Бекхам
Пхьаьрса к1еларчу т1оьрмаг чохь ахча дохьуш вог1уш хилла цхьа воккха стаг. Цунна йуххе нисвеллачу цхьана к1анта хаьттина:
- Воккха стаг, алахьа, стагах цхьа вон х1ума даьлча, Дала бекхам сихха бой?
- Ца бо, - жоп делла къаночо.
Воккхачу стагехь болу т1оьрмаг схьа а баьккхина, д1абадийна к1анта.
Гена валале, охьа а кхетта, ког кагбелла оцу к1ентан. Ткъа воккха стаг т1екхиъна цунна.
- Воккха стаг, Дала бекхам сихха ца бо, ма элира ахьа-м, суна ма сихха би Цо иза?! – к1анта шега аьлча, къаночо жоп делла:
- Х1инца хьуна хилларг-м ахьа хьалха-хьалха лелийнарг бахьанехь хилла хила а тарлой…
Свидетельство о публикации №218011501096