Чам къаьхьа ца хетар
Цу хьокъехь воккхачу стага элира:
- Дахарна, шегахь долчунна стаг резавоцуш хилар нийса дац, хьекъале дац. Цхьа бохам т1е1оттабелча-м хаьа вайна, цул хьалха вай вон 1аш ца хиллий. Цахинболчу (нехачаьрга – муххале) бахамашка са а ца туьйсуш, Дала деллачунна хастам беш, т1алам беш, кхана лийр волуш санна Далла 1амал еш, цкъа а лийр воцуш санна, хьанал сискал яккхарца дуьне лохуш, даима дикане кхийдаш хила веза стаг. Карахь долчуьнан чам къаьхьа хета ца беза.
Свидетельство о публикации №218011801700