Мох тили...

Мох тили цхьахьаш - д1а,
Дарц эцна, шен ког маболлу...
Малх къежи боьлуш схьа,
Ша цуьнан амалах боьлла...
Х1аваэхь, лаьттахь а,
Ка йетташ, сутара балла,
Лачкъаза диснарг - м хьаькхи д1а,
Ницкъана тоьлла...

Д1о маьрша аренгахь лаьтта дитт дожий, юрт йохош,
Къийгашна дина зен,
Дохийна, даржийна бенаш..
Дийцарехь кхуьур ю уьш юху, юрт юьллуш йаха,
Кхо б1е шо ю боху, Церан хан дуненчохь йаккха...

Пхьид йоху, кхийссалуш,
Басий к1ел лечкъина 1ийнарг..
Дик - зуда шех хилла хьаьвзина мох цуьнан уьйт1а а...
Ша-боршам хьаькхина, лаьтташ ю,
Басех йина майда,
Пхьид а-м д1а 1ийр йара,
Цо а бер шена кхин г1айг1а...

Миска ши ч1ег1ардиг, цхьа к1еззига хан йаккха деана.
Тешнабехк хуьлура царна,
Цу шимма хьегна къа дайнехь,
Чура сал - пал айбина,
Баьхьнехь д1а,
Х1усам ю дийна.
Цу шинна ирс хили
Хиларна адмашца ийна..


И - м ду, 1илмади..

Б1аьрг белла кхиале зезагаш,
Къаголе малхо шен нур.
Шеконехь дитина олхазарш,
Д1акхелхи б1аьстенан мур...

Р.А.


Рецензии