Белхан эшар
Цхьаммо элира, цхьана белхалочун мах хадош: «Белхан эшар хууш стаг ву иза». Стаг ша вовшахдеттачу г1уллакхан говза пхьар хилча ала тарло иштта.
Белхан эшар хуучу стеган белхан меттиг а ша билггала хуьлу, массо а белхан г1ирс а хуьлу шен къепехь, шен-шен меттехь д1анисбина. Ишттачу белхан меттиге воьдучо бохур дац дуьхьалкхеттачуьнга: «Балха гучувала воьду со». Белхан эшар хуург юхьк1айн лела, шен белхан сий-ларам боцу меттиг д1атаса а хьожу иза, кхин муьлхха и шен болх бевзаш, белхан мотт, эшар хууш волу стаг лара а лору цо. Шен болх безаш а, бевзаш а воцчо, белхан эшар хуучун сий ца до.
- Хьан хьаьжк1аш х1ора шарахь а дика хуьлу, кху т1ейог1учу б1аьста хьоьга х1у доьхур ду аса, - аьллера цхьана стага шен лулахочуьнга.
- Хала ду сан х1у лело, хуур дац хьуна x1apa вовшахдетта, - жоп деллера вукхо.
- Ой, х1ун ду цу т1ехь оццул хала, х1унда ца хаьа суна иза лело? - аьлча,
- Сан х1у кхузза асар ца дича мегаш дац, ахь иза дийр дац, - аьлла хадийнера хьаьжк1аш дика хуьлуш волчо.
Стагана шен белхан къайленаш йовзарх а ца тоьу, диплом я удостоверени хиларх а кхачам болуш дац, белхан г1ирсаш лело хаарх а г1уллакх ца хуьлу, муьлххачу балха т1ехь бовза беза белхалойн вовшашца йолчу юкъаметтигийн мотт, тарвала а, вазавала а хаа деза, д1абуьйцучу маттаца говзалла а, аьхналла а хаалуш хила еза.
Масала, товш ца хуьлу кхечуьнан къамелана юкъалелхар. Иштта хилла, бах, ширачу заманахь а, цул т1аьхьа а пачхьалкхан векалша вовшашца лелочу юкъаметтигашкахь.
Цкъа Римерчу цхьана векало и низам талхийна хилла, паччахь волчу Македонский Филиппан къамелана юкъа а иккхина.
Г1иллакхе волчу, юкъаметтигийн мотт бевзачу паччахьо аьлла хилла: «Аса гечдо хьуна, цкъа-делахь, хьо жимастаг хиларна, шозлаг1а делахь, хьо ч1ог1а хаза, товш стаг хиларна, кхоалаг1а делахь, хьо Римера хиларна».
Иштта желтоша (греки) олуш хилла: "Ахь бохург шен меттахь хир дара, кхечу меттехь аьлча" (Это уместно, но в другом месте).
1илманчаша ч1аг1до: балха веанчу къоначу говзанчин кхиам 90 процентана бозуш бу коллегашца вазавала, тарвала хаарх, юкъаметтигийн 1илма (коммуникабельность) довзарх, ткъа 10 процентана – шен говзалла, цуьнца доьзна 1илма довзарх.
Иза дерриге тидаме оьцу хьекъалца болх вовшахтухучу меттигашкахь.
Свидетельство о публикации №218011600894