коьртехь ойланаш хьийзара. Кхуьнан накъостий а бара, са а оьзна, кхуьнан буьйре ладоьгIуш. Кхарал кхузза дукха бара вуьйш. «ХIара нийсо яр дац, хIара Iовдал хIума ду», – аьлла, коьрте ойла хьаьвзира Рамзанна.      

  ТIебаьхкинарш хIорш болчу агIор схьа ца хьовса гIертара, я вовшашка дош аьлла, вовшех дага а ца бовлура уьш. Меттигерчу ярташкахь бехаш бара нохчий, суьйлий а, кхин а кавказерчу къаьмнийн векалш. Бахархошна дика девзара церан Iер-дахар, Iадаташ. Шаьш мел дукха делахь а, уьш кхерабеллера. Иза кхеран толам а бара. Ши тоба ойланашкахь а йолуш, кхарна юккъе дIахIоьттира автобус. Рамзан кхийтира, мел ойла ян езаш хьал ду хIинца хIоьттинарг а, шайх кхидIа хиндерг шен карахь дуй а. «ТIехьада-те со? ХIинца а тIаьхьа ма дац. Сайн накъосташца чухьадий, латий-те со царах? ХIан-хIа, тхо цIа даха дезаш ду, тхоьга цIахь хьоьжуш да-нана, йиша-ваша ду, ишттаниг дойла яц», – бохуш, коьрте ойланаш хьийзара Рамзанан.
 
Автобус, неIарш дIа а къевлина, дIайолаелира. Кхуьнан дог, боккха мохь охьабиллича санна, паргIатделира. Рамзан кхера ца веллера, цо шен ойла ца йора, цо ойла йийриг, тIехь да а воцуш, ша хала кхиийна шен нана, йиша, на- къостий бара. Цхьаъ хилахь, кхуьнгара бехк баккха тарлора: «Хьо вара хьалха ваьлларг, ахь бигнера уьш», – аьлла. Автобус дIаяхара. Рамзан шен накъосташца дIаволавелира. Цхьаммо а, Рамзана тIелата аьлла буьйр ца дарна и бехке ца лерира, уьш цунна меллаша тIаьхьа буьйлабелира.
 
  Схьакхаьчча, хIорш боций а хиъна даьккхинчу орцанна тIекхечира хIорш. Амма, Рамзан шен дика цIе йоккхуьйтуш вара, цундела хьаькамаша цхьа вон хIума кхаьргара даьлла ца хилча, тап-аьлла, хIорш бакъо а йоцуш бахар дIатаIийна, гена ца доккхуш, дижа дитира.

  Цул тIаьхьа, хийла и гIуллакх коьрте иккхира Рамзанна. ХIоразза а цо Далла хастам бора, цу дийнахь шена собар да ларна, ша цу зулумах ларварна а. Эццехь ша сихвеллехь, шен накъостех а, шех а хIун хир дара-те, боху ойла хийла йира цо? Делахь а, цул тIаьхьа шен дахарехь эццехь ша бина харжам коьртаниг ца хиллий-м хиира цунна.

  Эскарехь гIуллакхдина а ваьлла цIавирзинчул тIаьхьа тIеIоттабеллачу харжа- мо хIаллаквира Рамзан. Зудаялор а, доьзал кхоллар дагахь а дацара кхунна. Тахана ду и: берхIитта шо ма-кхаьччинехь кIанта зудаялайо, йоI маре а йоьду. ХIетахь ишта дацара – зуда- яло сих ца лора. КIанта шена хьалха Iалашо хIоттайора, ишкол чекх а йоккхий, институт а йоккхий, белхан меттиг а карайой бен зудаялоран ойла ца йора. Амма и Iалашонаш массера кхочуш ца хуьлура, кхочушхуьлийла а дацара – иза ишта дахар дара. Меттигерчу вузашкахь, белхан меттигаш йолчохь я гергарниг хила везара, я шортта ахча хила дезара, хьайна деша ваха лаахь. Ткъа Рамзанан я иза, я важа а дацара. Цундела Рамзан масийттазза а шен хааршца деша ваха гIортарх а деша ца вахавелира.

  ХIора дийнахь зудаялор а дара гергарчара хьехош. Нохчийн Iедалехь, шайн вашас зуда ца ялийча, цуьнан кегий йижарий цIерабовла йиш йоцуш буйла хууш, Рамзан а вара. Дерриг а дитина, шен йишина некъ балархьама, хIора шен мукъа хан ша резаволу йоI лоьхуш, дIайоьдура цуьнан. Аттачех гIуллакх дацара иза. Муьлхха а цхьаъ яла а йина, и бала кочалаца ца лаьара цунна. Дагавала да а, юххе хIитта вежарий а боцуш, дика-вон къасто а хууш кхиъначу Рамзанна хала дацара иштачу хьолехь дикохниг къасто. Цуьнца яккха езаш ма яра цо ша дуьненчохь йоккху хан, цундела харжам тIехь галволийла дацара. Ткъа вевзаш волчу яздархочо А.П.Чеховс ма-аллара: «Адамехь массо а хIума хаза, дика хила дезаш дара: юьхь-сибат, дог-ойла, духар а.» Цу тIехь Чеховца реза муха хир вац? Духарра-м оццул доккхачу маьIнехь а дацара. Кхидерг хила деза. Иштта, ша йоIарий дукха мел хоьржу, кхин хьажа, сих ца вала а лаьара цунна. ХIара воцург а бара кхунна йоI лохуш: накъостий, гергарнаш а. Цхьаьнга Рамзан вист ма-хилланехь, цIеранаш цу йоIах дерг хаа сихлора. ХIара-м яло мегар ду аьлла, ойла ма-кхоллаеллинехь, цу йоьIан я да молуш хуьлура, я доьзалехь цхьа кхачамбацар, айп нислора.

   Ишта дIайоьдура хан. «Сан Дела, хIара хIун ду-те? Яло йоI ца карайо бохург доккха хIума ма ду! Кху наха суна тIехь цIе кхолла а ма тарло: зуда лоьхуш вац, я и яло гIерташ а вац, хIинцца цхьа галдаьлларг дан воллу», – аьлла. Ойланаш яьржина, хьере вара кIант. Шен леларца, гIиллакхца, оьзда хиларца къаьсташ вара Рамзан. Зама дIайоьдуш яра, хIара йоI хаьржина волуш вацара.

  Шен цхьана гIуллакхна Iедалан урхалле ваханчохь Рамзанан цхьана йоIанна тIехь бIаьрг сецира. Цунна тIера бIаьрг ца баккхалуш, хьоьжура кIант. ЙоI хаза яра. Рамзанна цу йоьIан юьхь тIехь цхьа тамашийна хазалла гира. Чохь болчу нахе а, цхьаболчу мехкарша санна, юхьдуьхьал а хьоьжуш, къамелаш а ца дора цо, охьа а таьIна, чохь цхьа а воцуш санна, шен болх беш, шен йоза а деш, Iара иза, хьал ца хуучунна, и стихаш язъеш ю моьттур а долуш. Гуш дара, и стихаш язъеш цахилар, иза шен болх беш хилар. «Дийна йоцуш санна, цхьа тамашийна хIунда ю-те хIара?» – бохуш, хьоьжура кIант.

  ЦIеххьана Рамзане схьахьаьжира йоI. «Со дукха тIевогIавелла Iийначух тера ду, товш ма дац хIара-м. ТIе а вахана, вистхила веза со», – аьлла, ойла кхоллаелира Рамзанан.
– КъинтIераялалахь суна, хьайн ойланех ас хьо юкъахъяьккхи, моьтту суна!
– Ас а ваккха веза, моьтту суна, хьо къинтIера, тIевогIавеллачуьра хьо юкъ- ахваккхарна. Цу дешнаша а, царна тIаьххье цуьнан елаяларо а корта хьовзийра Рамзанан. Шеца къамелевала бохург и ца хиллехь а, кхин шега къамел ма де, ша реза яц бохургга-м дацара иза. Къамелана дуьхьал йоI цахиларх кхийтира кIант.
– Хьо къинтIераяккха езарг со ву, ткъа хьо яц. Цунна сан доккха бахьана ду. – Со и бахьана хаа дезаш юй?
– ХIунда яц? Со сайн дахарехь, сайна накъост а хилла, юххе дIахIотта, сайна хIусамнана а хилла, сайн керта йига йоI лоьхуш ву-кха.
– Ткъа со хIун динарг ю? Ас хIун дан деза?
– ХIумма дан а ца деза. Хьо хила а мегий иза-м. Дахарехь, тахана санна, цIеххьана довзар а хуьлий, кхоллалуш ма бу доьзалш.
– Вай девзаш ма дац, – элира йоIа.
– Вовшашка вай цIераш йийцина цахиларо хIумма а ца боху, коьртаниг вайн
дегнаша бохург ду. Рамзана и къамел дича, йоьIан корта охьабахара, йоI кхий- тира, ша къамелехь совъяьлла хиларх. Корта хьала ца ойуш, йист ца хуьлуш Iен гIоьртира йоI, амма Рамзана шега хьежаро ца юьтура иза. Иза кийча вара, ша лоьхург шена карийна ала. Даго а бохура: «Айхьа лоьхург хьуна карийна хIинца». Диснарг йоьIан дагара хаар дара, амма кIант кхоьрура цо аларна: «Со реза яц, кхечанхьа хьахийна ю со», – я царах терониг
– Сан хьоьга дукха деха бакъо яц, хьайн цIе муха ю дийцахьа суна. Ас тахана кхин хьийзор яц хьо – аьлла, дийхира Рамзана. Жимма йист ца хуьлуш Iийра йоI. Цо шен цIе йийцар, «ХIаъ» алар санна, тида мегар дара, йогIур ю алар санна, ца тидахь а. ТIехьовзар санна, хIума дара иза. Цо бIаьргаш хьалаайдира. Царна чохь гора уьш кIаддалар, жимма гIайгIане хилар а. «Кхуьнан дахарехь а нисделла-те халахетарш, сатийсамаш кхочуш ца хуьлуш бисна-те? Я «Дала азаллехь хIусамда ву аьлла язвелларг ву-те шена хьалха лаьттарг», – боху ойла кхоллаелла-те кхуьнан?» – бохуш, ойлане лаьттара Рамзан.

  КIанта ойла йора: сихлур вац со, кхидIа а хьажа везар ву: мила ю, хьенан ю, ненах дагавала а везар ву. ЙоIа шен цIе йийцар ду коьртаниг. Халла хезаш: «Мадина», аьлла яьккхира цо шен цIе. Ша и цIе йоккхуш, эхь а хетта, охьатаьIира иза. Рамзан дIаваха везара. Цунна хаара, и ша-шеца йита езий. Кхо бохучунна цхьа гIулч дуьхьалаяккхинера йоIа. Ша дIавахале кIанта элира:
– Ас хьо ирсе йийр ю хьуна, Мадина! – аьлла. И дешнаш дехха дека дисира Мадинин коьртехь. Цо юх-юха а шен дагахь, шен дехачу дахарехь, сих-сиха цунна баха дисира и дешнаш. Ишта дешнаш цуьнга хIинццалц цхьаммо аьлла а дацара.

  Цхьаммо иза ишта мерза, ховха шеца дахар декъа кхайкхина а яцара. «Схьахетарехь, хIара кхоллам бу», – бохуш, ойланаш йора Мадинас. Дукха кIентий бара иза езаш а, шайга еача юьгур йолуш а, амма Мадинас уьш берриш а, чорда а ца олуш, хазачу дешнашца цаьрца дерг дIахадийра. Рамзанна тIе дог-ойла яхнера йоьIан. Дукха ца ихира Рамзан Мадина йолчу. Церан кхин эрна хан яйа ца лиира. Вовшахкхета барт хилира цаьршиннан. Рамзана тешамна мухар ло аьлча, йоIа делира. КIанта дегочу куьйгашца схьаийцира мухар. Бакъдолчуьнан тешам бу- кха хIара, аьлла, ойла кхоллаелира цаьршиннан. Ловзар, даарш, кхидерш а уьш коьртачех дац. Харжам бина баьлла, юханехьа некъ бац. Тешамна хIума караелла ю.

  Рамзанан а, Мадинин а цIераниш, кечамаш беш, хьийзара. Берриг а цхьана гIалахь, вовшашна генабоццуш, бехаш а бара хIорш. Шина а агIор болчу нахана хаара, хьенан хIун тайпа ду, муьлш муха бу а. Захало галдер ду, аьлла, цхьана а агIор кхоьрийла яцара. Рамзанан керта Мадинин йогIу де тIекхечира Мадинин. Нускалан коч хьалххе эцнера йоIа. Коч тIе а юьйхина, куьзгана хьалха хьаьв  зича, юхура йоI, керла дахар долош, цунах озалора иза. Кхин нах, кхин керт, хIусамда, и дерриг а Мадина кхоьруш дерг дара. «Дерриг а дика чекхдалахьара», – олий, хетара цунна. Тайп-тайпана ойланаш а еш шен чохь Iачу Рамзанна нана йолчу чуйоьдуш шайн гергара кхо зуда гира. Церан къамелаш кIантана схьахезаш дара. Уьш чIогIа цхьа хIума къуьйсуш бара. Царна тIе кхин а зударий баьхкира, церан къамелаш кхин а чIагIделира. Цара дуьйцучух цхьадерг схьахезара. Рамзанна цкъа а дага ца деанера, оццул хаза дIадоьдуш долу шен а, Мадинин а гIуллакх галдер ду аьлла. Ишта долу даккхий хIумнаш нисдан а, уьш чекхдаха а бакхийнаш ца биснера кхеран тайпанах. Цундела, и санна долу хIумнаш, баккхийчу зударша шайн караэцнера. Цара дуьйцура: «Мадинин маьхча наха дика цIе йоккхуш яц, и йоI вай ялор яц», бохуш. Рамзане схьааьлларг и дара: «Цаьрца вай захало деш дац, и йоI Iадйита!» Гуттар а чIогIа дуьхьалъяьлларг Рамзанан нана яра. Цу дийнахь санна цкъа а воьхна, холчуваьлла а вацара Рамзан. Массарна а хууш дара кхунна караделла мухар дуйла а, схьаяло бина кечам буйла а. Мадинин нах юьхьIаьржахIуьттуш, цуьнан чIогIа дог лазош а хIума дара иза.

  И ялор Iаддадита аьллачул тIаьхьа Рамзанехь вон хьал дара. Сийна цIарах догуш дара цуьнан дог а, юьхь а. Ши декхар дара цунна тIехь: нанас аьлларг кхочушдар, шех тешна йоI дакъазацаяккхар, юьхьIаьржацахIоттор а. Нохчийн Iедалехь зудчун вон цIе яккхарал доккха эхь долуш хIума дац, амма ца кхеташ дерг цхьаъ ду: бехкбоцчу, малик санна цIена йолчу йоьIан хIун бехк бу-те, бохуш долу хаттар хIиттадора Рамзана шена хьалха. Иза шича а яц, маьхча ю. Тайпана ю бохург дара схьадуьйцуш хезарг. Цу хаттаршна жоп дацара цхьаьнггера а хезаш. Кхуьнан доттагIий а цецбуьйлура, дала жоп дацара церан а.

  «Ас хьо ирсе йийр ю…», – ша аьлла дешнаш дагадаьхкира Рамзанна. Хастам хила хьуна, АллахI-Дела, «ирсе йийр яц» ала дезаш хилла-те ас. Ма галваьлла стаг хила веза, иштта хьайх тешна йоI Iехо. Ткъа сан харжам муьлхарг бу-те? Нанна дуьхьал а ваьлла, цо бохург ца дича, со мила хуьлу? Ас массарна дуьхьал а ваьлла, схьа-м ялор ю иза, соьга да-м лур дара и саннарг, цул тIаьхьа со мила хуьлу, хIун дахар хир дара тхойшинниг? ХIара чекхдаккха деза, нанас бохург дан деза аьлла, къарвелла, сецира Рамзан.

  Суьйрана, Мадинас делла мухар дIа а луш, цаьрга зуда яхийтира, захало хила йиш яц аьлла, цкъа а хилла а доцу, шайн зударийн цхьацца хIума а кхоьллина. Амма дукха хан ялале захалонна хIорш резацахиларан бахьана Мадинин нахана дIахиънера. Нахалахь чIогIа юхьIаьржахIиттинера Мадина, да-нана, вежарий, берриг гергарнаш а. Тезетахь дерг дара цаьргахь. «Со елла елар-кха, я дуьнен чу яьлла а ма елара, кхидIа муха яха еза-те со, хьанах теша мегар ду-те кху дуьнен тIехь, ма чIогIа со шех тешийнера цо. Сан хIун бехк бу-те, сайн сий, сайн вежарийн сий, де-ненан, тайпанан сий ма чIогIа лардинера ас. Цара юьйцу и зуда суна мила ю а ма ца хаьа, и цкъа а тхоьга йогIуш ма яц, я суна цкъа а гина зуда а ма яц иза. И боьха хIума хиларх сан хIун бехк бу-те, и бахьана долуш бехкбоцчу сан ирс хIунда духу-те?» – бохуш, йоьлхура Мадина.
  Рамзанан цIахь санна, и Мадинин хеттарш жоп доцуш дисира. Дакъа санна, маьнги тIехь йоьжна Iара йоI, меттах ца хьовш, юххерчу пена тIехь, кхуь- нан дог этIо оьллича санна, кхозуш яра кхуьнан нускалан коч. «ХьалагIаттий, этIаете ас иза, ас хIун до цунах.? ХIан-хIа, ницкъ тоьар бац сан хьалагIатта. Ткъа балха яха ницкъ хир буй-те соьгахь, кехаташ кего, царна тIехь дерг листа. Со нахана юкъа муха ер ю-те, сан юхь ма яц балха яха, нахана юкъаяла а», – бо- хуш, ойланашкахь Мадина а йолуш, кхуьнан тидамза чу а еана, кхуьнан коьртах куьг хьекха йолаелира, юххе охьахиъна, доллучу гIуллакхна гIорасиз йолу нана. Цуьнан шен йоIах дог лозура, амма шен йоI ирсе ян цуьнан ницкъ болуш хIума дацара иза. ЙоIанна кхин дисна хIума дацара, дерриг а диц а дина, набарна йижа, кхин самацаялар бен. Уьш ерриш а ойланаш яра, дог доьхначу йоьIан ойланаш.

  Цхьа кIира даьлча Рамзане Мадинас кехат даийтира. Шега кехат яздан цунна ницкъ карорна кIант воккхавера. Рамзан кхетара Мадинас дуьйцучух. Цо шен Iовжийна дог, шен холчухIоттар, ша а, шен нах юьхьIаьржахIиттарх дуьйцура. Цунах кхетара кIант. Цо хIуъа яздича а ловр дара Рамзана, ша и юьхIаьржахIотторна цуьнан дог паргIатдаьлчахьана. Шен дахарехь ишта кехат ца деанера кхуьнга, я догIур ду ала меттиг а бацара. Цунна хIара бехке вара. Рамзана и кехат дIадиллира. Цунна хаара, цкъа мацца а цу кехат тIе ша вухавогIур вуй, ша и доьшур дуй, кхидIа а дахарехь нийсонна шен хьекъал а, кхетам а ира латто.

  Кехатна дуьхьал жоп яздар эрна дуйла хуучу Рамзана ша-шега элира: «Сан Дела, ма хала, ма къиза бар-кха сан харжам. Хьуна гуш вар-кха со. Шина харжамна юккъе нисвеллера-кх со – безам а, ненаца болу лерам а. Хьуна ма- гарра, ас нана къастийра. И бара-кх сан харжам. КхидIа дерг хьоьгахь ду-кха, Ахь нийсо елахь, дерриг диц а деш, Мадина ирсе елахь!»
               


Рецензии