24 Дахарехь зеделларш

231) Кхетаме верг шен къайле юьйцуш а, кхечуьнан къайле хаа г1ерташ а хир вац.

232) Къонахчун дош тешамна закъалт ду.

233) Вуон лиебен мотт - коьртана бала.

234) Даим воьлуш верг - 1овдал, вела ца лург - дог 1аьржа.

235) Шен къайле стага ша ларъян еза, цхьанна гучу а яьккхина ларъяйта г1ертачул.

236) Хьан г1алат мегаш волу доттаг1 - хьан кхин а цхьа г1алат.

237) Мел вехаш верг а валлалц бен ца веха.

238) Хьикматечунна ша ца 1амийнарг а девза, ткъа кхетам боцчунна ша 1амийнарг а ца хаа.

239) Нахана хьашт а воцуш дийна хуьлучул, яккха ц1е а йолуш велла хилар г1оле ду.

240) Диканиг лууш верг вуон ла а кийча хила веза.


Рецензии
Цхьайолчу дийнна киншкано, тептаро чулоцучул а сов к1орггера маь1на шеца долуш хуьлу цхьана мог1анах лаьтташ долу кица, хьекъале алар, дахарехь зеделлачух лаьцна дош... Иштта, ч1аг1деш, ала мегар ду кху мехалчу дешнех, мог1анех лаьцна а.
Ларамца,

Асламбек Гайтукаев   18.01.2018 12:54     Заявить о нарушении