Нохчийчоь

               
Декъала хуьлда хьо, Сан Хьоме Даймохк!
Хьан чевнаш- сан деган лазамийн ов,
Хьан б1аьвнийн хярцаршт1е дижина к1ай дохк-
Сан кийра г1орийна шал шийла г1ов.

Хьомсара Нохчичоь! талларх ца кхаччол
Ма шорта йу-кхьа хьо йиезачу дагна!
Ма к1езга йу-кха хьо цхьа ша ца кхаччал
Висинехь  геналлехь хьо гаре хьаьгна!

 Деригге х1уманна валахь а ч1ана,
Ирс долуш хетар ву дисинехь сайн
Цхьа къурд балл(а) даьржинчу Мартанан кана,
Ламазна цкъа х1оттал хьан сийна бай!

                Хь.домбаев


Рецензии