Хаза кхаъ

                Алиев Мохьмад
               
    
    Геннахь етташ хезачу яккхийчу тоьпийн г1овг1анашка ла а доьг1уш, «Тахана ма 1уьйре етта буьйлабелла х1орш, дуьххьаралерачу т1амо а эти, х1инца а отуш бу, хьох х1умма диса а доллий-те, ма декъаза мохк хилла-кх хьо», – бохуш, ша шега а луьйш, уьйт1ахь цхьацца деш йоллучу нене, кхайкхира к1анта:
– Нана, со кхана г1ала а вахна вог1ур вар-кха, ахь пурба делча!
– Тархан, ма луьра зама ю-кх х1ара, новкъахь посташ ю, цара цу посташкахь х1уъу а леладо, хьо ц1а валлалц тоха са хир дац-кха сан, ца вахча х1ун дар-те хьо?
– Нана, со деша ваха лууш ма ву, цкъа д1атасавелчахьана, студенташ д1асабуьгуш автобусаш а ю, кхераме х1умма а дац!
– Делахь, хьайна луург дехьа, со кхоьру дела бохура ас-м!
– Шу х1ун къуьйсуш ду? – аьлла, ладоьг1на сецира, хи дохьуш йог1у Тарханан йиша Зарет.
– Дера хаац сунна-м, ша деша вахийта боху-кх хьан вашас!
– Вахийтахьа, нана, со а г1ур яра, луьра зама яцахьара, ишколехь дешна яьлла а елахьара!
– Чоьхьаялал цкъа чехкка, хьо-м хала яцара! – аьлла, йо1аца долу къамел дерза а дина, шен нуй хьакха х1оьттира нана.   
– Нана, битахьа и нуй, и хьайн г1уллакхаш а, хьан могашалла а яцара, ас деш дар-кха и дерриг а, – аьлла, шен хи д1адотта чуяхара йо1. Шена йо1а бохург ца хезаш санна, шен дахарехь мукъа 1ан марзъелла йоцу Марет, юха а нуй хьакха х1оьттира. Зарет шен вешел кхо шо жима яра. Да, цамогуш а хилла, кхелхинера. Цул т1аьхьа дуьнен т1е яьллера йо1. Суьрташ т1ехь бен да гина а йоцу йо1 ненан а, вешин а ч1ог1а хьоме яра. Пхийтта шо ду эр а доцуш, хаза кхиъна йог1ура иза. Цхьацца захалонаш а къийдадора наха йоь1ан нене.
  «Д1адовлийша, маре яха зуда мичахь ю?» – олий, дуьтура цо. Амма Маретана хаьара, ишта гена д1адаха йиш йоций. Цхьа бехкениг ваийтахь, шаьш захало дан дезар дуй а. Амма деригенан а чам бойург, д1абоьдуш т1ом хилар дара. Т1амо ца хоржура воккханиг, жиманиг а, цундела кхоьрура нана. Д1асадахча, даима шина берана сахьийзадора цо, и дара Марет к1ант г1ала деша вахарна дегаза хилар. Т1амо ц1енош доха а дина, йистера дисинчу цхьана раг1у к1елонах чоь а йина, готтонехь йоллуш яра Марет, шен шина доьзалхочуьнца. Далла хастам бора цо могуш шаьш хиларна, чохь юург хиларна а. Делахь а, шина а аг1орара ладег1арш, саготтийла а яра. Буса т1емалой бог1уш меттиг хуьлура шайна юуург ло олий, 1уьйрана федералаша хьийзадора, шу т1емалой кхобуш ду бохуш. Юьртахой ч1ог1а балехь бара, юрт ломан когашкахь, хьаннашна уллохь хиларна.
   Т1ом боцуш сана тийначу цхьан буса, набъозийначу Маретаг1еран не1 кагъеш: «Меттах ма довлалаш, охьадийша!» – бохуш, оьрсийн маттахь ц1ог1а а детташ, туьтм1аьжигаш йоьхкина чуиккхира масех стаг, (цхьамма, кхаьрца гамо лелочо, доцург дийцинчух тера дара, кхаьрга т1емалой баьхкина аьлла).
   Шайна чохь цхьа а ца карийча, дуьххьара нене хаттарш дира, т1емалой мичахь бу бохуш. Шена хууш цхьа т1емало а ца веана шайга, элира цо.
  Т1аккха йо1е хаттарш дира. Цо а, нанас сана, жоьпаш делира. Раг1 Тарханна т1екхечира. 
– Мичахь бу т1емалой? Амма к1ант вист ца хуьлура. Г1уллакх шаьш ма-бохху д1а ца дахча, Тарханна етта йолийра цара. Цуьнгара шайн хаттаршна жоьпаш ца хезча, шайца д1авигира цара. Мел ч1ог1а нана елхарх, йишас дехарх, к1ант схьа ца велира. 1уьйрре ериг юрт федералаша туп тоьхначу яхара. Шаьш валийна а вац, аша мила вуьйцу а ца хаьа шайна аьлла, Тархан, вигна меттиг боцуш, вайира цара.
  К1ант вигар, и вайар а ца лайна, дукха хан ялале цомгуш а хилла, меттахь йисира Марет. Цхьана шарахь гергга меттахь а 1ийна, д1акхелхира иза. Цуьнан т1аьххьара дехар шен йо1е Тарханан лар лахар дара.
   Ша йисира Зарет. Дехоша тесна ца юьтура йо1. Хехош хилла захалонаш а цхьана ханна дисира. Х1ора суьйрана шайн х1усаме а йог1ий, йоьлхуш 1ара Зарет. Чохь ц1ена а латтайора. Х1унда хьоькху ахьа чу горгамаш шега аьлча, цо луш долу жоп цхьаъ дара:
  «Сан ваша ц1а веъча, ков-керт тишделла гича, цуьнан дог духур ду», – олий. Пешахь ц1е латайой, чоьнаш йох а йора… Дахаро шен некъаш, шен лаамаш, хила дезарг, яздинарг схьакхийдадора. Амма и дериг а йо1а д1атоьттура. Цунна шен дахаран некъаш хедда хетара. Хала дара дахарца тан, иштта цуьнца къийсаяла а.
   Дерриг д1адаьлла, массо а х1уманна дог шелделла аьлла хетачу хенахь цуьнан даге кхевдира,  юххехь машен а сацийна, цхьана ца вевзачу к1анта, «Йо1, хьо йовза мегар дацар-те?» – аьлча, безаман алу. Нана а, ваша а дицдалар дацара иза, ткъа замано дахарх шен некъ тегар дара. Дукха хан ялале мела а уллера вевзира и к1ант. Заретина хиира хьажа-х1отта ц1а веана и хилар, юьртахо хилар а, Ростов-г1алина генавоццуш, шортта даьхни а долуш, шен деца-ненаца и вехаш хилар. Амма цуьнга яхар, цуьнца дуьненан ирс декъар аьттехьа хьеха а ца дойтура цо, шен ваша ц1авеъча, ша бухахь хила еза бохуш. Делахь а, дехоша бохург ца дича ца елира йо1. Ростов-г1ала д1аяха а дийзира цуьнан.
   Д1аелира Заретин вешега сатуьйсуш, итт шо хан. Керлачу доьзало и бала г1еххьа байбинехь а, цо дог ца дуьллура шен вешех. Хийла буса арахь шен вешига а кхойкхуш, йоьлхуш хезара ц1ийнадена Хьамзатана шен х1усамнана. Цуьнга ла а доьг1уш, цунна дан г1о доцчу, г1орасиз долчу синна дан х1ума доцуш, б1арзлой, д1асахьийзара иза, шена и йоьлхуш хезний а ца хоуьйтуш. Ши куьг охьа а дахийтина 1аш вацара Хьамзат. Даима кехаташ яздеш, хеттарш деш, хьал-де хаа воьду ша олий, Нохчийчу воьдуш, Тарханан лар лоьхура цо. Дуьне-даьхни кхоош вацара иза шен берийн ненан ваша лоьхуш. Самукъане хуьлийла лаьара цунна шен доьзалан нана. Цхьана кепара Тарханан лар ца карош, б1аьрзе вара Хьамзат. Денна худалуш шен х1усамнана гора цунна. Хала дара Хьамзатана цуьнан б1аьра хьежа. Цуьнга дас-нанас а олура:
    «Хьамзат, цкъа а Заретин дог ма дохаделахь, г1ийла йо1 ю хьуна иза да-нана а доцуш, йиша-ваша а доцуш. Цуьнан дог ахь дохадахь, вижа лахьта хир дац хьуна!» – олий. Хьамзат ша вара цунах кхеташ.
   Иштта цхьана дийнахь шен г1уллакхана цхьана юьрта ваха дезна, цхьацца ц1ахь дан дезачун косташ а дина, машенахь д1авахара Хьамзат. Генна некъ бара цо бан безарг. Амма машено ца моьттарг дира: хилларг х1ун ду а ца хууш, новкъахь сецира иза. Эрна арахь висинчу Хьамзатана дехьо жа дажош волу цхьа накъост т1евеара.
– Х1ун хилла хьуна? – аьлла, хаьттира т1евеанчо.
– Дера хаац суна-м, вог1уш лаьтташехь д1аяй-кха х1ара, – элира Хьамзата.
– Со жимма машенах кхеташ ву аьлла хетта сунна. Со хьажа мегий? Даима Андрейн машен тойийриг со ву?!
– Андрей, и мила ву?
– Андрей х1о уьстаг1ийн да ву!
– Йолах лецна белхалой даима оьрсий хуьлуш ма бу, соьца а ву шиъ, хьо церах тера-м ма вац, хьо мила ву?
– Суна-м ца хаьа со мила ву. Андрейс сох «Никто» олу-кх.
– Никто ц1е хуьлийла  ма дац.
– Суна сайн ц1е муха ю а ца хаьа, со мила ву а ца хаьа. Андрейс со шена цхьана генарчу, шийлачу махкахь карийна олу-кх.
– Хьо х1ун деш хилла цигахь?
– Хаац суна-м. Вокзалехь волавелла лелаш ву бохур-кха цо со. Иштта кхаьчна со и волчу, олушшехь, нохчийн маттахь, «Остопиралахь», элира Хьамзатан г1оьнчо, шен цхьа х1ума нис ца делча.
– Ахь х1ун элира? Остопуьрлахь ца элира ахь?
– Хаац суна-м, ас цкъацца олу-кх иза, кхин цхьацца ца девза дешнаш. Суна сайна а ца девза уьш, со-суо вац царех кхеташ.
– Хьо нохчо ву-кха, суна схьахетарехь.
– Ас нохчийн мотта-м ма ца буьйцу, т1аккха?
– Жимма бицбеллачух тера ду хьуна иза, ас цхьа ши дош эр ду нохчийн маттахь, хьуо кхетий хьажал, – аьлла, нохчийн маттахь вистхилира Хьамзат.
– Х1ун элира ас? Нохчийн дешнаш хезча, ши б1аьрг серлабелира Никтон. Жимма ойла а йина:
– Суна цхьа гергара, юххера, безаме дешнаш хета уьш, делахь а, дог ч1аг1деш, сайн сица уьш ду ала-м ца х1утту со. Суна схьахетарехь, д1авахар, схьавар хьехадо моьтту суна ахь, – аьлла, оьрсийн маттахь жоьпаш делира Никтос.
– Ахь жоьпаш нийса дели. Хьо нохчо ву хьуна, хьайн ц1е дага ца йог1у хьуна?
– Суна цхьа а х1ума дага ца дог1у. Ишта хаттарш деш Хьамзат а волуш: 
«Вало, латаел хьайн машен!» – элира Никтос.
Сихха хьалалетира машен.
– Хила а хилла хьо машенах дерг хууш, – аьлла, охьахиъна, дикка къамелаш деш 1ийра х1ара шиъ. Цхьа х1ума дага ца дог1ура Хьамзатана орцах -веанчунна. Делахь а и нохчо хилар ч1аг1делира цуьнан ойланехь. Цо ч1аг1о йира иза шен нахах д1атоха. Шен х1усамнана санна цхьаъ воьлхуш хир ву-кха кхунна а аьлла, цунна г1о дан дог ч1аг1делира Хьамзатан. Оцу нигатца Никтона баркалла а аьлла, д1авахара Хьамзат. Ша ма-воьддура цо вийцина Андрей  волчу вахара иза. Цо Хьамзатана дийцира:
   Уралехь, ц1ерпоштан вокзалехь, шена иза каравар, шеца цхьа кехат, я ахча а доцуш, наха елларг бен яа а йоцуш, вон хьал дара цуьнгахь. Т1е ма-хьаьжжинехь гуш дара иза оьрсий воций, цхьа г1уллакх галдаьлла иза цига нисвеллий а. Ас, къа а хетта, левича, суна хиира цунна цхьа а х1ума дага ца дог1ий, цунна ша мила ву а ца хаьий а. Ас сайца схьавалийра иза. Дукха левина ас иза, цхьа а х1умма дагадог1ий-те бохуш. Цунна шен ц1е а дага ца йог1у. Ас т1аккха цунна «Никто» аьлла, ц1е тиллира. Чохь 1ан чоь а елира, суна даьхница ч1ог1а г1о до цо. Сан и вацахьара йиш а яцара. Дика, тешаме  накъост ву иза. Делахь а, цуьнан нах гучубовлахь, ас тахана а д1а-м вохуьйтур ву иза.
– Цхьа а кехат доцуш, 1едало муха магуьйту хьуна иза кхаба, д1ацавуьгуш муха вуьту и цара, кхузарчу х1ора нохчочунна т1ехь тидам латтош ма ду 1едал? Т1е ма-хьаьжжинехь гуш ма ду и оьрсий цахилар?
– Дера, ишта-м ду иза. Кху юьрта башха 1едалан белхалой а ца г1ерта,  участковый сан вешин к1ант ву, ткъа цо и суна магадо.
– Андрей, суна цуьнан нах лаха а, уьш карабахь, и ц1аверзо а пурба лой ахьа?
– Ас ма-аллара, хьуна цуьнан нах карабахь, ас д1авохуьйтур ву иза. Хьуна муха хуур ду и муьлхачу къомах ву?
– Цхьацца дешнаш нохчийн маттахь олу цо. Иза нохчо ву.
– Аса а тидам бинера, цо цхьацца дешнаш олуш. Галваьлла лела хир ву-кха бохуш, ас башха цуьнан ойла а ца йинера.
– Дика ду, Андрей, со д1авоьду, цхьа дехар ду сан хьоьга, иза д1асацавалийтар, ларвар а.
– Цунах долчунна ас жоп ло хьуна, – аьлла, и шиъ д1асакъаьстира.
Цигара ц1авеъча, х1усамнене шена нохчийн к1ант карийна ала ца х1оьттира Хьамзат. Цига дахийта аьлла хьаьвзар яра иза Никто олушверг шен ваша воций хиъча, маггане а мегар яцара. Цкъа билггал дерг талла лиира цунна.
    Хьамзатана Тархан ца вовзара. Сурта т1ехь бен цкъа гина а вацара. Зарет чуьра араяьлча, Тарханан сурт лаха х1оьттира иза. Суьрта т1ехь волчунна а, Никтона а  юкъахь йоккха башхалла карийра цунна. Цуьрриг а Тархан тера вацара Никтох. Сурт дукха хенара хила а тарлора, Тархан хийцавелла а хир вара. Дог доьхна, сурт шен кехаташна юкъа а диллина, чуьра араваьлла, шен да-нана долчу вахара иза. Ненах а лачкъийра цо шена и стаг каравар, дог к1адделлачохь цо Зарете ишта цхьаъ ву алахь а аьлла. Хьамзата ма-дарра дена дийцира, дас к1ант ч1аг1вира:
– Долушдерг хьой т1аьхьакхиъалц, цу пекъаре ма дийцалахь, мегар яц хьуна иза!         
1уьйрре г1аьттина шен селханлера г1уллакх чекх ца даьлла аьлла, Хьамзат юха а Никто волчу вахара. Хьалха сана, жехь вара к1ант. Хьамзат шена гича, вела а къежна, цо хаьттира:
– Юха а машен галла-м ца яьлла хьан?
– Машенна-м х1умма а ца хиллера, делахь хьоьга цхьацца х1ума хатта лаьара суна.
– Хаттал, х1ун ду иза? Кисанара сурт схьа а даьккхина:
– Х1ара накъост вевзий хьуна? – аьлла, Хьамзата шега сурт гайтича, дуккха цуьнга хьоьжуш 1ийра к1ант. Гуш дара, юьхьа т1ехь и хийцавелла хилар, цхьана х1умано цуьнан дог-ойла хьийзош хилар а. Цхьа х1ума дагадаийта г1ерташ санна, хьаьж юккъе шад х1уьттура цунна. Т1аьххьара а:
– Ца вевза суна х1ара, – аьлла, сурт схьаделира к1анта.
– Никто, схьаверзахьа, дика хьайн юьхь-сибате хьажийтахьа со, – элира, Хьамзата. Дикка хьаьжча, к1ентан юьхьан аьтту аг1ор, сурта т1ехь санна, т1еда бара. Теро вара, амма тишделлачу юхь-сибато г1еххьа шеко-м кхуллура Хьамзатехь.
Кхин и хьийзо ца лиира цунна. Вовшашка вист ца хуьлуш, дикка хиъна 1ийра и шиъ. Т1аккха Никтос хаьттира:
– Хьамзат, шу дукха хан юй кхузахь долу?
– Дера ду, со кхеттал хилчахьана-м!
– Хаза-м бара х1ара мохк, делахь сайн мохк боцуш санна хета суна х1ара, даим цхьа кхечу махке сатуьйсу ас. И х1ун мохк бу а ца хаьа суна, цуьнан сурт а ца х1оттало соьга, делахь цхьа саготта ву-кха со цунна.
– Хьан мохк бац х1ара, Никто, суна хьан мохк карор бу, – аьлла, цуьнца 1одика а йина, д1аваха новкъа волуш, Никтос элира:
– Хьамзат, соьга хеттарш а дина, цхьа х1ума а ца олуш, д1авоьдуш ма ву хьо, со мила ву хаьа хьуна?
– Ца хаьа. Амма хаа-м хуур ду. Уггар хьалха суна хиънарг хьо нохчо хилар ду, ас хьо хьайн волчаьрга д1а-м кхачор ву, – аьлла, машенна чухууш, Хьамзатана гира к1ентан т1унделла б1аьргаш, цхьана бесни т1ехула охьабедда хин т1адам а.
– Хьамзат, кхана дика кхаъ бохьуш воьллахь, – аьлла, т1аьхьа мохь туьйхира к1анта.
   Хьамзатан садуург: х1ун аьлла яло еза Зарет к1ант гайта, нагахь иза цуьнан ваша ца хилахь, дерриг карла а даьлла, сингаттамо лаца там бу. Тарханан санна юьхьа т1ехь т1еда-м бу. Ишта т1еда болуш хийла а хир ма ву. Амма, ца аьлча-м дер дац аьлла, оцу ч1аг1онца ц1а кхечира Хьамзат.
  Дерриг шена Хьамзата довзийтича, дас элира:
– Тховса х1умма а ма ала Зарете, сахиллалц ца юьжуш, ша шен са дуур ду цо, 1уьйрре цига г1ур ду вай дерриг а, – аьлла, оцу т1ехь барт хилира церан.
1уьйрре шен машен кечъеш воллучу ц1ийнадена т1ееара Зарет.
– Стаг, хьо х1окху дийношкахь х1ун айина лелаш ву-те, цхьа х1ума ахь сох лечкъош санна ма хета суна, х1ун ду-те ахьа лелориг?
– Цхьа г1уллакх дара сан чекхдаккха дезаш, цунах тахана цхьалхо ер ю, сингаттаме х1умма а дац, парг1ат хила, – аьлла, цуьнан са парг1ат даккха г1оьртира Хьамзат. Ц1еххьана дагадеара Хьамзатана цига йигале Заретан сурт гайта Никтона. Сихха чу а веана, шен хилла ойла йовзийтира цо шен дена. Дас къобалдира цо бохург.
   Хьамзат Никто волчу кхаьчча, к1ант хьалха санна, уьстаг1ий дажош вара. Геннара Хьамзатах б1аьрг кхетта, дуьхьал схьавеара иза.
– Хьамзат, хьо тахана х1ун дохьуш веъна-те? – элира Никтос, вела а къежна,
диканиг цо даре сатесна волчу.
– Х1ун дохьуш веъна боху ахь? Хьажал кху суьрте, х1ара евзий хьуна? – аьлла, к1ентан юьхь тидам а беш, Хьамзата Заретин сурт д1акховдийра. Дикка суьрте хьоьжуш 1ийра иза. Цхьа х1ума дагадаийта г1ерташ, ч1ог1а ницкъ хиллера к1антана. Хьамзатан иза Тархан хиларх йолу шеко д1аелира. Шен кхоллаелла ойла ч1аг1ъян, Хьамзата хаьттира:
– Тархан, хьайн йиша ца евза хьуна?
Цо шен ц1е яьккхича ц1еххьана, цецваьлла, Хьамзате хьаьжира иза. Юха а суьрте хьежа х1оьттира. Жимма 1ийна а:
– З,З – аьлла, таса а велла, «За-ре-ет», – аьлла, шен йишин ц1е а яьккхина, б1аьргех хиш охьахьаьвда, меллаша охьалахвелира Никто. Цул т1аьхьа а дикка 1ийра иза суьрте а хьоьжуш, ойланаш еш. Шен йишин суьрта т1е оьгу б1аьрхиш меллаша д1ахьоькхура Тархана.
– Хьо мила ву? Зарет мичара евза хьуна? И мичахь ю? – хоьттура Тархана, схьа а ца хьожуш.
– Тархан, эхь-бехк Дала лоьрийла, со цуьнан ц1ийнада ву.
– Ткъа Зарет мичахь ю?
– Тхо кхузара генахь 1аш дац, Солнечни олуш хезний хьуна? Цига юххехь дехаш ду тхо. Иза а цигахь ю.
– Со цига вигахьа!
– Тархан, хьо иштта, ц1еххьана т1евигча, иза мегар яц, хьо нехан жа т1ехь ву, суьйре а ю. Жа чу а дерзийна, Андрейца барт а бина… Дукха беркъа ву хьо, т1еюха х1ума оьцур ю ас… ткъа кхана ас хьуна и т1еялор ю, – аьлла, Андрей волчу вахара Хьамзат. Тарханна т1еюха х1умнаш а эцна, к1ант кечван вуьйлира Андрей.
Шена Тархан карийча, беза мохь гира охьабиллича сана, са парг1ат а даьлла, самукъадаьлла, ц1а ван новкъавелира Хьамзат.
   Буьйса юккъе яханера Хьамзат ц1а кхаьчначу хенахь. Ма воьддура да-нана долче вахара иза. Ша ц1а ца кхачуш, саготта 1аш карийра цунна и шиъ.
– К1ант, хьо ма хьевеллера, х1ун хили ахь даьхьначу г1уллакхах?
– Дада, и Тархан ву! – элира Хьамзата.
– Хьуна стенах хаьа и, цкъа хьуна гина а ма вац иза? Нана а 1ара, цецъяьлла, цаьршимма дуьйцучух, со кхетаейша бохуш. Хьамзата дерриг д1адийцира цаьршинга.
– Нана яла хьан, сан йо1, ма дика кхаъ бу хьуна бог1ург, – аьлла, несе кхаъ баккха дагахь д1ахьаьдира марнана.
– Собар, зуда, тховса х1умма а ма алалахь цуьнга, сахиллалц детта са хир дац цуьнан, шолг1а и мегар а яц, кхана 1уьйрре г1евттина, цига г1ур ду вай, цхьа геннара хьовзийна, иза ца йохуьйтуш ала деза цунна. Ас-айса эр ду цуьнга иза. К1ант, хьо чуг1ой охьавижа, х1умма а Заретина туса а ма далийта!
– Дика ду, буьйса декъал хуьлда, – аьлла Хьамзат чувахара. Х1ара ларвеш йижаза яра Зарет а. 
– Стаг, хьо стенгахула лела-те, галвала г1ерташ-м вац-те хьо, – аьлла, елакъежира Зарет.
– Зуда, хьаштдоцург дуьйцу ахь х1инца, и хьайн вон ойланаш коьртера д1а а яхий, охьайижа, – аьлла, метта волушшехь, т1ех к1адваларна наб кхийтира Хьамзатана.
   Дикка наб ца кхеташ, Хьамзате а хьоьжуш ойлаеш 1ийра Зарет. Цо шен ойланашкахь бохура:
«Варийлахь, стаг, цхьа йисна г1ийла х1ума ю хьуна со кху дуьненчохь, сан азделла, г1ийла, ишта а дисна доцу дог дохо х1ума ма леладелахь, вониг лан кийра бац хьуна сан!» Оцу ойланашца наб а кхийтира Заретина. Цунна ца хаара шен ц1ийнадас шена кечбинарг мел хаза кхаъ бу. Иза хиъча, тховссехь и новкъа ер яра.
  Сахуьлучу хенахь: «Зарет», – аьлла, шега цхьаъ кхойкхуш сана а хетта, сама яьлла, ара ладуьйг1ира цо. Цхьа а ца хаавелча, юха а наб озийра цунна. Юха а жимма ханъяьлча, «Зарет», – аьлла, юха а цхьаммо мохь туьйхира. Арахь са хиллера. Ара а яьлла д1асахьоьжучу кхунна т1евеара марда.
– Зарет, хьо г1аьттина яра?
– Дада, хьо кхайкхирий соьга?
– Со-м ца кхайкхира. Х1унда боху ахь?
– Буьйсана юккъехь, сан ц1е а йохуш, г1енах санна, цхьаъ кхойкхуш вара соьга, сама а яьлла ладоьг1ча, кхин хаалуш стаг а ца хилла, охьайижира со. Юха а цхьаъ кхайкхира соьга. Цундела, араяьлла, ладоьг1уш 1ара со-м. Шайт1анаш-м ца хилла-те уьш? – аьлла, елакъежира Зарет.
– Схьайолал, Зарет, охьахаал, соьга дика ла а дог1ал!
– Х1ан-х1а, дада, со ирахь лаьттар ю, дийцал, – аьлла, ладоьг1на, сецира Зарет.
– Хьоьга аса охьахаа боху, хьо х1инца тхан йо1 санна ю, жима йолуш лелийна ахьа и г1иллакхаш, ткъа х1инца цхьадерш ас тардолуьйтур ду хьуна – аьлла, геннара хьийзош, нус т1еххазачу кхоана кечъян х1оьттира марда.
– Зарет, дукха баланаш, вонаш 1ийшина вайн халкъо. Цкъа дохийна дигна, Сибрехахь х1аллак дина вайн къам. Даймахка юхадаьхкича а мел хьийзина 1едало! Цул т1аьхьа ши т1ом. Мел дукха адамаш дайна, т1ех1отта барз боцуш, дийнна доьзалш х1аллакьхилла. Дерриге а Делан йозанца хилла. Цо динчунна вай реза ца хилча а ца довлу. Амма цхьажимма долчу х1умано а вайн бала байбо, дагчуьра д1а-м ца баккхало, геннахь цхьана къайлазехь кхобу вай иза. Даим м1ар туьйсуш, ша буй хоуьйтуш, вайна ша биц ца болуьйту цо. Х1ора диканна, вонна а кийча хила деза вай. Суна хаьа  баланаша 1ийшина, сингаттамаша хьийзина ю хьо. Делахь а царна юккъехь диканиг  а, цхьа хаза кхаъ боцуш х1ума хила йиш яц.
– Дада, х1ун кховдо воллу-те хьо соьга, х1ун шийла кхаъ бу-те ахь соьга баккха кечбинарг, кхин х1ун дисна-те со 1овжо? – аьлла, елхайолаелира нус.
– Зарет, тахана ас хьоьга боккхуберг дика а, хаза а кхаъ бу, даима а вонаша 1ийша езаш ю-те дадин йо1, – аьлла, несах къахетта, хьалаг1аьттина, д1асаволавелира Ризван. 
– Зарет, Тархан дийна ву. Иза Хьамзатана кара а вина! – аьлла, сецира Ризван. Йоьлхуш хиъна 1ашйолу Зарет хаьрццина д1аяхара.
– Зуда, схьаядалахь, Зарет вон хилла, хи далахь! – аьлла, мохь хьокхуш, несана т1еведира Ризван. Ден мохь хезна чуьра цкъа араэккха дагахь не1аре хьаьдира Хьамзат, т1аккха, кхетта ара а хьоьжуш, корехь латта висира.
    Бераш а самадевлла, нанна, доьлхуш, гонах хьийзара. Юьхьах шийла хи хьаькхана, меттаялийра Зарет.
– Дада, къинт1еравалалахь, со кхетамехь яцара хьуна, – аьлла, йоьхна хьаьвзира нус. Несо ишта аьлча, «Гора Зарет-я1, кхетамчуьра яьлча а г1иллакхах йоьхна хьуо ган ца лии-кх хьуна!» – аьлла, дехьа а ваьлла, шен т1унделла б1аьргаш д1ац1андина, мардас элира:
– Зарет, и г1енах кхайкхинарг хьан ваша хилла хьуна!
– Нана, мичахь ву сан ваша, цига йигийша со?! – аьлла, йоьлхуш марненах хьаьрчира Зарет.
– Нана яла хьан, ма дукха хан ца йисна-кх хьан цунна т1екхача, – аьлла, Хьамзате машен латае аьлла, мохь туьйхира нанас.
  Андрей волчу не1ар т1е х1орш кхаьча, малх г1ушлакхе баьллера. Кет1ахь машен соцуш а хезна, арахьаьдда вог1у Тархан, дуьхьал хьаьдда Зарет а, цкъа вовшашна гича, севцира, т1аккха дуьхь-дуьхьал хьаьвдира.
  Вешин марахь, ца соцуш, йоьлхура йиша. Тахана цаьршинга кхаьчначу диканах воккхавера цига мел гулвелла лулахо а, хазахетар т1ехдаьлла, тезетахь санна, боьлхура уьш.
– Таха, нанас винарг, хьо мичахь вара х1инццалц, ма дукха Деле вийхира ас хьо, жоп дели-кха Цо сан дехаршна, вели-кха Цо суна хьо, – бохуш, йоьлхура Зарет. Иштта йоккхура цо жимчохь Тарханан ц1е.
– Зарет, сан иэс д1адаьллера. Хьамзата суна сайн сурт гайтича, суна суо вевзаш санна хийтира, амма шолг1ачу дийнахь хьан сурт дохьуш х1ара веъча, коьрта чохь ц1еххьана цхьа хийцам а хилла, дерриг дагадеара суна, (Зарет, эхь а хетта шен ц1ийнадега хьаьжира, селхана ша цуьнга аьлларг дага а деана).         
– Ас хьегна бала, лайна халонаш, ахь лайнарг – и шадерг д1адаьлла х1инца, дерриг дика ду, вай д1адоьлху, – аьлла, массара Андрейна баркалла а аьлла, хьеший ц1а баха новкъабевлира.
   Машен лелош вог1учу шен ц1ийнадега а хьоьжуш ойлане йог1ура Зарет. «Хастам бу-кха хьуна, Дела, дахарехь Ахь суна ишта дика накъост валарна, оцу шина-кхаа дийнахь сан кхуьнах кхоллаеллачу вон ойланна суна къинт1еравалалахь, гечделахь суна!» – бохуш.
  Цкъачунна нана ца хилар, Тарханах лачкъийра цара. Ала-м эр дара цара и цуьнга, амма таханлера хазахетар оцу шийлачу кхоо хьошийла ца лиира Заретина.
Дахаро шена кхи х1ун кечдина ***йла дацара оцу г1ийлачу, оьздачу, машенан корех ара а хьоьжуш вог1учу, нохчийн к1антана.


Рецензии
Дог 1овжош ду х1ара хаза дийцар: авторо мел дуьйцург бакъдерг ду, хили а хилла цу тайпана меттигаш нохчийн дахарехь кху т1аьхьарчу шина т1амехь. Алхьамдуллилах1, йиший-ваший вовшийн карабарна.
Дала аьтто бойла кхарех тера турпалхойн васт кхуллуш кхин а шортта произведенеш яздаран новкъахь!
Ларамца,

Айза Барзанукаева   04.08.2021 15:48     Заявить о нарушении