Къамел

   Притча "Разговор"

   Хьекъалче дехар дина боху цхьаммо: "Дукха къамел дар къилахь ду бохуш хезнера суна. Цунах лаций дийцахьа", - аьлла.
 
- Дукха дийцар мелехь долу меттигаш юьйцур ю вай: Дела хьехор, масла1атна лер, т1аьхьашха диканиг дийцар... Къа а ца латош къамел дан хьажалахь. «Къамел» боху дош а шина декъах лаьтташ ду хьуна: къа+мел. Хьалхара дакъа «къа» хиларна, къа латто аттох ду, герга ду. Ларло къамелехь къа латорах!


Рецензии