30 Дахарехь зеделларш
292) Доьзална диканиг 1амош воцчо мостаг1ий кхиабо.
293) Мукъачу нахаца охьахийшаро пайда бахьар бац.
294) Шел тоьлла волчуьнца гергарло лело г1ертахь, даим хьеставала дезар ду.
295) Шегара вас хиларна кхоьруш волчунна вас атта йо.
296) Шена буйннал д1аелларг д1аоьцучунна берцан буьртигал а ца хета.
297) Селхана динарг бен дац тахана, тахана ца динарг кхана муххале а хир дац.
298) Мел дукха г1алаташ дахарх а ца 1емаш берш а бу.
299) Дика вевза моьттуш хилларг а вевзаш ца хилла караво, цхьа г1уллакх 1отделча.
300) Цкъа цхьамма 1ехийнарг кхечо а 1ехор ву.
Свидетельство о публикации №218030500037