Муо дIа ца болу

(Малхбален къаьмнийн дийцар)

   Вехаш 1аш вара атта моха йог1уш а, т1ех сиха а волу цхьа жимастаг.  Цкъа дас цуьнга цхьа гали хьостамий делира, хьайга хьайн оьг1азалла саца ца луш меттиг мосазза йог1у, кертана боьг1начу б1ог1ам т1е цхьацца хьостам тохалахь, аьлла.
 
   Хьалхарчу дийнахь б1ог1ам т1е масийтта хьостам туьйхира цо. Шолг1ачу к1иран чохь шегара оьг1азалла гучу ца йаккха 1емира цунна: де-дийне мел дели б1ог1ам т1е тухучу хьостамийн терахь лахлуш дог1ура. Жимастаг кхийтира, хьостамий деттачул, шен амална т1ехь урхалла дар а, собарца сатохар а г1оли хиларх.

   Эххар цхьа де деара, х1ара цкъа а собарх ца вухуш. Цунах лаьцна к1анта шега дийцича, дас цуьнга аьллера, хьой собарх ца вухуш, сатоха хьайн аьтто мосазза болу, айхьа хьалха д1атоьхначех цхьацца хьостам схьабаккха мегар ду хьуна, аьлла.

   Хан д1айоьду-уш, цхьа де т1ех1оьттира, оцу б1ог1ам т1ехь цхьа а хьостам ца буьсуш. К1ентан куьг а лаьцна, иза керта йуххе вигначу дас бохура:

   – Дика ду и хьостамий хьоьга схьадахаделла, амма и ахь бохийна зоьрза б1ог1ам гуш бу-кх хьуна? Кхин цкъа а кхул т1аьхьа ша хьалха ма-хиллара хир бац иза. Стаге вуон дош аларца, цуьнан даг т1ехь цу кеппара муо буьту ахь. Цул т1аьхьа хьо мел дукха бехказвийларх, и муо д1а ца болу.


Рецензии