***
елла со, я йисна хьажа, Сингаттам, сатийсам боцуш кхин,
сох дага вала...
Со хир ю къегина,
сатосуч седанах тера,
Сайн серло ца эшарх,
са дагош, къагархьама хьуна...
Резванова Айза
Дай хилла, вайн Дай!
Адам доцчу а бахана, цхьаннийца а къевсина даьккхина а доцуш, десса латтанаш хилла лаьмнашкахь, вайн дайша схьалаьцнарш...
Уьш цу заманчохь теллина а ца хилла, цу лаьмнаш бухахь х1ун доллу хьовса а, я деккъа т1улгийн лаьмнаш хилар бен цаьрца кхин бала а ца хилла цхьанний а...
Вайн нохчийн къам халонах къаьхкаш доцу, и исбаьхьа 1алам долчахь, цу т1улгийн лаьмнашкахь сецна - кх, даха...
Нохчийн къам цхьаболчарна хьекъал доцуш а, г1ийла - миска а хетта, дуьненан хьал къуьйссуш а, нахана бале буьйлуш а ца лелла дела... Нохчийн къоман бахам маршонах боьзна хилла даима а... Маьрша доцу адам лерина вайнаха г1ийла... Ткъа маршо шен мохк боцчу къоман хирг ца хиларах кхетта, вайн дайша, шаьш схьалаьцна латтанаш т1е кхин долу къаьмнашка эвхьаза когаш ца боьттийтуш, уьш шайн дола даьхна... Адамаллийн лаккхарчу хьекъалца бакъонаш а х1иттийна, т1аьхьенна кхерамазаллийна...
Шайн дозанаш зил тухуш, билгал даьхна, т1ехьрчу т1аьхьеннашна а т1алам беш...
Дайн латтанаш лардар а, къоман бакъонаш лелор а т1е диллина, йиш - вешийна а, гергарчарна а, лулахошна а, юккъе восаш ца яхкийта... Оьзда г1иллакхаш а кхоьллина, ц1еначу дахаршкара хиламех масаллех дуцуш... И г1иллакхаш т1е ч1аг1деш 1адаташ а х1иттийна, ца кхеташ верг кхетаван бахьнашна...
Нохчийн къам кхиа ца дуьтуш, кест - кестта т1е латарш а деш, адамаш х1аллак деш, ницкъ беш хилла зуламхоша, кхиана евллачу пачхьалкхан эскарша а, шайн боьхачу бакъонашна, нохчийн къам юкъа уозо къахьоьгуш...
Делахь а вай дай къар ца луш, шаьш кхоьллинчу ц1еначу бакъонаш т1ехь севцца, низама ца дуохош... Латтанаш т1е кхийдаш, и къийсамаш а латтийна цаьрца... Шаьш схьалаьцна латтанаш къевссина, уьш дола а даьхна вайн дайша, цу латтанийн бакъонаш шай дола йохуш, шаьш дай хилар довзийтуш... Шайн дозанна т1ера шаьш д1адевриг ца хилар хойийтуш.
Цу латтанаш т1ехь д1абуьйлабелла нохчийн къоман доьзалаш а...
Шаьш замано кхеторий терра, весет дина цара, т1аьхьенга: "Нехан дозанаш схьа а ма леца, шайн дайн латтанаш, д1а а ма хеца... Даймохк боцуш верг, вала да воцуш, дуьненна а юкъара лай лору... Даймохк берг, бийца дай болуш хилара терра, сий - ларам болуш хуьлу!,, - аьлла...
И дайн весеташ лардан а, Даймахкахь цхьа барт а хилла, маьрша даха а, Аллах1а, иман а, собар - кхетам а, ницкъ а лойла вайн Нохчийн къомана!!!!!
Р.А.
Резванова Айза
Х1окху суьрта т1ехь долчу дийцаран, автор мила ву ца хаа суна.
Нохчийн къоман къонахех дош олуш ларвала везара аьлла хета суна...
Уьш къоман массо заманан турпалхой бу...
Царах дош ала а оьшу, шен дахарехь и хало лайна, шен сица и дуста хууш верг...
1) Шейх Мансур набахтехь кхалхар ца товш луьйш ву иза... Ткъа шен валаран ойла еш хиллий те цо? Кхуллуш верг а, д1аоьцуш верг а Аллах1 хиларан а, Цо яздинчахь бен 1ожалла хирг ца хиларан а ойла еш аьллий те и дешнаш? Дала декъал бойла вайн д1акхелхинарш!
Шейх Мансур муьлхачу бахьнийца кхаьчна набахте, и хьал девзаш хиллий те и автор?
Т1емш бечахь валлал чевнаш хилла, синкхетамехь воцуш лаьцначахь кхаьчна иза набахте...
2) Ненаца сецна, ши дош ала а ца кхуьуш, сихха шен х1усамнана а, доьзалхо а волчу х1усаме вахана, зудчуьнга дагар дуьйцуш деш ду и даккхий къамелаш?
Шен зудий бен дагар дийца кхин доттаг1 а, ваша - шича - мохчалахь адам ца хилла те цуьнан, жима я воккха а?
Ала лууш волчо, дош, маттаца керчадо,
Хьехам бан луучо, хьекъалца кечдо...(Р.А.)
3) Массо хенахь хьалхара дай лоруш, церан г1иллакхийн хам беш, нохчийн къомах шаьш хиларах дозалла деш, Даймехкан ц1арах синош д1алуш, майра а, яхь - доьналла долуш а, хьекъал - кхетам а болуш, муьлххачу къийссамашкахь толамаш а бохуш, дуьненан юкъарчу экъант1е Нохчийн къам х1оттийна йолчу, Нохчийн къоман т1аьхьенах ца вешаш и къамел дан бакъо хьан йелла цунна?
Соьга хаьттича и автор харц ву...
Яздина нахана юккъе доккхуш долу къамел кхеташ - кхиорехь пайденна хила деза...
Ойла ца еш олу дош, юьхьк1омехьа ца доьрзу...
Ххьалха заманчохь адамийн хьал - бахам г1ийло хилла... Адамаш к1езга хилла... Цундела, шен къоман хьал тадан ойла хилла, шен къомана дола дан а, къам вончух лардан а, ойла хилла д1ах1оьттинарг, сиха г1ар волуш хилла... Къомо ладуг1уш а, т1е оьцуш а хилла, шаьш к1еззига а, г1ийла а хилара терра...
Ткъа яхь йолуш, доьналла а, хьекъал-кхетам а болуш волчу нохчийчий, шен бакъ некъ д1а ца хоьцуш, д1акхелхаш хилла...
Царгара масал ду тахана вай лелош дерг...
Тахана иштта турпалхой вайн дукха бу, Ин Ша Аллах1!
Г1арабевлларш а бу, ца бевлларш а бу!
Вайн хьалхалера турпалхойн цу заманан хьоле хьаьжжина хилла къахьегар а, г1ара бовлар а... Амма майра а, яхь йолуш а, г1иллакх - оьздангалла йолуш, тешаме а бодуш, иман - ислам а долуш, доьналлех ца бухуш, къоман дайн а, т1аьхьенийн а сий дина, масалхой бу уьш.
Царах х1оранна некъаца хилла ц1еналла къегаш, бакъ некъа т1ехь уьш лаьттана дела!
Тахана хьал кхин ду... Вайн заманан хьолашца дуьстина аьлча, таханалера Нохчийн къоман т1аьхье дай баккхийбер болуш го суна... Дуьненан юкъарчу массо а кепара къийсаман хьолашкахь толамехь нохчийн жимачу къоман ц1е, яккхийчу пачхьалкхийн мог1аре х1оттийна вайн яхь - доьналла долчу къийсамхоша...
Шейх Мансур цу набахтехь муьлхачу бахьнийца д1акхелхина хуур дац Ша и Кхоьлланчунна бен, (Дала декъал войла иза а, бусулба массо турпалхо а! ДАЛА Г1АЗОТ КЪОБАЛ ДОЙЛА ЦЕРАН!) Цу набахтехь хан яьккхана, нагахь ша ара ваьлча шен къомана Шейх Мансура лийринчу некъа т1ехь ду аьлла хета суна нохчийн къам, Ин Ша Аллах1!
Дериг цхьана дийнахь ца нисло..
Амма вайн къам маршонан некъа т1ехь ду... Дукх хан ца еза нохчийн къомана Маьрша Нохчичоь а хилла, вешан махкахь цхьа барт в хилла маьршачу дахаре дерза...
ИН ша Аллах1!
Сан нохчийн къоме хьежам...
Ларамца Р.А.
Ахь кхи со ца лен йо
Бетта са сох делош..
Сан безам ца тенбо,
Шен ирсах б1о къажош...
Со хено 1амийна
Сайн некъан зил ларбан,
Амма дог ца 1ема
Везачун х1илла дан...
Со дохко ца яьлла,
Дог хьох тешорна.
Сингаттам тов суна - м,
Хьох болу сайн...
Ирс хета ахь дагца
Къобал деш тайна,
Хьастарна сан лаам,
Лазамах боккхуш...
Бен йоцуш со хьуна хилча,
Хьо х1унда кхечи сан дагчу,
Дог дагош сан ц1е ца хилча,
Сан даго хьо стенна вуьйцу??
Бакъо ю хьан херехь сеца,
Хазахета ца йоккхуш ц1е...
Амма яц бакъо со леян,
Деган тешам д1а боккхуш шех....
Боккъал а ас доьху хьоьга,
Алахьа цхьа бакъ дерг сох...
Ю те со деса дог кхобуш,
Я ву те дог къуьйлуш хьо?
Маржа я1, вежарий, яхь йолу к1ентий!
Хили те шун кхалхар яхь йоцчийн метта...
Кхуьур яц те нохчийн т1аьхье шух кхеташ,
Хир бац те къонахий шайн Даймохк безаш!?
Маржа я1, вежарий, яхь йолу к1ентий,
Аш лаьхнарг ма бара барт - безам къоман...
Маьршачу дахаре даржийна т1емаш,
Кхуллур бац те машар турпалхой лоруш?
Маржа я1, вежарий, яхь йолу к1ентий,
Вай 4
Хьекъало бехк баьккхи дагах сан,
Хаттарца, шен дарна г1ад...
Хьо стенна сагатдеш лела те,
Х1унда ахь йайи сан наб?
Дог сецна ладоьг1уш "тап,, аьлла,
Ойланца деладели...
Б1аьргаш чохь къегинчу седарчех,
Ца кхетахь, хьо хьекъал - м дац...
Р.А
Х1ун даьллера, х1ун динера,
Я хьенан х1ун лачкъийнера,
Ког биллалл бен йоцчу меттехь,
Осала хьевзи - кх, лайн пачхьалкхе...
Стигал 1адо г1овг1а йоккхуш,
Лаьмнаш аттал герзаш детташ...
Дуьне даккхалл нуьцкъал йолу,
Х1унда еши хьо тхох лата?
Амма яц хьо дуьххьара еъна,
Я т1аьххьара дуй те х1ара?!
Хьуна лаарх нохчех лай бан,
Доьг1на дац и, са матийса...
Нанойн б1аьрхиш лекъаш лаьтта,
Кийрахь ийман ч1аг1деш денна...
Аллах1 воцург Дела вац тхан,
И воцча цхьаъ кхочур вац вайх!!
Дуьне кхоьллина сов хаза,
Диънарг вац и цуьнга хьежарх...
Адамш ма хила къиза,
Дита деза дуьне дезарх...
Ахь сан са - м даьккхи схьа,
Оззийна дег1 дожа дуьтуш...
Х1етте а ца вуьту - кха даго хьо,
Дешеха луьттуш...
Р.А
Малх хуьлу новкъа, ша т1ех бохбелча,
Сан серла ялар а, дели те бале?
Хиллий те ирсе, сан байтийн кхоллам,
Я тесий цара, хьан дагчу кхуолар?
Дагахь а доцуш, и - м хила тарло,
Хьо генахь хиларх а, дог сан ца къарло - кх...
Р.А
Ахь сан са - м д1аьккхи схьа,
Уозийна дег1 дожа дуьтуш...
Х1етте а хьо веза - кха хьо дагна
Дешеха луьттуш...
Р.А
Р.А.
Велара хьо сан дагчохь кхечера мог1ара,
Хьо церан мог1аре х1отта...
Я хилча уьш санна д1а татта атта,
Сайн дагна хьо хера ваккха...
Ткъа х1инца ас муха тида хьан г1иллакх,
Терза хьох ца х1утту техка,
Ахь еллачу йовхоно г1аттинчу деган,
Ницкъ бац - кха безамах къаста...
15. 10. 2018. 05. 15.
Ма яц - кха сан 1уьйре хьох къаьсташ,
Я суьйре дог дуьллуш яц...
Сан дерриг дуьне ду хьох лаьтташ,
Хьох г1оттуш я бузуш малх...
Б1аьсте ахь сан дагчохь декъалйо,
Ца г1елдеш сан лерехь аз...
Ахь шийла мехаш д1а чехадо,
Хьекъадеш марзонан зазз....
Цундела сан даго лоькху йиш,
Ца къарлуш ахь белла тешам ...
Лаьар - кха хьан дагчохь хила и,
Дахаре са ирден безам...
Р.А
Зовкх ду – кх шуьгахь,
Тийначу 1индаг1ехь,
Хьозарчийн шакарша
Хьоьстучахь б1аьсте..
Къахьегар – ъ,
Сатийсар шайгарчу ирсе…
Кхоам бу – кх цу аьттона,
Цаоьшуча кхаьчна..
Ма ловр йара и таро,
Лоьхучо, баьрччехь…
2017
Г1аьтти малх 1уьйренца,
Шеен декхарш кхочуш дан,
1алам а х1оьтти д1а,
Цу малхо боххург дан..
З1аьнарийн куьг хьокхуш,
Хьоьстуш и х1ора г1а.
Шеен деган йовхо ло
Цо массо массо зезагна…
Заманан ирс хили,
Тоьшалла цунна дан,
Сан к1еззиг кайели,
Цу суьртан т1алам бан.
Я Аллах1 хастам бу,
Хьуна тхан кхолламна,
Хастам бу я Аллах1,
Бусулба кхолларна!!
2017
Хир ву –кх вижана виснарг а,
Лиънашехь х1ара 1уьйре ган…
Ма хьур дац цо данза диснарг,
Мел эшарх, эхарта д1а…
2017
Оррам цахийцало,
Мотт я мохк хийцарах а,
Ц1еначу нохчийн дог – ойла а
Хийцалур яц…
Резванова Айза
Со йелла ахь ларахь,
Хьанна хир новкъа.
Хьо вела ас бахарх,
Мила хир холчахь??
Вахахьа хьо а хьуо,
Везачийн дуьхьа!
Йитахьа со а сайн,
Деллачат1ехь йаха…
Хьан дагчохь г1ант х1отто,
Со а йац хьегна,
Сан дагчохь чан г1атто
Хьо а маг1ерта…
Дукха бу дуьненчохь,
Цабевзарш, бевзарш,
Хилахьа хьо царах,
Со а цайевзарг…
Р.А.
Нохчийн къомах волу стаг,
Даима дозалла деш хир ву,
Шеен къам дозалла хеташ…
Р.А.
Б1аьсте юкъйелла,
Хьаннаш сенъела,
Бацалахь можа
Зезаг денделла…
Хаддаза лерехь,
Къоркхокха хеза,
Хьозарчий бешахь,
Самукъне дека…
Р.А.
Эхартахь а хуьлу боху,
Шеен – шеен тобанца.
Х1оранна а дусту боху
Къа – мел терзанца.
Дагахьбаллам боцуш хилац,
Къастор 1ожалло а.
Тоба х1инцехь къасто йеза,
Шенаг х1орамма а…
Р.А.
Т1е кхечи мархийн бутт,
Ирс хили вайн и т1еэеца.
Вайн Делан къинхетам,
Вайх бинарг мА боккха хетта…
Аллах1а ницкъ лойла,
И кхаба Ша реза хилла,
Вай бахьнехь юьхь1аьржа
Ма хуьлда и Делан Элча!!!
Р.А.
Даго хоьрцуш буьйда ойла,
И кхочуш йан боцуш ницкъ.
Де эешна вайх цхьа магойла,
Лаам бузо доцуш рицкъ…
Бахам, рицкъа хиларх шорта,
Къен ву йоцург могшалла.
Кхин а къен ву бацахь корта,
Болх Деле д1акховдабан…
Х1унда х1инца хьо д1атийна,
Хезаш дац хьан г1орг1а аз.
Мавийлахьа тхуна хийра,
Жима ву хьох биса барз…
Р.А.
Белахь дагчохь безам мерза,
Ойланаш а хилча ц1ена.
Х1ун новкъа бу дашо малх,
Я дог ц1ена гергара нах.
Тешам боцуш йелахь буьйса,
Боданашца серло къийса.
Оьшу сац1ена седарчий,
Бода зарзбан ойланийн…
********
1аьрби вай г1ар – тата йоцуш,
Сан байт йиси кхин жоп доцуш.
Шеен дагахь дерг мог1ане лоцуш,
Йазде алийша сих дохуш…
1аьрбий х1унда 1а хьо тийна,
Яц хьан дагчохь ойла дийна?
Я ву те хьо г1еех ийна,
Б1аьргаш дишийна 1аш сийна…
Йехха 1ий со ойла тийна,
Дитт к1елахь 1индаг1на дийна…
Олхазарийн аьзнех ийна,
Дагалоьцуш ши б1аьрг сийна.
****
1уьйкъе йиъна, 1уьйре йитна,
Вериг тап аьлла д1атийна.
Г1овтта деза набарш йитна,
Хир ду дезарш, данза дисна…
**********
Кужлаш басар йина дитташ,
Кечделла д1ах1иттина.
Мох бу церан месаш къежйеш,
Ахкар хьоькхуш лерина…
Малх а стиглахь ловзабуьйлу,
Мархаш кегош зарзйелла…
Шийла хьацарш царах дуьйлуш,
1алам лаьтта т1унделла…
*********
Хьо йац сан хьошалг1ахь гуьйре,
Хьошалг1а йеънарг ю со…
Шоззаткъай дейтталг1а хьан тойне,
Ирсе кхаж баьлларг ю со.
Ца 1ебаш гуьйре хьан марзонах,
Б1аьргаша хьо дагчу уьйзу.
Кечъела бес – бесара басаршца,
1аламан суьртах дог дузо…
*********
Керла хаза совг1ат кхийдош,
Йаьсти кхолламо 1уьйре.
И синмарзо дагчу ийзош,
Со ю тахна самукъне.
Детийн буьртигех т1е1енаш,
Доху дог1а беркате.
Хьозарчий ду зевне декаш,
Бешахь токхе ю аьхке.
Накхар – мозий г1уьтту «зузз» деш,
Белхий бина, гулдеш моз.
Хенан х1оттам хийца кечлуш,
Малхах хили дашо х1оз.
Зезагаш а самадевли,
Воьхуш х1ора шайна т1е.
Полла хьийза парг1атбаьлла,
Марзо оьцуш зезагех.
Керла хаза совг1ат кхийдош,
Йаьсти кхоламо 1уьйре.
И синмарзо дагчу ийзош,
Со ю тахна самукъне.
2017
Ма 1елахь вас хилий,
Сан деган совг1ат,
Ойланаш кхуолашкахь
Ма йиталахь,
Юккъера гергарло
Ларделахь доггаха,
Аллах1а лур ю ял
Хьан диканах…
Ма валалахь хера
Сан г1алат ларий,
Ледарнаг хьуна гар –м,
Хьан толам бу…
Со тахна г1ийла ю,
Мохь бу соьхь балийн.
Де – буьйса а шеен
Рог1ехь хийцалуш - м ду…
Хьо хилла даима
Сан сина гергахь,
Сайн деган берчехь.
Ас лелийнарг хьо…
Бакъо яц хьан дуохо
Ниет хьайн ц1ена,
Масална хаьржинчех
Ву къонах хьо…
2017
Синт1емаш даьржи сан сакъераделла,
Бераллийн кевнаш аш даьстина д1а.
Ма ирс душ у хилар, сан деган мерзаш,
Ц1еххьана малх къеги дахарехь сан.
Яхна хан йесаллехь йисина хеташ,
Со –м 1ара,дагайала цакарош шу.
Ма ирс душ у хилар сан деган мерзаш,
Шух х1ора ирсе гар сунна кхаъ бу.
Шу марша дог1ийла, сан деган баьрче,
Дахарехь ирс серла долийла шун.
Ма ирс душ у хилар сан деган мерзаш,
Юху а бераллехь шуьца со ю….
Р.А.
Хьан хабар мА делла?
Аз а д1акъарделла…
Мохехь я малхехь дац,
1индаг1ах тарделла…
Гергарло мА лаьтта
Шат1улгах шалделла.
Х1усам а х1оранна
Каш1уьргах таръелла.
Вааа, делладовла вай,
Д1ахадда долу тай….
Р.А.
Хьо йара и йеънарг,
Гуьйренца дуьненан не1 йоьллуш…
Дагадог1у цу дийнахь
Малхо хьо хьестар а маракъуьйлуш.
Тахна а хьо бахьна ду малхо
Дуьненан са декхар.
Сатасле дуьйна ас ойланаш тоьгу
Хьо декъалъян.
Б1аьстенан 1аламах ас басарш дехи
Хьан де кечъдан…
Токхечу аьхкенан стоьмаш а лахьий
Той чомаш дан.
Массо а зезагийн аматаш дехи ас
Хьо хазъян…
Амма и эерна ду, хьо къаго дац х1ума,
Хьол хаза…
*********
Болар хецна дог1у Марта,
Дехьа – сехьа йетташ кА.
Амма дог1ур ду и берта,
Лахдеш хоршахь доь1у са…
**********
Гуьйренан 1уьйре
Дош дац те вайн ала,
Кху хазчу 1уьйренах?
Да вац – те, цхьа вала,
Йаздан сурт гуьйренах?
Хьовсийша д1о анна,
Йо1 санна ц1ийелла…
Садаржо кечъелла,
Гуьйренан 1уьйре…
Шакаршца г1евттина,
Олхазарш зевне.
Маь1 – маь1ехь схьахеза,
Декъал деш вовше.
Мох беди айбелла,
Кхача цу хазне,
Ша маьрша хиларна,
Талла вайн дуьне…
Лаьмнашна кхаъ хилла,
Йог1ушехь хьаша,
Шайн х1усаме йоьссина,
Буза шеен маша..
Шовданаш кхийсалуш,
Мукъаме девлла,
Хоьттуш го маршала,
Йеъначу хьеше…
Вай дац те ала дош,
Са сирлачу 1уьйренах?
Вац теша вала да,
Яздан сурт гуьйренан?
2018-04-03
Малх бу хьо 1уьйренца
Сан дагчохь г1отту,
Къажъеш сан ойланийн,
Са маьрша доккху.
Хьо са ду сан б1аьргийн,
Нур серла дохуш.
Дахаран аьхначу,
Некъа со йохуш…
Хьо 1уьйре юха а
Сан г1енаш къовлуш
Мерзачу 1аьнарца,
Маршалла хоьттуш.
Хьо ду – кх сан дуьне,
Сада1ар доцуш,
Ас тегнарг дахарехь,
Ирсе дог дохуш…
************
Ма хьийза, мА сетта,
Дац сан кхи амал.
Махуо г1а сана ас
Хьуйр ю хьо ц1ехьана.
Безаман ницкъ кхочу,
Аьчка дог лало.
Сан деган хьоьца яц,
Цуьриг а гамо…
Ядалахь, лачкъалахь,
Со вог1у вайча.
Къинхетам сох белахь,
Кхардам ца айта.
Къуберза буьйсанна,
Берза б1аьрг сана,
Со тебаш ву хьуна,
Хьо лачкъо сайна.
Малхо де хьистича,
Суьйре хазло.
Йо1 хаза кхиинча,
Некъаш шарло…
Сан ойланаш денъян,
Хилахь хьо реза.
Къегина седарчий,
Хир ду вайх хьегна.
Дахар мА доца ду,
Безамах къаста…
Синт1адам цакхиъал
Марзонах 1аба…
Зама мА йеха ю,
Дог доцуш даха,
Шех хаьддачу ирсана
Гуо туьйсуш ваха.
2017
Айшатийн нанна…
Нана хьо малх бу сан,
Садоь1у х1аваъ ду хьо.
Хьан багара йолучу 1аьнаран
Марзоно яха ницкъ ло.
Нана сан ойланийн кхоллам,
Лаамех кхаъ ахьа ло.
Сан деган бешахь хьан безамо,
Б1аьстенан аз декадо.
Нана, сан нана хьо йехийла,
Цамгарша цахуьйш хьайн са.
Нана хьо малх сана къегийла,
Кхолламан совг1ат тайна!!!
Кхин мотт цахаарна,
Буьйцуш шайн маттаца ненан мотт.
Да – нана чехадеш,
Церан къинхетаман цайеш чот…
Дайн латта хьоьшуш
Сов кхоамза, бецатхин а цабеш хам.
Хуо хьайх а цадешаш,
Ма уосал дели хьо нохчийн къам…
Хилла те вайн наной декъазчех,
Доьзал шайх кхардал,
Дай осала хилла те,
Т1аьхьено масал шайх цаэеццал??
Х1унда вай девли те ч1ана дайх,
Мостаг1ийн дог 1аббал,
Яхь елла х1унда ду вайн синош,
Нанойн дегнаш даъъал…
Мичахь бу къинхетам,
Вай метан буьхьарг т1е х1иттош берг,
Муьлхарш ю ойланаш,
Толаме 1ожаллех дохуш йерш??
Бусулба вай хилар, байракх ю билгало гойтуш йерг,
Г1аттахьа нохчийн къам,
Хьайн ц1енчу кхолламна хастам беш!
Гергара безаш, бевзарш гунаха,
Дукха бу сан дахарехь.
Безамца марзонан уьйраш,
Ю дог хьоьстуш даима.
Замано сан некъаш гатдеш,
Шайн некъаш т1ех1иттарна,
Сан баркалла ду даггара,
«Метан марзо» тобанна!
Вай вовшеха доьлла х1инца – м,
Вовшен доцуш цамаггал.
Шун марзо ю сан садузош,
Кхин кхачанах цакхеттал…
Къинхетаме, синкхетаме,
Шу сан дагчохь дисарна,
Сан баркалла ду даггара,
«Метан марзо» тобанна!
2017
Йог1ийла хьо маьрша,
Са сирла 1уьйре.
Б1аьрг хьоьстуш,
Дог делош,
Ирс доькъуш нуьре.
Синмарзо лаьттачу,
Кхачалуш г1ора,
Самукъне, беркате,
Хуьлда г1улч х1ора!
2017
Х1аа - х1а, цакарийна,
Хьуна хьайн дахаран аг1о…
Даьтта хих цаэело,
Лалорах, даторах хено.
Ахь дог мА дилалахь,
Х1инца а мегий и-м каро,
Цхьана муьргана мА йелахь,
Ирсана т1екхача мало…
Х1аа – х1а, хьо ца лелла,
Дахарехь хьайн некъах тилла.
Х1инца а вог1у хьо,
Керарчу заманах ийна.
Со а яц дахаран терзанахь
Барам бай хилла…
Хьегна яц со цкъа а,
Сайн доцчу мозчу 1айг билла…
Х1аа – х1а дера, ца висна,
Хьо синтем хьайн леха т1аьхьа,
Шеен хеннахь духьуна,
Сингаттам хьа - х хуьлу, къаьхьа…
Базбеллачу букъ - т1е,
Дахаран мохь бисча шенна,
Воккхалла – м хьаха ю,
Адаман мах хадо зама…
2017
Сан салам дац шуьга,
Яхь йелла к1иллой!
Салам ду, сийдолчу к1енташка сан!
Салам ду нохчашка,
Сийлардан мехкан,
Ц1еначу ниетца лелачарга!
Салам ду наношка,
Доьналлех буьзна..
Доьзалаш махкана кхиочарга…
Салам ду мехкаршка,
Шовданел сирла,
Тешаме ойланаш кхуллучарга!
Салам ду даггара,
Берашка нохчийн…
Дайн г1иллакх,
Ненан мотт лоручарга!
Салам ду Даймахке,
Лаьттачу оьзда,
Дайн лараш шеен букът1ехь
Ларйечуьнга!!
Салам дац сан шуьга,
Яхь йелла к1иллой!
Сан салам
Ц1ий ц1енчу нохчашка ду…
Даймехкан сий лардеш,
Бехачу, баьхначу,
Сийлаллехь хинболчу к1енташка ду!!!
2017
Сан Даймохк, со хьоьгу
Кхолламах маьлхан,
Йиш йолчу хьо хьеста,
Йовхо луш хьуна.
Хьоьгу со 1аламах,
Хьан кхолам хьаста,
Ирс хилла достучу
Зезагех лаьттахь…
Р.А
Х1унда хьо схьагушехь йоьду со
бераллийн хене,
Ас лоьху те стена, ца дайнарг
бераллехь сайна.
Уьду те циге са, лууш и марзо
Хьох эеян,
Я лаьа хьан дагчохь бер сана
Лечкъаш дог тедан??...
Хьан терго лела сан дахареь
Ойланаш къажйеш,
Сахиллац седарчех къега и
Хьан ойла хазъеш.
Сатосучу седанах со тарлой,
Са долу серла..
Дуьне сан сих къаггал там хуьли,
Ирсах дог кхела…
2017
Резванова Айза
Зовкх ду – кх шуьгахь,
Тийначу 1индаг1ехь,
Хьозарчийн шакарша
Хьоьстучахь б1аьсте..
Къахьегар – ъ,
Сатийсар шайгарчу ирсе…
Кхоам бу – кх цу аьттона,
Цаоьшуча кхаьчна..
Ма ловр йара и таро,
Лоьхучо, баьрччехь…
2017
Г1аьтти малх 1уьйренца,
Шеен декхаш кхочуш дан,
1алам а х1оьтти д1а,
Цу малхо боххург дан..
З1аьнарийн куьг хьокхуш,
Хьоьстуш и х1ора г1а.
Шеен деган йовхо ло
Цо массо массо зезагна…
Заманан ирс хили,
Тоьшалла цунна дан,
Сан к1еззиг кайели,
Цу суьртан т1алам бан.
Я Аллах1 хастам бу,
Хьуна тхан кхолламна,
Хастам бу я Аллах1,
Бусулба кхолларна!!
2017
Хир ву –кх вижана виснарг а,
Лиънашехь х1ара 1уьйре ган…
Ма хьур дац цо данза диснарг,
Мел эшарх, эхарта д1а…
2017
Оррам цахийцало,
Мотт я мохк хийцарах а,
Ц1еначу нохчийн дог – ойла а
Хийцалур яц…
Резванова Айза
Со йелла ахь ларахь,
Хьанна хир новкъа.
Хьо вела ас бахарх,
Мила хир холчахь??
Вахахьа хьо а хьуо,
Везачийн дуьхьа!
Йитахьа со а сайн,
Деллачат1ехь йаха…
Хьан дагчохь г1ант х1отто,
Со а йац хьегна,
Сан дагчохь чан г1атто
Хьо а маг1ерта…
Дукха бу дуьненчохь,
Цабевзарш, бевзарш,
Хилахьа хьо царах,
Со а цайевзарг…
Р.А.
Нохчийн къомах волу стаг,
Даима дозалла деш хир ву,
Шеен къам дозалла хеташ…
Р.А.
Б1аьсте юкъйелла,
Хьаннаш сенъела,
Бацалахь можа
Зезаг денделла…
Хаддаза лерехь,
Къоркхокха хеза,
Хьозарчий бешахь,
Самукъне дека…
Р.А.
Эхартахь а хуьлу боху,
Шеен – шеен тобанца.
Х1оранна а дусту боху
Къа – мел терзанца.
Дагахьбаллам боцуш хилац,
Къастор 1ожалло а.
Тоба х1инцехь къасто йеза,
Шенаг х1орамма а…
Р.А.
Т1е кхечи мархийн бутт,
Ирс хили вайн и т1еэеца.
Вайн Делан къинхетам,
Вайх бинарг мА боккха хетта…
Аллах1а ницкъ лойла,
И кхаба Ша реза хилла,
Вай бахьнехь юьхь1аьржа
Ма хуьлда и Делан Элча!!!
Р.А.
Даго хоьрцуш буьйда ойла,
И кхочуш йан боцуш ницкъ.
Де эешна вайх цхьа магойла,
Лаам бузо доцуш рицкъ…
Бахам, рицкъа хиларх шорта,
Къен ву йоцург могшалла.
Кхин а къен ву бацахь корта,
Болх Деле д1акховдабан…
Х1унда х1инца хьо д1атийна,
Хезаш дац хьан г1орг1а аз.
Мавийлахьа тхуна хийра,
Жима ву хьох биса барз…
Р.А.
Белахь дагчохь безам мерза,
Ойланаш а хилча ц1ена.
Х1ун новкъа бу дашо малх,
Я дог ц1ена гергара нах.
Тешам боцуш йелахь буьйса,
Боданашца серло къийса.
Оьшу сац1ена седарчий,
Бода зарзбан ойланийн…
********
1аьрби вай г1ар – тата йоцуш,
Сан байт йиси кхин жоп доцуш.
Шеен дагахь дерг мог1ане лоцуш,
Йазде алийша сих дохуш…
1аьрбий х1унда 1а хьо тийна,
Яц хьан дагчохь ойла дийна?
Я ву те хьо г1еех ийна,
Б1аьргаш дишийна 1аш сийна…
Йехха 1ий со ойла тийна,
Дитт к1елахь 1индаг1на дийна…
Олхазарийн аьзнех ийна,
Дагалоьцуш ши б1аьрг сийна.
****
1уьйкъе йиъна, 1уьйре йитна,
Вериг тап аьлла д1атийна.
Г1овтта деза набарш йитна,
Хир ду дезарш, данза дисна…
**********
Кужлаш басар йина дитташ,
Кечделла д1ах1иттина.
Мох бу церан месаш къежйеш,
Ахкар хьоькхуш лерина…
Малх а стиглахь ловзабуьйлу,
Мархаш кегош зарзйелла…
Шийла хьацарш царах дуьйлуш,
1алам лаьтта т1унделла…
*********
Хьо йац сан хьошалг1ахь гуьйре,
Хьошалг1а йеънарг ю со…
Шоззаткъай дейтталг1а хьан тойне,
Ирсе кхаж баьлларг ю со.
Ца 1ебаш гуьйре хьан марзонах,
Б1аьргаша хьо дагчу уьйзу.
Кечъела бес – бесара басаршца,
1аламан суьртах дог дузо…
*********
Керла хаза совг1ат кхийдош,
Йаьсти кхолламо 1уьйре.
И синмарзо дагчу ийзош,
Со ю тахна самукъне.
Детийн буьртигех т1е1енаш,
Доху дог1а беркате.
Хьозарчий ду зевне декаш,
Бешахь токхе ю аьхке.
Накхар – мозий г1уьтту «зузз» деш,
Белхий бина, гулдеш моз.
Хенан х1оттам хийца кечлуш,
Малхах хили дашо х1оз.
Зезагаш а самадевли,
Воьхуш х1ора шайна т1е.
Полла хьийза парг1атбаьлла,
Марзо оьцуш зезагех.
Керла хаза совг1ат кхийдош,
Йаьсти кхоламо 1уьйре.
И синмарзо дагчу ийзош,
Со ю тахна самукъне.
2017
Ма 1елахь вас хилий,
Сан деган совг1ат,
Ойланаш кхуолашкахь
Ма йиталахь,
Юккъера гергарло
Ларделахь доггаха,
Аллах1а лур ю ял
Хьан диканах…
Ма валалахь хера
Сан г1алат ларий,
Ледарнаг хьуна гар –м,
Хьан толам бу…
Со тахна г1ийла ю,
Мохь бу соьхь балийн.
Де – буьйса а шеен
Рог1ехь хийцалуш - м ду…
Хьо хилла даима
Сан сина гергахь,
Сайн деган берчехь.
Ас лелийнарг хьо…
Бакъо яц хьан дуохо
Ниет хьайн ц1ена,
Масална хаьржинчех
Ву къонах хьо…
2017
Синт1емаш даьржи сан сакъераделла,
Бераллийн кевнаш аш даьстина д1а.
Ма ирс душ у хилар, сан деган мерзаш,
Ц1еххьана малх къеги дахарехь сан.
Яхна хан йесаллехь йисина хеташ,
Со –м 1ара,дагайала цакарош шу.
Ма ирс душ у хилар сан деган мерзаш,
Шух х1ора ирсе гар сунна кхаъ бу.
Шу марша дог1ийла, сан деган баьрче,
Дахарехь ирс серла долийла шун.
Ма ирс душ у хилар сан деган мерзаш,
Юху а бераллехь шуьца со ю….
Р.А.
Хьан хабар мА делла?
Аз а д1акъарделла…
Мохехь я малхехь дац,
1индаг1ах тарделла…
Гергарло мА лаьтта
Шат1улгах шалделла.
Х1усам а х1оранна
Каш1уьргах таръелла.
Вааа, делладовла вай,
Д1ахадда долу тай….
Р.А.
Хьо йара и йеънарг,
Гуьйренца дуьненан не1 йоьллуш…
Дагадог1у цу дийнахь
Малхо хьо хьестар а маракъуьйлуш.
Тахна а хьо бахьна ду малхо
Дуьненан са декхар.
Сатасле дуьйна ас ойланаш тоьгу
Хьо декъалъян.
Б1аьстенан 1аламах ас басарш дехи
Хьан де кечъдан…
Токхечу аьхкенан стоьмаш а лахьий
Той чомаш дан.
Массо а зезагийн аматаш дехи ас
Хьо хазъян…
Амма и эерна ду, хьо къаго дац х1ума,
Хьол хаза…
*********
Болар хецна дог1у Марта,
Дехьа – сехьа йетташ кА.
Амма дог1ур ду и берта,
Лахдеш хоршахь доь1у са…
**********
Гуьйренан 1уьйре
Дош дац те вайн ала,
Кху хазчу 1уьйренах?
Да вац – те, цхьа вала,
Йаздан сурт гуьйренах?
Хьовсийша д1о анна,
Йо1 санна ц1ийелла…
Садаржо кечъелла,
Гуьйренан 1уьйре…
Шакаршца г1евттина,
Олхазарш зевне.
Маь1 – маь1ехь схьахеза,
Декъал деш вовше.
Мох беди айбелла,
Кхача цу хазне,
Ша маьрша хиларна,
Талла вайн дуьне…
Лаьмнашна кхаъ хилла,
Йог1ушехь хьаша,
Шайн х1усаме йоьссина,
Буза шеен маша..
Шовданаш кхийсалуш,
Мукъаме девлла,
Хоьттуш го маршала,
Йеъначу хьеше…
Вай дац те ала дош,
Са сирлачу 1уьйренах?
Вац теша вала да,
Яздан сурт гуьйренан?
2018-04-03
Малх бу хьо 1уьйренца
Сан дагчохь г1отту,
Къажъеш сан ойланийн,
Са маьрша доккху.
Хьо са ду сан б1аьргийн,
Нур серла дохуш.
Дахаран аьхначу,
Некъа со йохуш…
Хьо 1уьйре юха а
Сан г1енаш къовлуш
Мерзачу 1аьнарца,
Маршалла хоьттуш.
Хьо ду – кх сан дуьне,
Сада1ар доцуш,
Ас тегнарг дахарехь,
Ирсе дог дохуш…
************
Ма хьийза, мА сетта,
Дац сан кхи амал.
Махуо г1а сана ас
Хьуйр ю хьо ц1ехьана.
Безаман ницкъ кхочу,
Аьчка дог лало.
Сан деган хьоьца яц,
Цуьриг а гамо…
Ядалахь, лачкъалахь,
Со вог1у вайча.
Къинхетам сох белахь,
Кхардам ца айта.
Къуберза буьйсанна,
Берза б1аьрг сана,
Со тебаш ву хьуна,
Хьо лачкъо сайна.
Малхо де хьистича,
Суьйре хазло.
Йо1 хаза кхиинча,
Некъаш шарло…
Сан ойланаш денъян,
Хилахь хьо реза.
Къегина седарчий,
Хир ду вайх хьегна.
Дахар мА доца ду,
Безамах къаста…
Синт1адам цакхиъал
Марзонах 1аба…
Зама мА йеха ю,
Дог доцуш даха,
Шех хаьддачу ирсана
Гуо туьйсуш ваха.
2017
Айшатийн нанна…
Нана хьо малх бу сан,
Садоь1у х1аваъ ду хьо.
Хьан багара йолучу 1аьнаран
Марзоно яха ницкъ ло.
Нана сан ойланийн кхоллам,
Лаамех кхаъ ахьа ло.
Сан деган бешахь хьан безамо,
Б1аьстенан аз декадо.
Нана, сан нана хьо йехийла,
Цамгарша цахуьйш хьайн са.
Нана хьо малх сана къегийла,
Кхолламан совг1ат тайна!!!
Кхин мотт цахаарна,
Буьйцуш шайн маттаца ненан мотт.
Да – нана чехадеш,
Церан къинхетаман цайеш чот…
Дайн латта хьоьшуш
Сов кхоамза, бецатхин а цабеш хам.
Хуо хьайх а цадешаш,
Ма уосал дели хьо нохчийн къам…
Хилла те вайн наной декъазчех,
Доьзал шайх кхардал,
Дай осала хилла те,
Т1аьхьено масал шайх цаэеццал??
Х1унда вай девли те ч1ана дайх,
Мостаг1ийн дог 1аббал,
Яхь елла х1унда ду вайн синош,
Нанойн дегнаш даъъал…
Мичахь бу къинхетам,
Вай метан буьхьарг т1е х1иттош берг,
Муьлхарш ю ойланаш,
Толаме 1ожаллех дохуш йерш??
Бусулба вай хилар, байракх ю билгало гойтуш йерг,
Г1аттахьа нохчийн къам,
Хьайн ц1енчу кхолламна хастам беш!
Гергара безаш, бевзарш гунаха,
Дукха бу сан дахарехь.
Безамца марзонан уьйраш,
Ю дог хьоьстуш даима.
Замано сан некъаш гатдеш,
Шайн некъаш т1ех1иттарна,
Сан баркалла ду даггара,
«Метан марзо» тобанна!
Вай вовшеха доьлла х1инца – м,
Вовшен доцуш цамаггал.
Шун марзо ю сан садузош,
Кхин кхачанах цакхеттал…
Къинхетаме, синкхетаме,
Шу сан дагчохь дисарна,
Сан баркалла ду даггара,
«Метан марзо» тобанна!
2017
Йог1ийла хьо маьрша,
Са сирла 1уьйре.
Б1аьрг хьоьстуш,
Дог делош,
Ирс доькъуш нуьре.
Синмарзо лаьттачу,
Кхачалуш г1ора,
Самукъне, беркате,
Хуьлда г1улч х1ора!
2017
Х1аа - х1а, цакарийна,
Хьуна хьайн дахаран аг1о…
Даьтта хих цаэело,
Лалорах, даторах хено.
Ахь дог мА дилалахь,
Х1инца а мегий и-м каро,
Цхьана муьргана мА йелахь,
Ирсана т1екхача мало…
Х1аа – х1а, хьо ца лелла,
Дахарехь хьайн некъах тилла.
Х1инца а вог1у хьо,
Керарчу заманах ийна.
Со а яц дахаран терзанахь
Барам бай хилла…
Хьегна яц со цкъа а,
Сайн доцчу мозчу 1айг билла…
Х1аа – х1а дера, ца висна,
Хьо синтем хьайн леха т1аьхьа,
Шеен хеннахь духьуна,
Сингаттам хьа - х хуьлу, къаьхьа…
Базбеллачу букъ - т1е,
Дахаран мохь бисча шенна,
Воккхалла – м хьаха ю,
Адаман мах хадо зама…
2017
Сан салам дац шуьга,
Яхь йелла к1иллой!
Салам ду, сийдолчу к1енташка сан!
Салам ду нохчашка,
Сийлардан мехкан,
Ц1еначу ниетца лелачарга!
Салам ду наношка,
Доьналлех буьзна..
Доьзалаш махкана кхиочарга…
Салам ду мехкаршка,
Шовданел сирла,
Тешаме ойланаш кхуллучарга!
Салам ду даггара,
Берашка нохчийн…
Дайн г1иллакх,
Ненан мотт лоручарга!
Салам ду Даймахке,
Лаьттачу оьзда,
Дайн лараш шеен букът1ехь
Ларйечуьнга!!
Салам дац сан шуьга,
Яхь йелла к1иллой!
Сан салам
Ц1ий ц1енчу нохчашка ду…
Даймехкан сий лардеш,
Бехачу, баьхначу,
Сийлаллехь хинболчу к1енташка ду!!!
2017
Сан Даймохк, со хьоьгу
Кхолламах маьлхан,
Йиш йолчу хьо хьеста,
Йовхо луш хьуна.
Хьоьгу со 1аламах,
Хьан кхолам хьаста,
Ирс хилла достучу
Зезагех лаьттахь…
Р.А
Х1унда хьо схьагушехь йоьду со
бераллийн хене,
Ас лоьху те стена, ца дайнарг
бераллехь сайна.
Уьду те циге са, лууш и марзо
Хьох эеян,
Я лаьа хьан дагчохь бер сана
Лечкъаш дог тедан??...
Хьан терго лела сан дахареь
Ойланаш къажйеш,
Сахиллац седарчех къега и
Хьан ойла хазъеш.
Сатосучу седанах со тарлой,
Са долу серла..
Дуьне сан сих къаггал там хуьли,
Ирсах дог кхела…
2017
Свидетельство о публикации №218102400406