***
;
Авторы Произведения Рецензии Поиск О портале Ваша страница Кабинет автора
***
Айза Резванова
1)
Резванова Айза
Хьо дагалоьцуш кхоллаеллачу байтийн шен - шен тайпана синкхолламаш бу,
Берахенахь дуьйна лехьийна...
Мерза сатийсам, Хьо ган лаар...
Хьан аз ца хезаш хан яьлчи, сагатдаро хоьрцучу ойланех а ю...
Шен зама йоцуш цхьа а х1ума дац...
Уьш а хилла цхьана байхьнийца кхоллаяла езаш а, кху замане кхача езаш а...
Ас уьш ериш а хьуна д1айоийтур ю...
"Сирла ойланаш,, - эр ду ас царах....
...хьоьга... Х1инца нахалахь хьан ц1е ас яьккхича товр дац.... Цхьана хенахь и таьптарш доьшучунна карор ю и къайле ас дагчохь кхаьбна йолу, хьан ц1арах...
Жимчахь кхоллаелла, цхьана заманчохь юха карла яьлла йолу къайле....
"Кхолламан къайле,, аьллачу юьхьанца.....
Ериш а ешалахь...
Хьайна хетарг язделахь....
Со йоьду д1о ара,
Басешца, хишца,
Бераллийн м1аьргонаш,
Б1аьргашца листа...
Тохара, бералла
Левзинчахь маьрша,
Д1ахеца са, архаш
яьсстина, кхарста...
Иза цхьа к1еззига сина парг1ато ялар дара, сайн дагахь дерг ца лечкъош яздан...
Х1унда хьо схьагушехь йоьду со
бераллийн хене,
Ас лоьху те стенна, сатийсам,
бераллехь тайна....
Уьду те са цига, лууш и марзо
Хьох эеян,
Я лаьа хьан дагчохь бер санна
Лаьчкъаш дог тедан??...
Хьан терго лела сан дахареь
Ойланаш къажъеш,
Сахиллалц седарчех къега и
Хьох ойла хазъеш.
Сатосуч седанах со тарлой,
Са долу серла..
Дуьне сан сих къаггал,
Там хуьлий,
Ирсах дог кхела…
Р.А.
Ц1еххьана чу хьаьдда, дистина дог1у хи санна,
Жоп деха я дала да воцуш беара т1ом...
Бехке я бехказа ца хоьржуш, ца хоьттуш цхьанга,
Къизачу боларца уьдура и хьоьшуш къам....
Г1о - орца дехарах, лехарх а дуьненан кийрахь,
Довда я ловчкъа а ца юьтуш синтемна хьег1....
Жима я воккха а, ца лоьруш бехказа, бехке,
Г1ишлош а, синош а, нохчийчохь долийра хьен...
Цу Делан мостаг1ийн хиллера цхьа кура ойла,
Ши сахьт а ца дойуш, х1отта дан нохчийн къам гора.
Хьекъална аьртачу мостаг1ийн коьрте ца деъна,
Кхуллуш верг, д1аоьцург, хилар Цхьаъ, ницкъ болу Дела....
Ц1еххьана мостаг1ий цец бог1уш, маршонан ц1арах,
Эгабан болийра муттийтуш мангал бу хьоькхург....
Кхетийра кхайкхаза беана некъ харцхьа хиларх,
Сий долчу дайн к1ентий, сийлаллехь хирг хилар хьоьхуш....
Я Аллах1, ницкъ лолахь доьналлех ца бохош цкъа а,
Яхь йолчу к1енташна, даима сийлаллехь баха!!!
Р.А.
Са парг1ат хир ву хьо - м,
Хьайн дагахь дерг аьлла,
Сан деган чиркх бойуш д1а...
Цу дешан ойла еш,
са парг1ат ца долуш,
со - м йиси, бодашкахь 1а...
Дог1ане ойланаш,
Малхехь сан якъийна,
Са серла даьккхина цкъа...
Бала сан лалина,
Сан дагчу тарбина,
Х1ордах ахь ди суна - м ц1а...
Со хьанах тешар ю,
Муьлха некъ лоцур бу,
Юху ас бакъ бина схьа....
Сан даго къобал веш,
Со теша 1амийнарг,
Ца кхои - ч ахь а сан са...
Р.А..
*****************
Хьо вог1ург ма хилла,
Геннара б1аьрг тоха.
Со ехачу дозанан
Синбарам буста...
Хаарий ткъа хьуна,
Цкъа мацах дуьйна схьа,
Ас лелош хилар а,
Хьайн некъан бустам?
Хьо геннахь хилар а,
Дегйовхо лоруш,
Йоккхаер ду соьца,
Ирсан да хила...
Цхьана дийнахь хьан мерза,
Мукъамаш совцахь,
Ца уьдуш соцур бу,
Са лоьру цхьамза...
Р.А.
Резванова Айза
Къонахчунна
Ма беза хиллера хьоьгара бала,
Лелийнарг ахь дагчохь, бераллехь дуьйна.
Кховдийча цунах сайга, цхьа к1еззига дакъа,
Ницкъ боцуш йисира со - м,
Когаш т1ехь латта.
Даймекан баланаш сайн дагчохь лайна,
Суна - м сайх хеттера,
Ломан т1улг хилла.
Амма ахь кхета ницкъ бели сан сина,
Со хилар бецахелг дуьстича хьан сица.
"Къонаха,, ала мотт керчар бу атта,
Г1овттур бу, хьакъ боцурш а, буьтуш нах кхарда.
Къонахий бац совцуш, тоам беш лорах,
Уьш беха дуьненчохь, эхартан ц1арах...
Резванова Айза
Цхьа бахьна
Хьан ойланаш ю - те г1ийла,
Ирсах маьрша висина...
Сингаттаме ву - те, тийна,
Цунах дог цадаллина?
Д1о седанал генарч суна,
Х1унда къеги - те хьан са?
1а д1адолуш йисина г1ура,
Д1айов, еший, т1адмаза...
Суна - м хетта даима хьо,
Седана уллер беттаса...
Кхоллаеллий - те хьан ойла,
Хьайна улле со таръян?
Иштта делахь, и сан ирс ду,
Хьо сан дагчохь къагар а...
Цхьа бахьна ду, ас хьан амат,
Берахь дуьйна кхабар а...
Р.А.
Хьоьга ду цхьа...
Хьо воцчу йоьду со,
Кхин цкъа а хьан аз а ца хаза,
Хьан некъаш дуьту ас,
Сих хедош, са хьоьга ца тийса,
Хьоьга ду цхьа дехар,
1индаг1ах сан си т1е ца хьийзаш,
Йиталахь со яха,
Заманца кхин юха ца ийзош...
Хьо воцчу йоьду со,
Малх кхетар, ца кхетар
Бен доцуш,
Дахарехь сайн некъан,
Аьттонаш, халонаш
Ца лоьруш...
Хьоьга ду цхьа дехар,
Сан дагчохь кхин
Малхах ца г1уьттуш,
Йиталахь со яха,
Йочана, йоькхана,
Ца хоьрцуш...
Хьо воцчу йоьду со,
Махех я дог1анех
Ца лечкъаш...
Есачу есаллех,
Сийначу паналлех
Са хьерчош...
Хьоьга ду цхьа дехар,
Нагахь хьайн синкъа ас
Хьарчийнехь...
Къинт1ера валалахь,
Ас дагца доькъур ду,
Хьо иешар....
Р.А
Сан салам дац шуьга,
Яхь йелла к1иллой!
Салам ду, сийдолчу к1енташка сан!
Салам ду нохчашка,
Сийлардан мехкан,
Ц1еначу ниетца лелачарга!
Салам ду наношка,
Доьналлех буьзна..
Доьзалаш махкана кхиочарга…
Салам ду мехкаршка,
Шовданел сирла,
Тешаме ойланаш кхуллучарга!
Салам ду даггара,
Берашка нохчийн…
Дайн г1иллакх,
Ненан мотт лоручарга!
Салам ду Даймахке,
Лаьттачу оьзда,
Дайн лараш шен букът1ехь
Ларйечуьнга!
Салам дац сан шуьга,
Яхь йелла к1иллой!
Сан салам
Ц1ий ц1енчу нохчашка ду!
Даймехкан сий лардеш,
Бехачу, баьхначу,
Сийлаллехь хинболчу
К1енташка ду!!!
Р.А.
Нохчалла
Юьхь йоцчу къизалло сан дахар човхийча,
Хьо дагчохь г1оттура дог майра, нохчалла...
Мостаг1чо нуьцкъалла даш детташ хьовзийча,
Хьо майра г1оттура сан дагчохь, нохчалла...
1ожалла геннара б1аьргашчу къаьрзича,
Собарца г1оттура хьо дагчохь, нохчалла...
Хастам беш со Далла суждане яхача,
Иманца хьостура сан дог ахь, нохчалла.
Сан къоман дозалла, сий долу нохчалла,
Лаьтта хьо сан деган ч1аг1онан б1ов хилла.
Муьлххачу къийсамехь толаме кхочу со
Ахь тешам баларна, ницкъ болу нохчалла!!!
Р.А.
Сийсаза балур бац и майра к1ентий,
Заманца ламанех кхуьур ду сий!
Бакъонан некъ къуьйсуш, эгна сан вежарийн,
Дагалоьцуш дегнашчохь кхехкар ду ц1ий...
Мостаг1ий хьегна бу, доьналлех церан,
Эесехь схьа мел керча хиламийн сурт...
Элчанан юьхь ларъяр дозалла хеташ,
Собарца гайтина цара вайн дурс...
Дилхина, доьлхур ду вайн дегнаш царна,
Кхиийна бацарий уьш - м т1амна вай...
Делахь а, ца езна юьхь1аьржо дайшна,
Ца биси уьш баха амалца лайн...
Азаллера абаде зама ю еха,
Ткъа декъалчийн зама хан тоьхна яц...
Дуьненахь, эхартахь г1азотан декъа,
Г1иртинарш, Аллах1а Шех къастор бац!!!
Ин Ша Аллах1!
Р.А.
Г1атталахь тхан Даймохк, маьлхан са хилий,
Г1атталахь нохчичоь къагаеш хьайн...
Г1атталахь хьо Даймохк, синойн са хилий,
Доьналлехь г1атталахь г1азотан дайн!!!!
Г1атталахь хьо Даймохк, аьрзонах лаьмнийн,
Кхарстабеш хьайна чохь ира б1аьрг дайн...
Г1атталахь хьо Даймохк, 1умар тур хилий,
Г1атталахь д1а ц1анлуш амалех лайн!!
Г1атталахь, машаре к1ай кхокха хилий,
Лаьтта т1ехь хьекъадеш беркате кхаш...
Мостаг1ийн дегнашна 1аламат хилий,
Хьасталахь т1е гулбеш хьайн доьзалаш!!
Г1атталахь, тхан Даймохк, синкхача хилий,
Деба беш хьайна чохь декъала дай...
Г1атталахь, хьайн къоман турпалхой ларий,
Майрра деш тоьшалла, сийлаллех хьайн!!
Р.А.
Ас хьох ен ойланаш ю сирла,
Седарчех баттана ца къасттал...
Хьо волчу буолар до ас маса,
Хьозано х1аваэхь некъ биттал...
Сатийсам сабуьйлу сан хьо ган,
Хьо ца гуш хан ялахь дог саццал...
Синмарзо ю хьоьха д1аийна,
Хьох къастахь са дег1ах д1акъасттал...
Хаац - кха вуй те хьо са тийна,
Сан деган серлонгахь ца саццал...
Я ю - те хьан деган г1айренгахь,
Цхьа къайле, сан ирсах дог 1аббал....
Малхаца гуо бохуш дуьненна
Аса - м хьо лийхира ца к1адлуш...
Мацца цкъа карийча хьо сайна,
Сан синтем ахь буьйли - кх топ тайппана....
Р.А.
И дара сан ирс...
Суна лаьар -кха, хьан б1аьргийн нур кхуолийначу лазаман орам т1е а кхаьчна, цунна д1аьвше молха а хилла, бакъийна, багийна, чим ца буьтуш и д1абайа а...
Лаьар - кха суна, хьан ойланийн юькъалехь, хьуна синтем лучу ойлане йирзина, кхин кхуола ца дуьтуш хьан б1аьргийн нур, синтемах къегина, йериг а г1айг1анаш йашийна, хьан юьхь т1ера сингаттаман таммаг1а д1адайа а....
Суна лаьар - кха, хьуна азаллехь йазбинчу кхолламан некъех, хьан юьхьк1аййина, дахар ирсах кхелина, абаде кхаччалц хьан когийн лар ца цайойуш, хьо нуьречу йалсамане кхачо, хьан некъан аьтто хила а...
Лаьар-кх, Аллах1а къобал йинчу 1аьнарах хила, сайна долу халонан а, аьттонан а, дакъа дицдина, дуьненахь а, эхартахь а, хьо декъал вар цу 1аьнарца Деле доьхуш, хьала цатаь1аш, сужданехь латта а...
И дар - кх сан ирс, даима хьо ирсе гар...
Р.А.
Елар - кха со шерач арахь,
Мохехь - дорцехь шелонехь...
И хьан аз сан лере деъча,
Даге кхочуча йовхонехь....
*****
Меле ца хиллехь
Хьайн дагчу некъ боьхкуш,
Дош ахьа алахь...
Сацор бу ас сайгахь,
Сайн деган бала...
Цкъа мацах ирсана
Йоьттина г1ала,
Юьтур ас дахкарлахь
Чиркх латош, сайнна...
Цкъа наггахь са хецча
Иесе ас дажа,
Марзонан х1ол а хир
Цунна т1е товжа...
Меле сан ца хиллехь
Хьан дагчу кхачар,
Суна ма биталахь,
Ахь дагахьбаллам...
Саьхьара ца хилла,
Ойла сан цкъа а,
Ца темаш томехьа
Литтина - кх, сица...
Р.А.
*********
Седарчех ца къасттал
Ас хьох ен ойланаш ю сирла,
Седарчех баттана а ца къасттал...
Хьо волчу буолар до ас маса,
Хьозано х1аваэхь некъ биттал...
Сатийсам сабуьйлу сан хьо ган,
Хьо ца гуш хан ялахь дог саццал...
Синмарзо ю хьоьха д1аийна,
Хьох ялахь дег1ах са д1акъасттал...
Хаац - кха вуй те хьо са тийна,
Сан деган серлонгахь ца саццал...
Я ю - те хьан деган г1айренгахь,
Цхьа къайле, сан ирсах дог 1аббал....
Малхаца гуо бохуш дуьненна
Аса - м хьо лийхира ца к1адлуш...
Мацца цкъа карийча хьо сайна,
Сан синтем ахь буьйли - кх топ санна....
Р.А.
************
Кхардахьа
Велахьа, кхардахьа безамах сан,
Суна хьо везарх цец валий...
Кхаьрдинарг т1е дог1у боху и къа,
Дер дацара те хьуна бале?
Волахьа, кхачахьа хьомениг хьо,
Сагат деш вацахь со гаре...
Х1ун хаа, са 1ехо веъначахь сан,
Ас юьллий хьан дагчу кхане...
Алахьа, дийцахьа, безамах ахь,
Хаза дош мелехь ду алий,
Даггара ц1ена дерг са даьлла сан,
Хир дацара те декъал марий.....
Хьажахьа, сацахьа сан некъа цкъа,
Ца хууш тилкхаза валий,
Хир дацара те висар ца къааьсташ д1а,
Бериг бехк кхоллам а ларий....
**********
И иштта - м ду
Со х1унда хьоьжу хьан суьрте,
Стенна ас йоху хьан ц1е...
Х1унда сатуьйсу хьо гаре,
Дагар деш мел дог1у де...
Хьо х1унда воьху ас малхе,
Я батте, седарчешка...
Х1унда суо хета те ирсе,
Хьо ирсе хилар хиъча...
Х1унда сан даго хьо хоьржу,
Кхечарах къаьставеш схьа...
Хьох иллеш ас х1унда дог1у,
Гуьйренан 1уьйре хазъян...
Т1аьххьара безам бу мерза,
Олуша - м со хезна ю...
Амма и безам бу алар,
Ца тарлахь и иштта - м ду...
********
Ас кхолламе
Ас кхолламе тахана а доьху,
Ирсе воьлуш гайтар суна хьо...
Дагна везарх, хьоьца ас ца лоьху,
Сайна безам, я ирсе яр со...
Ас кхолламе тахана а доьху,
Б1аьсте санна, дахар хаздар хьан...
Т1аккха а со, хир яц хьоьха хьоьгуш,
Хьох йоккхаер дагна тайна сан...
Ас кхолламе тахана а доьху,
Х1ора м1аьрго малхах къагор хьан....
Сайн 1индаг1ашна ас малх ца лоьху,
Лаам бу сан, хьан некъ декъала ган....
***********
Резванова Айза
БАЙТАШ
Кхардахьа
Велахьа, кхардахьа безамах сан,
Суна хьо везарх цец валий...
Кхаьрдинарг т1е дог1у боху и къа,
Дер дацара те хьуна бале?
Волахьа, кхачахьа хьомениг хьо,
Сагат деш вацахь со гаре...
Х1ун хаа, са 1ехо веъначахь сан,
Ас юьллий хьан дагчу кхане...
Алахьа, дийцахьа, безамах ахь,
Хаза дош мелехь ду алий,
Даггара ц1ена дерг са даьлла сан,
Хир дацара те декъал марий.....
Хьажахьа, сацахьа сан некъа цкъа,
Ца хууш тилкхаза валий,
Хир дацара те висар ца къааьсташ д1а,
Бериг бехк кхоллам а ларий....
(Забарца)
2)
И иштта - м ду
Со х1унда хьоьжу хьан суьрте,
Стенна ас йоху хьан ц1е...
Х1унда сатуьйсу хьо гаре,
Дагар деш мел дог1у де...
Хьо х1унда воьху ас малхе,
Я батте, седарчешка...
Х1унда суо хета те ирсе,
Хьо ирсе хилар хиъча...
Х1унда сан даго хьо хоьржу,
Кхечарах къаьставеш схьа...
Хьох иллеш ас х1унда дог1у,
Гуьйренан 1уьйре хазъян...
Т1аьххьара безам бу мерза,
Олуша - м со хезна ю...
Амма и безам бу алар,
Ца тарлахь и иштта - м ду...
;;;
3)
Ас кхолламе
Ас кхолламе тахана а доьху,
Ирсе воьлуш гайтар суна хьо...
Дагна везарх, хьоьца ас ца лоьху,
Сайна безам, я ирсе яр со...
Ас кхолламе тахана а доьху,
Б1аьсте санна, дахар хаздар хьан...
Т1аккха а со, хир яц хьоьха хьоьгуш,
Хьох йоккхаер дагна тайна сан...
Ас кхолламе тахана а доьху,
Х1ора м1аьрго малхах къагор хьан....
Сайн 1индаг1ашна ас малх ца лоьху,
Лаам бу сан, хьан некъ декъала ган....
4)
Со ирсах ца хьаьгна,
Тоъъал сан хилла и дахарехь.
Т1ех 1енаш ца хилла,
Са дузош 1ийна - кх, шен барамехь.
Кхин лах – ам ца делла,
Ца кхоош декъарх д1а нахана.
Наха - а ца дуьту,
Юху схьа ца кховдош, саг1а.
Сайн ирсан да ю со,
Т1алам бо ас и ца дагийта.
Са дилхах къаьстачу
Дозанахь, цуьнан нур къагийта
5)
Со ю тахна
Керла хаза совг1ат кхийдош,
Йаьсти кхолламо 1уьйре.
И синмарзо дагчу ийзош,
Со ю тахна самукъне.
Детийн буьртигех т1е1енаш,
Доху дог1а беркате.
Хьозарчий ду зевне декаш,
Бешахь токхе ю аьхке.
Накхар – мозий г1уьтту «зузз» деш,
Белхий бина, гулдеш моз.
Хенан х1оттам хийца кечлуш,
Малхах хили дашо х1оз.
Зезагаш а самадевли,
Воьхуш х1ора шайна т1е.
Полла хьийза парг1атбаьлла,
Марзо оьцуш зезагех.
Керла хаза совг1ат кхийдош,
Йаьсти кхоламо 1уьйре.
И синмарзо дагчу ийзош,
Со ю тахна самукъне....
6)
Резванова Айза
Йаздехьа цхьа сурт...
(Исаев Х1ароне)
Йаздехьа цхьа сурт, сурт йаздархо!
Исбаьхьчу Даймахках дагайала хиъча,
Бохь лекха ламанаш г1иллакхе девлла,
Г1ар - тата сацийна, ладоьг1уш дайча,
Сан б1аьргех къегинчу хин лазам бостуш,
Хирдар-кха, и башха, сий-ларам гойтуш!
Йаздехьа цхьа сурт, сурт йаздархо!
Даймехкан лаьттат1ехь, синкхача боькъуш,
Дас-нанас хьехначу, г1иллакхех тоьгуш,
Безаман марзонца, ирсе некъ буьллуш,
Сан б1аьргех къегинчу хин лазам бостуш,
Хирдар-кха и башха, безамах дуьйцуш!
Йаздехьа цхьа сурт, сурт йаздархо,
Са сирла 1уьйре Даймахках хьаьрчаш,
1аламан хазаллехь, са маьрша даьлча,
Маршоне кхийдинчу синойх эхь хетта,
Сан баьргех къегинчу хин лазам бостуш,
Хирдар-кха и башха, маршонах дуьйцуш!
Йаздехьа цхьа сурт, сурт йаздархо,
Даймахке безам синмеха къаго....
7)
Хилахьа сол говза
Ма шело хьаьди схьа,
Хьо волчу аг1ора.
Богучу маьлха а
Шех б1о къажал...
Делахь а йовхонах
Х1уо хаъло дагна,
Къегинарг буьйсанан
1аьржаллехь санна.
Къу вац хьо, ванне а,
Леринарг лачкъо.
Хьан б1аьргийн стиглашкахь
Ткъесс серло ловзу.
Х1етте а малх мелла,
Ойланаш кхуоло,
Мохь бетташ, т1е уьду -кх,
Йилбазан оза.
Кхоьлинчу сан б1аьргийн
Г1айг1а а уозий,
Цахадош, безмана,
Буьтуш цхьа хьаса.
Сан мерза лазамийн,
Барамца дустий,
Хилахьа сол говза,
Ирсе некъ харжа.
8)
Мух1ажаран ойланаш
Генахь со велахь а, бац дагна хера,
Сингаттам, сан Даймохк, хьийзарг хьан кийра...
Ма мотта, со веха, са парг1ат даьлла,
Хьан бала, сан деган пхенаш чу баьлла.
Дага а ма далахь, геналлехь къайллаха,
Ойланца, м1аьргонна хьох къаьстина 1ийна.
Маьршачу аренгахь, сина маршо яйна,
Хьийзачу мохах са, хьан не1ре идда.
Тийналла х1оьттича, базлуш хьан бала,
Г1енашкахь сатуьйсуш, хьох дагавала...
Сан Даймохк, со лелла, къен-миска ваьлла,
Хьоьгуш хьан дозанах, кошанна барз балла...
********
9)
Ма хетахьа
Ма хетахьа хьуо декъаза,
я со декъала,
Ца хиллера кху сан дагна,
цхьаъ хьол уллера...
Ас ойланаш ца йинера
кхечух безаман,
Вац те хьо сан дагах кхеташ,
я со галъяьлла!?
Гуьйре суна - м къежаш хета,
кхоэе совг1атца,
Дитташа г1аш д1а ца хоьцу,
ловза мехашца.....
Куьце аренаш а лаьтта,
лепаш томана,
Хьан г1иллакхаш кху сан сица
ма схьаэеделла....
Юха еъна кхечи суьйре,
эехье ц1ийелла,
Маьлхан месех хьаьрча мархаш,
Къастар дазделла...
Ца хилахь хьо тахна гойла,
Ши б1аьрг ца къовлуш.
Со хьоьжур ю цу хьан суьрте,
Хьох дог ца дуьллуш....
10)
Накхар - моза
Х1ун лоьху Накхар, ахь,
Ка - м1араш хьоькхуш....
Тасабелла хьо ч1ог1а,
И зезаг огуш...
Хьо - м товш бу бос хаза,
Зезагаш хьоьстуш,
Хьан хаза беснаш ду,
Б1аьстенца дог1уш...
Бу те хьо къахьоьгуш,
1аьнна моз гулдеш?
И хьан къахьегар ду,
Массарна дезаш....
Р.А.
11)
Х1ордан ловзар
Хаза ду х1ордан ловзар
Г1еннаха гуш...
Ийалуш тулг1еш бердех
Етталуш...
И соьца берта беъча,
Цо ирс луш,
Со цунах хьерча цуьнан
Сих са уьйш....
Самаха яц со цкъа а,
Цуьнца уьйш,
Геннара хьоьжу тхойша,
Вовшен зуьйш...
Суна - м и ловзар тоьа,
Б1аьрг хьостуш
Хаза ду х1орд ловзар,
Геннахь гуш....
;;;
Р.А.
..Резванова Айза
Къонахчунна
Ма беза хиллера хьоьгара бала,
Лелийнарг ахь дагчохь, бераллехь дуьйна.
Кховдийча цунах сайга, цхьа к1еззига дакъа,
Ницкъ боцуш йиси со - м,
Когаш т1ехь г1атта...
Даймекан баланаш сайн дагчохь лайна,
Суна - м сайх хеттера,
Ломан т1улг хилла.
Амма ахь кхета ницкъ бели сан сина,
Со хилар бецахелг дуьстича хьан сица.
"Къонаха,, ала мотт керчар бу атта,
Г1овттур бу, ц1е йоцурш, буьтуш нах кхарда.
Къонахий бац совцуш, тоам беш лорах,
Уьш беха дуьненчохь, эхартан ц1арах...
Р.А.
Юсупов 1илмане
И вайн нохчийн мерза мотт, ахь кхоьллина хилла те...
Ца кхоьллинехь кху сан дагчу ахь марзонца буьллу и...
Меттан марзо чомехь кхиош долчу деган бешахь хьан,
Лаьар - кха цкъа 1а ца дулуш, латта баьсте даимна!
Кху дуьненан ерриг марзо хьан дахарехь хилла те,
Ца хиллехь а, ахь гулйина суна -м дагчу юьллу и...
Вай Даймехкан лаьмнийн баххьаш къагош серла буьйлу малх,
Хьан дагчуьра г1оттуш хета, дендеш ненан меттан аз...
Лерамца Айза...
Резванова Айза
Алхьамдулиллах1!
Я Аллах1, хастам бу хьуна!
Юсупа лайна 1азап лоруш...
Ца хилла вай делла, я амалх тилла,
Собаре хилла вай даима санна...
Яхь йолу къонахий даима хилла,
Хир а бу вайнехан, пурбанца Делан!
Харцоно шерашкахь датийна дегнаш,
Уозийна 1ад санна сецийна лаамаш...
Д1ахийци вайнехан къонахчо нохчийн,
Дуьненна д1агойтуш барт - безам вовшен...
Хала ду... хала ду.... ойланца дуста а,
И 1азап Цо лайнарг, вайн уьйраш хитта...
Бакъо яц вайнехан и бала гушехь,
Вовшашца барт боцуш, хан - хене титта...
Схьагулло Дег1аста, цхьаъ хилий, берттахь,
Даймехкан доьзалхо хьоме ву х1ора...
Тхан хьоме вежарий, шу вовшах кхета,
Вайнехан дегнаш чохь вац шух цхьаъ ворах....
06.08.2018
Резванова Айза
Къонахчунна
Ма беза хиллера хьоьгара бала,
Лелийнарг ахь дагчохь, бераллехь дуьйна.
Кховдийча цунах сайга, цхьа к1еззига дакъа,
Ницкъ боцуш йиси со - м,
Когаш т1ехь г1атта...
Даймекан баланаш сайн дагчохь лайна,
Суна - м сайх хеттера,
Ломан т1улг хилла.
Амма ахь кхета ницкъ бели сан сина,
Со хилар бецахелг дуьстича хьан сица.
"Къонаха,, ала мотт керчар бу атта,
Г1овттур бу, ц1е йоцурш, буьтуш нах кхарда.
Къонахий бац совцуш, тоам беш лорах,
Уьш беха дуьненчохь, эхартан ц1арах...
Р.А.
Говза хили хьо лакхене кхача,
Г1атто нуьрца сан д1абайна малх а...
Б1асте ялий ахь сан дагна яца,
Шовданех д1а хецадели аз а...
Д1о стиглара беттасих хьо къеги,
Седанах со йоьхуш хьайна т1е...
Сан кийрара ша - лам бешна бели,
Дуьне, дахар хьоьца марздели...
Сан сих хьаьрчаш,
Б1аьсте дагчохь яьржи...
Зезагашца кхели некъаш вайн,
Маьлха дог1а вайн ирс кхиош 1ени
Стела1ад схьа хьевзи ойланийн...
Хьан амало кхоьлли ц1ена безам,
К1еда мерза декош лерехь аз...
Сан б1аьргашна тайна хьоьга хьежар,
Хьан амато даьсти дагчохь зазз....
Р.А.
(Нохчийн къоман сий диначу
Къонахчунна Юсупна лерина...)
Ша декъалчийн дакъа делла,
Кхуллуш дагт1е мух1ур тоьхна...
Хилла Дала хьо кхоьллина,
Къонах гайта, кху дуьненна...
Хьо - м ваха д1а, велавелла,
Эхартартан кхаъ кхаьчча санна...
Тхо дисина хьере хилла,
Тхайн хьуна дан г1о ца хилла....
Хир дарий ткъа, тхан г1о доккха,
Я къинхетам, Цуьнчул шорта??
Вайх къинхетам бан Ницкъ болчо,
Шен къинхетам хилар гойта...
Д1а хьовсийша, нохчийн махка,
Сий - ларам бу беза - боккха...
Нохчийн къонахчо вайх яккха,
Ц1е йитина нохчин йокхха....
Нохчийн доьналла цо гайти,
Мехкарийн сий лаккха айди...
Кху дуьненан экъана т1ехь,
Нохчийн къонахийн яхь ларъйи...
Хьо декъалчех декъал войла!
Хьан сий дан ницкъ тхуна лойла!
Ахь даьккхина деза г1азот,
Юсуп, Дала къобал дойла!!!
Амин йа Аллах1!!!
04.08.2018
Резванова Айза
Алхьамдулиллах1!
Я Аллах1, хастам бу хьуна!
Юсупа лайна 1азап лоруш...
Ца хилла вай делла, я амалх тилла,
Собаре хилла вай даима санна...
Яхь йолу къонахий даима хилла,
Хир а бу вайнехан, пурбанца Делан!
Харцоно шерашкахь датийна дегнаш,
Уозийна 1ад санна сецийна лаамаш...
Д1ахийци вайнехан къонахчо нохчийн,
Дуьненна д1агойтуш барт - безам вовшен...
Хала ду... хала ду.... ойланца дуста а,
И 1азап Цо лайнарг, вайн уьйраш хитта...
Бакъо яц вайнехан и бала гушехь,
Вовшашца барт боцуш, хан - хене титта...
Схьагулло Дег1аста, цхьаъ хилий, берттахь,
Даймехкан доьзалхо хьоме ву х1ора...
Тхан хьоме вежарий, шу вовшах кхета,
Вайнехан дегнаш чохь вац шух цхьаъ ворах....
06.08.2018
Хьоме нус
(Алханова Йисийтина)
Х1ун дора сирлачу б1аьстенах,
Зезагийн хазалла ца хилча...
Х1ун дора даькхначу кху дийнах,
Кхолламаш декъал беш ца хилча...
Х1ун дора 1аьржачу буьйсанах,
1аьршашкахь седарчий ца хилча...
Бетта са хир дар - кха кхоьлина,
Хьан б1аьргийн нур шеца ца хилча....
Х1у дора кху маьлхан дуьненах,
Мерзачу безамца ца диъча...
Марзо а хир ярий дегншкахь,
Безаман ц1е йогуш ца хилча...
Къегина малх серла бойлийла,
Хьо йинчу дийнан сий - ларам беш...
Хьоме нус, Йисийта, декъала хуьлийла,
Даима дахарах йоккхаеш!!!
Резванова Айза
Къонахчунна
Ма беза хиллера хьоьгара бала,
Лелийнарг ахь дагчохь, бераллехь дуьйна.
Кховдийча цунах сайга, цхьа к1еззига дакъа,
Ницкъ боцуш йиси со - м,
Когаш т1ехь г1атта...
Даймекан баланаш сайн дагчохь лайна,
Суна - м сайх хеттера,
Ломан т1улг хилла.
Амма ахь кхета ницкъ бели сан сина,
Со хилар бецахелг дуьстича хьан сица.
"Къонаха,, ала мотт керчар бу атта,
Г1овттур бу, ц1е йоцурш, буьтуш нах кхарда.
Къонахий бац совцуш, тоам беш лорах,
Уьш беха дуьненчохь, эхартан ц1арах...
Р.А.
Хьо воцчу йоьду со,
Кхин цкъа а хьан аз а ца хаза,
Хьан некъаш дуьту ас,
Сих хедош... Са хьоьга ца тийса,
Хьоьга ду цхьа дехар,
1индаг1ах, сан си т1е ца хьийзаш,
Йиталахь со яха, заманца,
Кхин юха ца ийзош...
Хьо воцчу йоьду со,
Малх кхетар, ца кхетар
Бен доцуш,
Дахарехь сайн некъан,
Аьттонаш, халонаш
Ца лоьруш...
Хьоьга ду цхьа дехар,
Сан дагчохь кхин
Малхах ца г1уьттуш,
Йиталахь со яха,
Йочана, йоькхана,
Ца хоьрцуш...
Хьо воцчу йоьду со,
Мехех я дог1анех
Ца лечкъаш...
Есачу есаллех,
Сийначу паналлех
Са хьерчош...
Хьоьга ду цхьа дехар,
Нагахь хьайн синкъа ас
Хьарчийнехь...
Къинт1ера валалахь,
Ас дагца доькъур ду,
Хьо эешар....
Р.А
Безамо шераш ца лоьру,
Ца хоьржу заманан МУР....
Бахаме, хьоле ца хьоьжуш,
Цо дагчохь къагадо нур...
Жималлийн шерашка вуьгий,
Къаналлех кхардадо дог....
Къоналлийн доьналлех воккхий,
Акха д1а идабо ког....
Т1аккха цкъа мацца а тухий,
Динара воссаво цо…
Ша шега хаьттарш деш, духий,
Дерриг чохь къовлало дог....
Р.А.
*****************
Хьо вог1ург ма хилла,
Геннара б1аьрг тоха.
Со ехачу дозанан,
Синбарам буста...
Хиарий ткъа хьуна,
Цкъа мацах дуьйна схьа...
Ас лелош хилар хьайн,
Некъан бустам?
Хьо геннахь хилар а,
Дегйовхо лоруш,
Йоккхаер ду соьца,
Ирсан да хила...
Цхьана дийнахь синмерза,
Мукъамаш совцахь,
Ца уьдуш соцур бу,
Са лоьру цхьамза...
Р.А.
Са парг1ат хир ву хьо - м,
Хьайн дагахь дерг аьлла,
Сан деган чиркх бойуш д1а...
Цу дешан ойла еш,
са парг1ат ца долуш,
со йиси бодашкахь 1а...
Дог1ане ойланаш,
Малхехь сан якъийна,
Са серла даьккхина цкъа...
Бала сан лалина,
Сан дагчу тарбина,
Х1ордах ахь ди суна - м ц1а...
Со хьанах тешар ю,
Муьлха некъ лоцур бу,
Юху ас бакъ бина схьа....
Сан даго къобал веш,
Со теша 1амийнарг,
Ца кхои - ч, ахь а сан са...
********
Синт1емаш даьржи сан, сакъераделла,
Бераллийн кевнаш аш даьстина д1а.
Ма ирс ду шу хилар, сан деган мерзаш,
Ц1еххьана малх къеги дахарехь сан.
Яхна хан йесаллехь йисина хеташ,
Со –м 1ара, дагайала цакарош шу.
Ма ирс ду шу хилар, сан деган мерзаш,
Шух х1ора ирсе гар сунна кхаъ бу.
Шу марша дог1ийла, сан деган баьрче,
Дахарехь ирс серла долийла шун.
Ма ирс ду шу хилар, сан деган мерзаш,
Юху а бераллехь шуьца со ю….
Р.А.
Со йоьду д1о ара,
Басешца, хишца,
Бераллийн м1аьргонаш,
Б1аьргашца листа...
Тохара, бералла
Левзинчахь маьрша,
Д1ахеца, са - архаш
яьсстина, кхарста...
Резванова А...
Хьо йоцчахь Нана, малх кхулий лаьтта,
Хьо йолчахь х1унда и болу - те, серла?
Х1ун йовхо ю - те, малхана кхочург?
Нана цо б1аьсте а, хьан суьртах йосту - кх!
Хьо йоцчахь Нана, б1аьсте ю шийла,
Бошмаш а къийлалуш, хебаршка юьйлу...
Хьо йолчахь х1унда уьш хецало башха?
Нана, зазза бошбашкахь хьан суьртах досту - кх!
Хьо йоцчахь Нана, дог доьжна 1уьллу,
Хьо йолчахь х1унда и долу - те ловза?
И тамаш ловзийта сатуьйсучу сица,
Йолахьа Нана хьо, и къайле йийца!
2018
12)
Хьоме нус
(Алханова Йисийтина)
Х1ун дора сирлачу б1аьстенах,
Зезагийн хазалла ца хилча...
Х1ун дора даькхначу кху дийнах,
Кхолламаш декъал беш ца хилча...
Х1ун дора 1аьржачу буьйсанах,
1аьршашкахь седарчий ца хилча...
Бетта са хир дар - кха кхоьлина,
Хьан б1аьргийн нур шеца ца хилча....
Х1у дора кху маьлхан дуьненах,
Мерзачу безамца ца диъча...
Марзо а хир ярий дегншкахь,
Безаман ц1е йогуш ца хилча...
Къегина малх серла бойлийла,
Хьо йинчу дийнан сий - ларам беш...
Хьоме нус, Йисийта, декъала хуьлийла,
Даима дахарах йоккхаеш!!!
13)
Ц1инбелла бутт санна
Ц1инбелла бутт санна - эсала, оьзда,
Хьоьжу хьо ойла еш, Даймахках йоьзна.
Хьан сица са дустуш, со хьежа яьлча,
Хета сайн ийманан нур дуьйлуш серла.
Цхьа мерза г1айг1анаш седарчех луьйсуш ,
Хьоьжучу хьан б1аьргийн синлазмах хьегна,
Хьан б1аьргаш чухула со хьежа яьлча,
Къинхетам сабуьйлуш хаало дагца...
Хьан сирла юьхь – сибат, неначух оьзна,
Цу амат чуйоьлла, со лела яьлча.
Т1аьххьара синмарзо адамашца йаькъна,
Маьлхан нур кийрарчу сих 1енаш хета.
Нохчийн зуда, дьуненахь сий долу Нана,
Са маьрша ехийла, хьо хьоьстуш Дала!!
Нохчийн зуда, Даймехкан сий дина Нана,
Аллах1а хьоьстийла, хьан ц1ена ойла !!
Р.А.
14)
Резванова Айза
Сийсара г1енаха йилхи со, Нана,
Суо г1ено г1енаха 1ехор ца тайна...
Боккъал а бакъ дина, хьо яр тадина,
И мерза сатийсам, г1ан хилла байча...
Юху а самаха, цу г1ене кхача,
Сатесна юьйжи со, набарна товжа...
Хьан когийн к1еда лар, лерсино лоьцуш,
Г1ена чу ели со, набарха йолуш...
Буьйсанан къовларшкахь дуьтуш сан г1ан а,
1уьйренан синт1амарш сайн корехь дайча...
Сан холчу х1оттар а, хьостуш, ма тайр - кх,
Буьйсанан 1аьржаллехь г1аттар, наб яйна...
Р.А.
15)
Муха ду хьан яхар, хьо хьанна къежа,
Кариний те хьуна, ирс къега лам??
Ахь ненан марзонах битинчу хьега,
Доьзала-м телхина дахаре чам.
Кхиина йог1учу йоь1ан некъ боьхна,
Дог хьаста вац цхьа а, я хьехар дан.
И лаьтта хьан суьрта т1е б1аьргаш доьг1на,
Яц нана хьеган бен, лаарх а ган.
1уьйранна ца г1оттуш, висина ваша,
Цамгаро 1аьвшина шен мерза са.
Дог лозуш, жима куьг хьекхарх т1е йишас,
Цо ненан йовхоне туьйсура са.
Къинхетам са баьлла, кийрахь дог лозуш,
Къона да х1оьттира, к1антана т1е.
- ,, Х1ун лозу, мичхьара?,, , хаьттарш деш, хьоьстуш,
Цо сиха лоьраш а бийхира схьа.
Амма к1ант 1уьллура, ша г1ийла хьоьжуш,
Т1еххьара бетташ шайн не1аре б1аьрг.
Меллаша цо ойла къадийра, доьхуш,
,, Нана, сатийсинарг, кхачахьа схьа,, .
Мичхьа ду хьан лелар, хьо хьанна къежа,
Кариний те хьуна, ирс къега лам??
Ахь ненан марзонах битинчу хьега,
Доьзала-м телхина дахаре чам.
16
Бехке йо
Бераш а дитина, д1а яхна бохуш…
Тоьшаллаш деш нана, бехке йо, х1унда?
Доьзалех къастаро кийрахь дог доруш,
Лелий им дакъаза яьлла, деш къурдаш....
Яхь - мо1аш иръелла, дагах чекх юьйлуш,
Яьлла и собарах эшадеш г1ора?
Къайлаха шен доьзал вайн Деле боьхуш,
И лела хьоьгуш дан, доьзална дола?!
Ма ч1ог1а еза - кх, берашна нана,
Дустийша цу ненан деган хьал аша...
Адамаш, мА къастадейша бер - наний,
Цу шиннах къастош д1а, марзонан дакъа!!!
Р.А
Х1унда хьо схьагушехь йоьду со
бераллийн хене,
Ас лоьху те стенна, сатийсам,
бераллехь тайнарг....
Уьду те са цига, лууш и марзо
Хьох эеян,
Я лаьа хьан дагчохь бер санна
Лаьчкъаш дог тедан??...
Хьан терго лела сан дахареь
Ойланаш къажъеш,
Сахиллац седарчех къега и
Хьох ойла хазъеш.
Сатосучу седанах со тарлой,
Са долу серла..
Дуьне сан сих къаггал, там хуьлий,
Ирсах дог кхела…
Р.А.
...
Б1аьстенан суьйре
Суьйре ю т1е еънарг, б1аьстена суьйре,
Синкъерам са айдеш г1оьртина герга...
Кегирхой бу гуллуш, боларца х1айте,
Самукъне мехкарех безамаш хьегна....
Стиглара седарчий мехкарех лепа,
Мехкарийн б1аьргачохь седарчий къега.
Хетарехь барт хилла вовшашца церан,
Вайн суьйре цундела самукъне къежа.
Суьйре ю ц1ийелла, хьаьстина ойла,
Мехкарийн беснеш техь ду иза гойла...
Хелхара бал баккха вайн ойла г1аьтти,
Хьо даго хаьржинарг хелхаре г1атта...
Кхочар ю и б1аьсте х1оранна дагчу,
Зезагаш лепар ду, кхелина ирсах.
Безамийн марзонах эелур ю суьйре,
Х1ара суьйре юьсур ю,
Даима вайца....
Р.А.
Сан салам дац шуьга,
Яхь йелла к1иллой!
Салам ду, сийдолчу к1енташка сан!
Салам ду нохчашка,
Сийлардан мехкан,
Ц1еначу ниетца лелачарга!
Салам ду наношка,
Доьналлех буьзна..
Доьзалаш махкана кхиочарга…
Салам ду мехкаршка,
Шовданел сирла,
Тешаме ойланаш кхуллучарга!
Салам ду даггара,
Берашка нохчийн…
Дайн г1иллакх,
Ненан мотт лоручарга!
Салам ду Даймахке,
Лаьттачу оьзда,
Дайн лараш шен букът1ехь
Ларйечуьнга!
Салам дац сан шуьга,
Яхь йелла к1иллой!
Сан салам
Ц1ий ц1енчу нохчашка ду!
Даймехкан сий лардеш,
Бехачу, баьхначу,
Сийлаллехь хинболчу
К1енташка ду!!!
Р.А.
Х1а - х1а дера...
Х1а - х1а, цакарийна,
Хьуна хьайн дахаран аг1о…
Даьтта хих цаэело,
Лалорах, даторах хено...
Ахь дог ма диллалахь,
Х1инца а мегий и-м каро,
Цхьана муьргана мА йелахь,
Ирсана т1екхача мало…
Х1а – х1а, хьо ца лелла,
Дахарехь хьайн некъах тилла.
Х1инца а вог1у хьо,
Керарчу заманах ийна.
Со а яц дахаран терзанахь
Барам бай хилла…
Хьегна яц, со цкъа а,
Сайн доцчу мозчу 1айг билла…
Х1а – х1а дера, ца висна,
Хьо синтем хьайн леха т1аьхьа,
Шен хеннахь ду - хьуна,
Сингаттам хьа - х хуьлу, къаьхьа…
Базбеллачу букъ - т1е,
Дахаран мохь бисча шенна,
Воккхалла – м хьаха ю,
Къонахчуьна мах хадо зама….
Р.А
.Безаман ницкъ кхочу
Ма хьийза, ма сетта,
Дац сан кхин амал.
Махуо г1а санна ас
Хьуйр ю хьо ц1ехьана.
Безаман ницкъ кхочу,
Аьчка дог лало.
Сан деган хьоьца яц,
Цуьриг а гамо…
Ядалахь, лачкъалахь,
Со вог1у вайча.
Къинхетам сох белахь,
Кхардам ца байта...
Къуберза буьйсанна,
Берза б1аьрг санна,
Со тебаш ву хьуна,
Хьо лачкъо сайна...
Малхо де хьистича,
Суьйре хазло.
Йо1 хаза кхиинча,
Некъаш шарло…
Сан ойланаш денъян,
Хилахь хьо реза.
Къегина седарчий,
Хир ду вайх хьегна.
Дахар мА доца ду,
Безамах къаста…
Синт1адам цакхиъал
Марзонах 1аба…
Зама мА йеха ю,
Дог доцуш даха,
Лууш вац ирсана
Гуо туьйсуш ваха.
Р.А.
Резванова Айза
Дицдина сиха
Вай сиха дицделла, дицдина сиха,
Цхьа боьсса вай хьовса дезара юг1а...
Вайх цхьа а ца къестош этира къиза,
Дуьххьара дац иза - м, х1оразза дита....
Вай сиха дицделла, дицдина сиха,
Яхь йолу къонахий х1иттош шайн сиза...
Сий долу мехкарий сийсаза беш къиза,
Са ледеш къахьоьгу вай, дицдан иза...
Вай сиха дицделла, дицдина сиха,
Наноша мохь беттар, доцуш г1о - орца...
Баккхий нах къурдаш деш, хьежар вайн б1аьра,
Ма бакъо яцара вайн, турпалхой бицбан....
Вай сиха дицделла, дицдина сиха,
Вайн махка бог1у некъ шарбелла т1амна...
Хьекъале хилий вай, цхьа барт бай х1инца,
Мостаг1ий тохий вай, кхетабеш юг1а...
Эшац герз толамна, барт хилар оьшу,
Вовшашна ларам беш, къизалла эшо....
Ца оьшу, оьшур дац вай кхечу махкахь,
Сий хир ду Даймехкан, вай вешан сий дахь!
2018
(Адам Татаев лоруш)
Ненан даггара
Ненан кера биллина хьайн корта,
Хьо г1ад вахна 1уьллу бер санна...
Амма ненан б1аьргаш ойланашка,
Дахна хьоьжу генна некъашка...
Цунна - м хета ч1ог1а хьо к1авелла,
Хета хьан некъ беза шенчул а...
Цунна - м лаьа кховдо берахь санна,
Хьо набаре г1айг1а йойуш д1а...
Ненан лаам бу гуш сирла, ц1ена,
Цо ирс лору доьзал могуш гар...
Декъала хуьлда массо доьзалхо а,
Шен хьомечу НЕНАН даггара!!!
Лерамца; Резванова А...
Ас хьо вуьту, хьйн лаамехь ваха,
Сан лаамех ахь бинехь а х1оз...
Хиларх ойла кхечанча сан яха,
Юху хьевза хьох тарделла моз...
Маьлхан з1аьнарш хецаяларх д1аса,
Гулйо ерриг юха шена чу...
Иштта даго дахарах ен ойла,
Хьайха хьерчош хьо сан дагчохь ву...
Седарчий а къега ша - ша, бохуш,
Лепаш суна, даге доьхуш жоп
Сан б1аргаша хьан аматах лоьруш,
Батте дуьйцу мерза йланех...
Ас хьо вуьту, хьйн лаамехь ваха,
Сан лаамех ахь бинехь а х1оз...
*****
Чакхъели вайшинна б1аьсте,
Д1акхелхи т1аьххьара зазз...
Сан дагчохь кхин "ц1ар,, ца декош,
Къардели цаьпцалгийн аз...
Хьан къамел дац хьалхалера,
1уьйренан олхазарех...
Хетарехь хьан дагчохь малхах,
Кхечуьнан амат къеги...
Х1умма дац хьан дагна тайнехь,
Асса - м хьо декъала во...
Безаман хало ца лайнехь,
Дахаран хьесап ца го....
Р.А.
Асса - м сайна дуьтур даций и ахь аьлла баркалла,
И дог1уш ахь аьллехь суна, хир ду дакъа нахана...
Ткъа сан юьхьна олуш делахь, ас доккхур ду и къайла,
Ца хоийтуш и кхаьчнийла, маршо йоцуш серлонна...
Асса - м сайна дуьтур даций, совг1ат кхаьчнарг хьоьгара,
И сайн дагна делахь томехь, доькъур ду ас нахаца...
Нагахь дацахь и са хьостуш, ас са деккъал малхаца,
Ас дуьтур ду иза 1илла, цхьа ц1е йоцчу хьажийна...
Асса - м сайна дуьтур даций, деллехь нур а б1аьргашна,
Ас и доькъур ду массаьрца, сайна санна томана...
Нагахь дацахь и адамийн б1аьргаш къагош седарчех,
Ас дуьтур ду иза сега, деган 1инчохь, дахкарлахь...
Аса - м т1е а дуьтур даций, доцург декъа нахаца,
Ткъа синкхача хир бу чомехь, белахь тайна нахана......
Р.А.
*************************
Свидетельство о публикации №218090401504