Дашо бIелиг - къоначарна!

Притча на чеченском языке "Золотой самородок - молодым!"

   Хьалха заманахь цхьана стага беш йоьхкина хилла, боху, кхечуьнна. Беш эцначунна, ша латта охкучу хенахь, цу лаьттах деши чохь долу кхаба карийна. И дешин кхаба д1ахьуш вахана иза, бешан хьалхалера да волчу.

   Бухарчо аьлла: «Шен яц и кхаба. Аса хьуна беш йоьхкина, цу т1ехь долчуьнца а, лаьтта бухахь долчуьнца а цхьаьна. И деши хьан ду». Бешан керлачу дас олуш хилла: «Аса эцнарг беш ю, деши дац. Лаьтта бухахь дерг аса хьоьгара эцна дац. Х1ара деши хьан ду…»

   И деши шен-шен дац бохуш, къуьйсуш хилла оцу шиммо ("Иштта девнаш бен ма делара вайн!" - элира х1ара дийцинчо). Дов д1адоьрзуш ца хилла.

   И къасто кхиэлахочунна т1е х1орш бахача, бухарчо хаьттина цаьршинга: «Бераш дуй шун?» Цхьаммо, шен кхиъна йо1 ю, аьлла. Вукхуьнан кхиъна ваьлла к1ант хилла. Кхиэлахочо аьлла: «И йо1 оцу к1анте яхийта, и деши цаьршинна ло».

   Иштта барт хилла церан.


Рецензии