36 Дахарехь зеделларш

351) Бахам хиларх цхьа пайда бу: Бахам гулбеш йойъу хан кхоало.

352) Тейог1у хан муха хир ю цахууш сатуьйсу. Д1аяхна хан муха яра а хууш дагатуьйсу.

353) Х1ума цахаар т1ехтухучо и хаарехь шовкъе во.

354) Вуочо пайда оьцуш долу х1ума, дукхахьолехь, дикачо кхочуш дина хуьлу.

355) Дика г1уллакх динарг вуон диначул а ч1ог1а дохко волу, ваьккхича.

356) Уггар дикачу дарбанех цхьаъ - дарбане сатийсар.

357) Шегахь алсам дерриг го х1оранна а нахехь - дика а, вуон а.

358) Хьехам беш хиларх суьпа а ца хуьлу, дарба хьоьхуш хиларх могуш а ца хуьлу.

359) Къинт1ера вала хууш воцург нахана юккъе г1ерта а ца веза.

360) Баккхийчу нехан хьекъал, дукхахьолехь, юьхь1аьржонах ларбала хаар ду.


Рецензии