33 Дахарехь зеделларш

321) Г1уллакх хила лаарх кхочуш ца хуьлу, дичий бен.

322) Говзалла хилар эрна ду, цунах пайда луш вацахь.

323) Дений нанний безаш боцу мотт доьзална беза хала ду.

324) Нанас ца буьйцу мотт доьзале бийцалур бац.

325) Нохчийн маттах дийцарх мотт денлур бац, нохчийн маттахь дуьйцуш ца хилча.

326) Нохчийн мотт бийцаро денбийр бац, нохчийн мотт бийцарой бен.

327) Шеца дуста х1ума ца хилча х1уманан мах ца хадало.

328) Бахам - боцчунна оьшуш хуьлу, ткъа болчунна безаш хуьлу.

329) Цхьанна хилла дика болх дуккханна а новкъа хуьлу.

330) Серло гучуяьлча бен ца хаа бода мел ч1ог1а хилла.


Рецензии