26 Дахарехь зеделларш

251) Нахана вовзале шена вовза веза ша.

252) Нахаца лерам ца хилар нехан шеца лерам хила ша хьакъ ца хилар ду.

253) Г1алаташ т1ехь 1емаш волчунна г1алат даккха дика 1емар ду.

254) Дукха хьолехь шена лууш дерг ма дарра хууш а ца хуьлу цхьаверг.

255) Муьлхха а х1уманан ма барра мах хадо хаар ду хьикмате хилар.

256) Х1ума дицделла алар г1оле хета цхьаволчунна, ца хаа олучул.

257) Г1алаташ т1ехь 1емачул г1алат а ца доккхуш 1амар г1оле ду.

258) Кхечунна хилла бохам лан атта ду.

259) Цхьаверг комаьрша хуьлу...  хьехар дан.

260) Хийцаделла дог1у вайн дахар, яккхалучо д1айоккху, д1а ца яккхалучо лачкъайо.


Рецензии