28 Дахарехь зеделларш

271) Говзалла хилар ду г1алат ца далийтар. Доьналла ду шен г1алатна къера хилар.

272) Кхел яле бехказло лаха еза.

273) Доцчунна бен ахча оьшуш а ца хуьлу.

274) Г1алаташ дукха хилар мукъа ца 1еран билгало ю.

275) Цхьаверг вовза дахар а ца тоьъу, ткъа кхечо ша сихха вовзуьйту.

276) Шена г1уллакх мел ди шена декхарийлахь хеташ хуьлу цхьаверг.

277) Жимачуьнгахь хаза дерг, воккхачуьнгахь товш ца хуьлу.

278) Мукъа стаг кхечуьнан хан кхоош ца хуьлу.

279) Ма дакъазалла ю къанвелча ша къанвелли ца хаар.

280) Селханлера хьал ца девзинарг таханлерачу хьолах кхетар вац.


Рецензии
Хьекъалечу дашах пайдаэца хьуьнар лойла вайна Дала!
Ларамца,

Асламбек Гайтукаев   22.03.2018 19:50     Заявить о нарушении
На это произведение написаны 2 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.