37 Дахарехь зеделларш

361) Нахана вовшех хууш дерг х1умма а доцург ду, х1оранна а шех хуучуьнга а хьаьжча.

362) Дуьйцучуьнга ладог1а хууш верг ву уггар самукъане.

363) Наха т1аьхьашха дуьйцучуьнца бала ца хуьлу ша наханачул дика вевзачуьнан.

364) Наха т1аьхьашха дуьйцучуьнца бала ца хуьлу и нах дика бевзачуьнан.

365) Цхьанна вуон болх хилча халахетарал а деза ду, дика болх хилча хазахетар.

366) Мукъачу стагана г1о дан лууш берш дукха хуьлу.

367) Шех т1ех ваккхавеш верг шех воккхавен х1умма а долуш а ца хуьлу.

368) Кхечунна ницкъ бечо ша г1орасиз хилар гойту.

369) Бахамах д1алуш ерг парг1ато а, могашалла а ю.

370) Дагахьбалам ца биснехь динарг дайна дац.


Рецензии