Йаздархо

Публикация на чеченском языке на тему "Писатель"

   Заманаш хийцалуш йац олу вай, амма адамаш, йукъараллаш хийцало. Йаздархочо, нагахь цо гуттаренна йолчу темина а, цу тIе Iаьвшшина, похIмица йаздинехь, йовр йоцу лар йуьту дахарехь, литературехь. Дийна волчу стагах-йаздархочух лаьцна классик ала товш ца хетахь, ишттаниш болуш бу вайн.

   Суна иштта товш ца хета, йаздархо (сан кхетамехь, оцу йукъа вогIу поэт, драматург, прозаик, критик, гочдархо...) шен цIе нахе йаккхийтаран Iалашонца, леррина цхьацца гIуллакхаш дан (газетехь, журналехь шена лерина агIо кечйан йа кечйайта, шен кхоллараллин суьйре вовшахтоха) ша араваьлча. Кхайкхинчу ваха а веза. Шен дош дешархочунна мелла а гергакхачо хьажа а веза ницкъ кхочучу кепара, амма дIадолор (инициатива) цуьнгахь хила ца деза.

   ЦIе муьлххарг тиллахь а, йаздархойн болх шуьйра бовзийтаран Iалашонца вовшахтоьхна тоба хила йезара йаздархойн Союзехь, цуьнан правленехь. Хьалха цунах пропагандин дакъа олуш хилла хила а тарло. Керла арайевллачу киншкашна презентаци (йовзийтар) йар, юбилейни цхьаьнакхетарш дIадахьар, дешархошца, студенташца, белхалойн коллективашца суьйренаш вовшахтохар – уьш хила деза-кх оцу тобанан коьртачех декхарш.

   Вайн цхьаболчу йаздархошна шаьш йазйина говзарш бен ца йоьшу аьлла хетало наггахь. ДагадогIу, масех шо хьалха вайн йаздархойн Союзан 70 шо кхачарна лерина Зорбанан цIийнехь суьйре д1айаьхьна. Леррина ладоьгIура ас цига баьхкинчу луларчу регионашкарчу хьешашка. Мел дика кечам бина баьхкинера уьш. Цара, кхечу къомах болчу йаздархоша, вайна совгIатна аьлла, дагахь йоьшура нохчийн йаздархойн-классикийн байташ.

   Иштта вайн цхьана йаздархочо, масех шо хьалха, вайн векал хилла луларчу республикерчу йаздархочун суьйрене ша вахача, шун йаздархочун хIумма а ас йешна-м йац шуна, аьлла, къамел дан дIаволавелира, бохуш, дийцира суна и хьал девзачо. КхидIа хIун дийцина хир ду цо?!

   ДIакхаьчча вай йуьхькIайн дийр дерг вахийта веза, векал вина. Воьдучо, иза милла велахь, цигарчу хьоле хьаьжжина, дика кечам бан беза. ЙуьхьIаьржо когаш кIел ма йу.

   Иштта мехала хета суна вайн йаздархойн вовшашца йолу йукъаметтигаш. Вовшийн кхиам хилча, хазахеташ, оьшучохь – гIолоцуш, накъосталла деш, верг ву олуш, даима вовшийн гIортораш а хилла дIахIиттина хила беза йаздархой.


Рецензии