32 Дахарехь зеделларш

311) Шена мел дезарг кхочуш хиларал г1оле ду шен кхочуш мел хилларг шена дезаш хилар.

312) Стагехь ма1аш товр яцара, кхин хьаг1 а ца тов.

313) Мел дика 1амийнарг а оьшучу меттехь карла даккха дезаш хуьлу.

314) Хууш хиларал а хала ду хууш ву моттийта.

315) Г1алат даларна кхоьруш 1ийча г1уллакх данза вуьсур ву.

316) Ойла ц1ена йолчуьнан юьхь а хуьлу къегана.

317) Ойла вуон ерг мел дика г1уллакх а вуон гайта лууш хуьлу.

318) Цхьамма ца ваьлла бина болх кхечо юха бан безаш хуьлу.

319) Хьекъал долчу нахана юккъе г1ерташ воцург 1овдалчу нахаца висарна кхерам бу.

320) Кху заманахь дукхах болчу нахах тера ца хила бакълуьйш хила веза.


Рецензии
"Мел дика 1амийнарг а оьшучу меттехь карладаккха дезаш хуьлу".
Оцу хьекъалечу дашехь дика хьехам бу. Дахарехь зеделлачо б1аьрла схьагойту 1илма 1аморан а, карладаккхарца иза ч1аг1даран а, даима ойла сема латторан а мехалла! Баркалла!
Ларамца,

Асламбек Гайтукаев   12.04.2018 10:31     Заявить о нарушении
АССАЛАМУ 1АЛАЙКУМ, АСЛАМБЕК. АХЬ ЛЕРРИНА ТИДАМ БЕШ КАРИЙЧА ДОГ ДОГ1У КХИД1А А Х1АРА БОЛХ БАН. ДЕЛА РЕЗА ХУЬЙЛА ХЬУНА. БОККХАЧУ ЛАРАМЦА.

Сайд-Эмин Мартанхо   24.04.2018 19:25   Заявить о нарушении
ДЕЛА РЕЗА ХУЬЛИЙЛА ВАЙНА МАССАРНА А!
ЛАРАМЦА,

Асламбек Гайтукаев   25.04.2018 15:14   Заявить о нарушении
ВА 1АЛАЙКУМ АССАЛАМ!
(Ши бутт баьлча юха а цкъа хьожуш вара со кху мог1анашка. Йозанехь х1ара делахь а, аса салам схьаэцна ца хиларна т1екхии со).
Аьтто хуьлда кхоллараллехь! Дала мукъалахь, беркате хир бу хьан къинхьегам, иза саца ма бе!

Асламбек Гайтукаев   14.06.2018 11:21   Заявить о нарушении