35 Дахарехь зеделларш

341) Массарна а хууш хила дезарг ца хууш верг а хуьлу, цхьанна а хаа ца дезарг хууш верг а хуьлу.

342) Мел доккхачу 1индаг1о а малхана дан зен дац.

343) Саг1алуш верг къен а лур вац, саг1а ца даларх  вехаш а хир вац.

344) Кхиверг нисван ма г1ерттара х1ора а ша нисвелча вай массо а эвлияъ хир вара.

345) Уггар дикачу дарбанех коьртаниг - дика зуда.

346) Кегийчарна даим баккхий нах 1овдал хета, баккхийчу нахана-м хаа кегийчеран хьекъал доций.

347) Цхьаццаверг шена юххехь хьекъал доцу нах аьхна хеташ хуьлу.

348) Кхетам 1овдалчуьна а хуьлу, амма ша тайпа хуьлу-кха.

349) Ницкъ ца кхочург Дала шена т1едиллина цахиларх дог тешна верг Делан диканах дог диллина хир вац.

350) Юхалург луш верг а ву, ца луш верг а ву. Юха ца луш берш а бу.


Рецензии

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →