38 Дахарехь зеделларш
372) Ма дарра ша кхетта воцчух кхиверг кхето г1ертар эрна ду.
373) Бакълуьйш волчуьнан юхахьежа ца деза.
374) Г1уллакх дийр ду бохуш дукха хан яйича г1уллакх дан хан ца юьсу.
375) Къанвала цхьанна а цалаьа, амма къан ца луш дукхавахар-м хир дац.
376) Юкъ-кара вуон ловш хилчий бен диканан буьззина мах хуур бац.
377) Доьзална диканиг 1амош воцург церан вуолла лан кийча хила веза.
378) Стагана шех хууш дерг х1умма а доцург ду, нахана цунах хуучуьнга хьаьжча.
379) Адамийн уьйр тосург хьекъал дац, амалаш ю.
380) Бакълуьйриг юьхь1аьржа хир вац, ткъа харцлуьйчунна и новкъа а дац.
Свидетельство о публикации №218051300950