Дала вайн дегнашка хаам бо

   Притча (перевод с русского).

   Шен керлачу машенахь цхьа жимастаг вог1ура. Вуно чехка вог1ура иза, шен дахар зовкхе хеташ, самукъа а даьлла. Х1ара маьлхан дуьне, кхечу кепара хила йиш йоцуш, шен хеталора цунна.

   Иштта х1ара вог1учу хенахь, цхьа г1овг1а елира. Шен машенан аг1он т1е цхьа х1ума кхетча санна хийтира шопарна. Лерина ладоьг1ча хиира цунна, цхьана к1анта машенна т1улг тоьхна хиллера. Машен саца а йина, цу чуьра сихха охьавоьссира жимастаг. Ч1ога оьг1азваханчу кхуо, к1ентан кач-белш схьалецира.
 
– Кху машенан мел мах бу хаьий хьуна? – бохуш, мохьбеттара машенан дас. К1ант кхеравеллера. Вист а ца хуьлуш, цхьана аг1ор ишар ярца гойтура цо. Жимастаг некъа т1е хьаьжира, шен машенна масех сантиметр уллохь жима бер гира цунна, юххехь – хаьрцина лаьтташ заь1апхочун г1удалкх яра.

   – Хьо т1ех чехка вог1уш вара, хьуна иза гойла дацара. Заь1апхочун г1удалкх чуьра охьадоьжнера и бер… – бехказвала г1ертара кхеравелла к1ант. – Цундела хьан машенна т1улг тоха дийзира сан, долуш долчу хьолах хьо ма-дарра кхеторхьама. Бехк ма биллалахь суна.

   Некъахь 1уьллучу берана т1е а вахана, иза схьа а эцна, юха оцу шен г1удалкх чу диллира жимчу стага. Цуьнан юьхьбос берриг хийцабелира, оцу к1анта шен машенна т1улг ца тоьхнехь хила тарлург шена дагатасар бахьанехь.

   Оцу к1антана т1е вахана, цунна баркалла элира жимчу стага. Шен машен ремонт яйта ца йигира цо. И ша ма-ярра 1адйита сацам бира, дахарехь цхьа а адам ца гуш сихвала мегарг цахилар шен к1орггерчу иэсехь даима латторхьама.

   Дала сих-сиха шабарца вайн дегнашка хаам бо, ткъа вайна ца хеза. Цо т1аккха, цаваьлла, т1улг туху вайна.


Рецензии
Сийдолу Асламбек, дика къоанольг ю ахь таржам диннарг, алсам хьехам болуш.
Маршонца вехийла.
Ларамца Хьамзат

Хамзат Фаргиев   18.01.2018 18:51     Заявить о нарушении
Дела реза хуьлийла хьуна, сий-лараме Хьамзат! Могаш-маьрша вехийла хьо а, хьан гергарнаш а! Дала Ша реза волчу некъа т1ехь аьтто бойла вайн массеран а!

Асламбек Гайтукаев   19.01.2018 17:13   Заявить о нарушении