Дикаллин доза дац

Публикация "Доброта не имеет границ" (на чеченском языке).

   Тахана сайна гонах, сан цаьрца г1уллакх нисделла я ца нисделла, сайл суна уьш дуккха г1олий хеташ, 1аламат дукха дика адамаш хаало суна. Уьш ламазе-мархе бу, шайн б1аьргаца, маттаца, куьйгаца – нехан, маьршачу нехан, парг1ато хьошур йолуш а бац.

    ...Мудаева Маруса бохуш белхало яра тхан коллективехь болх беш. Цо дийцира, шен ц1ийндас а, шайн юьртарчу цхьана стага а мехах тхов тилла т1елаьцнера, хилла ахча цхьатерра доькъур долуш, аьлла.

   Кхоно, болх бечу хенахь, Марусин ц1ийндас Висадис шина-кхаа дийнахь шена г1о дан шайгара к1ант вигна хиллера. Болх д1абирзича, Висадис шена ах ахча д1аделча, цуьнан накъоста ахча юхаделлера, шена оццул даг1ац, ахьа хьайца масех дийнахь накъост валийнера, аьлла.

   «Ахь бохург суна дагадеана а дацара. Амма иштта аларна, кхин а т1е лур ма ду хьуна ас ахча», - аьлла, шен эха ахчанна т1ера кхин а дакъа д1аделлера Висадис шеца тхов туьллуш болх биначунна, къар а ца велла...

   Цхьана дикачу стага весет дина хилла, ша велча шен деден кошана уллохь ца вуллуш, генохь д1аволлалаш ша аьлла – коша чохь хиларх а, тамехь хир дац шена, цунна юххехь ша когаш д1а а хецна 1аш, аьлла.
 
   Абдулаев Лечас, Нохчийн Республикин халкъан яздархочо, аьлла: «Хьакъдан деза хаза дош, ша д1аваьлча» олу. Ша жоьпалле хетар ду иза адамашна хьалха.

   Дика стаг васхал ца вуьйлу. Массо юьртахь, куьпаш болуш бу уьш, тийна-таь1на бехаш, диканехь-вонехь д1ах1иттина а болуш, тешамах буьзна нах. Мохь а ца бетташ, кура-коча боцуш, оьзда, хьанала сискал юуш беха нах – вайн халкъан, муьлххачу къоман дозалла ду.

   Сий-ларам, аьтто хуьлда дикачу нехан, царах тера, цаьрца цхьаьна 1аь йог1уш хила луучун а!


Рецензии