***

                АЛИЕВ Мохьмад
  Вайнах № 5 2012 шо.             Даьгна нур               

  Б1аьстенан бовха кхеттачу малхах сарралц 1индаг1ашкахь левчкъина а 1ийна, шайн хазчу эшаршка девллачу олхазаршка ла а доьг1уш, дас шийла шовданан хи дан яхийтина ойланашка яьлла йог1ура Пет1амат. Йо1 ц1а ян хьеяларна сагатделла кет1ахь лаьттара цуьнан нана Хеда. «Зуда, и йо1 ма хьеелла, цо х1ун леладо хьажал!» – бохуш, чуьра аракхойкхуш Пет1аматан да Х1арон а волуш, некъо голатухучохь гучуелира йо1. «Оффай-кха, ма са дии-кха ахь сан!» – аьлла, йо1 ц1а йог1уш хилар хаийтира Хедас шен х1усамдега.
Кет1ахь лаьтташ шен нана гина, болар сихдира йо1а.
– Йо1, ахь х1ун леладо, хьо гал-м ца яьлла, хьан да оьг1азвахана ма ву, хьо хьеелла бохуш, хьо х1ун деш яра?
– Нана, дов ма дехьа, со ц1а ма еъна! – аьлла, нанна хьастаелира йо1.
– Дов-м ца дора ас хьуна, делахь са дии-кх ахь, – аьлла, йо1 хьастаелча са к1адделла: «Яло, хьайн дена хи хьо!» – аьлла, йо1 да волчу а хьажийна, цуьнан ойла ян елира нана. «Д1асахьаьжна а ялале, кхиъна ели-кх хьо, кеста захалш а бевр бу, 1имранна цхьа нускал далийча-м хала а ца хетара захалонаш хьахорах, цунна бина г1айг1а а боцуш, цхьаммо захало хьахадахь ду-кха галдаьлларг; воккхах волу ваша д1а а тарвале, маре муха йохуьйтур ю?!» – бохуш, ойлаеш Хеда а йолуш, уьйт1а еара оцу юьртахь шен эладитанца евзаш йолу кхеран лулахо Хьасипат: «Суьйре дика хуьлда хьан, Хеда!» – олуш. Амма Хедина хиира т1е ма-хьаьжжинехь и цхьаъ дохьуш еъний.
– Диканца дукха ехийла хьо а, хьо лаа леларий?
– Дера со-м сагатделла хьо х1ун деш ю хьажа еънера, – аьлла, дехьа яьлла, кхоьссина лаьттачу гуьйриг т1е охьахиира лулахо. Хьасипат д1аяха ца еъний, иза цхьаъ дохьуш еъний а хиъна, уллехь йолчу цхьана дечиг т1е охьахиира Хеда. Кхин башха йистхилар доцуш хиъна 1ара ши зуда, «Муха д1адоладе-те?» – бохуш, Хьасипат, «Х1ун дохьуш еъна-те х1ара эладитанча?» – бохуш, Хеда а. Юьртахь цхьанне езаш яцара Хьасипат, цуьнан мотт бахьана долуш. Г1уллакх ца хиладоллий а хиъна, са а ца тохаделла, шен къамел д1адолийра Хьасипата.
– Гой хьуна, Хеда, со яра, кха т1ера йог1уш, гихь бецан мохь а болуш, хьаг а елла хи мер дар-кха аьлла, хи т1е йирзира со, – аьлла, жимма йовхарш тоьхна сецира важа.
– Хьасипат, хьо хьагъелла хир юй а хаьа, ахь гихь беъначу бецан маьхьарца сан г1уллакх дац, дийций ялахьа, сан дандезарг дукха ду декъа т1ехь, – аьлла, шен 1ан йиш ца хилар хаийтира Хедас.
– Со-м кхин х1умма ала ца г1ертара, тахана оцу шовданан коьртехь хьан йо1 яр-кха вайн юьртарчу Замраилан к1антаца Шамсуддица лаьтташ, – аьлла, ша дуьйцург саца а дина, Хедас х1ун олу хьажа сецира Хьасипат. Ела а къежна, д1аса корта а ластийна, йоь1ан нанас элира:
– Х1ун ду и йо1 к1антаца хинкоьртехь лаьттича, йо1 маре яха а еза, к1анта зуда ялон а еза, цундела уьш хинкоьртехь вовшахбеттало-кха, ткъа хьо суна керланиг дохьуш еъна, эхь долуш х1ума-м ца дина сан йо1а? – аьлла, цо дуьйцучунна ша реза ца хилар хаийтира Хедас.
– Вай, со-м т1ехйолушшехь йист хир яр-кха аьлла, чуйирзинера, д1айоьду со-м, – аьлла, г1уллакх ша бохучу т1ег1ан т1е ца даьлча, кехъяьлла д1аяхара Хьасипат.
   
  Цунна т1аьхьахьоьжуш, ойланаш еш дукха лаьттира Хеда. Цунна дагадеара масийтта шо хьалха, Хьасипата юкъа мотт лелийна, юьртахь галдаьккхина захало. Ткъа, Хьасипатан ц1ийнада, юкъахь баккхий доьзалш хиларна цунна дан х1ума а ца хилла виснера. Хеда цецъюьйлура Хьасипатах а, и санна болчу нахах а. Цо ша-шега хоьттура: «Х1унда белла-те Дала оцу нахана мотт?» – бохуш, амма оцу хаттарна жоп дацара цуьнан. «Цунна, Шена дика хуур ду-кха», – аьлла, юха ойлане яхна Хьасипата дийцинарг дагахь листа елира Хеда.
 
  «Шамсудди-м хьа ву дика к1ант, дикчу ден а ма ву, нагахь цара т1е нах бахкийтахь х1ун дийр ду, вешийна зуда а ялаяле йо1 маре яхийтина эр ду наха, нагахь шайна йо1 езахь, оха к1антаца цхьалхо яккхалц 1ийр бу», – аьлла, шен г1уллакхаш дан яхара Хеда. Ткъа нанна-м ца хаьара тахана шен йо1а Шамсуддина вашас зуда ялийча (иза мацца хилахь а), йог1ур ю аьлла, тешамна кара йовлакх деллий. Пет1амат ша а яцара вашас зуда ялаяллац маре яха ойла йолуш, шен вешин сий ч1ог1а дора йо1а. Амма и хаза сирла денош гена д1адаха ца доьг1на хиллера-кх йоь1ан дахарехь.
   
  Цхьана 1уьйрана ламаз а дина арахь хиъна 1аш Х1арон а волуш, уьйт1а баьхкира кхунна ца бевза нах. Церан кхоьлинчу яххьашка хьаьжча Х1аронна хиира уьш диканиг дохьуш ца баьхкиний. Хьал-де а хаьттина шаьш парг1атдевлча, къамел долийра х1усамдас:
– Цкъа чу девлла, юучух кхетар ду вай, т1аккха аш деанчу г1уллакхе а хьовсур ду! – аьлла. Жимма цуьнга ла а доьг1на, къамел долийра баьхкинчех воккхачо.
– Тхо чу даьхкина а 1ийр дацара, ахь пурба делча тхаьш деъна г1уллакх хьуна довзийта лаьара тхуна.
   
  Хьеший диканиг ца дохьуш баьхкинчух тера хеташ, цхьана вочу х1уманна дог кхиъна волу Х1арон, ц1а ванза волчу шен к1антана т1ехь ойла лаьтташ волу, уьйт1ахь уьш охьа а ховшийтина, цаьрга ладоьг1на ирахь сецира.
– Х1арон, тхо шуна вон кхаъ бохьуш даьхкина. Делан кхиэл ю лелларг, дар-дацар хиллачохь, сийсара тхан юьртахь хиллачу ловзаргахь шаьлта а кхетта, валар хилла шун к1ентан. К1ант кечвина оха схьавалийна. Тхо шуьга хаийта даьхкина. Оцу к1антаца цхьаберш эвлайистехь 1аш бу. Хала-м ду х1ара саннарг, дег1а ваханчу шен доьзалхочух дерг хаар, делахь, Делан кхел лелаш ю-кха, Хьарон. Ахь х1ун олу? – аьлла, шен къамел дерзийра цо.
 
  Кийрахь ц1е кхерстира Х1аронна. Деле шена собар а дехна, шех ледарло яларна а кхоьруш, жимма ойлаеш а 1ийна, «К1ант ц1а валаве, шуна Дела реза хуьлда аш лелийначунна!» – аьлла, схьавоьрзушшехь, чохь Пет1аматан мохь белира, шен вешин 1имранан ц1е а йоккхуш. «Нанас винарг, юххе вала ваша воций, я и жима вуй хууш атта хетта-те, тешнабехк бина-те хьуна? Ас Делаца ч1аг1о ма йо хьуна, и мухха делахь а, хьан ч1ир ца оьцуш лаьтта кийра ца ерза. Со тахана ваша а ву хьан, йиша а ю хьан, кхин стаг дуьненчохь ца хилча а, ас хьо вуьтур вац-кха, и къонахалла ю хьуна соьгахь!» – аьлла. И йишин ч1аг1о массарна хезира, цо уьш цхьана ханна 1адийна бист ца хуьлуш совца а бира. Пет1амата ша-шена йина ч1аг1о яра иза, цхьанне хазийта йина а яцара. Х1ораммо а ша-шега хоьттура: «Муха хир-те кхуьнан чаккхе?» – бохуш.    
   
  1имран д1авоьллира, тезет чекхделира, куьгбехке боцурш т1е а битира. Амма, куьгбехкениг къайлаваьллера. Волчарна а ца хаьара цунах хилларг. Наха дийцарехь 1имранна цо тешнабехк бинера. Ловзаргахь йо1 къевсина вистхила дехьаволуш, тешшийтина шаьлта тоьхна бохуш дуьйцура тешхиллачара.
   
  Йоь1ан дог туьйш дацара. Вешин самукъне, дуьненах даккхийдуьйш долу б1аьргаш дуьхьалтуьйсура цунна. Наб еш а яцара иза, юучух а хаьдда йолуш лаьттара. 1имран, вийна ц1а валийначу дийнахь даге кхеттачу лазаро де-дийне мелдолу ницкъбеш, охьате1а воьллера Х1арон. Денна худалуш чекхволуш волу шен да а гора йо1ана. Цо а ч1аг1йора иза шен ч1аг1он т1ехь.
   
   Ишта цхьана суьйранна йо1 шен вешин ойла а еш, цуьнан дикалла дага а лоьцуш: «Ма дика ваша вара хьо, хьайн декъа т1ехь г1уллакхдеш, юьртахь оьшучунна накъост а волуш, бусулба 1илма 1амо а г1ерташ, дахарчу волуш вар-кха хьо, ма ишта д1аваха хьакъволуш к1ант вацара хьо!» – бохуш, йоьлхуш 1ачу хенахь, чуеара нана.
– Йо1, ахь лелориг дош дац, юуш яц хьо, молуш а яц, виснарг ца ваьхча ца волу, ма леладе и х1ума! – аьлла.
– Нана, оцу вайн мостаг1чо чуузу са а новкъа ду-кха суна. Дада могуш вац х1умма лело, ткъа вайн нах х1умма деш бац, уьш мостаг1 лохуш а бац, дукха парг1ат 1аш бу. Я ч1ир екха дагахь а бац, ткъа ас айса биъна дуй кхочушбийр болуш бу хьуна, наха шайна цхьацца олий хаьий-те оцу вайн нахана?!
– Йо1, ахь х1ун дуьйцу, хьо ларт1ехь юй, хьуна мичахь гина йо1а ч1ир йоькхуш? Оцунна божарий ма бу, кхин дош ца олуш охьайижал, хьан дена хиъча мегар долуш къамел дац иза, ишта а могуш воцуш, хала лелаш волчу цунна, бала бан г1ерта хьо, вайн нах и лоьхуш бу, хьо сиха ю, ведда воьдушшехь ма ца нисло и саннарг. Ткъа наха дуьйцучунга ла ма дег1алахь, наха-м эвлаяашна а баьхна. Зударий, божарша де аьлларг деш 1ийчахьана бовлу, дерриг хьуна дуьйцийла яц, божарша шаьш лелориг зударшка дийца а ца дуьйцу, хьайн коьртера 1овдал ойланаш д1а а яхий, охьайижа, – аьлла, нана йижа чуяхара. Охьа-м йижира йо1, кхин а ч1аг1он т1ехь ч1аг1ъелира иза шен вешин ч1ир эца.
   
  Шераш д1адоьлхура, пхи шо хан яьллера и зулам Х1аронаг1еран керта деъна, мостаг1, вахна меттиг боцуш, вайнера. Х1аронан тайпанан нах и кара а ца вина, къарбелла севццера. Я оьрсийн махка вахна хир ву я велла хир ву, цкъа мацца гучувалахь д1айоькхур ю ч1ир аьлла.
 
  Ткъа Шамсудди безамо денна вагош, Пет1амате вистхилар товш ца хеташ, таь1на лелара. Ц1ахь а хьийзош вара иза, Пет1амат ч1ир кхобуш ю, и хьоьга йог1ур яц, хьайна зуда ялае бохуш. Амма, Шамсуддис Пет1аматах дог ца дуьллура.
   
  Иштта цхьана дийнахь хи т1е еъначу Пет1аматна т1екхечира Шамсудди. Ший а доьхна вовшашка хьаьжначохь сецира. Сиха меттаеъна йо1 д1айолаелира, наха цхьаъ аларна кхийрина. Амма, дуьхьалъиккхинчу к1анта ши дош аллалц сацахьара аьлла, дийхира. Йо1 ладоьг1на сецира.
– Пет1амат, вайшимма дийцина цхьа х1ума ма дара, ахь пхи шо бахахь, пхи шо, итт шо бахахь – итт шарахь со хьоьга хьежа реза ву, айхьа деллачу даша т1ехь юй хьо, цкъа мацца еъна а соьга йог1ур юй хьо? – аьлла, йо1а х1ун олу хьаьжна, ладоьг1на сецира к1ант.
– Шамсудди, соьга ма хьежа, хьайна зуда ялае, сан дахаран нур даьгна, сох догдилла! – аьлла, сихачу боларца д1аяхара йо1. 
   Веха лаьттира к1ант хинкоьртехь. Амма, Пет1амат д1а а теттина, кхечуьнан б1аьра хьажалур ву бохург бакъ дацара цуьнан ойланашка хьаьжча.
   
  Кхин латтарх г1уллакх хир доций а хиъна, г1ийлачу ойланца ц1ехьа вог1учу к1антана ца хезара шега бетта мохь. Юха а цхьаъ кхойкхуш а хезна юхахьаьжча, Шамсуддина гира говр хьийзош динбере. «Накъост, хьо соьга кхайкхирий?» – аьлла, к1ант ладоьг1на сецира. «Къонах, хьо цхьана х1умано вагийна вог1у моьтту суна, соьгара г1о оьший-те хьуна?» – элира беречо, г1еххьа вела а къежаш. «Х1ан-х1а, ца оьшу», – аьлла, Шамсудди д1аволавелира. Динбере а, 1одика а йина, д1авахара. Амма, Шамсуддина и стаг шена вевзаш санна хийтира, цуьнан велакъажар шена девзаш санна хийтира. Мел дагадахкийта г1ортарх цуьнан аматаш дага ца дог1ура цунна.
   
  Иштта и ойланашкахь волуш буьйса а д1аелира. Шолг1ачу дийнахь Пет1аматг1еран лулара цхьа зуда яхийтира цо йо1е хит1е йола аьлла. Хьен ца луш юхаеанчу зудчо йо1 ц1ахь яц селхана дуьйна, цунах хилларг хууш стаг а вац, цуьнан нах и лоьхуш бу, элира. Шамсудди т1аккха кхийтира, селхана шена гина динбере Пет1амат хиларх. «Дакъаза ма яла хьо, Пет1амат, х1ун дагахь араяьлла-те хьо, дуьйцуш хезна х1ума дац-кха ахь юьхьарлаьцнарг» – аьлла, шен кийра яьллачу ц1арна дан х1ума доцуш б1арзвелла ц1а иккхина, сиха говра т1е нуьйр а тиллина, Пет1амат яханчу аг1ор говр д1ахийцира к1анта.
   
  Шамсуддица хинкоьртехь къамел хиллачул т1аьхьа ц1а а еъна, шен вешин духар т1е а дуьйхина, герзаш юкъ къовлуш д1а а дихкина, шен полша, пезагаш говран таьлсаш чу а ехкина (эшахь аьлла),  дена-нанна ца хоуьйтуш шен вешин хилла дин ара а баьккхина, шен жимха волчу, итт шо долчу вешега Исламе, т1е х1ума а юхий, ден говрахь шена т1аьхьа вола, ша эвла йистехь хьоьжур ю, вай стенга доьлхуш ду аьлла, вашас хаттарх и ца вохийта, цунна жоп ца луш: «Сихо елахь, вайшиммо лелориг массарах хьулделахь!» – аьлла, новкъахь Шамсуддица 1одика а йина, ша биъна дуй кхочушбан яхара Пет1амат. Йо11а-м цхьа воцуш ша г1ур йолуш яра х1умма ийза а ца луш, и къонахалла яра цуьнгахь, делахь, ша яхар товш ца хетта, жима велахь ваша а ву, накъост а оьшур ву аьлла, йилленче д1акхайкхира цо Ислам. 
   
  Йо1ана хезнера, шен ваша вийнарг кхечу махкара ц1а вирзина, дийнахь цхьана ломан хьехахь 1аш ву, амма буьйсана ц1а вог1у, башха къехкаш а вац, аьлла. «Х1инца масийтта шо а даьлла, со башха сан мостаг1аша лоьхуш вац», – бохуш, эвхьаза лела воьлла. И хабар а Хьасипата деънера цунна.
   
   Пет1амат шен вешийца Исламаца мостаг1 вехачу юьрта йисте кхочуш, суьйре яра. Шаьшшинан дой дажа д1а а хецна, цхьана боккхачу ножа к1ел сада1а д1атевжира и шиъ. Г1еххьа Пет1аматна наб озочу хенахь етташ вота, лоькхуш пондар а хезна, самаяьллачу кхунна т1евог1уш шиъ динбере гина, шен дег1 нисдеш хьалаг1еттира иза.
– Ассаламу 1алайкум, мехкан доцу хьеший, дой дажа а хецна, шу х1ун деш 1а тхан юьрта йистехь, дайн г1иллакхаш тхо дицделла дац х1инца, тхан юрт юьхь1аьржа х1отто г1ерта-те шу, кхетавейша тхойшиъ шаьш лелочух?
– Ва 1алайкум салам, Делера салам-маршалла хуьлда шуьшинна а, ч1ог1а юьхь1аьржа ду тхо шуьшинна хьалха, цхьа хабар эцна доьлхуш дара тхо, шу ца ларар а дацара, шуна ала х1ума а дацара, делахь жимма говрашка чож а тохийтина (сада1ийтина) д1аг1ур ву-кха аьлла сецнера тхойшиъ, бег1ийла доцуш нисдели-кха х1ара, – аьлла, йоьхна хьаьвзира йо1.
– Х1умма дац ишта делахь-м, х1инца башха галдаьлла х1ума а дац, дерриг д1анислур долуш х1ума ду х1ара, юьртахь х1уттуш доккха ловзар ду, оха деза хьеший дийр ду шух, дуьло тхоьца, ткъа аш хьушдолу хабар, мегар делахь, тхоьха муьлххачо а д1ахьур ду.
– Хаьа суна аш хьаша вийр вуй а, шу ледара хир доций а, аш пурба делча тхо новкъа девр дара, шух ца тешар а дац, аша оха новкъа баьккхина некъ кхочушбийр буй а хаьа, делахь а, тхайна т1едиллинарг тхаьш кхочушдан лаар ду, – аьлла, и ши бере кочара ваккха г1оьртира йо1.
– Шу хабар эцна доьлхуш хиларна д1адаха пурба ло оха шуна, лаахь тхойшиъ накъост ву шуна, вуьшта лаа-м лаьара шух тхайн хьеший дан, – аьлла, д1авахара ши динбере.
   «Кхузахь 1ахь вайша нахала дер ду, хьуьн чу дахна, цигахь собар дан деза вайшиммо», – аьлла, шайн говрашка а хевшина, хьуьн чу дахара и шиъ. И дерриг къамел хезаш коьллашна т1ехьа ладоьг1уш а 1ийна, цаьршиммо х1ун леладо хьажа т1аьхьа вахара Шамсудди, ша вуй а ца хоуьйтуш. Иза воккхавера, ца хууш нисвеллехь а, ша цаьршинна т1енисваларх. «Х1инца-м хала дацара хьо б1аьрга1уьналлера ца ялийта», – аьлла, Пет1аматна, Исламана гур йоцчу говр д1а а тесна, лечкъаш цаьршинна юххехьа вахара Шамсудди. Амма шена гинчу суьрто цецваьккхина лаьттара иза.
   
  Х1инцца хиллачу динберечух, шарула к1айн полша а юьйхина, исбаьхьа хаза йо1 хилла лаьттара. «Йо сан Дела, х1ун дагахь лела-те х1ара йо1, х1ун дан г1ерта-те хьо, х1ара бер т1аьхьа а тесна? Г1о хьуна эша там бу, цхьаьний чекхдоккхур вайшимо ахь долийнарг», – аьлла, 1арж а ялийтина, юьрта доьдучу цаьршинна т1аьхьа вахара Шамсудди. Ткъа йо1, таь1ина йол-йолчухула нахана ца гойтуш, ша полша, пезагаш схьаэцна хиларх йоккхаеш, ийши-кха шу суна бохуш, ловзарна т1е яхара, ткъа Ислам божарий болчу хьажийра цо.
   
   Юккъехь латийна йоккха ц1е а йолуш, д1адоьдуш доккха ловзар дара, мехкарийн мог1аршна т1ехьа д1ах1оьттира Пет1амат. Цхьаммо цуьнан тидам а ца бира. Ткъа к1ентийн мог1аршна т1ехьа а ваьлла, цуьнан тергам бан х1оьттира Шамсудди. К1енташна юкъа хьожуш 1ара йо1. Хелхаяла аьлча, хелха а ца йолура иза. К1ант кхийтира цо лелочух. Иза шен мостаг1 лоьхуш яра. Ткъа йо1а ойла йора, хийцавелла хир ву, вевзар вац-те бохуш. Кхеран юьрта вог1уш вара иза, шен ненахой болчу, цундела ца вевзийла дацара, хан яьллехь а. К1енташа дукха хабарш кхоьхьуьйтура йо1ана т1е. Цкъа-шозза хелхаяла а дийзира цуьнан.
   
  Ловзар гуттар толучу хенахь, 1аьржа чоа, 1аьржа куй, оццу басахь башлакх а йолуш, хелхавала юкъавелира цхьа къонах. Леррина цуьнга хьоьжура йо1. Дийца ца оьшуш вевзира Пет1аматна шен ваша вийнарг. Човс т1е а кхайкхина, кхуьнга а хьаьжна, цхьаъ элира хелхавала юкъаваьллачо. Йо1 хелхаяла юкъакхайкхира човсо. Шен дас пхийтта шо кхочуш шена совг1атна елла дашо варкъ даьккхина жима шаьлта пхьуьйшара схьаяккха томехь д1а а нисйина, хелхарна юкъаелира йо1.
   
  Цкъа а ца яьллачу тайпана шуьйра т1ам хоьцуш хелхахьаьвзира иза. Т1аьхьа ца вуьсуш, дика хелхаволура к1ант а. Сих-сиха, шен г1иллакхдацар гойтуш, лере а таь1ий, цхьаъ олура к1анта Пет1амате. Ямартхочун «г1иллакхан» кхин цхьаъ а тоьшалла гайтира ч1ирхочо. Амма цо дуьйцург хезаш яцара йо1. Цуьнан дагахь верг, цо вийна шен ваша вара. Юха цхьаъ ала хелхарча юххе ма-таь11инехь, пхьуьйшара схьаяьккхина дог лоцуш шаьлта туьйхира йо1а. Голаш т1е охьавахара важа. Зударийн маьхьарий девлира. Божарий т1ехьаьлхира.
   
  Цхьаммо мохь туьйхира: «Цо вийнарг шен ваша вийнарг ву, т1е ма г1ерта шена соьца мостаг1алла ца дезарг, йо1ах кхид1а жоп луш верг со ву», – аьлла, цхьана куьйга шаьлта, вукха куьйгахь мажартапча а йолуш лаьттачу къонахчух б1аьрг кхетча, адам юхаделира. Нах долучунах кхетта, ладоьг1на севцира. Даг т1е диллина куьг а долуш, йо1е хьалахьаьжира лазийнарг. Ткъа йо1 буйнахь шаьлта а йолуш, 1адийча санна лаьтташ яра.
 
  «Пет1амат, ца евзир-кха хьо суна, евзинехь хьан вешин санна, ас са доккхур  дар-кха хьан а. Суна хаза ма хезнера ахь со вен дуй биъна бохуш!» – аьлла, охьавуьйжира мостаг1. Шен т1аьххьара садолуш а, гайтира цо шен ямарт дог-ойла.    
  Меллаша мохьтоьхначуьнгахьа схьайирзира йо1. Юххехь лаьтташ шена веза к1ант, цуьнца шаьлта а яьккхина лаьтташ шен ваша Ислам а гича, охьахьаьвдира йоь1ан б1аьргех хиш. Жима велахь а, шен йишин букъ ларбан х1оьттинера ваша.
   
  Пет1аматна хиира, жима ву бохуш ша лелориг цунах лечкъийнехь а, кхид1а дахарехь иза шена йоккха г1ортор юй.
   Тийналла х1оьттинера ловзар хиллачохь. Х1ора а лаьттара хиллачун ойлаеш, кхид1а х1ун хуьлу-те бохуш. И тийналла йохош дас элира:
 
  «Яло, Пет1амат, д1адоьлху вай, чекхдели х1ара х1инца!» – аьлла. Кхеран лар хьовзийна баьхкина да Х1арон а, берриг тайпанан нах а лаьттара йо1ана го бина. Ткъа дехьо вухахилла, йоь1ан нахана меттиг белла, г1иллакх лаьцна, ша ца гойтуш Шамсудди а.
   Ваша а вийна, къизачу дахаро чахчийна лазийначу йо1ан дагах х1ун хир ду кхид1а, х1ун къайленаш кечйина цо цунна ала-м хуур дацара цхьанне а. Ямартлоно, тешнабехко, Пет1аматан санна, хийла йоь1ан а, к1ентан а дагадо-кха дахаран нур.               
***                Гуьмсе 2000 шо.


Рецензии
Мне нравится.

Магомед Алиев   30.01.2018 09:00     Заявить о нарушении