29 Дахарехь зеделларш
282) Дена дика к1ант ца хилларг к1антана дика да хир вац.
283) Къоналлиний къаналлиний юкъехь хан к1еззиг ю, амма чулацам боккха хила тарло.
284) Къеначунна г1о динарг шена г1о деш ву.
285) Кица - халкъанна дахарехь зеделларг ду.
286) Даймахке безам дегахь шена гиннарг хир бу к1антехь.
287) Мостаг1 - цхьаъ бен вацахь а дукха ву.
288) Даим оьг1азе хилар де цахиларан билгало ю.
289) Т1ех хеставаро эвхьаза воккху.
290) Ваха кечам хилале 1ожалла т1екхочу.
Свидетельство о публикации №218021401592