27 Дахарехь зеделларш

261) Шегахь долчух тоам беш воцург шена дезарг хилча а хир вац тоам беш.

262) Цхьаверг т1ехьаьжча вуьззана хета,  ткъа чу хьаьжча веса караво.

263) Кханенаш йохкуш т1аьхьа тоьттуш дерг, т1аьхьа дисина карадо.

264) Шен цхьацца ледарло йоцуш цхьа а вац, амма х1оранна а и ледарло йовза луурш дукха хуьлу.

265) 1овдал стаг даим хьехар дан лууш хуьлу.

266) Кханенаш йохкуш т1аьхьа тоьттуш дерг, кхане йоцуш диса тарло.

267) Къано - дарж ду, хьаьнг-хьаьнга а д1а а ца кхехьалуш.

268) Адам довзар совг1ат ду, ма дарра довза ца г1иртичахьана.

269) Хьекъал ца хиларх а бало хьехам.

270) Шегахь 1илма хилрах куралла ян ца еза - хуучо хьехна ма ду иза, куралла а ца еш.


Рецензии

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →