Б1ОВ

               

Хьенапа шаьлтано чевнаш еш санна
Органо лам боруш цистинчу бердехь,
Самоеш аренца бог1учу б1анна
Б1ов лаьтта б1ешерийн къайленийн бертехь.
               
Аьрзуно т1емашца къахкийна мархаш
Мехаша йистйоцчу паналле лоьхку,
Замано кегйина ламанийн тархаш
Кху ширчу г1ишлонан когашкахь 1оьхку.

Рег1ах чукерчина малх къайлабаьлча,
Боданан вертано хьулйича серло,
Органан йистонца ладег1аваьлча
Тулг1енийн декарехь цхьа  къамел тарло:

--«Ассалам 1алайкум, сан Къена Хьаша!
Ма г1ийла лаьтта хьо тийналло лаьцна.
Хьайн дагалецамийн уьйрагах хьаса
Схьалистий дийцахьа хиллачех лаьцна.

Ма шорта яхьйолу къонахий байна
Хир бу хьан тишделчу пенашна хийла.
Хьан т1улгийн ч1аг1оно цаьрцана лайна
Халонаш йирзина мостаг1ийн ц1ийла.

Хьан корийн 1индаг1ехь г1аларташ соьцу
Беттасин серлонехь хан йоцчу хенахь.
Уьш дуй те т1ехьиьйзаш г1аролехь хьоьца
Б1аьхоша ца йинчу набаран   г1енаш?

Биъ са болу мажаршца 1алашо луьйцуш
Хьан тховк1ел хьийзинчу кегирхойн аьзнаш,
Сан къорчу узамийн мукъамаш хуьйцуш,
Кхайкхарехь ийало 1адабеш хезнарш.

Сан гечош лардеш ахь диттина герзаш
Азаллин дахкаршлахь х1ур хилла дайна.
Хьан к1ентийн г1азотех делхарца г1ерг1аш
Хийлаза ас юьзна шовданех айма.

Масане бара уьш заманан йохаллехь
Догучу орцано хьан г1опе балийнарш,
Цхьаъ хилла,ца къехкаш шийлачу 1ожаллех,
Х1иттинарш т1еэца халкъанан баланаш».

--«1алайкум ва салам,х1ай Нана Орга!
Х1ун дуьйцур ас хьуна, хьуна ца дайнарг?
Шовда ца лакъало , ца хиларх къорга,
Бердаш чухерцийна хьулдина дайарх.

Даьржина шен цинцаш татоле гулдой,
Бохийна шен ниц1къаш хьостанехь къовлий,
Т1еэгна латтанаш дашийна кегдой,
Юха а дека и серлонга долий.

Иштта ду вайн нохчийн къийсаме дахар-
Иллешца, хелхаршца маьршачу хенахь.
Цхьаъ хуьлий д1ах1уьттий 1аьржа де даг1ахь
Мокхазал ч1аг1ло уьш тарлой сан пенах.

Бохамо 1аьвшича, шелоно бахьийча,
Ямартчу харцоно ц1е тесна багийча,
Луьрачу мостаг1чо белла д1акхакхийча
Сан к1ентий г1иттина къийсамна кийча.

Стигланаш алунах царна т1ейилхина,
Латтанаш бух хедаш 1аннашчу хирцина,
Ца лалун ницкъ хилла ламанаш лилхина,
Амма уьш цхьаммо а гора ца х1иттийна.

Сил дукха дязна и дуьне шайх дисарх,
Ц1ераш т1еязйина чарташ ца дисарх,
 Сихъелла зама шаьш бицбина  идарх,
Тяшна уьш хьакъ йолу т1аьхье шайн кхиарх.

Де доьхча уьш цкъа а боьхна ца хьийзина-
Дуьненна ца оьшу тоьшалла кхи.
Со ду-кха кху т1улгийн амате дирзина
Бакъболчу къонахийн дарж лекха сий.»

Инзаре хьуьнаршна тяш воцуш хийла
Мел дукха къонахий къийсамехь байна.
 Турпалчу цу к1ентийн довр доцчу сийнна
Яздина нохчаша шайн б1аьвнийн жайна.

 Тишделла пхьераша доьттина пенаш,
Артделла ч1у санна сов нийса сенаш.
Амма ца г1елделла вайнехан г1иллакх.
Ца йоьжна  доьналлин  бос богу байракх.

Къонахийн хьакъ йолу къонаха т1аьхье
Дайх дисна сий дебош дайн новкъа йог1у.
Оьздачу хьуьнаршна вай дохуш  йохье
Турплхойн ц1ераш вайн дегнашчохь йогу.



                Хьуьсейн  Домбаев





 


Рецензии