31 Дахарехь зеделларш
302) Къанваларх хуьлуш вац къано, къуоналла юьтуш вацахь.
303) Кхетам боцу хьекъал, нана йоцу бер санна г1ийла ду.
304) Нахана хьашт ца хилар эшам бу, ткъа ша воцуш цатерг хетар 1овдалалла ю.
305) Кхетаме 1овдал а г1оле ву, кхетам боцчу хьекъалчал.
306) Дийна воллушехь "велла" хуьлучул, вала а велла велларг г1оле ву.
307) Яккха ц1е а йоцуш вехачул, йоккха ц1е а юьтуш вахнарг г1оле ву.
308) Жима волуш хеттарш дан лууш хилларг, воккха хилча жоьпаш дала хууш хир ву.
309) Тешам боцчо даим тешна бехк беш, тешаме верг даим 1ехалуш дуьне ду-кха х1ара.
310) Ахча ца хилар сингаттам бац, оьшуш хиллалц.
Свидетельство о публикации №218031102426