34 Дахарехь зеделларш

331) Стаг лакхахь хиларх лекха а ца хуьлу, лахахь хиларх лоха а ца хуьлу.

332) Мел вицлуш волчунна а шена пайда схьаболуш верг дагахь лаьтта.

333) Ойла ц1ена хилча наб дика кхета.

334) Муьлхха а бала лан атта ду юьхь1аьржонал.

335) Къона волуш сакъоьруш лелларг къанвелча везавен лууш хуьлу.

336) Г1ишло лекха езахь бух ч1ог1а бан беза.

337) Чохь 1ен аьхна хилар коьрта ду х1усаман, т1ехула къегина хуьлучул.

338) Къинт1ера ваьллачунна наб дика кхета, бекхам биначул а.

339) Лакха хьала вала мел г1ерта а лами ч1ог1а хила беза.

340) 1овдалчу стага хьекъал дерг эшаво.


Рецензии