***
Сан хьоме махкахой, А.Айдамирвн хьекъалан а, цуьнан белхийн а мах хадо со хьакъ йоций хаа суна, делахь а сайна ца тайнарг ала лаьа суна...
"Нохчийн къам боьха ду,, аьлла ду - кх, даиман нохчийн къоман ц1еналлех а, майраллех а, сийлаллех а, сов ч1ог1а хаза яздеш хиллачу нохчийн къоман яздархочо А.Айдамировн т1аьхьара язйинчу кинки т1ехь...
Т1аккха весет дина цо иза гоч мае аьлла...
Ас дукху ойла йина цу дешнийн, цо иза муха аьлла хилла те?....
Массо а замнчохь вайна т1ехь латтинчу къизаллех а, харцонех а яздеш, и массо заманчохь х1иттинчу хиламех дийцина волчу Абузарна, х1ун т1е1аткъам бина хилла те, т1аьхьарчу хенахь нохчийн къомо?
Ас х1окху масех шерашках тидаме эцнарг нохчийчохь дехаш нахана а нохчий бу а моьтту НОХЧИЙН МАХКАХОЙ А БУ, НОХЧИЙН МАТТАХОЙ А БУ...
Нохчийн махкахой шайн орам а ц1ена нохчийн а болуш, бийца нохчийчохь баьхначу шайн ворх1е а дайн бух а болуш, и шаьш схьадевллачу дайн сий - ларам а беш, яхь - доьналла а долуш, ойлананаш а, г1иллакхаш а Делан ц1арах а лелош бу...
Цул совнаха шайн дайн хьуьнарех дийца дош долуш...
Ткъа нохчийн маттахо - шайн дай нохчийчу схьакхелхаш церан хиллачу ойлайнел а сов бовла хьекъал а, доьналла а, ца тоьурш бу...
Уьш нохчийн къам боьха гайта а, нохчийн къомана юккъехь питанаш латто а, нохчийн къам дуьненна хьалха сийсаза дан балийна бу вайн махка...
Кхин мел ц1ена хила деза нохчийн къам, даима а нохчийн къам 1азапехь даллийначу паччахьан Романовг1еран доьзалийн х1у ца дайийта нохчех тешна схьабалийлийна церан доьзалаш, шайна хиндолчу та1зарах ца уозалуш, уьш кхийийнарш нохчий ма бу...
Цкъа а цера ойла а ца хьошуш, церан дог ца дог1ош...
Иза ондда тешам ма бу нохчийн къомо дуьненан юккъарчу адамаллийна гайтина...
Нохчийн мичча метте кхаьчча а, мел луьрчу хенахь а шайн къомах дан дуьззина дозалла долуш, шайн орам къайла бахьа а ца г1ерташ хилла бу...
Шен орам лачкъош волчу стагах тешам бац....
Дала геч дойла Абузарна!
Айса сайна хетарг яздале дукху ойла йина ас...
Цуьнан цу къамелана т1е тан суна хала ду...
Нохчашна х1уьттаренна иза гоч ден берш а бу... Нохчийн шайн яздархочо дина тоьшалла нохчашна аьндерш а бу...
Дала сий дойла нохчийн къоман а, массо а бусулбанийн а!
Ларамца...
Зовкх ду – кх шуьгахь,
Тийначу 1индаг1ехь,
Хьозарчийн шакарша
Хьоьстучахь б1аьсте..
Къахьегар – ъ,
Сатийсар шайгарчу ирсе…
Кхоам бу – кх цу аьттона,
Цаоьшуча кхаьчна..
Ма ловр йара и таро,
Лоьхучо, баьрччехь…
2017
Ас дагчохь кхиийна сан зезаг,
Ма хилла, ба1 санна ира...
Тайначу басо ца хилла,
Дагна луш томехь кир а...
Эхх1ар а дог диллар бертаза,
Т1е дуьйжи зезаг хьох суна..
Йити ас хьеста хьан хазалла,
Сайн дагна хийрачу махана....
Р.А.
Г1аьтти малх 1уьйренца,
Шеен декхаш кхочуш дан,
1алам а х1оьтти д1а,
Цу малхо боххург дан..
З1аьнарийн куьг хьокхуш,
Хьоьстуш и х1ора г1а.
Шеен деган йовхо ло
Цо массо массо зезагна…
Заманан ирс хили,
Тоьшалла цунна дан,
Сан к1еззиг кайели,
Цу суьртан т1алам бан.
Я Аллах1 хастам бу,
Хьуна тхан кхолламна,
Хастам бу я Аллах1,
Бусулба кхолларна!!
2017
Хир ву –кх вижана виснарг а,
Лиънашехь х1ара 1уьйре ган…
Ма хьур дац цо данза диснарг,
Мел эшарх, эхарта д1а…
2017
Оррам цахийцало,
Мотт я мохк хийцарах а,
Ц1еначу нохчийн дог – ойла а
Хийцалур яц…
Резванова Айза
Со йелла ахь ларахь,
Хьанна хир новкъа.
Хьо вела ас бахарх,
Мила хир холчахь??
Вахахьа хьо а хьуо,
Везачийн дуьхьа!
Йитахьа со а сайн,
Деллачат1ехь йаха…
Хьан дагчохь г1ант х1отто,
Со а йац хьегна,
Сан дагчохь чан г1атто
Хьо а маг1ерта…
Дукха бу дуьненчохь,
Цабевзарш, бевзарш,
Хилахьа хьо царах,
Со а цайевзарг…
Р.А.
Нохчийн къомах волу стаг,
Даима дозалла деш хир ву,
Шеен къам дозалла хеташ…
Р.А.
Б1аьсте юкъйелла,
Хьаннаш сенъела,
Бацалахь можа
Зезаг денделла…
Хаддаза лерехь,
Къоркхокха хеза,
Хьозарчий бешахь,
Самукъне дека…
Р.А.
Эхартахь а хуьлу боху,
Шеен – шеен тобанца.
Х1оранна а дусту боху
Къа – мел терзанца.
Дагахьбаллам боцуш хилац,
Къастор 1ожалло а.
Тоба х1инцехь къасто йеза,
Шенаг х1орамма а…
Р.А.
Т1е кхечи мархийн бутт,
Ирс хили вайн и т1еэеца.
Вайн Делан къинхетам,
Вайх бинарг мА боккха хетта…
Аллах1а ницкъ лойла,
И кхаба Ша реза хилла,
Вай бахьнехь юьхь1аьржа
Ма хуьлда и Делан Элча!!!
Р.А.
Даго хоьрцуш буьйда ойла,
И кхочуш йан боцуш ницкъ.
Де эешна вайх цхьа магойла,
Лаам бузо доцуш рицкъ…
Бахам, рицкъа хиларх шорта,
Къен ву йоцург могшалла.
Кхин а къен ву бацахь корта,
Болх Деле д1акховдабан…
Х1унда х1инца хьо д1атийна,
Хезаш дац хьан г1орг1а аз.
Мавийлахьа тхуна хийра,
Жима ву хьох биса барз…
Р.А.
Белахь дагчохь безам мерза,
Ойланаш а хилча ц1ена.
Х1ун новкъа бу дашо малх,
Я дог ц1ена гергара нах.
Тешам боцуш йелахь буьйса,
Боданашца серло къийса.
Оьшу сац1ена седарчий,
Бода зарзбан ойланийн…
********
1аьрби вай г1ар – тата йоцуш,
Сан байт йиси кхин жоп доцуш.
Шеен дагахь дерг мог1ане лоцуш,
Йазде алийша сих дохуш…
1аьрбий х1унда 1а хьо тийна,
Яц хьан дагчохь ойла дийна?
Я ву те хьо г1еех ийна,
Б1аьргаш дишийна 1аш сийна…
Йехха 1ий со ойла тийна,
Дитт к1елахь 1индаг1на дийна…
Олхазарийн аьзнех ийна,
Дагалоьцуш ши б1аьрг сийна.
****
1уьйкъе йиъна, 1уьйре йитна,
Вериг тап аьлла д1атийна.
Г1овтта деза набарш йитна,
Хир ду дезарш, данза дисна…
**********
Кужлаш басар йина дитташ,
Кечделла д1ах1иттина.
Мох бу церан месаш къежйеш,
Ахкар хьоькхуш лерина…
Малх а стиглахь ловзабуьйлу,
Мархаш кегош зарзйелла…
Шийла хьацарш царах дуьйлуш,
1алам лаьтта т1унделла…
*********
Хьо йац сан хьошалг1ахь гуьйре,
Хьошалг1а йеънарг ю со…
Шоззаткъай дейтталг1а хьан тойне,
Ирсе кхаж баьлларг ю со.
Ца 1ебаш гуьйре хьан марзонах,
Б1аьргаша хьо дагчу уьйзу.
Кечъела бес – бесара басаршца,
1аламан суьртах дог дузо…
*********
Керла хаза совг1ат кхийдош,
Йаьсти кхолламо 1уьйре.
И синмарзо дагчу ийзош,
Со ю тахна самукъне.
Детийн буьртигех т1е1енаш,
Доху дог1а беркате.
Хьозарчий ду зевне декаш,
Бешахь токхе ю аьхке.
Накхар – мозий г1уьтту «зузз» деш,
Белхий бина, гулдеш моз.
Хенан х1оттам хийца кечлуш,
Малхах хили дашо х1оз.
Зезагаш а самадевли,
Воьхуш х1ора шайна т1е.
Полла хьийза парг1атбаьлла,
Марзо оьцуш зезагех.
Керла хаза совг1ат кхийдош,
Йаьсти кхоламо 1уьйре.
И синмарзо дагчу ийзош,
Со ю тахна самукъне.
2017
Ма 1елахь вас хилий,
Сан деган совг1ат,
Ойланаш кхуолашкахь
Ма йиталахь,
Юккъера гергарло
Ларделахь доггаха,
Аллах1а лур ю ял
Хьан диканах…
Ма валалахь хера
Сан г1алат ларий,
Ледарнаг хьуна гар –м,
Хьан толам бу…
Со тахна г1ийла ю,
Мохь бу соьхь балийн.
Де – буьйса а шеен
Рог1ехь хийцалуш - м ду…
Хьо хилла даима
Сан сина гергахь,
Сайн деган берчехь.
Ас лелийнарг хьо…
Бакъо яц хьан дуохо
Ниет хьайн ц1ена,
Масална хаьржинчех
Ву къонах хьо…
2017
Синт1емаш даьржи сан сакъераделла,
Бераллийн кевнаш аш даьстина д1а.
Ма ирс душ у хилар, сан деган мерзаш,
Ц1еххьана малх къеги дахарехь сан.
Яхна хан йесаллехь йисина хеташ,
Со –м 1ара,дагайала цакарош шу.
Ма ирс душ у хилар сан деган мерзаш,
Шух х1ора ирсе гар сунна кхаъ бу.
Шу марша дог1ийла, сан деган баьрче,
Дахарехь ирс серла долийла шун.
Ма ирс душ у хилар сан деган мерзаш,
Юху а бераллехь шуьца со ю….
Р.А.
Хьан хабар мА делла?
Аз а д1акъарделла…
Мохехь я малхехь дац,
1индаг1ах тарделла…
Гергарло мА лаьтта
Шат1улгах шалделла.
Х1усам а х1оранна
Каш1уьргах таръелла.
Вааа, делладовла вай,
Д1ахадда долу тай….
Р.А.
Хьо йара и йеънарг,
Гуьйренца дуьненан не1 йоьллуш…
Дагадог1у цу дийнахь
Малхо хьо хьестар а маракъуьйлуш.
Тахна а хьо бахьна ду малхо
Дуьненан са декхар.
Сатасле дуьйна ас ойланаш тоьгу
Хьо декъалъян.
Б1аьстенан 1аламах ас басарш дехи
Хьан де кечъдан…
Токхечу аьхкенан стоьмаш а лахьий
Той чомаш дан.
Массо а зезагийн аматаш дехи ас
Хьо хазъян…
Амма и эерна ду, хьо къаго дац х1ума,
Хьол хаза…
*********
Болар хецна дог1у Марта,
Дехьа – сехьа йетташ кА.
Амма дог1ур ду и берта,
Лахдеш хоршахь доь1у са…
**********
Гуьйренан 1уьйре
Дош дац те вайн ала,
Кху хазчу 1уьйренах?
Да вац – те, цхьа вала,
Йаздан сурт гуьйренах?
Хьовсийша д1о анна,
Йо1 санна ц1ийелла…
Садаржо кечъелла,
Гуьйренан 1уьйре…
Шакаршца г1евттина,
Олхазарш зевне.
Маь1 – маь1ехь схьахеза,
Декъал деш вовше.
Мох беди айбелла,
Кхача цу хазне,
Ша маьрша хиларна,
Талла вайн дуьне…
Лаьмнашна кхаъ хилла,
Йог1ушехь хьаша,
Шайн х1усаме йоьссина,
Буза шеен маша..
Шовданаш кхийсалуш,
Мукъаме девлла,
Хоьттуш го маршала,
Йеъначу хьеше…
Вай дац те ала дош,
Са сирлачу 1уьйренах?
Вац теша вала да,
Яздан сурт гуьйренан?
2018-04-03
Малх бу хьо 1уьйренца
Сан дагчохь г1отту,
Къажъеш сан ойланийн,
Са маьрша доккху.
Хьо са ду сан б1аьргийн,
Нур серла дохуш.
Дахаран аьхначу,
Некъа со йохуш…
Хьо 1уьйре юха а
Сан г1енаш къовлуш
Мерзачу 1аьнарца,
Маршалла хоьттуш.
Хьо ду – кх сан дуьне,
Сада1ар доцуш,
Ас тегнарг дахарехь,
Ирсе дог дохуш…
************
Ма хьийза, мА сетта,
Дац сан кхи амал.
Махуо г1а сана ас
Хьуйр ю хьо ц1ехьана.
Безаман ницкъ кхочу,
Аьчка дог лало.
Сан деган хьоьца яц,
Цуьриг а гамо…
Ядалахь, лачкъалахь,
Со вог1у вайча.
Къинхетам сох белахь,
Кхардам ца айта.
Къуберза буьйсанна,
Берза б1аьрг сана,
Со тебаш ву хьуна,
Хьо лачкъо сайна.
Малхо де хьистича,
Суьйре хазло.
Йо1 хаза кхиинча,
Некъаш шарло…
Сан ойланаш денъян,
Хилахь хьо реза.
Къегина седарчий,
Хир ду вайх хьегна.
Дахар мА доца ду,
Безамах къаста…
Синт1адам цакхиъал
Марзонах 1аба…
Зама мА йеха ю,
Дог доцуш даха,
Шех хаьддачу ирсана
Гуо туьйсуш ваха.
2017
Айшатийн нанна…
Нана хьо малх бу сан,
Садоь1у х1аваъ ду хьо.
Хьан багара йолучу 1аьнаран
Марзоно яха ницкъ ло.
Нана сан ойланийн кхоллам,
Лаамех кхаъ ахьа ло.
Сан деган бешахь хьан безамо,
Б1аьстенан аз декадо.
Нана, сан нана хьо йехийла,
Цамгарша цахуьйш хьайн са.
Нана хьо малх сана къегийла,
Кхолламан совг1ат тайна!!!
Кхин мотт цахаарна,
Буьйцуш шайн маттаца ненан мотт.
Да – нана чехадеш,
Церан къинхетаман цайеш чот…
Дайн латта хьоьшуш
Сов кхоамза, бецатхин а цабеш хам.
Хуо хьайх а цадешаш,
Ма уосал дели хьо нохчийн къам…
Хилла те вайн наной декъазчех,
Доьзал шайх кхардал,
Дай осала хилла те,
Т1аьхьено масал шайх цаэеццал??
Х1унда вай девли те ч1ана дайх,
Мостаг1ийн дог 1аббал,
Яхь елла х1унда ду вайн синош,
Нанойн дегнаш даъъал…
Мичахь бу къинхетам,
Вай метан буьхьарг т1е х1иттош берг,
Муьлхарш ю ойланаш,
Толаме 1ожаллех дохуш йерш??
Бусулба вай хилар, байракх ю билгало гойтуш йерг,
Г1аттахьа нохчийн къам,
Хьайн ц1енчу кхолламна хастам беш!
Гергара безаш, бевзарш гунаха,
Дукха бу сан дахарехь.
Безамца марзонан уьйраш,
Ю дог хьоьстуш даима.
Замано сан некъаш гатдеш,
Шайн некъаш т1ех1иттарна,
Сан баркалла ду даггара,
«Метан марзо» тобанна!
Вай вовшеха доьлла х1инца – м,
Вовшен доцуш цамаггал.
Шун марзо ю сан садузош,
Кхин кхачанах цакхеттал…
Къинхетаме, синкхетаме,
Шу сан дагчохь дисарна,
Сан баркалла ду даггара,
«Метан марзо» тобанна!
2017
Йог1ийла хьо маьрша,
Са сирла 1уьйре.
Б1аьрг хьоьстуш,
Дог делош,
Ирс доькъуш нуьре.
Синмарзо лаьттачу,
Кхачалуш г1ора,
Самукъне, беркате,
Хуьлда г1улч х1ора!
2017
https://www.facebook.com/videoshowapp/
2017
Сан салам дац шуьга,
Яхь йелла к1иллой!
Салам ду, сийдолчу к1енташка сан!
Салам ду нохчашка,
Сийлардан мехкан,
Ц1еначу ниетца лелачарга!
Салам ду наношка,
Доьналлех буьзна..
Доьзалаш махкана кхиочарга…
Салам ду мехкаршка,
Шовданел сирла,
Тешаме ойланаш кхуллучарга!
Салам ду даггара,
Берашка нохчийн…
Дайн г1иллакх,
Ненан мотт лоручарга!
Салам ду Даймахке,
Лаьттачу оьзда,
Дайн лараш шеен букът1ехь
Ларйечуьнга!!
Салам дац сан шуьга,
Яхь йелла к1иллой!
Сан салам
Ц1ий ц1енчу нохчашка ду…
Даймехкан сий лардеш,
Бехачу, баьхначу,
Сийлаллехь хинболчу к1енташка ду!!!
2017
Сан Даймохк, со хьоьгу
Кхолламах маьлхан,
Йиш йолчу хьо хьеста,
Йовхо луш хьуна.
Хьоьгу со 1аламах,
Хьан кхолам хьаста,
Ирс хилла достучу
Зезагех лаьттахь…
Р.А
Х1унда хьо схьагушехь йоьду со
бераллийн хене,
Ас лоьху те стена, ца дайнарг
бераллехь сайна.
Уьду те циге са, лууш и марзо
Хьох эеян,
Я лаьа хьан дагчохь бер сана
Лечкъаш дог тедан??...
Хьан терго лела сан дахареь
Ойланаш къажйеш,
Сахиллац седарчех къега и
Хьан ойла хазъеш.
Сатосучу седанах со тарлой,
Са долу серла..
Дуьне сан сих къаггал там хуьли,
Ирсах дог кхела…
2017
УьССАЛГ1А МАЙ СУНА ТОЛАМАН ДЕ ДАЦ...
ВАЙН ДАЙН ТОЛАМ ЯМАРТЧУ РОССИНО ЛАЧКЪИЙНА ДЕ ДУ!
Т1ом бина вайн дайша, наноша, вежарша, йижарша..
Амма толаме сайтуьйсуш шайн сих чу са а диллина, шайн сил а безаш кхиийна к1ентий, доьзалш т1ера дай а, дендай а, т1аме а хьовсийна, толаме сатуьйсуш, Дела до1ийца доьхуш 1ийна нанойн дегнаш чу шийла ша буьллуш, йижарий, баккхийнах, бераш а х1аллак беш, тешнабехкаца ц1ерабаьхна д1абигана, мацалла а, милла а, цамгаршна а, сингаттамца бале лаьцна, т1омбинарш а цигара д1а т1е харц ц1ерш а техкина т1апаза бойуш, биснарш Сибреха хьовсош, вайн къам 1азапе а лаьцна,
Бала такхийтина де ду - кх х1ара суна..
Тоьар дара масийтта шарахь вайга вешан дай х1аллак бина денойх ловзарийн денош а дина, хьекъалах а, некъах а тийлийна, вайн даима сийлаллехь лаьттинчу дайн некъах тило г1ерташ, кху хене схьадалор...
Делахь а, вайн дай - наной иманца собар луш, Аллах1 хене баьхна...
Аллах1а вайн ц1е а, сий а лардина...
Алхьамдулиллах1!!!
Суна толаман де дац х1ара...
Сан яхь йолчу къоман, сина маршонан некъ бихкина де ду х1ара... Российн стогалла йоцу юьхь шайн майраллийца, доьналлийца д1а а къевлина, вайн къоман яхь йолчу кьонахаша, шайн майраллийца дуьненна хьалха Россий пачхьалкх сийлалле х1оттийна де ду х1ара...
Вайн майрачу турпалхойн ц1ераш йамартчу зуламхоша лечкьийна де ду х1ара...
Дала декъал бойла вайн Дай - Наной, Йижарий - Вежарий а, боцучу бехкаца х1аллак бина болу кху дийнахь а!
Дала шен дуьхьа лорийла цара лайна 1азап - баланаш а!!
Дала лардойла вай Российн ямартлонах а, тешнабехках а!!
Дала декъал бойла толаман дийне сатуьйсуш, тешамечу ойланашца, майрачу дегнашца, шайн синош цакхоош, Делан дуьхьа, халкъан маршонна дуьхьа хьалха а, т1аьхьа а, д1акхелхина вайн Дай - Наной а, йижарий - вежарий а, массо бусулба а!!!
Царна йоцу ц1е тиллина, церан сийдайа г1иртинарш а, вайн сий дайа г1ертарш а, дуьненахь а, эхартахь а сийсаза бойла Аллах1 - Дала!!!
Резванова Айза
Зовкх ду – кх шуьгахь,
Тийначу 1индаг1ехь,
Хьозарчийн шакарша
Хьоьстучахь б1аьсте..
Къахьегар – ъ,
Сатийсар шайгарчу ирсе…
Кхоам бу – кх цу аьттона,
Цаоьшуча кхаьчна..
Ма ловр йара и таро,
Лоьхучо, баьрччехь…
2017
Г1аьтти малх 1уьйренца,
Шеен декхаш кхочуш дан,
1алам а х1оьтти д1а,
Цу малхо боххург дан..
З1аьнарийн куьг хьокхуш,
Хьоьстуш и х1ора г1а.
Шеен деган йовхо ло
Цо массо массо зезагна…
Заманан ирс хили,
Тоьшалла цунна дан,
Сан к1еззиг кайели,
Цу суьртан т1алам бан.
Я Аллах1 хастам бу,
Хьуна тхан кхолламна,
Хастам бу я Аллах1,
Бусулба кхолларна!!
2017
Хир ву –кх вижана виснарг а,
Лиънашехь х1ара 1уьйре ган…
Ма хьур дац цо данза диснарг,
Мел эшарх, эхарта д1а…
2017
Оррам цахийцало,
Мотт я мохк хийцарах а,
Ц1еначу нохчийн дог – ойла а
Хийцалур яц…
Резванова Айза
Со йелла ахь ларахь,
Хьанна хир новкъа.
Хьо вела ас бахарх,
Мила хир холчахь??
Вахахьа хьо а хьуо,
Везачийн дуьхьа!
Йитахьа со а сайн,
Деллачат1ехь йаха…
Хьан дагчохь г1ант х1отто,
Со а йац хьегна,
Сан дагчохь чан г1атто
Хьо а маг1ерта…
Дукха бу дуьненчохь,
Цабевзарш, бевзарш,
Хилахьа хьо царах,
Со а цайевзарг…
Р.А.
Нохчийн къомах волу стаг,
Даима дозалла деш хир ву,
Шеен къам дозалла хеташ…
Р.А.
Б1аьсте юкъйелла,
Хьаннаш сенъела,
Бацалахь можа
Зезаг денделла…
Хаддаза лерехь,
Къоркхокха хеза,
Хьозарчий бешахь,
Самукъне дека…
Р.А.
Эхартахь а хуьлу боху,
Шеен – шеен тобанца.
Х1оранна а дусту боху
Къа – мел терзанца.
Дагахьбаллам боцуш хилац,
Къастор 1ожалло а.
Тоба х1инцехь къасто йеза,
Шенаг х1орамма а…
Р.А.
Т1е кхечи мархийн бутт,
Ирс хили вайн и т1еэеца.
Вайн Делан къинхетам,
Вайх бинарг мА боккха хетта…
Аллах1а ницкъ лойла,
И кхаба Ша реза хилла,
Вай бахьнехь юьхь1аьржа
Ма хуьлда и Делан Элча!!!
Р.А.
Даго хоьрцуш буьйда ойла,
И кхочуш йан боцуш ницкъ.
Де эешна вайх цхьа магойла,
Лаам бузо доцуш рицкъ…
Бахам, рицкъа хиларх шорта,
Къен ву йоцург могшалла.
Кхин а къен ву бацахь корта,
Болх Деле д1акховдабан…
Х1унда х1инца хьо д1атийна,
Хезаш дац хьан г1орг1а аз.
Мавийлахьа тхуна хийра,
Жима ву хьох биса барз…
Р.А.
Белахь дагчохь безам мерза,
Ойланаш а хилча ц1ена.
Х1ун новкъа бу дашо малх,
Я дог ц1ена гергара нах.
Тешам боцуш йелахь буьйса,
Боданашца серло къийса.
Оьшу сац1ена седарчий,
Бода зарзбан ойланийн…
********
1аьрби вай г1ар – тата йоцуш,
Сан байт йиси кхин жоп доцуш.
Шеен дагахь дерг мог1ане лоцуш,
Йазде алийша сих дохуш…
1аьрбий х1унда 1а хьо тийна,
Яц хьан дагчохь ойла дийна?
Я ву те хьо г1еех ийна,
Б1аьргаш дишийна 1аш сийна…
Йехха 1ий со ойла тийна,
Дитт к1елахь 1индаг1на дийна…
Олхазарийн аьзнех ийна,
Дагалоьцуш ши б1аьрг сийна.
****
1уьйкъе йиъна, 1уьйре йитна,
Вериг тап аьлла д1атийна.
Г1овтта деза набарш йитна,
Хир ду дезарш, данза дисна…
**********
Кужлаш басар йина дитташ,
Кечделла д1ах1иттина.
Мох бу церан месаш къежйеш,
Ахкар хьоькхуш лерина…
Малх а стиглахь ловзабуьйлу,
Мархаш кегош зарзйелла…
Шийла хьацарш царах дуьйлуш,
1алам лаьтта т1унделла…
*********
Хьо йац сан хьошалг1ахь гуьйре,
Хьошалг1а йеънарг ю со…
Шоззаткъай дейтталг1а хьан тойне,
Ирсе кхаж баьлларг ю со.
Ца 1ебаш гуьйре хьан марзонах,
Б1аьргаша хьо дагчу уьйзу.
Кечъела бес – бесара басаршца,
1аламан суьртах дог дузо…
*********
Керла хаза совг1ат кхийдош,
Йаьсти кхолламо 1уьйре.
И синмарзо дагчу ийзош,
Со ю тахна самукъне.
Детийн буьртигех т1е1енаш,
Доху дог1а беркате.
Хьозарчий ду зевне декаш,
Бешахь токхе ю аьхке.
Накхар – мозий г1уьтту «зузз» деш,
Белхий бина, гулдеш моз.
Хенан х1оттам хийца кечлуш,
Малхах хили дашо х1оз.
Зезагаш а самадевли,
Воьхуш х1ора шайна т1е.
Полла хьийза парг1атбаьлла,
Марзо оьцуш зезагех.
Керла хаза совг1ат кхийдош,
Йаьсти кхоламо 1уьйре.
И синмарзо дагчу ийзош,
Со ю тахна самукъне.
2017
Ма 1елахь вас хилий,
Сан деган совг1ат,
Ойланаш кхуолашкахь
Ма йиталахь,
Юккъера гергарло
Ларделахь доггаха,
Аллах1а лур ю ял
Хьан диканах…
Ма валалахь хера
Сан г1алат ларий,
Ледарнаг хьуна гар –м,
Хьан толам бу…
Со тахна г1ийла ю,
Мохь бу соьхь балийн.
Де – буьйса а шеен
Рог1ехь хийцалуш - м ду…
Хьо хилла даима
Сан сина гергахь,
Сайн деган берчехь.
Ас лелийнарг хьо…
Бакъо яц хьан дуохо
Ниет хьайн ц1ена,
Масална хаьржинчех
Ву къонах хьо…
2017
Синт1емаш даьржи сан сакъераделла,
Бераллийн кевнаш аш даьстина д1а.
Ма ирс душ у хилар, сан деган мерзаш,
Ц1еххьана малх къеги дахарехь сан.
Яхна хан йесаллехь йисина хеташ,
Со –м 1ара,дагайала цакарош шу.
Ма ирс душ у хилар сан деган мерзаш,
Шух х1ора ирсе гар сунна кхаъ бу.
Шу марша дог1ийла, сан деган баьрче,
Дахарехь ирс серла долийла шун.
Ма ирс душ у хилар сан деган мерзаш,
Юху а бераллехь шуьца со ю….
Р.А.
Хьан хабар мА делла?
Аз а д1акъарделла…
Мохехь я малхехь дац,
1индаг1ах тарделла…
Гергарло мА лаьтта
Шат1улгах шалделла.
Х1усам а х1оранна
Каш1уьргах таръелла.
Вааа, делладовла вай,
Д1ахадда долу тай….
Р.А.
Хьо йара и йеънарг,
Гуьйренца дуьненан не1 йоьллуш…
Дагадог1у цу дийнахь
Малхо хьо хьестар а маракъуьйлуш.
Тахна а хьо бахьна ду малхо
Дуьненан са декхар.
Сатасле дуьйна ас ойланаш тоьгу
Хьо декъалъян.
Б1аьстенан 1аламах ас басарш дехи
Хьан де кечъдан…
Токхечу аьхкенан стоьмаш а лахьий
Той чомаш дан.
Массо а зезагийн аматаш дехи ас
Хьо хазъян…
Амма и эерна ду, хьо къаго дац х1ума,
Хьол хаза…
*********
Болар хецна дог1у Марта,
Дехьа – сехьа йетташ кА.
Амма дог1ур ду и берта,
Лахдеш хоршахь доь1у са…
**********
Гуьйренан 1уьйре
Дош дац те вайн ала,
Кху хазчу 1уьйренах?
Да вац – те, цхьа вала,
Йаздан сурт гуьйренах?
Хьовсийша д1о анна,
Йо1 санна ц1ийелла…
Садаржо кечъелла,
Гуьйренан 1уьйре…
Шакаршца г1евттина,
Олхазарш зевне.
Маь1 – маь1ехь схьахеза,
Декъал деш вовше.
Мох беди айбелла,
Кхача цу хазне,
Ша маьрша хиларна,
Талла вайн дуьне…
Лаьмнашна кхаъ хилла,
Йог1ушехь хьаша,
Шайн х1усаме йоьссина,
Буза шеен маша..
Шовданаш кхийсалуш,
Мукъаме девлла,
Хоьттуш го маршала,
Йеъначу хьеше…
Вай дац те ала дош,
Са сирлачу 1уьйренах?
Вац теша вала да,
Яздан сурт гуьйренан?
2018-04-03
Малх бу хьо 1уьйренца
Сан дагчохь г1отту,
Къажъеш сан ойланийн,
Са маьрша доккху.
Хьо са ду сан б1аьргийн,
Нур серла дохуш.
Дахаран аьхначу,
Некъа со йохуш…
Хьо 1уьйре юха а
Сан г1енаш къовлуш
Мерзачу 1аьнарца,
Маршалла хоьттуш.
Хьо ду – кх сан дуьне,
Сада1ар доцуш,
Ас тегнарг дахарехь,
Ирсе дог дохуш…
************
Ма хьийза, мА сетта,
Дац сан кхи амал.
Махуо г1а сана ас
Хьуйр ю хьо ц1ехьана.
Безаман ницкъ кхочу,
Аьчка дог лало.
Сан деган хьоьца яц,
Цуьриг а гамо…
Ядалахь, лачкъалахь,
Со вог1у вайча.
Къинхетам сох белахь,
Кхардам ца айта.
Къуберза буьйсанна,
Берза б1аьрг сана,
Со тебаш ву хьуна,
Хьо лачкъо сайна.
Малхо де хьистича,
Суьйре хазло.
Йо1 хаза кхиинча,
Некъаш шарло…
Сан ойланаш денъян,
Хилахь хьо реза.
Къегина седарчий,
Хир ду вайх хьегна.
Дахар мА доца ду,
Безамах къаста…
Синт1адам цакхиъал
Марзонах 1аба…
Зама мА йеха ю,
Дог доцуш даха,
Шех хаьддачу ирсана
Гуо туьйсуш ваха.
2017
Айшатийн нанна…
Нана хьо малх бу сан,
Садоь1у х1аваъ ду хьо.
Хьан багара йолучу 1аьнаран
Марзоно яха ницкъ ло.
Нана сан ойланийн кхоллам,
Лаамех кхаъ ахьа ло.
Сан деган бешахь хьан безамо,
Б1аьстенан аз декадо.
Нана, сан нана хьо йехийла,
Цамгарша цахуьйш хьайн са.
Нана хьо малх сана къегийла,
Кхолламан совг1ат тайна!!!
Кхин мотт цахаарна,
Буьйцуш шайн маттаца ненан мотт.
Да – нана чехадеш,
Церан къинхетаман цайеш чот…
Дайн латта хьоьшуш
Сов кхоамза, бецатхин а цабеш хам.
Хуо хьайх а цадешаш,
Ма уосал дели хьо нохчийн къам…
Хилла те вайн наной декъазчех,
Доьзал шайх кхардал,
Дай осала хилла те,
Т1аьхьено масал шайх цаэеццал??
Х1унда вай девли те ч1ана дайх,
Мостаг1ийн дог 1аббал,
Яхь елла х1унда ду вайн синош,
Нанойн дегнаш даъъал…
Мичахь бу къинхетам,
Вай метан буьхьарг т1е х1иттош берг,
Муьлхарш ю ойланаш,
Толаме 1ожаллех дохуш йерш??
Бусулба вай хилар, байракх ю билгало гойтуш йерг,
Г1аттахьа нохчийн къам,
Хьайн ц1енчу кхолламна хастам беш!
Гергара безаш, бевзарш гунаха,
Дукха бу сан дахарехь.
Безамца марзонан уьйраш,
Ю дог хьоьстуш даима.
Замано сан некъаш гатдеш,
Шайн некъаш т1ех1иттарна,
Сан баркалла ду даггара,
«Метан марзо» тобанна!
Вай вовшеха доьлла х1инца – м,
Вовшен доцуш цамаггал.
Шун марзо ю сан садузош,
Кхин кхачанах цакхеттал…
Къинхетаме, синкхетаме,
Шу сан дагчохь дисарна,
Сан баркалла ду даггара,
«Метан марзо» тобанна!
2017
Йог1ийла хьо маьрша,
Са сирла 1уьйре.
Б1аьрг хьоьстуш,
Дог делош,
Ирс доькъуш нуьре.
Синмарзо лаьттачу,
Кхачалуш г1ора,
Самукъне, беркате,
Хуьлда г1улч х1ора!
2017
Х1аа - х1а, цакарийна,
Хьуна хьайн дахаран аг1о…
Даьтта хих цаэело,
Лалорах, даторах хено.
Ахь дог мА дилалахь,
Х1инца а мегий и-м каро,
Цхьана муьргана мА йелахь,
Ирсана т1екхача мало…
Х1аа – х1а, хьо ца лелла,
Дахарехь хьайн некъах тилла.
Х1инца а вог1у хьо,
Керарчу заманах ийна.
Со а яц дахаран терзанахь
Барам бай хилла…
Хьегна яц со цкъа а,
Сайн доцчу мозчу 1айг билла…
Х1аа – х1а дера, ца висна,
Хьо синтем хьайн леха т1аьхьа,
Шеен хеннахь духьуна,
Сингаттам хьа - х хуьлу, къаьхьа…
Базбеллачу букъ - т1е,
Дахаран мохь бисча шенна,
Воккхалла – м хьаха ю,6мах хадо зама…
2017
Сан салам дац шуьга,
Яхь йелла к1иллой!
Салам ду, сийдолчу к1енташка сан!
Салам ду нохчашка,
Сийлардан мехкан,
Ц1еначу ниетца лелачарга!
Салам ду наношка,
Доьналлех буьзна..
Доьзалаш махкана кхиочарга…
Салам ду мехкаршка,
Шовданел сирла,
Тешаме ойланаш кхуллучарга!
Салам ду даггара,
Берашка нохчийн…
Дайн г1иллакх,
Ненан мотт лоручарга!
Салам ду Даймахке,
Лаьттачу оьзда,
Дайн лараш шеен букът1ехь
Ларйечуьнга!!
Салам дац сан шуьга,
Яхь йелла к1иллой!
Сан салам
Ц1ий ц1енчу нохчашка ду…
Даймехкан сий лардеш,
Бехачу, баьхначу,
Сийлаллехь хинболчу к1енташка ду!!!
2017
Сан Даймохк, со хьоьгу
Кхолламах маьлхан,
Йиш йолчу хьо хьеста,
Йовхо луш шен...
Хьоьгу со зезагах
Хьан кхолам хьаста,
Ирс хилла достучу
Басарш шен ц1иен...
Р.А
Х1унда хьо схьагушехь йоьду со
бераллийн хене,
Ас лоьху те стенна, ца дайнарг
бераллехь сайна.
Уьду те циге са, лууш и марзо
Хьох эеян,
Я лаьа хьан дагчохь бер санна
Лечкъаш дог тедан??...
Хьан терго лела сан дахареь
Ойланаш къажйеш,
Сахиллац седарчех къега и
Сан ойла хазъеш.
Сатосучу седанах суо тарлой,
Са долу серла..
Дуьне сан сих къаггал там хуьлий,
Ирсах дог кхела…
2017
Свидетельство о публикации №218040600861