Сан вешийн к1ант

Нохчичоь…

Суна деза сирла де, еза б1аьсте къона,
Лаьа хьаста зезагаш, барташ дохуш х1ора.
Деза лаьмнаш даймехка, юькъа хьаннаш сийна,
Деза мерза дахар хьо, ненан марзо ийна.

Суна еза буьйсанаш, бетта нур т1е 1енаш,
Кегий, даккхий седарчий, боданах чекх лепаш.
Еза сунна нохчийчоь, беза мотт сайн къоман,
Деза ирсе дахар хьо, ненан марзо ийна.

Суна деза адамаш, ойланашца сирла,
Деза шийла шовданаш, кийра 1абош мийла.
Еза сийна стигланаш, беса, сирла некъаш,
Деза ирсе дахар хьо ненан, марзо ийна.

Т1аьхьара  алар;

Къага ирсе нохчий чоь,
Кху дуьненан седа.
Декъал хила тхан марзо,
Нана, Даймохк, безам.

Бераллийн г1ан…

Сан бералла самаели,
Д1о хи йисте хьаьжча.
Дог кийрара ловза дели,
Луьйчуш бераш дайча.

Малх баьржина бац цу стиглахь,
Хоз чу и гулбелла.
Марта – хи чохь,  бераш юккъехь,
Суна со таръелла.

Д1о лоха берд, тхан бераллехь,
Лекхчу ломах бустуш.
Тхан бералла коьрте йохуш,
Хилла цо тхо хьоьстуш.

Т1улгаш 1оьхку,  кегий даккхий,
Сан бераллехь санна.
Со самукъне идош лелла,
Бераллийн г1ан дайна.

***
Дашо месаш озийна,
Малх ас сама баьккхина.
Цундела ду тахана,
Дуьне сирла къегина.

5)
Палла аьлла и…

Цкъа со хьаьжча беша яьлла,
Зезагашлахь парг1ат баьлла.
Ховха зезаг хаьржина,
Полла 1ара д1атаь1на.

Со меллаша куьг кховдийна,
Йоьлчи даккха зезаг сийна.
Полла хьала айбелла,
Хьаьжи соьга, эсала.

Басар, подар шена хьаькхна,
Цу зезагийн беснех ийна.
«Палл-ла», - аьлла и баха,
Зезагашлахь хелхар дан.

Ткъа со лаьтта цец - акъ яьлла,
Зезагаш а девлли серла.
Полла хьийзаш самукне,
Со а ели, хелхаре.

Малх а бели тхоьца ловза,
Шакарш лекха дели хьоза.
Бераш хьоьжу гулделла,
Самукъне тхан хелхаршка.

6)
Мархийн ч1ара

Цкъа со стигла хьоьжуш 1ара,
Суна гора мархийн ч1ара.
Ша т1е кхоччушехь цо малх,
«Хьапп», - аьлла д1а кxaьлли ах...
   
Т1аккха къеги стиглахь ч1ара,
Боттуш, багош  малхо кийра.
«К1арс»,- аьлла, и кагбели,
Ткъа малх юха денбели.

7)
Сама довла зезагаш ….

Маьлхан з1аьнарш яьржина,
Серла даьлла де.
Бераш ловза даьхкина,
Маьлхан майдане.

Кечде 1алам басаршца,
Можа, сийна, к1ай.
Олхазарша  шакаршца,
Д1ах1оттийна той.

Лекха лаьмнаш хестадеш
Уьду шовданаш.
Вайн Даймехкан сий айдеш,
Лоькху эшараш.

Сама довла зезагаш,
Б1аьсте еъна т1е.
Лепаш сийна бацалахь,
Шу ду,  самукъне.

Сама довла зезагаш,
Б1аьсте еъна т1е.
Серла яха ойланаш,
Хьаста нохчийн чоь.

8)
Баиева Сацита

Со кхолламо йигарх гена,
Геналлехь мел яларх хан.
Сан дог-ойла шуьца еха,
Сийлахь Даймохк, Макаж лам.

Со ду нохчийн мехкан зезаг,
Деган йовхо, нохчийн къам.
Орам, ч1аг1о, сан дозалла,
Сийлахь Даймохк, Макаж лам.

9)
Малх бу боьлуш
 
Б1аьсте еъна,1алам ден деш,
Шен зезагийн совг1ат даржош.
Зевне эшарш, лоькхуш уьдуш, 
Жовх1арш санна хиш ду къегаш.
Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш серла буьйлуш.
Бошмаш ю дато заз хоьцуш,
Хьозарчий ду шакарш лоькхуш.

Вовшен куьйгаш, лаца бераш,
Машаре самукъне хоз беш.
Бертахь дахар, вайна марздеш,
Малх бу вайга з1аьнарш кхийдош.
Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш, серла буьйлуш.
Вайн даймохк бу денна хазлуш,
Ирсе некъаш ду схьадоьлуш.

Бераш, бераш, тоха т1араш,
Гойтуш шайн самукъне хелхарш. 
Шун синкъерам, ловзар, делар,
Ду даймехкан ирсе хилар.
Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш, серла буьйлуш.
Вайн даймехкан байракх лепаш,
Бутт, седий самукъне къега.

10)
Йинчу денца….

Б1аьсте  еъча дуьне серла долий,
Зезагашца 1алам делало.
Хьо схьагича сан са маьрша долий,
Ойланаш самукъне екхало.

Х1ора де а, ас сайн ирсе лору,
Массо де а хьоьца декъал го.
Ткъа тахана, сан ирсан де, гора!
Йинчу денца ас хьо декъал йо.

Малхо хьоьстуш, серла яла б1аьсте,
Дуьне,1алам, хаздеш дахар хьан.
Безамах ца къаьсташ яха ирсе,
Хьо сан деган зезаг, Нана сан!

11)
Ас нанина….

Ас нанина зезаг дели,
Хаза зезаг хаьржина.
Цо барт боккхуш соьга эли,
-Хьо ду зезаг сан хаза.

Ас нанина эшар лекхи,
Хаза дешнаш хаьржина.
Цо баркалла сунна эли,
Барт а боккхуш, лерина.

Со нанина ела къежи,
Седа санна къегина.
Цо со хьостуш, мара къевли,
Марзо луш сан дахарна.

12)
Схьагулло…

Схьагулло  х1ай  кегий  бераш,
Зевне  аьзнаш  декадеш.
Лоькхур  ю  вай  нохчийн  эшарш,
Вайн  даймехкан  сий  айдеш.

Схьагулло  х1ай  кегий  бераш,
Б1аьргаш  суйнех  къегадеш.
Гойтур  ду  вай  нохчийн  хелхарш,
Нанойн  дегнаш  деладеш.

Схьагулло  х1ай  кегий  бераш,
Оьздачу дайн  лерам  беш.
Вовшен  деза,  ирсах  теша,
Вай  1аморна  хастам  беш.

Схьагулло  х1ай  кегий  бераш,
Ирсе  некъ  аш  лаца  схьа.
Кхане  еъча  диц  ма  лолаш,
Т1аьхьенга и кховдо  д1а.

13)
Со малх г1оттуш…

Со малх г1оттуш г1аьттина,
Г1уллакхаш дан х1оьттина,
Ж1ала бай т1е даьккхина,
Мимша кхарста лаьллина.

Пису бун чу доьллина,
Бедаш яжа лаьхкина.
Котам а шен к1орнешца,
Хи т1ехь ловза яьккхина.

-Баба, ас хьо тахана,
Г1уллакхех мукъа яьккхина!

Баба г1ертарх лаца схьа,
Мимша уьду генна д1а,
Ж1ала лета дарделла,
Шен х1усаман хьешана.

Бедаш йохку г1адъяхна
З1ийдиг юууш кертара,
Орца доьху котама,
Хино к1орнеш идадеш.

Баба уьду ца ларош,
Дерзо дисна г1уллакхаш.

14)
Писуй, к1езий

Мяу-в, мяу-в, сан са хьийза,
Арахь ж1аьлийн к1еза ц1ийза.
Суна лиъча шеца ловза,
Иза девне долий хьевза.

Мяу-в, мяу-в, дац и реза,
Со дитта т1е дала деза.
Со лаккхара хьоьжуш  чу,
К1еза гонах уьдуш ду.

Мяу-в, мяу-в, со ду говза,
Суна ж1алийн амал евза.
Ас сайн маттахь мяу-в бохуш,
К1еза ч1ог1а карзаха доху.

Вац кхин цхьа а, цуьнца ловза,
Тхоша х1инца вовшен девза.
Уьдуш, бохуш, - мяу-в, г1ав,
Тхойшинна д1адолу дов.
 

15)
Дашо  месаш

Вижа  жима  Сурхо  д1а,
1аьржа  баьргаш  къовла  т1е.
1уьйре  еъча  борг1ало,
Кхойкхуш  сама  воккхур  ву.

Малх  г1аттале  г1отту  и,
Кхайкхадо  цо  сирла  де.
Нагахь  даг1ахь  йочане,
Аз  хуьйцу  цо  шен  зевне.

Массо  х1уман  хаам  бо,
Дашо  месаш, йолчу  цо.
Хьаша  вог1уш  и  хир  ю,
Кхаьънаш  дог1уш  йоьрзий  чу.

Шен  х1усам  а  ца  йицйо,
Котамашна  дола  до.
Ву  и  кертахь  дика  1у,
Цунах  теша  мегар  ду.

16)
Керла шо…

1а ду шийла, аренаш к1айъелла,
Адамаш ду,  к1айн полларчех,
Ойланаш айелла.
Базалг лаьтта,  нускалах кечъелла,
Керла шо ду, массо коре
Шех хаамаш бетташ.

Чиркхаш сега, кху дуьненан стиглахь,
Бетта нур т1е 1ена лаьтта,
Лайн седарчий къега.
Г1ура - дада, веъна к1айчу говрахь,
К1айчу говрах совг1ат хилла,
Берийн делар къекъа.

Буьйса сирла, дийшина дац б1аьргаш,
Жима-воккха, сакъералуш,
Д1ах1оттийна ловзар.
Кхаьънаш дохуш, уьду сахьтан цхьамза,
Беркате хьо хуьлда хьаша,
Кху дуьненан лаьттахь.

Марша да хьо керла шо!
Кху дуьненан хьаша.
Ду хьо деза совг1ат тхан,
Ду, сан ирсан дакъа.

17
Жимниг

Б1аьстенан юьххьехь котамо даьхна к1орнеш, кхиина дог1ура.
Царах цхьа наьнан - к1орне,  кест - кеста н1аьнах кхайкха х1уттура, керт боьххье а йолий,-  «1уь1 -1уууьй1, 1уь1 -1уууьй1», - бохуш, мохь беттара цо. Т1аккха ша шех йоккхаеш, ши т1ам тухура, ша лаьттачохь, хилла яьллачу котаман борг1ало санна. 1уьйранна д1ах1оьттина н1аьна - к1орне,  делкъенга яьллера кхайкха 1емаш.  Еъъана,  делкъа  хан кхайкхо схьа х1оьттира,  котаман Борг1ал.
Цо н1аьнан – к1орнега а хьаьжна, хаьттира:
-Хьо х1ун деш ю, кху керт боьххьехь?
-Со, со кхойкхуш ю-кх,- жоп делира, н1аьнан-к1орнено.
-Кхойкхуш юуу…. ? Ткъа муьлха хан ю ахь кхайкхош  ерг ? - Хаьттира Борг1ало.
-Со, со,- аьлла, жоп дала ца хууш йисира н1аьнан к1орне.
Цу балхах кхеттачу Борг1ало,  хаьттира:
-Хьан ц1е х1ун ю?
- Сунна-м ца хаа, - жоп делира н1анан – к1орнено:
- Цхьаммо ц1е ца йоккху хьан.
-Ца хаа. Суна-м ца хезна, - элира н1аьнан к1орнено.
-Х1ета делахь, хьох таханадуьйна Жимниг эр ду-кх вай. Реза юй хьо?
- Жимни-иг, - олуш, Борг1але д1а хьаьжира, наьнан-к1орне.
-Х1аъ…. Жимниг…- элира, Борг1ало.
- Реза ю, - аьлла, жоп делира н1аьнан – к1орнено.
-Жимниг, т1аккха, цкъа а  хенаш кхайкхиний ахь ?
- Тахана 1уьйранна д1а х1оьттина, делкъа хан хиллац кхайкхина,- жоп делира,  Жимнига.
-Ха-ха-ха. Цундела ю-кх, йиш  хаьлла.
Цхьаммо а ца хьехна хьуна,  муха, я, маца кхайкха еза.
-Ца хьехна, - олуш, корта ластийра, Жимнига.
-И х1ун ду, ца хьехна бохург?  Хьо санна хьекъал долуш ерг, хьеха а хьоьхуш, сихха новкъа яьккхича, дика накъост мА хуьлу уллехь.
Тахана дуьйна ас хьоьхур ду хьуна. Ткъа ахь,  дика ла а дуг1уш схьалаца деза хьехнарг.  Барт хиллий вайшинна?
-Хилла. Со реза ю, - аьлла, т1емаш а тоьхна самукъа даьлла кхоссаелира, Жимниг. 
Юха а шен маттахь - «1уь1-1уь1»,- аьлла, кхайкхира.
Борг1ал елаелира, цу к1орнийн леларах сакъераделла:
-Ха-ха-ха. Ткъа х1инца,  ас делкъа хан кхайкхор ю. Ахь тидам беш, ла дог1а. Мегар дуй? -  элира, Борг1ало.
- Дика ду,- аьлла, лерина тидам беш, ладог1а х1оьттира Жимниг, шеен хьехархочух йоккхаеш.
Борг1ал  кхоссаелла, керт т1е хьала а яьлла, кертана боьг1начу хьокха боьххьехь, - «ах1а – ах1а», - аьлла,  шен аз а тодина, корта хьала а берзийна, зевнечу озаца, кхайкхира.
- 1уь11арий-1уьй1, 1уь11арий-1уьй1, 1уь11арий-1ууьй1,- бохуш, юкъ-кара са а до1уш, кхузза кхайкхира иза.
Жимниг цуьнан зевнечу озах цец яьлла, цуьнга хьоьжуш, корта а айбина лаьттара.

Т1аккха Борг1ал шен т1емаш  тоьхна,  дега а дина, цул т1аьхьа керт боьхьера чу кхоссаелла лаьтта йоьссира.
Цул т1аьхьа хаьттира н1анан к1орнега:
- Т1аккха, Жимниг,  реза юй хьо вайн балхана?
Жимниг кхоссаелира, т1емаш а тухуш:
- Реза ю.  Дешар х1инца д1адоло лууш ю со.
- Вайшимма дешар д1адолор ду, т1аккха. Хьалха ас хьуна хьоьхур ю хенаш. Денний, буьйсанний юккъехь моссаза я муьлхачу хенахь кхайкха еза дуьйцуш. Т1аккха хьаша вог1уш, кхаъ кхайкхо хьоьхур ду.
Наьнан-к1орни лерина ладоьг1уш лаьтташ яра.
Борг1ало элира:
-Х1инца, ахь ла дог1ал  соьга, дикка.
Денний, буьйсанний юккъехь уьссаза кхайкха еза.
Уггара хьалха,  таханалера  де - буьйса чекх а даьлла, кхане йолалуш шозза кхойкху, буьйсанна шийтта сахьт даьлча.
Шолг1а, 1уьйкъанна кхо сахьт даьлча.
Кхозлг1а, 1уьйранна ялх сахьат  даьлча .
Доьазлаг1а , де делкъенга доьдуш, исс сахьт даьлча.
Пхоьазлаг1а,  делкъе кхайкхайо, шийтта сахьт даьлча.
Ялхазлаг1а, делкъал  т1аьхье кхайкхайо, кхо сахьат даьлча.
Ворх1алг1а, суьйранна ялх сахьат даьлча кхойкху. Барх1азлаг1а, исс сахьат даьлча, адам чу дирзиначул т1аьхьа. 
Уьссалг1а,  буьйса юккъе яг1ар кхайкхадо, шийтта сахьт даьлчи.  Юха а шозза кхойкхуш, кхане йолайо. Хенаш кхайкхош корта хьала берзо беза, х1инцца делкъе кхайкхош ас санна.

Х1инца хьаша вог1уш  кхаъ кхайкхорах дерг дуьйцур ду ас хьуна. Хьаша варах хаам беш, керт боьххье яла ца оьшу. Цунах дерг х1усама чу а йоьрзий кхойкхуш хьо хилча, х1усаман да а, нана а кхета. Цул совнаха,  дика борг1ал ехачу  кертахь, кхечу керташкара борг1ал кхойкхур яц. Кхин борг1ал хьо ехачу кертахь кхайкхар, цо хьан кертахь дола дар ду. Кхин борг1ал хьайн кертарчу котамашна дола дан а,  керта хьийза а йита ца еза. Ша ехачу кертана а, шеен к1арийна а дола деш хила еза дика борг1ал. Иштта ца хилча, кхечу керташкара борг1ал ян а,  йог1ий,  кертахь олалла дан а х1уттий, тухий к1ара д1а йоккху борг1алера. Т1аккха, «шеен к1арина а, котамашна а дола деш йоцчу борг1алах кхин бала пайда бац, яйчу тасар бен»,- олий, х1усаман дас сиха яйчу тосу. Иштта бу вайн кхоллам а, дахар а. Реза юй хьо, цу балхана.
- Со реза ю, вайн кхолламна а, кертана дола дан а, хенаш кхайкхо а, хьешах кхаьънаш даха а, нагахь сох к1илло н1аьна хилахь, со яйчу тасийта а, реза ю, - аьлла, жоп делира, Жимнига.   
Борг1алан сакъераделлера цунах.
Цо т1аккха элира:
- Жимниг, Жимниг! Жима – Йоккханиг!!!

18)
1аьнан 1уьйре

Дашо  з1аьнарш  лай  т1е  1енош,
Малхо  шен  кеп  х1иттайо.
Шан  куьзганах  тулг1еш  къегош,
Хиш  карзахе  ловзуш  го.

Дато  мархех  к1ажарш  юцуш,
Ц1аста  санна  ц1ийелла.
1аламе  шен  къайле  юьйцуш,
1аьнан  1уьйре  хазъелла.

Баххьаш  т1ехь  лайн  к1ужалш  хьийзош,
Ламанаш  го  самукъне.
Генаш  ийзош,  г1уора  ц1ийзош,
Хьаннаш  хьоьжу  цу  суьрте.

Сан  Даймохк!  Хьох  хьоьгуш  г1ийла,
Ас  геналлехь  яьккхи  хан.
Сатийсина-м  ахь  а  хилла.
Совг1ат   дели,  1уьйре  хьайн.

19)
1а ду шийла…

1а ду шийла, аренаш к1айъелла,
Адамаш ду к1айн полларчех,
Ойланаш айелла.
Базалг лаьтта нускалах кечъелла,
Керла шо ду, массо коре
Шех хаамаш бетташ.

Чиркхаш сега, кху дуьненан стиглахь,
Бетта нур т1е 1ена лаьтта,
Лайн седарчий къега.
Г1ура-дада, веъна к1айчу говрахь,
К1айчу говрах совг1ат хилла,
Берийн делар къекъа.

Буьйса сирла, дийшина дац б1аьргаш,
Жима-воккха, сакъералуш,
Д1ах1оттийна ловзар.
Кхаьънаш дохуш, уьду сахьтан цхьамза,
Беркате хьо хуьлда хьаша,
Кху дуьненан лаьттахь.

Т1аьхьара алар:
Марша да хьо, Керла шо,
Кху дуьненан хьаша.
Ду хьо деза совг1ат тхан,
Ду cан ирсан дакъа.

20)
Цец  даьлла  пису
1аьнан  к1ур  хьийза  беш,
К1айн  ло  ду  дуьллуш.
Бераш  ду  даккхийдеш,
Самукъне  уьдуш.
Пису  ду  цец  даьлла,
Корехул  хьоьжуш.
Тарделла  полларчех,
Цунна  лайн  чимаш.
«Кегий  уьш  делахь а,
Ду  уьш  сов  шорта.
Царам  со  дуур  ду,
Доллушехь  уьйт1а.
Цхьаннах  а  цакхоьруш,
Сел  майра  долу.
Ж1ала  а  лечкъина,
Шен  бунчохь 1уьллу».
Бохуш,- йо  ойланаш,
Писуно  жима.
Б1аьстенан   юккъерчу,
Баттахь  и  дина.
Писуна  гина  дац,
1аьнан  к1айн  туьйра.
Цундела  цец  даьлла.
И  кхераделла.

21)
Керла  шо

Рог1е  деъна  шийла 1а,
Хиш  д1алоьцуш  бина  ша.
Мохо боху, «Сихха же,
Кечло хьаша эца т1е».

Лайн  куз  тесна  арахь  д1а,
Хьаша  веъна  кхечи  схьа.
К1айн  к1урз  буьллуш  корашка,
Хуьтту  хьаша  массо  ган.

Кхаьънаш  дохуш  вовшашка,
Дуьхьал  уьду  бераша.
Лайн  куз  сиха  къарз  бина,
Мара  хьерчаш  хьешана.

Марша  да  хьо  керла  шо!
Хьо  ду  деза  хьаша  тхан.
Оха  хьуна  кечдина,
Совг1аташ  ду  эшаран.

23)
 Х1етал – метал
Жима а воккха а шена т1ехь
Хохку,  к1айн говр.
(ло)

24)
Лайн чимаш

Лайн чимаш хьошалг1а диссина тховса,
Д1аихна шераш т1е шо дуьллуш хьовса.
Ткъа бераш  гулделла, керла шо довза,
Ловзарш а кечдина, говзалла къовса.

Ц1еххьана къегина, седарчех ийна,
Дато нур стиглара 1енаш а дайна.
Самукъне аз дели, ткъесс тоьхча санна:
- Керла шо, керла шо, седарчех ийна.

Лайн йо1 а ялаеш и Г1ура –дада,
Кхечира берашна совг1аташ декъа.
Бераш ду самукъне, ловзаршка девлла,
Базалган б1аьргаш а дехира серла.

Керла шо, керла шо, дог1ийла марша!-
Мохь бетташ бераш ду, сакъераделла.
Беркате ирсе ахь дойла тхан дахар,
Вовшашца барт болуш, ийманехь даха.
25)               
Сахьтан цхьамза    

Хьалха  баларх  къуьйсуш  уьду,
Сахьтан  цхьамза  заманца.
Зама  гена  яьлла  йоьду,
Меллаша  шен  боларца.

Цхьамза  уьдуш  де  д1адели,
Кхечи  1аьржа  буьйса  т1е.
Замано  болар  ца  хуьйцуш,
Кхана  деа  сирла  де.

Эх1-х1ар  а,  г1елбелла  кхоччуш,
Цхьамза  сеци  гойтуш  шийтта.
Замано  к1айн  духар  духуш,
1аламан  а  хийци  сурт а.

 26
Шу мА хьежа сан куьйгашка,
Я беснешка юьзинчу.
Даккхий йоьхьаш ду сан кийрахь,
Кегий йоьхьаш хьерчош чу.

27
Минкаил

Со-м мацвелла ,
Чуьйраш къекъаш.
Гучу яла,
Церг яц туьгуш.

К1арс - к1ирс, бохуш ю цхьа цуьрг,
Ахьа г1ерташ аьчка 1айг.
Нана, лохьа  худар кад,
Лаац каг ян, жима церг.

28
Сурхона

Сом хьан доьхьа велало,
Лууш хьо самукъне ган.

Ахь со хьостий 1ехавой,
Туьллу суна йовлакх хьайн.

Нана, йовлакх хьоьгахь тов,
Лаац лело хьоьца дов.

Тиллахь суна дадин куй,
Хаийтахь со къонах вуй.

29
Сингаттаман цамгар

Цомгаш хилла воьжна паччахь,
Ца г1атталуш меттара.
Везарш, вевзарш гонах бевлла,
Хиллачух ца кхетара.

Де д1адолуш, буьйса хорцуш,
Цамгар ели баттенга.
Лоьраш, дарбанчаш, молланаш,
Толлуш цамгар лерина.

Амма паччахь г1атта ца луш,
Корта пене берзийна.
Цхьа дош ала мотт ца керчаш,
1уьллу б1аьргаш къевлина.

Генара а, уллера а,
Т1е х1уьттура хьолан дай.
Кхин д1адийца лазар доцуш,
1уьллу паччахь «ъах1» деш дай.

Цхьана юьртахь, ши бутт хьалха.
Ша т1ех волуш берашна,
Цу паччахьо кховдийнера,
К1еззига  х1онц томана.

Паччахьера шена кхаьчнарг,
Совг1ат деза лерина.
Цу берех цхьа жимчу к1анта,
Лардинера  безамна.

Т1аккха ловзуш бераш юккъехь,
Цунна лерах кхеттера.
Паччахь воьжна дарба доцуш,
Ца евзачу цамгарца.

Са гатделла хьевзина к1ант,
Г1аш вахна д1а кхечира.
Паччахь вехачу цу кет1ахь,
И ладоьг1уш сецира.

Цу бахамах тамаш ца беш,
Ойла еш ша хьаьжна д1а.
Меллаша цо улле таь1на,
Хешка паччахь хаьттира.

И т1е хьаьжна жима хетта,
Саха дала буьйлира.
К1анта корта ластош церан,
Сом а, схьа ца ийцира.

Т1аккха хехочо цец ваьлла,
К1анте оьшург хаьттира.
К1анта дагахь дерг шен аьлча,
И ца вешаш хьаьжира.

-Д1а вала к1ант, д1а г1о,- олуш,
Хехо вела къежира:
- Б1аьрг схьа баьллал могуш воцу,
Хьо ганне гур вац, цунна.

К1ант д1а - м тешна ца вахара,
И г1айг1ане вуьйжира.
Т1аккха денна кет1е ларъеш,
Схьах1итта а вуьйлира.

Эх1-х1ар а, цкъа, цхьаъ чу воьдуш,
Кхечо юха хаьттира.
Хьена хьо, мичхьара, х1унда,
Лаьтта кхузахь х1оьттина?

Х1унда хьийза хьо кху кет1а,
Хьо х1ун оьшуш веана?
Сингаттамна б1аьргаш эгаш,
Х1ун бала хьоь боьссина?

К1анта цунна жоп делира:
-Лула юьртахо ву ша.
Ша жимха ву, цо лерина,
И ган лууш веана.

Т1аккха хьодалча хьажийра,
Паччахье и хабар дан.
Схьа ца хьожуш волчу цунна,
К1антах дериг дийца д1а.

Цу берах сакъераделла,
Корта сехьа берзийна.
Уьш цец бохуш, бакъо елла,
Чу цо иза вийхира.

К1ант не1арах чоьхьа вели,
Г1ийла хьожуш паччахье.
Киснара куьг хьала доккхуш,
Совг1ат к1анта кховдади.

Цу жимачу беро дина,
Совг1ат доккха хетарна.
Вела къежна, вистхилира,
Цу к1антана томана.

Т1аккха к1анта самукъдаьлла,
Эли цуьнга:
- Г1аттахьа,
Тхан ловзарш а севцца лаьтта,
Тхо сагатдеш ду хьуна.

Шен визире, цу паччахьо,
Т1е кхайкхина элира:
- Воккха хьаша ву т1е веънарг,
Х1оттае стол лерина.

К1анта цуьнга т1аккха эли:
- Цхьа цуьриг а кхоллур дац.
Ахь ца кхоллуш делахь ялта,
Цуьнан чам а хетар бац.

Цу берана там бан лууш,
Паччахь хьала айвелла,
Стоьла йисте г1ента хууш,
Массо вара кхаъ хилла.

К1анта цуьнга д1а а хьожуш,
Цуьнан буйна 1айг бели.
Бисмалла а олуш т1аккха,
Юург йолор т1е дилли.

Самукъдаьлла паччахь хии,
Цу берана там берг дан.
Цо схьаэцна ялта долий
1овша, молуш чорпа т1е.

Цу г1аттарах кхин ца вужуш,
Т1аккха эли  паччахьа:
- Хезаш берийн г1овг1а йоцург,
Цамгар ю, сингаттаман.

30
Еха ма яхарг….

Бабас, бераш а гулдой белхи бо, хасстоьмаш а, стоьмаш а, чу берзо.
Бераш  тасалой болх беш хуьлу. Царех цхьаъ, дика д1анисвелла, дитта д1ахадийна йисинчу юьхк т1ехь, хиина 1аш хуьлу. Д1ахьаьжначу бабас, иза шена гича олу:

Баба:
- Ва к1ант, хьо г1улкхана т1ег1уртуш ма вац? Хьо х1ун деш 1аш ву цигахь, Дика д1а нисвелла охьахиина?  Х1умма  лозуш, са гатдеш - м вац хьо?- хотту бабас:

Т1аккха к1еззига вела а къежаш, к1анта жоп ло:
Беслан:
- Эх1 - х1ай, Баба, х1умма  лозуш - м вацара со, тахана ч1ог1а некъ ца нисбелла - кха сан.

Баба:
- Дийцал, х1ун хилла хьуна? Х1ун ду хьан юххьа даьлларг? Куьйгаш цахь дисна хьан, я болх д1абахана хьо т1аьхьа ца кхуьуш?

Беслан:
-Кхин х1ума - м  ца хиллера суна, тахана схьавог1уш некъаца дуьхьал  вайн лулара Табарик кхеттера суна. Цундела некъ ца нисбелла - кх сан.

Баба:
-Ткъа х1ун ду хьуна хилларг,  х1ун юххьа даьлла хьан, и бахьана долуш?

Стигал ирх а вирзина, 1ачу Беслана, олу;      

Беслан:
- Болх бан масть яц - кх сан.

Баба:
-Ткъа  Табарк мисканна х1ун бехк бу, хьан болх бан маска ца хилча?

Беслан:
-Иза дуьхьал кхаьтча некъ ца нисло олу, массара а. Суна тахана новкъа воллушехь иза кхийтира дуьхьал. Цундела ву - кх со болх бан карх ца долуш.

Баба:
- Иза - м хьаха яц, цхьанна а х1уманна бехке. Наха а ахь санна къамел до-кха. Бисмалла а аьлла,  болх Далла т1е а биллина, шайн г1уллакх ца деш, шайт1а  ги а хаадой, куьйгашца иза охьа цадожийта д1а а лоций, шу дуьйлало, т1аккха бехке Табарик миска йо. Хабар а ца дуьйцуш хьала  г1атта. Х1окху дохкучу берех эхь ца хета хьуна, хьох кхарна а масалл  гойтуш хила везаш ву,-олу бабас:

Иштта к1ант яхье ваккха г1ертарх,  кхин г1уллакх ца хуьлуш, суьйре т1ейог1у. Буьйса д1аяьлча, йоккхастаг а, бераш а дисина г1уллакх кхочуш дан д1ах1уьтту. Сихха делкъа хан хуьлу.  Бериш а х1ума яа, бабин жимачу стоьла йисте гулло. Беслан, балхат1ера схьа цаволуш воллу. Бабас олу:

Баба:
- К1ант хьо тахана мА т1е т1аь1на цу балхана? Схьавола, оха мерзаниг д1а а йиина вуьсур ву хьо.

Беслан, шен куьйгаш а дилина, стоьла йисте охьахуу. Т1аккха, г1арг1улийн г1овг1а хезий, стигала хьала хьожу.
Цец  волий,  цо стигал п1елг хьажош, олу:

Беслан:
- Хьажахьа, Баба, селхана  со хиина 1ачу хенахь, и г1арг1улеш иштта, малх бузехьа д1айоьлхуш яра. Тахана юхайог1уш  ю-кх уьш. И х1ун ду теша?

Елалуш  баба хьаьжт1е куьг а дуьллий, стигал хьала йоьрзу,т1аккха олу:
Баба:
- Селхана, и еха ма яхарг, Табарк дуьхьал кхетта хир ю-кх царна а, некъ юххьа баьлла,  юха йирзина хир ю-кх, уьш а. 

Бераш дуьйлуш суьйренга доьлху.            

Резванова Айза

31
Болх бича луш ду ахча?

Моллин не1 туху, жимчу зудчо:
- Мила ву? Схьа чу вола, милла велахь а,-олу моллас, ша 1ачура метах а ца волуш. Не1 йоьллий, чу йоху жима зуда.
-Де дика дойла хьан,- олу цо:
-Далла езийла. Схьадийцал, х1ун бахьана долуш еана хьо? Х1ун оьшура хьуна? – Хотту моллас:
-Со, сайна аьттонна жайна даккхийта еанера,-олу зудчо:
-Жайна доккхуш дац, яздеш ду. Охьахаа, д1о г1анта т1е. Цхьа бахьана лелор ду вай,-олу моллас.
Зуда охьахуу, дехьа лаьттачу г1анта т1е.
Т1аккха д1а кхевдий шена хьалхарчу стоьла т1ехь 1оьхкуш долу, т1ехь 1аьрбойн йоза  яздина долу кехаташ схьа а оьций, царна т1е  хьожу молла. Шена оьшуш долу кехат схьа а оьций, хотту, зудчуьнга.
-Ц1ераш яхал хьайн а, хьайн ненан а?-олу моллас:
-Сан ц1е Малика ю, сан ненан ц1е Малкан ю,-олу зудчо:
-Дика хир ду,-олуш ручка схьа а оьций, ша схьа эецначу кехатана т1е 1аьрбойн йоза яздо моллас. Цул т1аьхьа зудчуьнга д1ало и кехат.
Т1аккха олу:
-Х1ара даима шен дег1аца лелийча аьтто хуьлу, ахчанах а ца хеда.
-Дела реза хуьлда хьуна,- олий, жайна схьа а оьций, моллина ша дала лерина ахча, цуьнан стоьла т1е охьа а дуьллий, ара йолий, ц1а йоьду зуда.
Шен жайна буйна а лаьцна, йоккхаерца лелаш йолчу ненан буйнарчу кехатах б1аьрг кхета, чохь ловзуш лелачу, пхи шо долчу к1ентан. Цо шеен нене хотту:
- Нана, иза х1ун кехат ду хьоьгахь дерг?
Нанас жоп ло:
- Жайна ду-кх, моллига ас даккхийтина.
- Цунах х1ун до? – Юха а хотту к1анта:
- Х1ара жайна шеца лелош волчунна, дуккха а ахча дог1у кисана.
Шен нанас бохучуьнан дикка ойла а йой к1анта, нанас и жайна охьа дуьллу меттиг  ларйой, схьаоьций и жайна, шен кисана дуьллу.
Т1аккха ша шега воккхаверца олу, шен кисана т1е куьг а тухуш:
-Х1инца суна кисана, дуккха а ахча дог1ур ду-кх.
Иштта, цу жимчу к1анта и жайна кисанахь лелош масех де долу. Амма,  цхьанхьара а т1е дог1уш ахча  ца хаало. Цхьана суьйранна балхара чу веанчу шен дега хотту к1анта:
- Дада, хьуна балха т1ехь ахча схьа деллий?
- Ца делла. Сайна схьа ма делланехь хьуна ахча лур ду ас, - олу дас. Т1аккха ойла а йой, да дехьачу ваьлча, шегара жайна ден кисана дуьллу  к1анта, мелла а сиха дена ахча даийта.
Цул т1аьхьа цхьа-ши де долу. Амма дас ахча хьаг1а цадо.
Юха а хотту дега, к1анта:
- Дада хьуна кера ахча деъний х1инца а?
- Ца деана, сайна кера деъча, ас хьуна лур ду мА аьлла. Со цунна виц ма цавелла,-олу дас:
Цул т1аьхьа, цхьа – ши де даьлча, к1ентан ден ваша вог1у, шен ваша волчу. К1ант водий мара эеккха. Денвашас олу к1анте:
- Эе-ей, мел воккха хилла Ваши к1ант. Валол, куршки чохь мала хи дал, Вашина.
К1анта мала хи ло, ден вешина, стоьла йисте схьа а узий, г1ант а х1оттадо:
- Ваши охьхаа, г1анта т1е, - олуш.
Цу г1анта т1е охьа а хоий, шен вешийца кхача а боий, цхьана – шина сахьтехь кхаьрца марзо оьцуш а 1ай, д1аваха хьалаг1отту хьошалг1а веанарг. Гонаха хьаьвза к1ант. Т1аккха девешига, хотту:
- Д1аваха воллу хьо, Ваши?
-Дика 1ий со. Х1инца д1авоьду со, - олу денвашас:
Схьайохьий, цуьнан мачаш хьалха х1иттайо, г1иллакхе волий жимачу к1анта.
Цунах сакъералой, кисанара схьадоккхий, к1антана ахча ло денвашас:
- Х1оккхулл  болх бича, хьуна ахча дог1у, - олий, коьрта т1е куьг а хьокху.
Т1аккха юха воьрзий, шен вешига олу:
- Болх а бина, дика ахча деана суна кера. Хьуна оьший?
К1ентан дас, забаре а доккхуш, олу, жимачу к1антана томана:
- Дала беркат дойла хьуна цунах. Болх бича бен луш  дац ахча. Ас х1окхо санна болх ма ца бина.
Шен дас бохучуьнан  дика ойла а йой, воддий воьдий, шен ден киснара жайна схьа а дохьий, нене д1акховдадо  к1анта.
Т1аккха олу:
- Х1а, Нана, х1ара жайна хьайна деллачу моллига д1аала, жайна кисанахь лелийча  хуьлуш дац ахча. Ахча болх бича луш ду.
Цо дуьйцучух кхаьтта волу да а, деваша а г1аддвоьдий  велало, схьадоккхий цу шимма а кхин т1е ахча ло к1антана. Т1аккха олу девашас:
- Э - х1ей,  Дала дог дика де хьан дела1,  хьан коьрто оццул дика болх барна, хьуна-м дуккха а дог1ура и ахча,-  болхуш, воьлуш, д1а вахара и.

Резванова Айза

Х1ун дича хуьлуш ду ахча?

Моллин не1 туху жимчу зудчо:
- Мила ву, схьа чу вола, милла велахь а,-олу моллас, ша 1ачигара метах а ца волуш.
Чоьхьа йолу жима зуда.
- Х1ун бахьана долуш еана хьо? Х1ун оьшура хьуна?-хотту моллас:
-Со, аьттонна жайна даккхийта еана.
-Жайна доккхуш дац, яздеш ду. Охьахаа, д1о г1анта т1е. Цхьа бахьана лелор ду вай,-олу моллас.
Зуда охьахуу, дехьа лаьттачу г1анта т1е.
Т1аккха д1а кхевдий шена хьалхарчу стоьла т1ехь 1оьхкуш долу, т1ехь 1аьрбийн йоза  яздина долу кехаташ схьа а оьций, уьш кегадой, шена оьшуш долу кехат схьа а оьций, олу, зудчуьнга.
-Ц1ераш яхал хьайн а, хьайн ненан а.
-Сан ц1е Малика ю, сан ненан ц1е Малкан ю,-жоп ло зудчо:
-Дика хир ду,-олуш ручка схьа а оьций, ша схьа эецначу кехатана т1е 1аьрбийн йоза яздо моллас. Цул т1аьхьа зудчуьнга д1ало и кехат.
-Х1ара даима шен дег1аца лелийча аьтто хуьлу, ахчанах а ца хеда,-олуш:
Зудчо жайна схьа а оьций, моллина ша дала лерина ахча цуьнан стол т1е охьа а дуьллий, олу:
-Дела реза хуьлда хьуна,-  т1аккха, ара йолий, ц1а йоьду.
Шена аьттонна аьлла ша даккхийтина жайна буйна а лаьцна, йоккхаерца лелаш йолчу ненан буйнарчу кехатах б1аьрг кхета, чохь ловзуш лелаш волчу, пхи шо долчу к1ентан.
Цо хотту:
- Нана, иза х1ун кехат ду хьоьгахь дерг?
Нанас жоп ло:
- Жайна ду-кх, моллига ас даккхийтина.
- Цунах х1ун до? – Юха а хотту к1анта:
- Х1ара жайна шеца лелош волчунна т1е, дуккха а ахча дог1у.
Шен нанас бохучуьнан дикка ойла а йой к1анта, нанас и жайна охьа дуьллу меттиг  ларйой, схьаоьций и жайна, шен кисана дуьллу.
Т1аккха ша шега воккхаверца олу, шен кисана т1е куьг а тухуш:
-Х1инца суна дуккха а ахча хир ду-кх.
Иштта, цу жимчу к1анта и жайна кисанахь лелош масех де долу. Амма, цхьанхьара а т1е дог1уш ахча  ца хаало.Т1аккха цец а волий ша шега къамел до к1анта:
-Ва-х1ай, х1ара х1ун ду даъ. Нанас х1ара жайна шеца лелийча дуккха а ахча дог1у мА бохура, суна т1е дог1уш ахча а мА дац. К1ант цец ваьлла лелаш,
К1ентан да чу вог1у. Т1аккха,дега хотту хотту к1анта:
- Дада, хьуна балха т1ехь ахча схьа деллий?
- Ца делла. Сайна схьа ма делланехь хьуна ахча лур ду ас, - олу дас. Т1аккха ойла а йой, да дехьа ваьлча, шегара жайна ден кисана дуьллу  к1анта, мелла а сиха, дена ахча даийта. Т1аккха цо шена а лур ду бохург дагахь.
Цул т1аьхьа цхьа-ши де долу. Амма дас ахча хьаг1а цадо.
Т1аккха а, цец волий, дега хотту к1анта:
- Дада хьуна кера ахча деъний, х1инца а?
- Ца деана, сайна кера деъча, ас хьуна лур ду мА аьлла. Со цунна виц ма цавелла.
К1антана жайна кисанахь доллушехь, ахча кера ца дог1уш д1аоьху хан тамашийна хета. Иштта ойлане ваьлла к1ант а лелаш, к1ентан ден ваша вог1у, шен ваша волчу. К1ант водий мара эеккха.
Денвашас олу:
- Эе-ей, мел воккха хилла и. Ваши бож. Валол, куршки чохь мала хи дал, Вашина.
К1анта мала хи а ло, цул т1аьхьа девешина, стоьла йисте схьа а узий, г1ант а х1оттадой олу:
- Ваши охьхаа, г1анта т1е.
Цу г1анта т1е охьа а хоий, шен вешийца кхача а бууш, цхьана – шина сахьтехь кхаьрца марзо оьцуш а 1ай, д1аваха хьалаг1отту хьошалг1а веанарг. Гонаха хьаьвза к1ант. Т1аккха хотту:
- Д1аваха воллу хьо, Ваши?
-Дика 1ий со. Х1инца д1авоьду со, - олу денвашас:
Схьайохьий, цуьнан мачаш хьалха х1иттайо, г1иллакхе волий жимачу к1анта.
Цунах сакъералой, кисанара схьадоккхий, к1антана ахча ло денвашас:
- Х1оккхулл  болх бича, хьуна ахча дог1у, - олий, коьрта т1е куьг а хьокху.
Т1аккха юха воьрзий, шен вешига олу:
- Болх а бина, дика ахча деана суна кера. Хьуна оьший?
К1ентан дас, забаре вела а къежаш, олу, жимачу к1антана томана:
- Дала беркат дойла хьуна цунах. Болх бича бен луш  мА дац ахча. Ас х1окхо санна болх мА ца бина.
Шен дас а, девашас а бохучуьнан  дика ойла йой, д1ахьоду к1ант, шен ден кисна ша диллина  жайна схьа а дохьий, нене дакховдадо  цо.
Т1аккха олу:
- Х1а, Нана, х1ара жайна д1аэца. Х1ара хьайна деллачу моллига д1аалалахь, жайна кисанахь лелийча  хуьлуш дац ахча. Ахча болх бича луш ду.
Цо лелочух кхетий, да а, денваша а г1аддвоьдий  велало, схьадоккхий цу шимма а кхин а, т1е ахча ло к1антана. Т1аккха денвашас воккхаверца шен вешин к1ант хьостуш, олу:
- Э - х1ей,  Дала дог дика де хьан дела1!  Хьан коьрто оццул дика болх барна, кхин а т1е дог1ура хьуна ахча, дуккха а.
Иза самукъне дийцар а хуьлий лела нахана юккъехь. «Болх бича луш ду ахча»,- бохуш.

Жимниг

Б1аьстенан юьххьехь котамо даьхна к1орнеш, кхиина дог1ура. Царах цхьаъ, Жимнаг ц1е йолуш дара.  Жимнаг кест кеста н1аьнех кхайкха х1уттура, керт боьххье а йолий,-  «1уь -1уь1, 1уь -1уь -1уь1, 1уь -1уь1», - бохуш, мохь беттара цо. Т1аккха ша шех йоккхаеш, ши т1ам тухура, хилла яьллачу котаман борг1ало санна. 1уьйранна д1ах1оьттина н1аьна- к1орни делкъенга яьллера кхайкха 1емаш. Т1аккха еъъана схьа х1оьттира,  делкъа хан кхайкхо еана борг1ал.
Цо хаьттира:
-Хьо х1ун деш ю, кху керт боьххьехь?
-Со кхойкхуш ю,- жоп делира, н1аьна-к1орнено.
-Кхойкхуш юуу…. Ткъа муьлха хан ю ахь кхайкхош  ерг ?- хаьттира борг1ало.
-Со, со,- аьлла, жоп дала ца хууш йисира н1аьнан к1орни.
Цу балхах кхеттачу борг1ало, юха а хаьттира:
-Хьан ц1е х1ун ю?
-Жимниг, ю.
-Жимниг, т1аккха цкъа а, хенаш кхайкхиний ахь ?
-Со тахана 1уьйранна д1а х1оьттина, делкъа хан хиллац кхойкхуш ю,- жоп делира Жимнига.
-Ха-ха-ха. Цундела ю-кх, йиш  хаьлла. Цхьаммо а ца хьехна хьуна муха, я маца кхайкха еза.
-Ца хьехна.
-И х1ун ду ткъа, ца хьехна бохург?  Делахь - х1ета, тахана дуьйна ас хьоьхур ду хьуна,  муха, я маца кхайкха еза. Ткъа ахь дика ла а дуг1уш схьалаца деза. Барт хиллий вайшинна?
-Хила. Со реза ю, - аьлла, т1емаш а тоьхна кхайкха г1оьртина, юха а 1уь1-1уь1,- аьлла, кхосса елира Жимниг.
Юха а, борг1ал елаелира, цу к1орнийн леларах сакъераделла:
-Ха-ха-ха. Ткъа х1инца ас делкъа хан кхайкхор ю. Ахь тидам беш, ла дог1а,- элира борг1ало.
- Дика ду,- аьлла, ладог1а х1оьттира к1орни, шеен хьехархочух йоккхаеш.
Т1аккха борг1ал кхоссаелла керт т1е хьала а яьлла, кертана боьг1начу хьокха боьххье а яьлла, «ах1а – ах1а», аьлла шен аз а тодина, корта хьала а берзийна, зевнечу озаца, кхайкха х1оьттира.
- 1уь11арий-1уьй1, 1уь11арий-1уьй1, 1уь11арий-1уьй1,- бохуш, юкъ-кара са а до1уш, кхузза кхайкхира иза.
Жимниг цуьнга хьоьжуш, корта а айбина лаьттара.
Т1аккха Борг1ал шен т1емаш  тоьхна,  дега а дина, цул т1аьхьа керт боьхьера чу кхоссаелира.
Цул т1аьхьа хаьттира н1анан к1орнега:
- Т1аккха, Жимниг,  реза юй хьо вайн балхана?
Жимниг кхоссаелира, т1емаш а тухуш:
- Реза ю. Хьан йиш елахь дешар х1инца д1адоло лууш ю со.
- Вайшимма дешар д1адолор ду, т1аккха. Хьалха ас хьуна хьоьхар ю хенаш. Денний, буьйсанний юккъехь моссаза кхайкха еза дуьйцуш. Т1аккха хьаша вог1уш, кхаъ кхайкхо хьоьхар ду. Х1инца ахь ла дог1а соьга лерина. Денний, буьйсанний юккъехь уьссаза кхайкха еза.
Уггара хьалха: Таханалера де-буьйса чекх а даьлла, кхане йолалуш шозза кхойкху, буьйсанна шийтта сахьат даьлча. Шолг1а кхойкху хьо, 1уьйкъанна кхо сахьт даьлча. Кхозлг1а кхойкху, 1уьйранна ялх сахьат  даьлча . Доьазлаг1а кхойкху, де делкъенга доьдуш, исс сахьт даьлчи. Пхоьазлаг1а,  делкъе кхайкхайо, шийтта сахьт даьлча. Ялхазлаг1а, делкъал  т1аьхье кхайкхайо, кхо сахьат даьлча. Ворх1алг1а, суьйранна ялх сахьат даьлча кхойкху. Барх1азлаг1а, исс сахьат даьлча, адам чу дирзиначул т1аьхьа.  Уьссалг1а,  буьйса юккъе яг1ар кхайкхадо, буьйсанна шийтта сахьт даьлчи.  Юха а шозза кхойкхуш, кхане йолайо.

Хенаш кхайкхош корта хьала берзо беза, х1инцца делкъе кхайкхош ас санна. Х1инца хьаша вог1уш  кхаъ кхайкхорах дерг дуьйцур ду ас хьуна. Хьаша варах хаам беш, керт боьххье яла ца оьшу. Цунах дерг х1усама чу а йоьрзий кхойкхуш хьо хилча, х1усаман да а, нана а кхета. Цул совнаха,  дика борг1ал ехачу  кертахь, кхечу керташкара борг1ал кхойкхур яц. Кхин борг1ал хьо ехачу кертахь кхайкхар, цо хьан кертахь дола дар ду. Кхин борг1ал хьайн котамашна а, кертана а дола дан а, улле хьийза а кертахь йита ца еза. Ша ехачу кертана а, шеен к1арийна а дола деш хила еза дика борг1ал. Иштта ца хилча, кхечу керташкара борг1ал ян а йог1ий, хьан кертахь олалла деш, к1ара д1а йоккху борг1алера. Т1аккха, «шеен к1арина а, котамашна а дола деш йоцчу борг1алах кхин бала пайда бац, яйчу тасар бен»,- олий, х1усаман да сиза яйчу тосу. Иштта бу вайн кхоллам а, дахар а. Реза юй хьо, цу балхана.
- Со реза ю, вайн кхолламна а, кертана дола дан а, хенаш кхайкхо а, хьешах кхаьънаш даха а, нагахь сох к1илло хилахь, со яйчу тасийта а,- аьлла, жоп делира, Жимачо.



Цхьана дийнахь ведда чу веара сан вешийн к1ант, Мохьмад-1али.
- Деца, Деца, схьйола цкъа, суна мел хаза цициг карийна хаьий хьуна?
Ас гайти хьуна и? - бохуш, гуттар цунах воккхавеш, воьлуш. Б1аьргаш чохь мелла а, шех цатешам а болуш, со реза цахиларна кхоьруш, ц1ийна т1ехьарчу раг1у к1елахь, меттиг а тайина, д1алачкъийначара, цициг сехьа делира, шен доттаг1чух б1аьрг кхетчи.
Цициган к1орне (Далла духхьара ма хетийла) юткъа-еха муц1ар а йолуш, гирз даьлча санна, месаш вовшах а лаьтта, доладеш цахилара терра, ирча дара...
Сан вешийн к1ант сов ч1ог1а хабаре велира, хьесталуш, хеттарш а деш;
- Деца, хьа, хаза дуй? Хьажа Деца, ма ч1ог1а веза цунна со, ма ч1ог1а хьоьсту цо со??- бохуш, суна цкъа а и тайпа къамеле ваьлла ша ца гинчу кепара, дехаре велира т1аккха.
- Деца, дита мегар дуй ас иза сайна? Юух1ума яла мегар дуй ас цунна? - бохуш. И сел ч1ог1а дехаре валаран а дара цхьа бахьана. Яханчу б1аьста, цхьана цицигана т1ера,  хьаьтта а яьлла, цунна дарба цакарош, хала ваьллера иза цу балеха.
Делахь а, сов ч1ог1а, цуьнан самукъадалар дохацадан, реза хилла, элира ас.
- Мегар ду...  Делахь а, т1е куьйгаш 1итта мегар дац, цкъачунна. Аптекера молха а эцна, ас лийча а дина, цандийр ду иза. Лоьрашна а гойтур ду, хьан могашаллийна кхерам ца хилийта, аьлла.
К1еззига самукъа дацара сан вешийн к1ентан юьхь т1ехь гуш дерг...
Иштта ас дуьйцучух ша кхетча санна лелара цициг а. Цунна цу минотехь кад, бошхап а дола даьккхира, к1анта. Кеда чу шура а  йоьттина, бошхепа жижиган цуьрг а йиллина, сихха, доладан волавелира.
Цициган к1орний, ц1анйина, юзийна, д1ах1оттийча, массарна а езаелира.
Цунна Мохьмад-1елас, " К1айдарг,, аьлла ц1е тиллира. Сов ч1ог1а дезаш, ловзош, хьоьстуш лелош дара к1анта цициг.
К1айдарган ши бутт кхачча, Мохьмад-1елин дуьххьара ишколе деша воьду хан кхечира т1е.
Хала къаьстара и цу цицигах. Охьа а ***й, цуьнга хабарш дуьйцуш 1ара к1ант. Цо дуьйцучух ша кхеташ санна, лерина, б1аьрга т1е б1аьрг а бухий, муц1ар ирх а йерзайой ладоьг1уш 1ара К1айдар... Цицигна а дара хала, схьагарехь. Иза генна т1аьхьа доьдура цунна. Т1аккха уьдуш юха дохура.
К1ант ишколера, ц1авоху ларвора цо, юучунна улле а цаг1уртуш. И ц1авог1у гича, кхийссалуш, дуьхьал додура.
Иштта, дешаран бутт юккъе болуш, К1айдарг къайла делира.
Сингаттаме велира Мохьмад-1ела.
Ткъа цуьнан самукьа дуьхьа, дийр доцуш х1ун ду?
Бераша цициг гина аьллачиге доьдуш, лехира охашимма К1айдарг. Эрна дара лехар. Цкъа к1анта элира, дешарера ц1авеъча.
 - Деца, тхан классера к1анта, Мартхи йистехь ду бахара иза. Дахийта вайшиъ цигахь карор дара и, - аьлла. Сайн вешийн к1ентан лаам кхочуш бан, цхьана дахара
Тхойша Мартан йисте, суьйренца.
Цигах хаза, исбаьхьа сурт дара суьйренца.
Хинтулг1еш т1ехь хехкалуш хетара, маьлхан,  дашо хьесий санна, кьега з1аьнарш. Лелла, лоьхург цакарийна, дог доьхна,  юху дирзина, ц1ехьа дохуш дара тхойша.
Цу аг1орхьа 1аш йолу, сайна евзаш йолу зуда гина, тхойша йист хилча, тхаьшинна бала д1абалхий охашимма. Сан к1ант дукха дог доьхна гар цаладелла, цо эли.
- тхан цициган ю, вуно хаза к1орнеш, бутт кхаьчна церан. Ас и к1айнарг хьуна лур ю, х1инцца. Сакъераделла, б1аьргаш къегира тхан к1ентан. Сихха, реза хили тхойша. Уьйт1а дахча, нанас юзош гира тхуна к1орнеш.
Со-м сайн вешийн к1ента самукъа даьлчхьана мегаш, и к1орне схьайалор йолуш йара, амма, Мохьмад -1ела вуххьавелира.
- Х1ан-х1а, Деца, жима ма ю и. Цо шен нанна сагатдийр ма ду. Цуьнан нана а йоьлхур ю, вайна ган а ца гуш.
Т1аьххьар а, суна ца хууш санна т1е туьйхира,
 - Ас а гатдо сайн нанна са. Иза маца йохур ю те, цу больницера ц1а? - аьлла.
Ас цициган к1орнийца а, цуьнан дог хьосту дерг, б1аьрг белон берг, уллера д1а а ца йолуш, цуьнан синмарзо лехар а ма дара, ц1айан нана цуьнан цахилар....
Сан г1амарах аталуш, доьлху дог цунна гур дацара, б1архиш гайта сан бакъо яцарна, къамел кхечу гонт1е а даьккхина, ц1акхечира тхойша...



Со кхиина йог1учу заманчохь, дара иза...
Цхьана суьйранна, сарамсекхаш т1ера бог1уш белхий бинера, Мартан - чу олучу, юьртахь, тхан гергарчу наха...
Цу белхий кхайкхана йиганера со а, кхин болу мехкарий санна.
Кегий нах сиха схьагулбелира, нохчийн белхешкахь ма хиллара...

Кегийчу нахана юккъехь вара,  соьга б1аьрг бетташ волу к1ант а...
Дукха хьен цалуш, юкъа лелачуьнга мехкаршна хабарш т1е кхоьхьийтуш, кхечо т1е хабар даийтале сихха шайн - шайна тайначу йо1ана т1е сарамсекхаш  кхуьйсуш, сакъоьру кеп д1айолаелира...
Иштта, суна т1е а хабар даийтира соьга б1аьрг бетташ, лелачу к1анта...

Х1етахь со жима йолуш,  эхь хеташ хиллехь а, я лела ца хууш хиллехь а, со цу к1анте д1а ца хьожуш, охьа таь11ина, сарамсекхаш т1ера бог1уш йоллура... Цо дуьйцург хезашехь а, хьала ца хьожуш, колхозан балхахь таж яккхар т1е диллича санна йоллура со, сарамсекхашна юккъе яхана...
Цуьнга д1а хьажа а, сакъера а ца лаар дацара иза...
Бакъ долуш эхь хеташ, д1а ца хьожура со...
К1антера хабар дахьаш жимзуда, юху а т1ееара:
- Схьахьожуш хила боху хьоьга, - элира цо.  Сан амалца дог1уш дацара и, белхешкахь а, синкъерамашкахь а сакъоьру кеп лелош, д1а - схьа хежар. Со сайн лаамехь соьцура...

Луьйш - олуш, сакъера хуучо сакъоьруш, белхийн хан чекх йолуш лаьттара...
Т1аккха жимма собар дина, к1анта белхехь  гулбеллачу нахе кхайкхам бира...
- Х1ей нах, цкъа цхьа жимма собар дай, ладог1ийша соьга, шайн тарлахь....
Вист хила воллура со, - аьлла...
Хетарехь мехаш а цхьана д1атийнера, к1анте ладоьг1уш...
И х1ун ала г1ерта хууш цхьа а вацара...
Суна т1е хабар дахьаш еаначо къайлаха улле а таь1на, соьга элира:
- Хьох бехк баккха воллу иза.
Хьо шега д1а ца хьожуш 1ерна, - аьлла.

Х1етахь иштта бехк а боккхура йо1ах, к1ентан терго цайича, цаяшаран кеп лоруш...
Со иштта а эхь хеташ йолу, кхин а холчу х1оьттира, сайн ц1арах бехк баккхар а, со бехке хетар а, ца дезаш...
Цо т1аккха, сан ц1е а йоккхуш,  мохь туххуш, элира:
- Хьенехк, ладог1ахьа соьга!
Тховса кхузахь схьагулделла х1ара массо а адам теш х1оттош, ч1аг1о йо - кха ас хьуна, ас бохург а дина, хьо соьга яхахь, со велла д1аваллалц, хьан сий деш, куьйгаш т1ехь лелор  ю - кх ас хьо, - аьлла,  ч1аг1о еш.

Тийналла йохош массо а карзаха велира, шег - шеггара цхьацца дош олуш.
Цхьаммо элира:
- Йист хила.... Жоп луо цунна...  Вукхара "к1анта дика элира,, бохуш т1е тадеш, къамелаш дуьйладелира...
Со айса х1ун аьлча, я х1ун дича нийса хир ду ца хууш лаьттара.
Сан жоп а дацара цунна дала...

К1ант хаза вара... Шен накъосташна а, нахана а юккъехь  лоруш а, дош лелаш а вара иза.
Делахь а, соьца дог1уш дацара иштта г1ара даьллачу захалонна т1етар а...
Со юьхь1аьржа х1оьттинера, сайн дагахь ч1ог1а...
Т1е тан даго юьтур йоцуш, ца тайча " куралла йина,, боху дош а ца дезаш, со меллаша цу юккъера дехьа а яьлла, х1усама чу яхара.
Бакъ долуш, йоьлхучу т1е а яьллера со.
Мелла а кочуо хилар а дара иза...

Цу сарахьчул т1аьхьа, со цу к1анте кхин йист а ца хилира.
Цхьа хан яьлчи, цо, сан ц1е йолуш зуда  ялийра...
И вуно хаза ваха а хиира, ирсе доьзал а кхоьллина...
Оьзда х1усамнана а яра цунна нисъелларг а...
Масех шо д1аделира цул т1аьхьа...
Дахар таделла дог1ура массер а.
Нохчийчоьнна б1аьрг хилча санна,  т1ом белира. Бертахь хиллачу адамашна юккъе питанаш даьржира...
Кегий болуш дуьйна а шайн дахаран дай хила 1емина болу нохчийн к1ентий, мостаг1ашна дуьхьал г1евттира, Даймехкан сий лардеш т1ом бина, бала а реза а хилла...
Цу к1ентех вара иза а...
Т1ом д1а бирзина аьлла хетачу хенахь, нах ц1абирзира...
Амма вацара гуш, и х1етахьлера жимстаг.
Наггахь ойла йора ас, иза х1унда вац те гуш, я хезаш а, боху хаттарш кхоллалой ойланца....

Цкъа цхьана дийнахь, тхайн ненан йиша йолчу хьошалг1а яханачахь, цхьа газет деанера суна кера, ас иза деша дагахь со цу т1е хьаьжчи, газета т1ехь цуьнан сурт дайра суна. Цец яьллера со... Х1ара муьлхачу бахьнийца тоьхна те газета т1е, боху хаттар кхолладелира сан дагчох...
Цуьнан суьрта т1оьхулахь,  даккхийчу элпашца яздина йоза д1адийшира ас:
"Ас лелийнарг бахьна дара...
Кема чу даийтинарг Аллах1ан ницкъ бара...,, - аьлла.
И дешнаш аьлларг и к1ант хиллера...
Иза д1акхелхинера т1амехь...
Амма суна а, иштта дукха нахана а дагчохь висира иза...
...
Дала г1азот къобал дойла цуьнан а, вайн т1емашкахь д1акхелхиначу массо йиш - вешин а!!!

2018



" Х1умма йоцчу х1уманашца,  х1умма а ца къуьйсу...,, - олуш хилла,  тхан ненан дас...
Вайн къам дуьненчохь уггара нуьцкъалла лоруш йолчу Америкел а нуцкъалла хетта Росси пачхьалкхана...
Иштта дан а ду иза, соьга хаьттича...

Х1урда чу кхуьйссуш, 1аьнчиллахь шаюккъе духкуш, эрначу арахь, борз уг1у ца хезачу, мехийн шакарш тийсаяла кул а, гу а боцуш,  эрна лаьтта,  шерачу ара д1а а даьхьана, к1айн марчу тесча санна, шура санна к1айчу лайт1е, кхеллий санна  охьадохкуш, вайна т1ехь дукху талламаш бина, вай массо аг1ор а зийна... Х1етте а денделла, г1аьттина вайн къам...
Бех а цаделла, иманах а, исламах а ца доьхна, кеп а ца хийцаелла...
Хаза, оьзда, иманах дуьззина, Делан кхелах бен кхоьруш а доцуш, д1ах1оьттина вайн къам...

Оццул майра къам шен дозанахь дехаш хилар доккха совг1ат лара дезара, Российно.
Дозалла ду - кх, вайн къомах долу адам кхачар муьлххачу махкана а!

Т1е беъна бала юхтухуш хьалха даьлла вайн къам хуьлу...
Балхахь, некъахь, къахьоьгучахь хьалха долий вайн къам хуьлу...
Тешаме накъост эшначахь вайн къомах волу стаг хуьлу...
Хьекъал долуш куьйгалхо хилча кху йоккхачу пачхьалкхехь, вайн къам лардан дезара....
Дала лардойла вайн къам массо а балех а, зенех, зуламех а!

Дала г1азот къобал дойла цу т1емхойн а, г1азотехь воьжначу массо бусулбанна а!
Дала т1аьхье беркате йойла вайн къоман!
Цхьа барт а хилла, Даймахкахь даха ницкъ лойла вайна Аллах1а!!!


Г1алг1айн махкахь дара тхо, т1амах девдда дахана.
Сискал ца йиъча а ца довлура... Иза яла меттигаш леха а безара...
Некъаш дан дезара хала делахь а...
Белха меттигаш вайх тешош ца хиллера Российно...
Белхашка д1аоьцуш а дацара...
Кхечу г1ала дахар а, дихкина дара нохчийн къомах долчу адамийн ц1е "Трорит,, яра...

Делахь а вайн яхь йолчу дайша, доьналлех а ца духуш, хало т1е х1оттарах а, къахьега 1амийна хиларо, миччахь хилча а, миска лела ца дуьтура нохчийн къам...
Нохчийн зударша массо а аг1ора къахьоьгура...
Мухха а, тхайн ка йолучу аг1ора, Пятигорски а доьлхий, йохка х1ума яхьий, базарш йора оха.
Цхьана дийнахь, хьалхе д1аяха тоьрмигаш схьа а гулдина, сайн боккха ши тоьрмиг эцна, кевне со кхочучу хенахь, зударий шайн юхкуш йолу х1уманашна т1****талуш, уьш тоьрмигаш чу юьхкуш, йоккхачу г1овг1анца, д1ахьарчош - цахьарчош, тоьрмигаш ги а детташ, кевне уьдуш гина, ас хаьттира:
- Шу ма сихделла, аш х1ун до?? - аьлла.
- Базар юккъехь мина йоьллина боху, сиха д1адовла боху базара юккъера, - элира цхьаммо.
Бериш а сиха юьстах бевлла, базар ясъелира, цу м1аьргонехь.

Со юху хьаьжчи, цхьа зуда яра базара юккъехь лаьтташ...
Т1елхигаш д1ахьерчош а яцара...
Д1а - схьа хьоьжуш лаьтташ яра иза...
Ас цунна уллехь латтиначарга  хаьттира:
- И х1унда йисина, х1ун деш лаьтта?? - аьлла.
- Цахаа, - аьлла йист а хуьлуш д1аяхара цунна уллехь лаьттинарг а...

Суна коьрте хьевзира, " И яла а йитина к1елхьара девлла, даха дохку тхо...
Нахана юккъехь лела а деза - кх, гуш лаьтташехь и яла йитина, цунна г1о ца деш, д1а а дахана...
Дала 1ожалла еллехь лийр ю, ца еллехь х1умма хир дац...
Дала динначунна реза ю - кх со, ,, - аьлла, сайн т1оьрмигаш зударшка д1а а кховдийна, со юху хьаьдира, цу зудчунна т1е.
Сиха хаьттира ас цуьнга:
- Хьо х1ундеш лаьтта? Схьа х1унда цаели хьо зударшца? -  аьлла, цуьнгарчу жоьпе ца хьоьжуш, сиха цунна хьалхарачу стоьла т1ехь 1уьллучу шаьршух ма ярра х1уманаш юккъе а хьарчош шад бина...
Лаха лаьтта тесина, юхкуш мачаш т1ехь 1оьхкучу шаьршу юккъе ериш цхьана тоьхна, тарйина, - схьалаца сиха, и дехьа юьхьарг аьлла, тасаелла, такхийна цуьнан т1елхигаш а, т1оьрмигаш а эцна, кевне кхечира тхойша.
Кхин болу зударша а г1о а деш, т1аккха юьстах девлира тхо...

Таксишца а, машенашца а, ка ма йоллу, д1адевлира тхо базара юххера а...
Мина ца иккхира, тхо кхераделлехь а...
1едалан белхалоша д1а яьккхина элира иза...
Цхьа хан яьлчи
Цул т1аьхьа, кхо шо даьлча, Хьалха -Мартант1ерачу базарахь схьайохуш яра со.
Нахана юккъехула схьа т1е хьаьдда, мараиккхира суна цхьа зуда...
-Валлах1и яцара х1ара со яла а йитина, яха дагаххьа-м, - аьлла, дийцира цо, шена уллерчу зударшка, х1етахь хилларг.
Цунна уллехь мах беш лаьттачу зудчо  хаьттира цуьнга:
- Хьо х1ундеш лаьттара цигахь, нах санна яда ца йодуш? - аьлла..
Цо жоп делира:
- Ша кхераелла 1адийнера... Йоьхна лаьтташ яра ша, яда дага а ца дог1ура - аьлла..
Т1аккха ойла йира ас, цу дийнахь сайн сица сайна карийначу ийманан а, доьналлийн а...
Аьтто баьллачахь диначу дикано юьхь к1ай лелаво, бохучунна карийначу тоьшаллийн а...

Дала т1аьхье беркате йойла вайн массер а!!!

Р.А.

Даймохк цабитина д1абахначара,
Д1абаьхьна и лело шайн дагчохь цара.
Уьша - м ц1абоьрзур бу,  шайн марзо йолчча,
Къацхетарш хилла - кха, цатуьгуш 1аба...

Кхолламан кхел хилла къаьстиначарах а,
Я Делан лаамца ц1ахь бисначарах а,
Даймехкан лазаме бен доцуш хьежа,
Доьзал ма кхуьийла, Даймохк,  хьан кхерчахь!

Р.А.
Хьо хьоьжу лаьмнашка
Хийрачу мехкан,
Ткъа даго йоьху схьа,
Марзо Даймехкан...
Хоьрцу ахь ойланаш,
Лазамаш луьттуш,
Мерза а, къаьхьа а,
Вовшеха хуьттуш...
Схьалуьсту баланаш,
Заманца лайнарш,
Нохчийн къам бехке деш
Дагна цатайнарш...
Схьахуьтту г1аланаш,
Йагийна - аьттарш,
Хьайн къоман доьналлех
Мостаг1ий хьаьгнарш...
Б1аргаша ца дицдо,
Къизаллийн сарташ,
Даймехкан сийлардеш,
Турпалхой эгнарш..
Цундела лаьтта хьо,
Деш даге хаьттарш...
Ткъа деган ду цхьа жоп,
Маршоне г1ертар!!!
2018.02.05

Р.А.


Вайн къоман т1аьхьено тоьшалла до шайн дайшна...
Нохчийн къомана цхьана заманчохь къам бехдан юккъе балийначу меттанаш детташ леллачу зуламхойн т1аьхье яц ас юьйцург, вайн къоман мотт 1амийнехь а, шайн ц1ийх доцург, сих ца эелуш, бале буьйлуш болу...

Ц1ена нохчий бу, ас буьйцуш берш...
Вайн къоман хьекъалаш писсдоьлла ца хилла...
Синкъоьлла йолуш, дегнаш осала ца хилла...
Комаьршачу ойланца,  са маьша лелош, т1ахьаьнна ирсе некъаш дехкина хилла вайн дайша...
Вайн къомо мичча меттехь хиларах шайн дахар тадина ца 1аш, нехан дахар а тадо...
Цу т1ехь дан тоьшалла ду сан...
Дала т1аьхье беркате йойла вайн!






Т1еман заманахь дара х1ара...
Гуьйранна т1е оьхуш дог1анаш дара нохчийн къоман дегнех доьлхуш...
Со а сайн к1антаца буьйса яккха чу йирзинера...
К1ентан да вайна карош вацара...
Т1амна ара ваьлла а воцуш, маьрша стаг вара иза...
Делахь а, машаре а, маьрша ца оьшура вайн къам Российна... Цхьа а бахьна а доцуш, къам х1аллак дан беш т1ом бара иза...
Ас дийца айинарг кхин ду, цкъачунна...

Буьйса юккъал т1ех яьллера...
Т1ема заманахь бежнаш чохь долу божалаш уьйт1а дерзийнера оха...
Луьстта т1е оьхуш дог1а ду...
Тхан керла "Ц1оьнтар,, олучу юьртана го бинна 1аш мостаг1ийн эскар а ду, шайн б1аьрго лоцург снайперан 1алашоне лаьцна 1аш...
Бежнаш дара эсий гучу довла дезаш...
Цхьа етт 1еха бола бели...
Арахь 1аьржа ю... Дог1а ду...  Буьрса, гуьйренан буьй ю... Юьртахь а, махкхь а ток яц... Ет 1оьху...  Дан амал дац сан... Улле вала накъост вац, аттан г1улкхе хьажа.
Аттана оьшучуьнга ца хьажа, Дала деллачу сих эхь хета суна...
Т1аккха сайн кера милт йолу къуьда а эцна, цуьнан шишанна т1е дог1анан т1адам ца божийта, т1оьхула стомма кехат а лаьцна, болх Далла т1е а биллина, до1а ди ас "Я Аллах1, хьуна гуш ду - кх ас лелош дерг... Ахь дуьнен чу даьхна г1ийла синош ду - кх тхо... Алла - Дела, тховса, цу хьайбанийн г1уллакхе хьажа со ара яьллачахь, со 1ожалло лацахь, Хьай дезачу Г1азотан  ох1ла йелахь сох!,, - аьлла, ара а яьлла, божал чу яхара со... Атто дина эса 1уьллура шеллуш, туьначу лаьттахь...
- Дала беркат дахьаш деана хила хьо! Декъала хила хьо! - бохуш, сайха и хьоьстуш, бисмалла а аьлла, схьа а эцна, аттана хьалхьа, хьойди чу диллира ас...
Етт цунна т1е мотт хьекха бола белира....
Амма цо суна х1оттийна сурт дара коьртаниг...
Эсана т1е мотт а хьокхий, соьга цхьа хьожура иза, цхьа к1едачу хьежарца и хаза б1аьргаш, эсала суна т1е а дерзадой, баркаллийца, бат схьа а ца йостуш, мерехула, цхьа аз даладора цо "Ъъааам,, олий. Юхх - юху а олура цо, иштта. Со кхийтира цуьнан маттах....
Цо бохура:
- Ва, х1ара доккха х1ума, Дала суна делла! Баркалла хьуна, тхуна ахь дола дарна!
1995


Резванова Айза
Ненан г1иллакхаш...

Вайн г1аларчу, ЧГТРКа - хь болх беш волчу режесёр,  Аслана, дехар динера соьга, вайн т1е кхуьуш болчу кегирхойн г1иллакхийн башхаллех яздахьара аьлла, г1аларчу а, ярташкарачу а, г1иллаккхийн башхалла а гойтуш, дустарш далош....

Цхьа 1уьйранна г1ала яха новкъа яьллера со...
Соьлжа - г1ала йодучу Маршрутки т1ера пурхнехьа лаьттачу г1ента т1ехь хиина 1аш со а йолуш, маршрутки т1е хьала елира кхиина йог1учеха ши йо1, и шиъ суна хьалха лаьттачу шина г1ента т1е охьа хиина...
Царна т1аьххье хьалаяьлла, шовзткъа шо хирдолуш зуда суна юххе г1ента т1е охьа хииначул т1аьхьа,  маршрутка, д1айолаелира...

Со лаамаза - тилкхаз яьлла а, хьалха д1ахьаьжчи шина йо1ана т1е б1аьрг х1уттура сан.
Т1аккха схьагуш долу сурт тидмаза ца дуьсура...
Хаза хиларал а совнаха, товш яра ший а... Духарца а, леларца а...
Коьрта тиллинчу йовлакхо д1а ца хьулъеш йисина месаш яра, оьзда гуш, ч1абанца гулйина...
Буйнахь яцара телефонаш а, я лерга йоьхкина уллера аз къардийраш а яцара....
Сингаттамна 1уьйшуш сег1аз дацара... Лаппарг ца дичий а, бага меттах хьеян а... Уръаттал вовшенца къамеле а юьйлуш, нехан шаьшинна т1е б1аьрг х1оттийта бахьана лелош а яцара и шиъ...
Наггахь, вовшенга хьожий, къайлаха шабарш дой, к1еззига балда уозош, ела къажар нислора...
Шайна а, шайга д1ахьаьжначунна а синтомехь дара зудберийн лелар...

Некъ юккъе баьллера...
Цу шинна лелар тайна йолчу аса, ца 1енъелла хаьттира, цу шинга;
- Шуьшиъ стенгара ю?
Шиннах цхьамма, жоп делира:
- Лакхъхьара, гендаргной юккъера ю тхойша, - аьлла.
Т1аккха тхан куьпара хуьлу шуьшиъ.  Ялхалг1ачу ишколехь дешна хир ю шуьшиъ?
- Ю... Х1окх шарахь яьлла тхойша ишколера,
Университете кехаташ чу дала йоьдуш ю тхойша,  - жоп делира соьца хьалха къамеле яьллачо...
Ас юху сайн дагна тайнарг гучу доккхуш, элира:
- Суна хаза хийти шуьшиъ леларца а, духарца а, хаза хиларал совнаха, оьзда хилар а... Кхин т1е, ас дешначу йолхалг1ачу ишколехь дешна а ю шуьшиъ...
Шуьшинна тидам беш 1ара со... Юхьк1ам бу шуьшиъ йолучарна а, шуна хьехначу хьехархошна а, юьртана а... Нохчийн къоман масал ду иштта мехкарий, - ас аьлча, суна уллехь 1аш йолу зуда йист хилира:
- Дендас могийтур дацара, иштта ца хилча, - аьлла.
- Хьо цаьрца ю? - аьлла хаттар дира ас цуьнга..
Цо жоп делира;
- Со нана ю цу шинна, - аьлла.
- "Дендас,, бохуш, марден дош лардеш, хьо тайпа нус хилча, ши йо1 ненах тера хир ю...
Нагахь шайна соьгара г1о оьщуш меттиг хилахь, х1окху лоьмарца з1ене довла... Массане хуьлу, дешархоша гоч дара т1ехь а, цхьацца ца кхетам болу дош, я цхьанакхетарехь вовшах таса деза мог1анаш а, хоттуш хулу...
Шун дала аьтто бойла! -  аьлла, царна сайн телефон - лоьмар а юьтуш,  со Зорбан ц1ийнехь маршрутка сецча, охьа йоьссира...

Ненан хьехам эшар...

Тхайн ненан йиша йолчу яха яьлла со, "Кирова посёлок,, олучу г1алийн дозана чу йог1учу юьрта...
 Цу юьрта лелачу маршрутки т1е хьала ма елла, вукху г1енташна дуьхьал дерзийначу г1ента т1ехь меттиг нисъелла, хиина 1аш яра со...
Цу маршруткий чохь, пурханехьа дерзийна лаьттачу, не1ара уллера шолг1ачу г1ента т1ехь хиина 1аш ю,  цхьа хаза йо1...
Боккъала а, хазачунна т1е б1аьрг а ма х1утту...
Т1ехь доцца пхьош а долуш, генна охьа баьккхина кач а болуш, ю цунна т1ера коч....
Кхин еха охьа озон юх а яц цу кучан...
Делахь а, цу кучах г1оьртина а дац г1уллакх...
Дика гуолт1е ког а баьккхина, телефон буйна а лаьцна, г1ента т1ехь д1а т1аь1на а ца 1аш, корта т1ехьара букъанна йинчу г1отора т1ехула, аг1ор а тесина, б1аьргаш д1а а къевлина, д1атаь1на 1уьллуш ю иза...
Нах а бу цуьнга хьоьжуш, со санна....
Амма сан хьежар кхардам беш а, я белам беш а дацара....
Ас цуьнга меллашв мохь туьйхира:
- Х1ей хаза - йо1, схьа хьажахьа цкъа, - аьлла.
Йо1 1уьллура наб кхетча санна...
Лергах йоьхкинчу, г1овг1а къарйочу х1умнаша д1а ца хозийтура цунна сан аз...
Хьалхарчу г1енташ т1ехь 1аш кегий а, баккхий а нах бара, къайлаха хьоьжуш, цуьнан тидам беш, вовшашка шабарш деш а гора уьш...
Юху а ас меллаша аз дахийтира, цунна уллехь хиина 1аш йолчу зудчуьнга;
- Цу йо1е схьа хьажа алахьа, - аьлла.
Цу зудчо ц1еххьана цу йо1ана муьшка а еш, аз стамдина, элира:
- "Хьалаттахь,, - аьлла.
Йо1 кхераелла хьалаиккхина, сиха т1е кхетта лергара х1уманаш схьаяьхна, д1а а нисъелла, д1аса хьежира, хиллачух ца кхеташ....
Сов ч1ог1а юьхь1аьржа х1оьттира со а...
Т1аккха, цунна вас ца хилийта, жимма ела а къежна, иза хьосту кеп а еш, ас йо1е  элира:
- Хьо дукху яхарг, хаза ю хьо, сов ч1ог1а...
Хазачуьнан шегара г1алат далийта бакъо ма яц... Хазачуьнга воккха а, жима а ма хьожу... Кегийчу йо1риша масал а оьцу хазачуьнгара... Цундела хьоьга хаза охьахаахьара ала лууш яра со...
Хьох эхь хийти суна... Къинт1ера ялалахь хьайн ситем бохорна, - аьлла, со йист хилла, сан къамел чакхдалале, уллехь 1ийна зудчуьнгара мохь бели...
- Хьан бала бац, иза охьа мухху хиъчий а.
Со ю цуьнан нана... Ас дийр ду сайн йо1ана хьехар, дан дезахь, - олуш;
Йо1 мелачу озаца нене дехарш деш ю;
- Мама, 1ад1е... Мам.. 1ад1е, ма хьекха мохь..., - бохуш, эхь хетта, куьйгаца шен бат д1алоьцуш...
И къамел гена ца далийта, цу йо1ах бехк лоьцуш, юха а аз лахдина, нахана ца хозийтуш, цу нене ас элира:
- Хьуна а, цу йо1анна а вон х1ума ца боху ас... Хьо тахана хиларах, даима хир яц цунна уллехь.... Иштта охьахианчахь, шена ца хуучхана, и йо1 цхьамма юьхь - 1аьржа х1отторах ларъян боху ас...
Хьо нана юй ца хаара суна... Хала махетахьа, хьуна... Нийса кхетахьа сох, - ас аьлча, кхин а ч1ог1а лен йолаели зуда.
- Сан йо1 ахь 1амо езаш яц хьуна! Деккъа пхеаннашца школа яьккхина, Университетехь доьшуш ю сан йо1! - бохуш нана а, нана 1ехо, и д1атеян г1ерташ йо1 а гуш ю...
Суна уллехь 1аш йолу зуда а йолаели г1овг1а ян...
- Хьан а, сан а бала болуш х1ума дацара и мухху 1аш хилча а, - бохуш...
Со ю уьш кхето г1ерташ... Лууш церан дагчу сайн болчу сингаттаман дакъа кхачаре сатуьйсуш....
Т1аьххьар а, уьш кхета лууш ас элира:
- Бала бацара сан и йо1 нохчий ца хилча...
Х1инца бала бу сан, нохчийн къоман массо а бераца а... Цу беран некъ табелча хаза хетар а, некъ боьхча хала хетар а, дакъа а ду суна...  Цу йоь1ан бехк болуш х1умма а дац схьагучу суьртехь. Бериг бехк а ненан бу... Ткъа х1ара санна дерг ахьа а, аса а, муьлххачу нохчийчо а ала дезаш ду...
Бераш дуьненан а т1аьхьало ма ю...
Юху а нана лен елира.
Цуьнга ла а доьг1на, ас элира:
- Дика ду, хьо нана суна евзина.... Суна беллачу белхан сурт ду суна тахана схьа х1оьттинарг... Сан д1а яздан бен ца деза, ас аьлчи.
- Хьан бакъо яц тхох яздан, - бохура нанас.
- Бакъо бакъ ерг ю... йо1 бехке яц... нана ю бехке, - олуш, маршрутка сецначахь со охьа йоьссира...

Цул т1аьхьа цхьа бутт сов хан яьлчи, со цу юьрта йоьдучу маршрутке хьоьжуш лаьтташ, цхьа йо1 т1е еана, йист хилира соьга:
- Суьйре дика йойла хьан! Со евзий хьуна? - аьлла, хаттар а деш...
Со цуьнга д1а хьаьжчи, и хаза - сирла юхь - сибат дага деара суна... Т1аккха, юхь т1е хьацар туьйхира, цу йо1ах эхь хетта...
Коьртахь хаза нисдеш тиллина йовлакх дара... Деха пхьош долуш, ехха, когийн хьакхораг къайла йоккхуш юьйхина коч  яра, т1ехь... Цул совнаха сан эхь хетар а дойуш, хаза тоьшалла дира цо:
- Ас цу шолг1ачу дийнахь дуьйна а хийцира сайна т1ера духур.... Бакъ долуш, со сайх йоккхае хьалхачул а, х1инца... Сайга нехан хийцабелла хьежам а, лерам а гуш, баркаллийца хьо дагалоцу ас....
Хьо ган сатесна яра со, хьуна баркалла ала...
Дела реза хуьлда хьуна! - аьлла.
Цул т1аьхьа, эсала ела а къежна цо элира:
- Тхан нана вон стаг яц хьуна.... Къинт1ера ялалахь цунна а, суна а...
Ас цу йо1ана томана элира:
- Массо нанна а ма лаьа шен берана там бериг... Ас аьллачух хьуна вас хиларна кхоьруш, хьо бехказа йоккхуш яра иза...
Амма хьан а, цуьнан а бацара цу т1ехь бехк... Со яра бехке... Дела къинт1ера волийла шуна, суна къинт1ера хьо ялалахь, - ас аьлчи, хьекъал долчу цу йо1а элира:
- Иза бахьана хилла, сан иманан б1аьргаш схьадаьлла, - аьлла.
Кхин х1ума ца дисира сан цу йо1е ала...
- Дала сий дойла хьан! Дала т1аьхье беркате йойла хьан! Дала декъала йойла хьо! - элира ас, сов ч1ог1а цу суьртах кхаъ хилла...
Делахь а, гуш долчу шина а суьрто гойтура, ала ца лаахь а, бехк ненан хилар....

Цу т1ехь д1а дирзина ца хиллера иза....
Мацца а юьхь к1айчу, я юхь1аьржа х1оттаво, шех ала дитинчу дашо а...
Шо сов зама яьллера тхо Хьалха - Мартант1ера, Дими1 1умаран ц1арах долчу,  Оьздангаллийн ц1ийнерачу, библиотекехь, вовшах тоьхначахь, оха г1иллаккхех дийца долийча, а и сайна гина сурт дийцира, ц1арца цу ненан оьздангаллех а, цу шана йоь1ан тайна хиларах а...
Тхойца цхьанакхетарехь волчу стага элира;
- Юхьк1ам бу - кх, тахана ахь дина цу нанна а, йо1анаа а дина тоьшалла...
Х1инца ши - кхо де даьлчи, х1окху мохьмадан к1антана ялош ю - кха, и йо1...
- Боккхал бах ахь? - аьлла, д1а хьежира со цу стаге, т1аккха а элира ас.
- Вайн дайша олуш ду, "Хаза хилар дика ду...
Хаза а, дика а хилча, кхо дика кхочу зуда ялинчу х1усаме,,
Хаза а, дика а, беркат дуссу шун х1усаме...
Дала беркате гергарло хуьлда шун цунах! - аьлла...
Юх - юха а дагна там хуьлу и иман долу мехкарий дагабаьхкича...
Дала ийманехь кхиабойла вайн доьзалаш!!!
2014





Хьо воцчу йоьду со,
Кхин цкъа а хьан аз а ца хаза,
Хьан некъаш дуьту ас,
Сих хедош...  Са хьоьга ца тийса,
Хьоьга ду цхьа дехар,
1индаг1ах, сан си т1е ца хьийзаш,
Йиталахь со яха, заманца,
Кхин юха ца ийзош...

Хьо воцчу йоьду со,
Малх кхетар, ца кхетар
Бен доцуш,
Дахарехь сайн некъан,
Аьттонаш, халонаш
Ца лоьруш...
Хьоьга ду цхьа дехар,
Сан дагчохь кхин
Малхах ца г1уьттуш,
Йиталахь со яха,
Йочана, йоькхана,
Ца хоьрцуш...

Хьо воцчу йоьду со,
Мехех я дог1анех
Ца лечкъаш...
Есачу есаллех,
Сийначу паналлех
Са хьерчош...
Хьоьга ду цхьа дехар,
Нагахь хьайн сина - къа
Сох хьарчахь...
Къинт1ера валалахь,
Хьо везар ас дагчохь
Кьийларна!!!

Р.А.



Нохчалла

Юьхь йоцчу къизалло сан дахар човхийча,
Хьо дагчохь г1оттура дог майра, нохчалла...
Мостаг1чо нуьцкъалла даш детташ хьовзийча,
Хьо майра г1оттура сан дагчохь, нохчалла...
1ожалла геннара б1аьргашчу къаьрзича,
Собарца г1оттура хьо дагчохь, нохчалла...
Хастам беш со Далла суждане яхача,
Иманца хьостура сан дог ахь, нохчалла.

Сан къоман дозалла, сий долу нохчалла,
Лаьтта хьо сан деган ч1аг1онан б1ов хилла.
Муьлххачу къийсамехь толаме кхочу со
Ахь тешам баларна, ницкъ болу нохчалла!!!

Р.А.



Тхо а девллера иштта дог1а дег1а ара...
Муьш-галий коьрта т1ехула т1е а духий, хьалха воккхий хуьлура цхьаъ... цунах "Къашкъарий,, олура...
Цхьа ша тайпа дог1а дехар а дара, массо а бераша цхьаний олура, воккхачо а, жимачо а, аз мукъаме а дерзош: "Къошкъарий яра ю, дог1у лохьа Делий!
Х1ай - вайн к1ентий хьоькъийла баба!
Амин! Амин!,,
Уьйт1а даханчу х1усамнанас, коьрта т1ера охьа, малхо дохдина мела хи дуттура.... Берашна т1е а тухура...
Ткъа берийн самукъа долура цунах.... Саг1ийна мерза конфет а, пирянг, вафли, хьовла я ахча а лора....
Иза бераша цхьаний охьа а ховший, юуура... Ма марзо яра и!
Иштта тхай юккъерчу нехан уьйт1а дахача, церан зудчо т1е доьттина хи дукха шийла хетта, тхан къашкъарий юхуиккхина, раг1ун бог1амах д1а а кхетта, ог1аз вахана, коьрта т1ера муьш - галий схьа а даьккхина, кхоьссина д1а а даг1ийтина, д1а волалушехь, къора тухуш доладели дог1а...
Тхо дериш а деладели... Сакъераделла тхан дог1а дог1уш...Тхан къашкъарий юху вирзина тхойца раг1у к1ела лечкъи...
Ма дара моьттахь; бериг хоттех буьзина когаш... Т1е хиш диттина, т1еда кортош а, бедарш а т1еда...
Вовшен юьхь т1е а хьоьжуш, д1аса хьекхна юьхь т1ера ченаша динчу томмпг1нех дуьйлура...
Дог1а сецчи, дикачара поппар а боккхий, тохьтаргех ловзура...
Хаза ловзарш а дара уьш...
Куьйгин п1елгашна а ч1ог1а дарбане а хиллера и поппар бераша ловзор...
Тхо вовшах кхетча, х1инца ма самукъа долу и зама даглоьцуш...
Х1етахь ца хоийтуш, вовшех къайла даьхьина дисинарг а гучу доккху хинца. Т1аккха - м, кхин а ч1ог1а дела дог дог1у...
Бераллера схьа эеца дукху самукъне ловзарш а, деларш а ду - кх...
Дала лойла вайна беркате дог1а!
Увайс, Дела реза хуьлда хьуна...
И хаза хан дага яийти ахь суна...;;;;;


Рецензии
Ц1архо! Кегийчарна ч1ог1а пайде хир ду х1ара дийцар! Ойла йойтуш, дог 1овжош ду х1ара. Дала аьтто бойла хьан!
Ларамца,

Айза Барзанукаева   21.02.2018 15:11     Заявить о нарушении
На это произведение написаны 2 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.