Беркатан орам
Хьалдолуш болчу нехан йоI, шен да-нана дикка реза а доццушехь, мискачу кIанте маре йахана хилла хьалха заманахь.
Той дIадирзинчул тIаьхьа, жимачу зудчо аьлла: «Аса ден цIера йеана хIара дешин хIуманаш суна хIинца башха хьашт а йац. ХIорш дIа а йоьхкина, йетт эца безара вайшимма, цхьажимма аьтто хир бара вайн».
Деши дIадоьхкина ахча а эцна, базара йетт эца вахана жима стаг. Ша реза волу бежана а эцна хIара цIа вогIуш, новкъахь дуьхьалкхеттачу цхьаммо хаьттина кхуьнга:
– Йетт эцна вогIу хьо?
– ВогIура со-м, – жоп делла кхуо.
– Цхьа тайна-нисделла шинара дара сан, цуьнца хуьйцур бацара ахь хIара йетт?! – дехна некъахочо.
– Хуьйцур бу-кх, хьуна иштта лууш хилча, шинарах хуьлу-кх йетт а, – аьлла, хIинца шен шинара а далош цIехьа некъ беш хилла кхуо.
Жимма сехьо хIара ваьлча, кхин цхьа стаг духьалкхетта. Цо а дина шен хаттар:
– Шинара далош вогIу хьо?
«ХIаъ, вогIу», – кхуо аьлча, «Нисйелла ши газа йара сан, цаьрца хийцахь хIара шинара!» – аьлла дехна цо а.
- Гезарий а совйевр йац, цаьрца дарба ду олу, уьш беркате хир йу суна, Дала мукъалахь, – аьлла, шинара дIа а делла, шен ши газа а йалош цIа вогIуш хилла хIара.
ХIинца кхунна дуьхьалкхеттарг шен цIахь хьайбанаш долуш ца хилла, цо хаьттина ши газа йалош вогIучуьнга:
– Гезарий йалош вогIу хьо?
– ХIаъ.
– Вуно чIогIа нисбелла холхазан куй бара сан, ас иза белча хьайн ши газа лур йацара ахь?!
– Лур йу-кх ши газа а, – аьлла, шина газанна коча тесна йолу хIуманаш дIа а кховдийна, куй коьрта тиллина дIавоьдуш волу хIара цхьана хина тиллина тIай долчу кхаьчна.
Оцу хих хIара дехьаволучу хенахь, цIеххьана баьллачу махо кхуьнан коьртара баьккхина куй чехкачу хиэ дIабаьхьна.
Хил дехьа а ваьлла хIара йалйеш Iачу хенахь, гена махкара фургонца шен доларчу туькана дилла дуккха кIади дохьуш вогIу цхьа стаг тIекхаьчна кхунна.
– Ассаламу Iалайкум, жима къонах! Йал йеш ву хьо? Ма гIайгIане хета суна хьо. Цхьа бала-м бу хьоьгахь, бийцахьа суна иза, – вистхилла воккха стаг.
Цхьа а бала бац шегахь, кхуо бахарх, воккха стаг къар а ца велла, ма-дарра дийцина жимачу стага ша динарг.
– ХIинца цIахь хир долчу девнан гIайгIа йолуш ву-кх хьо делахь?! – воккхачу стага аьлча, «ХIан-хIа, цунна сагатдеш вац со», – жоп делла жимачу стага.
– Делахь дика ду, – аьлла кIади дохьуш вогIучо, – со хьуна тIаьххье шуьга вогIур ву. Ахь чу а вахана, ма-дарра довзуьйтур ду хилларг-лелларг, ткъа ас неIарна тIехьа саца а сецна ладугIур ду шуьшинга. Дов ца долуш, бертахь, маслаIате иза дIадерзахь, кху фургонна тIера дерриг кIади шун керла кхоллабеллачу доьзална дIалур ду ас.
Жима стаг, неI йиллина а йуьтуш цIа чу вахана, ткъа воккха стаг, ша ма-аллара, ладугIуш хилла.
– Эцний ахь йетт?
– Эцна.
– Ма дика ду иза.
– Иза-м ас, суо цIа вогIучу хенахь, шинарах хийцира, цхьаммо дехар а дина.
– ХIумма а дац, шинарах а хир бу йетт, – зудчо аьлча:
– И шинара-м ас новкъахь шина газанах хийцира, – хаийтира цIийндас.
– Гезарий а беркате даьхни ду, дика кхуьу уьш, шура а, жижиг а дарбане лору церан.
– Оцу шина газанна дуьхьал цхьаммо ша куй лур бара аьлча, цунна лаарна, куйнах хийцира ас и шиъ.
– Мел дика ду иза, куй а оьшуш ма бу хьуна.
– Иза коьрта а тиллина, тIай тIехула со хих сехьаволуш, чехка баьллачу махо сан коьртара а баьккхина, хиэ баьхьира сан куй, – цIийндас ма-эллинехь:
– Цхьа а хIума дац, хьуна хIумма ца хилчахьана, – элира зудчо.
«Схьавола, хIара кIади шуьшиннан ду, доггах хьанал а дина дIало ас» – аьлла, дерриг кIади охьа а диллина, оцу къонахчух, цуьнан беркатечу зудчух бIаьрг а буьзна дIавахара кхарна хьалха вевзаш хилла а воцу и воккха стаг…
Свидетельство о публикации №218031500722