25 Дахарехь зеделларш
242) Вуон стаг даим сингаттаме хуьлу.
243) Шена нах хьашт ма хиллара нахана ша оьший а хаа деза.
244) Къуона волуш хьекъал ца хиллачу коьртехь къанвелча кхетам хир бу ала а хала ду.
245) Вуон стаг вуон деш вацахь а новкъа ву, шен ка ялча вуон дан кийча хир ву и.
246) Шена хууш йоцу къайле ларъян атта ю.
247) Хьекъал доцчу стагца ца къийсар ду хьекъал.
248) Мукх д1абийначу к1а дера дац; осала 1амийначу доьзалхочух къонах хир вац.
249) Шен ц1е яккхийта деш долу г1уллакх эрна йойъуш хан ю.
250) Дийца ца хаахь ца дийца хаар а ю говзалла.
Свидетельство о публикации №218013002136