***

Буьйсано дог 1абош хьарчадо сирла де санна,
Сан марзо ериг а д1аоьцуш
Со къовлахьа мара,
Б1аьстенан 1аламна геч дина зен зезаг санна,
Яккхахьа къоналла юха а вайшинна дола...
1ийр яр - кха са хиллалц, ховхачу безамах хьерчаш,
Дахар а лур дар - кха хьуна д1а суо долара йаьлла...
Юху а 1уьйренца хьан б1аьргийн сирла ирс мийла,
Къегар яра со малхах,
З1аьнаршца хьо мара къийла...



Ца шалло сатийсам хьоьга,
Безамах тешна ду дог...
Юху а б1аьстенан уьйт1ахь,
Зезагаш бай кечбеш го...



Резванова Айза

(Яздархо, Ченчаев Шамсудди дагалоцуш)

Хьо - м д1а ваха, тийна - таь1на 1ийна,
Гинарг - лайнарг дуьтуш кехат т1ехь...
Хьан эсалчу б1аьргаш чухула къиежа,
Диси тхуна хьоьгара эхь - бехк...

Вацара хьо цкъа а еш догзалла,
Хьайгара цу хазчу г1иллакхех...
Хьоьгахь гуора дуьззина адамалла,
Ахь и дити тхуна, весетехь...

Тхо юху а схьагулдели х1инца,
Дагадовла кинишкийн ц1а чохь...
Хьо вацахь гуш, хьан сурт сема хьоьжа,
Тхан лазамаш хоьрцуш дегнаш чохь...

Делан совг1ат, хьайга кхаьчна са хьайн,
Ахь лелийра ц1енна дуьненахь.
Тахна хьоьга кхаьчна долу эхарт,
Хир ду юьхь - к1ай, хьо гуш декъалчахь...

Ин Ша Аллах1!
16.12.2018

Даймохк цабитина д1абахначара,
Д1абаьхьна и лело шайн дагчохь цара.
Уьша - м ц1абоьрзур бу,  шайн марзо йолчча,
Къацхетарш хилла - кха, цатуьгуш 1аба...

Кхолламан кхел хилла къаьстиначарах а,
Я Делан лаамца ц1ахь бисначарах а,
Даймехкан лазаме бен доцуш хьежа,
Доьзал ма кхуьийла, Даймохк,  хьан кхерчахь!

Р.А.
Хьо хьоьжу лаьмнашка
Хийрачу мехкан,
Ткъа даго йоьху схьа,
Марзо Даймехкан...
Хоьрцу ахь ойланаш,
Лазамаш луьттуш,
Мерза а, къаьхьа а,
Вовшеха хуьттуш...
Схьалуьсту баланаш,
Заманца лайнарш,
Нохчийн къам бехке деш
Дагна цатайнарш...
Схьахуьтту г1аланаш,
Йагийна - аьттарш,
Хьайн къоман доьналлех
Мостаг1ий хьаьгнарш...
Б1аргаша ца дицдо,
Къизаллийн сарташ,
Даймехкан сийлардеш,
Турпалхой эгнарш..
Цундела лаьтта хьо,
Деш даге хаьттарш...
Ткъа деган ду цхьа жоп,
Маршоне г1ертар!!!
2018.02.05


И сурт ас сайн жималлехь дахаре а, дуьнене а хьежам гайта даийтина дара...
Сан юьхь - сибан цу т1ехь сов ч1ог1а лехамашкахь ойлане долуш, ас яздина мог1анаш дага дог1у суна...

1аьржаллехь еттачу, буьйсанан багара, схьайолуч 1уьйренан серлонах са хьерчаш...

Ткъа суна - м хьо веза,
Мохь бетташ безамна елххал,
Веза хьан ойла еш, хьекъалах безамна талххал...
Хьоьца бу дуьненахь ирсечу дахаре хьежам,
Хьо воцчахь тешалахь сан некъ бу, боцуш шех хьегам....

Ахь бехк ма биллалахь,
Дуьйцу ас доцу хьал хьоьгахь,
Хьо тешо ца г1ерта, дуьххьал д1а, лаьа хьо кхета....
Безаман ницкъ хилла - кх, гач дан а, б1е шерийн некъаш,
Ницкъ хилла - кх безаман, хьал - бахам бицбеш хьо веза.....


Р.А. И ма ч1ог1а ду....;



Шена дика хаа моьттуш верг хьалха хуьттуш хуьлу,
Хууш верг, парг1ата муьлххачу меттехь а мегаш хуьлу....



Хабарша, хабарча вовзийту,
Къамело, кхетамна т1е товжийту....



Айза Резванова
Къагалахь дашо малх, хьо серла балий,
Хьасталахь нохчийн чоь, йовхо луш хьайн...
З1аьнарийн куьг хьокхуш, дасталахь латта,
Денделахь бецан хелг, ахь рицкъа лой.

Халонна, харцонна ца та1ош корта,
Ницкъ лолахь лардан тхайн Даймехкан сий.
Тхо бахьнехь юьхь 1аьржа ма делахь лахьта,
Лай хилла ца баьхна тхан оьзда дай!

Самукъне аьзнашца шовданаш декош,
Зезагех кхелина, аренаш лепош.
Бахалахь тхан Даймохк, хьанал къа дебош,
Ирсан мукъ даима хьайн буйнахь сецош!


Айза Резванова
Къагалахь дашо малх, хьо серла балий,
Хьасталахь нохчийн чоь, йовхо луш хьайн...
З1аьнарийн куьг хьокхуш, дасталахь латта,
Денделахь бецан хелг, ахь рицкъа лой.

Халонна, харцонна ца та1ош корта,
Ницкъ лолахь лардан тхайн Даймехкан сий.
Тхо бахьнехь юьхь 1аьржа ма делахь лахьта,
Лай хилла ца баьхна тхан оьзда дай!

Самукъне аьзнашца шовданаш декош,
Зезагех кхелина, аренаш лепош.
Бахалахь тхан Даймохк, хьанал къа дебош,
Ирсан мукъ даима хьайн буйнахь сецош!



Хьан ц1е йахар доьхкур ду дагна
Луъург хилла ваьхнарг цхьа вац...
Хала - м хир ду дуьне дита санна,
Амма яхьаах ваьлларг дахар дац....

Р.А

Хьан ц1е йахар доьхкур ду ас дагна,
Луъург хилла ваьхнарг цхьа вац...
Хала - м хир ду дуьне дита санна,
Амма яхьаах ваьлларг дахар дац....

Хьан дог кхардош, ас хьо веза баьхча,
Х1ун ирхуо ю йоккхург безамо...
Я дог делош ахь со еза аьлча,


Р.А

Азаллехь со кху дуьненчу йог1уш,
Ас хаьржина хилла безам сан,
Т1аьххьара со дуьнено шех къастош,
Сан б1аьргаш чохь
Соцур ду сурт хьан....
Р.А.



Вуьтур вара ас хьо а,
Д1аихна 1уьйренаш санна,
Ца хилча г1оттуш хьо 1уьйренан малхах сан дагчохь...
Вицвийр вара тидмаза д1аихна суьйренаш санна,
Ц1ийеллачу суьйренех йогуш сайн беснеш ца хилча...
Воккхур вара хьо гена,  нур дайна седанах терра,
Де буьйса ца къаьстош хьо ларвеш ха деш са ца хилча...
Ткъа х1инца ас муха вита хьо,
Са доь1у х1аваъ сан хьо хилча?

Р.А.



Генара хьо х1унда ву те сан дагна сел уллера,
Х1унда са уьду те, хьан даге меттиг шена еха??
И хила йиш юй те, ца лазош кхечуьнан синхьаса,
Я ю те со ойла ца еш кхин, боьхуш сайн синкхача...

И иштта делахь ас доьху хьо, къинт1ера валалахь,
Сирлачу хьан деган серлонга полланах идарах....
Даима вара хьо сан деган туьйранийн ойланехь,
Ткъа тана хили хьох, сан деган бакъ волу паччахьа...

Р.А.


.

Ма веъа велар хьо сан дагчу,
Ткъа х1инца ма хьиехьа дог...
Валанза ца 1иехь хьо дагчуьра,
Ца лазош бехьа хьайн некъ...

Сан дагчохь етта хьох ойланаш,
Кхин дуьне, дахар дицдеш...
Хьо лела геналлехь некъаш деш,
Хьо вац ас ен ойла еш...

Х1ун дер ас кху деган г1елонна,
Безамо г1елдина хьал...
Бен доцуш хьо велахь сох кхетар,
Йита ахь кхин ца беш хам.....

Ма веъа велар хьо сан дагчу,
Ткъа х1инца ма хьиехьа дог...
Валанза ца 1иехь хьо дагчуьра,
Ца лазош бехьа хьайн некъ...

Р.А.



Еса ю сан деган х1усам,
Шена чохь йилбазан аз деккал,
Эрна ду сан даге мохь беттар,
Цуьнан дац хьо хаза лерса...
Ойланаш севца ю паналлехь,
Дог доцуш елха я ела,
Со - м хьоьжу дунене эсала,
Дерриге товш лелча санна....
Р.А.




Со х1уьттур яц, хьан некъа т1е,
Йоьхуш серло сина сайн....
Я лелар яц хьо вицвина,
Яций со - м, хьох безам байна...

Ехар ю со сайн ойланца,
Ца беш хьуна бала сайх...
Хьан а хила тарло дагчохь,
Со йоцург кхин дагна тайна...

Зама денна юьйлу гена,
Цо ца лахдо болар шен...
Со х1унда ю сов дог к1еда,
Сайн дог кхардош айса  сайха?

Безамо - м хьа - х воккху шеха,
Дамара - дарс деш амалах...
Амма йиш яц сан кхин лела,
Сайн лааман йийсарехь....

Р.А...






Бен йоцуш со хьуна хилча,
Хьо х1унда кхечи сан дагчу,
Дог дагош сан ц1е ца хилча,т
Сан даго хьо стенна хаьржи??

Бакъо ю хьан херехь сеца,
Хазахета ца йоккхуш ц1е а....
Амма яц бакъо со леян,
Дуьтуш дог шеконаш херца....

Боккъал а, ас доьху хьоьга,
Алахьа цхьа бакъ дерг сох...
Ю те со деса дог кхобуш,
Я ву те, дог къуьйлуш хьо??
Р.А.





Маьрша уьдуш, т1амах ловзуш
Кхечу къаьмнийн бераш дара,
Кеманашна дуьхьал х1уьттуш,
Т1ом беш нохчийн бераш дара...

Шайн берашна орцах уьдуш,
Нохчийн наной боьлхура..
Аллах1 цхьаъ веш, маршо къуьйссуш,
Нохчийн к1ентий лелхара...

Тахна кхиъна нохчийн т1аьхье,
Сов кхераме лерина...
Бу те боьг1нарг гур вайн не1ре,
Къонахашна лерина...

Дехар ду сан, хьоме вежарий!
Шу сов дезаш хиларна...
Ма дег1алаш ла шайт1ане,
Шайн имане дог1а ла...






Гуьйре а д1аели, ца хезаш аз хьан,
Шен хазчу басаршна т1е воьхуш хьо...
Х1ун дер ткъа, х1оранна бу шен - шен лазам,
Ца йоьг1на - кх, гуьйренна маьлха йовхо...

Дагна бу гергара, гуьйренан кхоллам,
Тхойшинна самукъа вовшаца дог1у...
Жималлийн лаамех сан ойла санна,
Б1аьстенан аматех гуьйре а хьаьрча...

Ду иза сов ч1ог1а гуьйренехь дог1уш,
Воккхаллийн амалца хаза забар санна...
Х1ун совг1ат дийр ду ткъа, гуьйрено суна,
Ас цунна а, ца хаахь вовшашца эен....





Хьан х1ора дош а ду суна сов деза,
Бакъ долчу дешан мах - м,  х1оттийна бац...
Ахь бечу хьехаман некъ сирла къега,
Есачу баттара тур даккхалац....
Р.А.






1ай, б1аьста, аьхка я гуьйранна,
Наб еш яц Даймехкан хьаннаш,
Сагатдеш лаьтта уьш нилхъелла,
Шун лараш шен мара къуьйлуш....
Ламанийн баххьаш а къежделла,
Лардина къонахийн некъаш,
Вайн нана - Дег1аста ю лаьтташ,
Шун ц1арах сийлаллехь къегаш!

Иламан Юсупов лоруш...


Мотт къоман са ду...
Шен къоман мотт цабуьйцуш, и бицбинарг шен т1аьхьенан дайх доьзна долу орамаш хедош ву...
Р.А.



Со жима бер санна ма г1ерта хьан деган йовхоне,
Геннара ма хьоьсту б1арз делла сан са хьан ховхалло...
Хьан деган корашка хьоду са, полланах айалой,
Юху а кхерало, шийла ло ма хуьлу, сирла к1ай....

Р.А



Ахь тесна йитича,
Со цхьаллехь йисина моттал,
Цхьа ехачу суна,
Ма гергара хиллера хьо...
Даима дахарехь,
Со сайца шабаршка юьйлуш,
1аламо дог хьоьстуш,
Кхин бахам сов хетта - ч сан....


Юй теша хьан деган корашкахь го серло тешаме?
Я сан дог ду теша сов ч1ог1а кхийдаш хьан безаме?
Со - м яга ю кийча, ца къаьхкаш хьан некъан дина сий,
Дуьненна д1агайта, мехала, хьо санна  къонахий....
Р.А.



Питанаш ца дезарх вайн къаьмнаш юккъехь,
Барт боцург ца эшахь а дазанашкахь.
Ца деза тешаме доцург барт хилла,
Даима вовшашна дог доцуш къежа...

Дозанаш лаьттар ду дайх дисча санна,
Дуьненах 1ехабеллачара къуьйсуш...
Лаьттар ду дуьнено ца 1ехочарна а,
Кошборзана кхачахь а хастам бу бохуш ...

Делахь а куьйгалхо хетар ву бехке,
Т1аьхьарчу т1аьхьенна ойла ца еш...
Мел хала дукъ ду цо жималлийн юьххьехь,
Дуьйна шен белшаш т1ехь схьа кхоьхьуш дерг....

Цуьнан дог ма дац ткъа, буолатан - аьчках,
Б1аьргашна го цуьнан, нахана гург,
Воккхавер доггаха хуьлу гуш наггахь,
Цо боккху ког лоьруш шен халкъан сий....

Б1аьрг ирбеш лам буьххьехь хьо д1аса хьаьжчи,
Гуш хуьлу лаххьа дерг сов къегина,
Амма цу буьххьера чу хьаьжчигуш дерг, 
Ган йиш йац, 1инк1орггехь лаьттачунна...

Иштта ю башхаллаш хиларх вай адамаш,
Куьйгалхочунна я вайна юккъехь...
Аш бехке ма велаш цхьана а денна,
Ду шуна вайн цунах дан дозалла!

Со дохко ца яьлла,
Дог хьох тешорна.
Сингаттам тов суна - м,
Хьох болу сайн...
Ирс хета ахь дагца
Къобал деш тайна,
Хьастарна сан лаам,
Лазамах боккхуш...


Бен йоцуш со хьуна хилча,
Хьо х1унда кхечи сан дагчу,
Дог дагош сан ц1е ца хилча,
Сан даго хьо стенна вуьйцу??

Бакъо ю хьан херехь сеца,
Хазахета ца йоккхуш ц1е...
Амма яц бакъо со леян,
Деган тешам д1а боккхуш  шех....

Боккъал а ас доьху хьоьга,
Алахьа цхьа бакъ дерг сох...
Ю те со деса дог кхобуш,
Я ву те дог къуьйлуш   хьо?



Маржа я1,  вежарий, яхь йолу к1ентий!
Хили те шун кхалхар яхь йоцчийн метта...
Кхуьур яц те нохчийн т1аьхье шух кхеташ,
Хир бац те къонахий шайн Даймохк безаш!?

Маржа я1,  вежарий, яхь йолу к1ентий,
Аш лаьхнарг ма бара барт - безам къоман...
Маьршачу дахаре даржийна т1емаш,
Кхуллур бац те машар турпалхой лоруш?

Маржа я1, вежарий, яхь йолу к1ентий,
Вай 4


Хьекъало бехк баьккхи дагах сан,
Хаттарца, шен дарна г1ад...
Хьо стенна сагатдеш лела те,
Х1унда ахь йайи сан наб?

Дог сецна ладоьг1уш "тап,, аьлла,
Ойланца деладели...
Б1аьргаш чохь къегинчу седарчех,
Ца кхетахь,  хьо хьекъал - м дац...

Р.А

Х1ун даьллера, х1ун динера,
Я хьенан х1ун лачкъийнера,
Ког биллалл бен йоцчу меттехь,
Осала хьевзи - кх, лайн пачхьалкхе...

Стигал 1адо г1овг1а йоккхуш,
Лаьмнаш аттал герзаш детташ...
Дуьне даккхалл нуьцкъал йолу,
Х1унда еши хьо тхох лата?

Амма яц хьо дуьххьара еъна,
Я т1аьххьара дуй те х1ара?!
Хьуна лаарх нохчех лай бан,
Доьг1на дац и, са матийса...

Нанойн б1аьрхиш лекъаш лаьтта,
Кийрахь ийман ч1аг1деш денна...
Аллах1 воцург Дела вац тхан,
И воцча цхьаъ кхочур вац вайх!!

Дуьне кхоьллина сов хаза,
Диънарг вац и цуьнга хьежарх...
Адамш ма хила къиза,
Дита деза дуьне дезарх...
Ахь сан са - м даьккхи схьа,
Оззийна дег1 дожа дуьтуш...
Х1етте а ца вуьту - кха  даго хьо,
Дешеха луьттуш...

Р.А

Малх хуьлу новкъа, ша т1ех бохбелча,
Сан серла ялар а, дели те бале?
Хиллий те ирсе, сан байтийн кхоллам,
Я тесий цара, хьан дагчу кхуолар?

Дагахь а доцуш, и - м хила тарло,
Хьо генахь хиларх а, дог сан ца къарло - кх...

Р.А
Ахь сан са - м д1аьккхи схьа,
Уозийна дег1 дожа дуьтуш...
Х1етте а хьо веза - кха хьо дагна
Дешеха луьттуш...

Р.А
Р.А.

Велара хьо сан дагчохь кхечера мог1ара,
Хьо церан мог1аре х1отта...
Я хилча уьш санна д1а татта атта,
Сайн дагна хьо хера ваккха...
Ткъа х1инца ас муха тида хьан г1иллакх,
Терза хьох ца х1утту техка,
Ахь еллачу йовхоно г1аттинчу деган,
Ницкъ бац - кха безамах къаста...

15. 10. 2018.  05. 15.
Ма яц - кха сан 1уьйре хьох къаьсташ,
Я суьйре дог дуьллуш яц...
Сан дерриг дуьне ду хьох лаьтташ,
Хьох г1оттуш я бузуш малх...

Б1аьсте ахь сан дагчохь декъалйо,
Ца г1елдеш сан лерехь аз...
Ахь шийла мехаш д1а чехадо,
 Хьекъадеш марзонан зазз....

Цундела сан даго лоькху йиш,
Ца къарлуш ахь белла тешам ...
Лаьар - кха хьан дагчохь хила и,
Дахаре са ирден безам...
Р.А

Зовкх ду – кх шуьгахь,
Тийначу 1индаг1ехь,
Хьозарчийн шакарша
Хьоьстучахь б1аьсте..
Къахьегар – ъ,
Сатийсар шайгарчу ирсе…
Кхоам бу – кх цу аьттона,
Цаоьшуча кхаьчна..
Ма ловр йара и таро,
Лоьхучо, баьрччехь…
2017

Г1аьтти малх 1уьйренца,
Шеен декхаш кхочуш дан,
1алам а х1оьтти д1а,
Цу малхо боххург дан..
З1аьнарийн куьг хьокхуш,
Хьоьстуш и х1ора г1а.
Шеен деган йовхо ло
Цо массо массо зезагна…
Заманан ирс хили,
Тоьшалла цунна дан,
Сан к1еззиг кайели,
Цу суьртан т1алам бан.
Я Аллах1 хастам бу,
Хьуна тхан кхолламна,
Хастам бу я Аллах1,
Бусулба кхолларна!!
2017

Хир ву –кх вижана виснарг а,
Лиънашехь х1ара 1уьйре ган…
Ма хьур дац цо данза диснарг,
Мел эшарх, эхарта д1а…
2017

Оррам цахийцало,
Мотт я мохк хийцарах а,
Ц1еначу нохчийн дог – ойла а
Хийцалур яц…
Резванова Айза

Со йелла ахь ларахь,
Хьанна хир новкъа.
Хьо вела ас бахарх,
Мила хир холчахь??
Вахахьа хьо а хьуо,
Везачийн дуьхьа!
Йитахьа со а сайн,
Деллачат1ехь йаха…
Хьан дагчохь г1ант х1отто,
Со а йац хьегна,
Сан дагчохь чан г1атто
Хьо а маг1ерта…
Дукха бу дуьненчохь,
Цабевзарш, бевзарш,
Хилахьа хьо царах,
Со а цайевзарг…
Р.А.

Нохчийн къомах волу стаг,
Даима дозалла деш хир ву,
Шеен къам дозалла хеташ…
Р.А.

Б1аьсте юкъйелла,
Хьаннаш сенъела,
Бацалахь можа
Зезаг денделла…
Хаддаза лерехь,
Къоркхокха хеза,
Хьозарчий бешахь,
Самукъне дека…
Р.А.

Эхартахь а хуьлу боху,
Шеен – шеен тобанца.
Х1оранна а дусту боху
Къа – мел терзанца.
Дагахьбаллам боцуш хилац,
Къастор 1ожалло а.
Тоба х1инцехь къасто йеза,
Шенаг х1орамма а…
Р.А.

Т1е кхечи мархийн бутт,
Ирс хили вайн и т1еэеца.

Вайн Делан къинхетам,
Вайх бинарг мА боккха хетта…
Аллах1а ницкъ лойла,
И кхаба Ша реза хилла,
Вай бахьнехь юьхь1аьржа
Ма хуьлда и Делан Элча!!!
Р.А.

Даго хоьрцуш буьйда ойла,
И кхочуш йан боцуш ниц
Де эешна вайх цхьа магойла,
Лаам бузо доцуш рицкъ…

Бахам, рицкъа хиларх шорта,
Къен ву йоцург могшалла.
Кхин а къен ву бацахь корта,
Болх Деле д1акховдабан…

Х1унда х1инца хьо д1атийна,
Хезаш дац хьан г1орг1а аз.
Мавийлахьа тхуна хийра,
Жима ву хьох биса барз…
Р.А.

Белахь дагчохь безам мерза,
Ойланаш а хилча ц1ена.
Х1ун новкъа бу дашо малх,
Я дог ц1ена гергара нах.

Тешам боцуш йелахь буьйса,
Боданашца серло къийса.
Оьшу сац1ена седарчий,
Бода зарзбан ойланийн…
********
1аьрби вай г1ар – тата йоцуш,
Сан байт йиси кхин жоп доцуш.
Шеен дагахь дерг мог1ане лоцуш,
Йазде алийша сих дохуш…

1аьрбий х1унда 1а хьо тийна,
Яц хьан дагчохь ойла дийна?
Я ву те хьо г1еех ийна,
Б1аьргаш дишийна 1аш сийна…

Йехха 1ий со ойла тийна,
Дитт к1елахь 1индаг1на дийна…
Олхазарийн аьзнех ийна,
Дагалоьцуш ши б1аьрг сийна.
****
1уьйкъе йиъна, 1уьйре йитна,
Вериг тап аьлла д1атийна.
Г1овтта деза набарш йитна,
Хир ду дезарш, данза дисна…
**********

Кужлаш басар йина дитташ,
Кечделла д1ах1иттина.
Мох бу церан месаш къежйеш,
Ахкар хьоькхуш лерина…

Малх а стиглахь ловзабуьйлу,
Мархаш кегош зарзйелла…
Шийла хьацарш царах дуьйлуш,
1алам лаьтта т1унделла…
*********
Хьо йац сан хьошалг1ахь гуьйре,
Хьошалг1а йеънарг ю со…
Шоззаткъай дейтталг1а хьан тойне,
Ирсе кхаж баьлларг ю со.

Ца 1ебаш гуьйре хьан марзонах,
Б1аьргаша хьо дагчу уьйзу.
Кечъела бес – бесара басаршца,
1аламан суьртах дог дузо…

*********
Керла хаза совг1ат кхийдош,
Йаьсти кхолламо 1уьйре.
И синмарзо дагчу ийзош,
Со ю тахна самукъне.

Детийн буьртигех т1е1енаш,
Доху дог1а беркате.
Хьозарчий ду зевне декаш,
Бешахь токхе ю аьхке.

Накхар – мозий г1уьтту «зузз» деш,
Белхий бина, гулдеш моз.
Хенан х1оттам хийца кечлуш,
Малхах хили дашо х1оз.

Зезагаш а самадевли,
Воьхуш х1ора шайна т1е.
Полла хьийза парг1атбаьлла,
Марзо оьцуш зезагех.

Керла хаза совг1ат кхийдош,
Йаьсти кхоламо 1уьйре.
И синмарзо дагчу ийзош,
Со ю тахна самукъне.
2017

Ма 1елахь вас хилий,
Сан деган совг1ат, 
Ойланаш кхуолашкахь
Ма йиталахь,
Юккъера гергарло
Ларделахь доггаха,
Аллах1а лур ю ял
Хьан диканах…

Ма валалахь хера
Сан г1алат ларий,
Ледарнаг хьуна гар –м,
Хьан толам бу…
Со тахна г1ийла ю,
Мохь бу соьхь балийн.
Де – буьйса а шеен
Рог1ехь хийцалуш - м ду…

Хьо хилла даима
Сан сина гергахь,
Сайн деган берчехь.
Ас лелийнарг хьо…
Бакъо яц хьан дуохо
Ниет хьайн ц1ена,
Масална хаьржинчех
Ву къонах хьо…
2017


Синт1емаш даьржи сан сакъераделла,
Бераллийн кевнаш аш даьстина д1а.
Ма ирс душ у хилар, сан деган мерзаш,
Ц1еххьана малх къеги дахарехь сан.

Яхна хан йесаллехь йисина хеташ,
Со –м 1ара,дагайала цакарош шу.
Ма ирс душ у хилар сан деган мерзаш,
Шух х1ора ирсе гар сунна кхаъ бу.

Шу марша дог1ийла, сан деган баьрче,
Дахарехь ирс серла долийла шун.
Ма ирс душ у хилар сан деган мерзаш,
Юху а бераллехь шуьца со ю….
Р.А.


Хьан хабар мА делла?
Аз а д1акъарделла…
Мохехь я малхехь дац,
1индаг1ах тарделла…
Гергарло мА лаьтта
Шат1улгах шалделла.
Х1усам а х1оранна
Каш1уьргах таръелла.
Вааа, делладовла вай,
Д1ахадда долу тай….
Р.А.

Хьо йара и йеънарг,
Гуьйренца дуьненан не1 йоьллуш…
Дагадог1у цу дийнахь
Малхо хьо хьестар а маракъуьйлуш.
Тахна а хьо бахьна ду малхо
Дуьненан са декхар.
Сатасле дуьйна ас ойланаш тоьгу
Хьо декъалъян.
Б1аьстенан 1аламах ас басарш дехи
Хьан де кечъдан…
Токхечу аьхкенан стоьмаш а лахьий
Той чомаш дан.
Массо а зезагийн аматаш дехи ас
Хьо хазъян…
Амма и эерна ду, хьо къаго дац х1ума,
Хьол хаза…

*********
Болар хецна дог1у Марта,
Дехьа – сехьа йетташ кА.
Амма дог1ур ду и берта,
Лахдеш хоршахь доь1у са…
**********






Гуьйренан 1уьйре

Дош дац те вайн ала,
Кху хазчу 1уьйренах?
Да вац – те, цхьа вала,
Йаздан сурт гуьйренах?
Хьовсийша д1о анна,
Йо1 санна ц1ийелла…
Садаржо кечъелла,
Гуьйренан 1уьйре…

Шакаршца г1евттина,
Олхазарш зевне.
Маь1 – маь1ехь схьахеза,
Декъал деш вовше.
Мох беди айбелла,
Кхача цу хазне,
Ша маьрша хиларна,
Талла вайн дуьне…

Лаьмнашна кхаъ хилла,
Йог1ушехь хьаша,
Шайн х1усаме йоьссина,
Буза шеен маша..
Шовданаш кхийсалуш,
Мукъаме девлла,
Хоьттуш го маршала,
Йеъначу хьеше…

Вай дац те ала дош,
Са сирлачу 1уьйренах?
Вац теша вала да,
Яздан сурт гуьйренан?

2018-04-03

Малх бу хьо 1уьйренца
Сан дагчохь г1отту,
Къажъеш сан ойланийн,
Са маьрша доккху.
Хьо са ду сан б1аьргийн,
Нур серла дохуш.
Дахаран аьхначу,
Некъа со йохуш…
Хьо 1уьйре юха а
Сан г1енаш къовлуш
Мерзачу 1аьнарца,
Маршалла хоьттуш.
Хьо ду – кх сан дуьне,
Сада1ар доцуш,
Ас тегнарг дахарехь,
Ирсе дог дохуш…

************
Ма хьийза, мА сетта,
Дац сан кхи амал.
Махуо г1а сана ас
Хьуйр ю хьо ц1ехьана.
Безаман ницкъ кхочу,
Аьчка дог лало.
Сан деган хьоьца яц,
Цуьриг а гамо…

Ядалахь, лачкъалахь,
Со вог1у вайча.
Къинхетам сох белахь,
Кхардам ца айта.
Къуберза буьйсанна,
Берза б1аьрг сана,
Со тебаш ву хьуна,
Хьо лачкъо сайна.

Малхо де хьистича,
Суьйре хазло.
Йо1 хаза кхиинча,
Некъаш шарло…
Сан ойланаш денъян,
Хилахь хьо реза.
Къегина седарчий,
Хир ду вайх хьегна.

Дахар мА доца ду,
Безамах къаста…
Синт1адам цакхиъал
Марзонах 1аба…
Зама мА йеха ю,
Дог доцуш даха,
Шех хаьддачу ирсана
Гуо туьйсуш ваха.
2017

Айшатийн нанна…

Нана хьо малх бу сан,
Садоь1у х1аваъ ду хьо.
Хьан багара йолучу 1аьнаран
Марзоно яха ницкъ ло.

Нана сан ойланийн кхоллам,
Лаамех кхаъ ахьа ло.
Сан деган бешахь хьан безамо,
Б1аьстенан аз декадо.

Нана, сан нана хьо йехийла,
Цамгарша цахуьйш хьайн са.
Нана хьо малх сана къегийла,
Кхолламан совг1ат тайна!!!


Кхин мотт цахаарна,
Буьйцуш шайн маттаца ненан мотт.
Да – нана чехадеш,
Церан къинхетаман цайеш чот…
Дайн латта хьоьшуш
Сов кхоамза, бецатхин а цабеш хам.
Хуо хьайх а цадешаш,
Ма уосал дели хьо нохчийн къам…

Хилла те вайн наной декъазчех,
Доьзал шайх кхардал,
Дай осала хилла те,
Т1аьхьено масал шайх цаэеццал??
Х1унда вай девли те ч1ана дайх,
Мостаг1ийн дог 1аббал,
Яхь елла х1унда ду вайн синош,
Нанойн дегнаш даъъал…

Мичахь бу къинхетам,
Вай метан буьхьарг т1е х1иттош берг,
Муьлхарш ю ойланаш,
Толаме 1ожаллех дохуш йерш??
Бусулба вай хилар, байракх ю билгало гойтуш йерг,
Г1аттахьа нохчийн къам,
Хьайн ц1енчу кхолламна хастам беш!


Гергара безаш, бевзарш гунаха,
Дукха бу сан дахарехь.
Безамца марзонан уьйраш,
Ю дог хьоьстуш даима.
Замано сан некъаш гатдеш,
Шайн некъаш т1ех1иттарна,
Сан баркалла ду даггара,
«Метан марзо» тобанна!

Вай вовшеха доьлла х1инца – м,
Вовшен доцуш цамаггал.
Шун марзо ю сан садузош,
Кхин кхачанах цакхеттал…
Къинхетаме, синкхетаме,
Шу сан дагчохь дисарна,
Сан баркалла ду даггара,
«Метан марзо» тобанна!
2017

Йог1ийла хьо маьрша,
Са сирла 1уьйре.
Б1аьрг хьоьстуш,
Дог делош,
Ирс доькъуш нуьре.
Синмарзо лаьттачу,
Кхачалуш г1ора,
Самукъне, беркате,
Хуьлда г1улч х1ора!

2017

Х1аа - х1а, цакарийна,
Хьуна хьайн дахаран аг1о…
Даьтта хих цаэело,
Лалорах, даторах хено.
Ахь дог мА дилалахь,
Х1инца а мегий и-м каро,
Цхьана муьргана мА йелахь,
Ирсана т1екхача мало…

Х1аа – х1а, хьо ца лелла,
Дахарехь хьайн некъах тилла.
Х1инца а вог1у хьо,
Керарчу заманах ийна.
Со а яц дахаран терзанахь
Барам бай хилла…
Хьегна яц со цкъа а,
Сайн доцчу мозчу 1айг билла…

Х1аа – х1а дера, ца висна,
Хьо синтем хьайн леха т1аьхьа,
Шеен хеннахь духьуна,
Сингаттам хьа - х хуьлу, къаьхьа…
Базбеллачу букъ - т1е,
Дахаран мохь бисча шенна,
Воккхалла – м хьаха ю,
Адаман мах хадо зама…
2017

Сан салам дац шуьга,
Яхь йелла к1иллой!
Салам ду, сийдолчу к1енташка сан!
Салам ду нохчашка,
Сийлардан мехкан,
Ц1еначу ниетца лелачарга!

Салам ду наношка,
Доьналлех буьзна..
Доьзалаш махкана кхиочарга…
Салам ду мехкаршка,
Шовданел сирла,
Тешаме ойланаш кхуллучарга!

Салам ду даггара,
Берашка нохчийн…
Дайн г1иллакх,
Ненан мотт лоручарга!
Салам ду Даймахке,
Лаьттачу оьзда,
Дайн лараш шеен букът1ехь
Ларйечуьнга!!

Салам дац сан шуьга,
Яхь йелла к1иллой!
Сан салам
Ц1ий ц1енчу нохчашка ду…
Даймехкан сий лардеш,
Бехачу, баьхначу,
Сийлаллехь хинболчу к1енташка ду!!!

2017

Сан Даймохк, со хьоьгу
Кхолламах маьлхан,
Йиш йолчу хьо хьеста,
Йовхо луш хьуна.
Хьоьгу со 1аламах,
Хьан кхолам хьаста,
Ирс хилла достучу
Зезагех лаьттахь…
Р.А

Х1унда хьо схьагушехь йоьду со
бераллийн хене,
Ас лоьху те стена, ца дайнарг
бераллехь сайна.
Уьду те циге са, лууш и марзо
Хьох эеян,
Я лаьа хьан дагчохь бер сана
Лечкъаш дог тедан??...
Хьан терго лела сан дахареь
Ойланаш къажйеш,
Сахиллац седарчех къега и
Хьан ойла хазъеш.
Сатосучу седанах со тарлой,
Са долу серла..
Дуьне сан сих къаггал там хуьли,
Ирсах дог кхела…
2017
 




























 
Резванова Айза

Зовкх ду – кх шуьгахь,
Тийначу 1индаг1ехь,
Хьозарчийн шакарша
Хьоьстучахь б1аьсте..
Къахьегар – ъ,
Сатийсар шайгарчу ирсе…
Кхоам бу – кх цу аьттона,
Цаоьшуча кхаьчна..
Ма ловр йара и таро,
Лоьхучо, баьрччехь…
2017

Г1аьтти малх 1уьйренца,
Шеен декхаш кхочуш дан,
1алам а х1оьтти д1а,
Цу малхо боххург дан..
З1аьнарийн куьг хьокхуш,
Хьоьстуш и х1ора г1а.
Шеен деган йовхо ло
Цо массо массо зезагна…
Заманан ирс хили,
Тоьшалла цунна дан,
Сан к1еззиг кайели,
Цу суьртан т1алам бан.
Я Аллах1 хастам бу,
Хьуна тхан кхолламна,
Хастам бу я Аллах1,
Бусулба кхолларна!!
2017

Хир ву –кх вижана виснарг а,
Лиънашехь х1ара 1уьйре ган…
Ма хьур дац цо данза диснарг,
Мел эшарх, эхарта д1а…
2017

Оррам цахийцало,
Мотт я мохк хийцарах а,
Ц1еначу нохчийн дог – ойла а
Хийцалур яц…
Резванова Айза

Со йелла ахь ларахь,
Хьанна хир новкъа.
Хьо вела ас бахарх,
Мила хир холчахь??
Вахахьа хьо а хьуо,
Везачийн дуьхьа!
Йитахьа со а сайн,
Деллачат1ехь йаха…
Хьан дагчохь г1ант х1отто,
Со а йац хьегна,
Сан дагчохь чан г1атто
Хьо а маг1ерта…
Дукха бу дуьненчохь,
Цабевзарш, бевзарш,
Хилахьа хьо царах,
Со а цайевзарг…
Р.А.

Нохчийн къомах волу стаг,
Даима дозалла деш хир ву,
Шеен къам дозалла хеташ…
Р.А.

Б1аьсте юкъйелла,
Хьаннаш сенъела,
Бацалахь можа
Зезаг денделла…
Хаддаза лерехь,
Къоркхокха хеза,
Хьозарчий бешахь,
Самукъне дека…
Р.А.

Эхартахь а хуьлу боху,
Шеен – шеен тобанца.
Х1оранна а дусту боху
Къа – мел терзанца.
Дагахьбаллам боцуш хилац,
Къастор 1ожалло а.
Тоба х1инцехь къасто йеза,
Шенаг х1орамма а…
Р.А.

Т1е кхечи мархийн бутт,
Ирс хили вайн и т1еэеца.

Вайн Делан къинхетам,
Вайх бинарг мА боккха хетта…
Аллах1а ницкъ лойла,
И кхаба Ша реза хилла,
Вай бахьнехь юьхь1аьржа
Ма хуьлда и Делан Элча!!!
Р.А.

Даго хоьрцуш буьйда ойла,
И кхочуш йан боцуш ницкъ.
Де эешна вайх цхьа магойла,
Лаам бузо доцуш рицкъ…

Бахам, рицкъа хиларх шорта,
Къен ву йоцург могшалла.
Кхин а къен ву бацахь корта,
Болх Деле д1акховдабан…

Х1унда х1инца хьо д1атийна,
Хезаш дац хьан г1орг1а аз.
Мавийлахьа тхуна хийра,
Жима ву хьох биса барз…
Р.А.

Белахь дагчохь безам мерза,
Ойланаш а хилча ц1ена.
Х1ун новкъа бу дашо малх,
Я дог ц1ена гергара нах.

Тешам боцуш йелахь буьйса,
Боданашца серло къийса.
Оьшу сац1ена седарчий,
Бода зарзбан ойланийн…
********
1аьрби вай г1ар – тата йоцуш,
Сан байт йиси кхин жоп доцуш.
Шеен дагахь дерг мог1ане лоцуш,
Йазде алийша сих дохуш…

1аьрбий х1унда 1а хьо тийна,
Яц хьан дагчохь ойла дийна?
Я ву те хьо г1еех ийна,
Б1аьргаш дишийна 1аш сийна…

Йехха 1ий со ойла тийна,
Дитт к1елахь 1индаг1на дийна…
Олхазарийн аьзнех ийна,
Дагалоьцуш ши б1аьрг сийна.
****
1уьйкъе йиъна, 1уьйре йитна,
Вериг тап аьлла д1атийна.
Г1овтта деза набарш йитна,
Хир ду дезарш, данза дисна…
**********

Кужлаш басар йина дитташ,
Кечделла д1ах1иттина.
Мох бу церан месаш къежйеш,
Ахкар хьоькхуш лерина…

Малх а стиглахь ловзабуьйлу,
Мархаш кегош зарзйелла…
Шийла хьацарш царах дуьйлуш,
1алам лаьтта т1унделла…
*********
Хьо йац сан хьошалг1ахь гуьйре,
Хьошалг1а йеънарг ю со…
Шоззаткъай дейтталг1а хьан тойне,
Ирсе кхаж баьлларг ю со.

Ца 1ебаш гуьйре хьан марзонах,
Б1аьргаша хьо дагчу уьйзу.
Кечъела бес – бесара басаршца,
1аламан суьртах дог дузо…

*********
Керла хаза совг1ат кхийдош,
Йаьсти кхолламо 1уьйре.
И синмарзо дагчу ийзош,
Со ю тахна самукъне.

Детийн буьртигех т1е1енаш,
Доху дог1а беркате.
Хьозарчий ду зевне декаш,
Бешахь токхе ю аьхке.

Накхар – мозий г1уьтту «зузз» деш,
Белхий бина, гулдеш моз.
Хенан х1оттам хийца кечлуш,
Малхах хили дашо х1оз.

Зезагаш а самадевли,
Воьхуш х1ора шайна т1е.
Полла хьийза парг1атбаьлла,
Марзо оьцуш зезагех.

Керла хаза совг1ат кхийдош,
Йаьсти кхоламо 1уьйре.
И синмарзо дагчу ийзош,
Со ю тахна самукъне.
2017

Ма 1елахь вас хилий,
Сан деган совг1ат, 
Ойланаш кхуолашкахь
Ма йиталахь,
Юккъера гергарло
Ларделахь доггаха,
Аллах1а лур ю ял
Хьан диканах…

Ма валалахь хера
Сан г1алат ларий,
Ледарнаг хьуна гар –м,
Хьан толам бу…
Со тахна г1ийла ю,
Мохь бу соьхь балийн.
Де – буьйса а шеен
Рог1ехь хийцалуш - м ду…

Хьо хилла даима
Сан сина гергахь,
Сайн деган берчехь.
Ас лелийнарг хьо…
Бакъо яц хьан дуохо
Ниет хьайн ц1ена,
Масална хаьржинчех
Ву къонах хьо…
2017


Синт1емаш даьржи сан сакъераделла,
Бераллийн кевнаш аш даьстина д1а.
Ма ирс душ у хилар, сан деган мерзаш,
Ц1еххьана малх къеги дахарехь сан.

Яхна хан йесаллехь йисина хеташ,
Со –м 1ара,дагайала цакарош шу.
Ма ирс душ у хилар сан деган мерзаш,
Шух х1ора ирсе гар сунна кхаъ бу.

Шу марша дог1ийла, сан деган баьрче,
Дахарехь ирс серла долийла шун.
Ма ирс душ у хилар сан деган мерзаш,
Юху а бераллехь шуьца со ю….
Р.А.


Хьан хабар мА делла?
Аз а д1акъарделла…
Мохехь я малхехь дац,
1индаг1ах тарделла…
Гергарло мА лаьтта
Шат1улгах шалделла.
Х1усам а х1оранна
Каш1уьргах таръелла.
Вааа, делладовла вай,
Д1ахадда долу тай….
Р.А.

Хьо йара и йеънарг,
Гуьйренца дуьненан не1 йоьллуш…
Дагадог1у цу дийнахь
Малхо хьо хьестар а маракъуьйлуш.
Тахна а хьо бахьна ду малхо
Дуьненан са декхар.
Сатасле дуьйна ас ойланаш тоьгу
Хьо декъалъян.
Б1аьстенан 1аламах ас басарш дехи
Хьан де кечъдан…
Токхечу аьхкенан стоьмаш а лахьий
Той чомаш дан.
Массо а зезагийн аматаш дехи ас
Хьо хазъян…
Амма и эерна ду, хьо къаго дац х1ума,
Хьол хаза…

*********
Болар хецна дог1у Марта,
Дехьа – сехьа йетташ кА.
Амма дог1ур ду и берта,
Лахдеш хоршахь доь1у са…
**********






Гуьйренан 1уьйре

Дош дац те вайн ала,
Кху хазчу 1уьйренах?
Да вац – те, цхьа вала,
Йаздан сурт гуьйренах?
Хьовсийша д1о анна,
Йо1 санна ц1ийелла…
Садаржо кечъелла,
Гуьйренан 1уьйре…

Шакаршца г1евттина,
Олхазарш зевне.
Маь1 – маь1ехь схьахеза,
Декъал деш вовше.
Мох беди айбелла,
Кхача цу хазне,
Ша маьрша хиларна,
Талла вайн дуьне…

Лаьмнашна кхаъ хилла,
Йог1ушехь хьаша,
Шайн х1усаме йоьссина,
Буза шеен маша..
Шовданаш кхийсалуш,
Мукъаме девлла,
Хоьттуш го маршала,
Йеъначу хьеше…

Вай дац те ала дош,
Са сирлачу 1уьйренах?
Вац теша вала да,
Яздан сурт гуьйренан?

2018-04-03

Малх бу хьо 1уьйренца
Сан дагчохь г1отту,
Къажъеш сан ойланийн,
Са маьрша доккху.
Хьо са ду сан б1аьргийн,
Нур серла дохуш.
Дахаран аьхначу,
Некъа со йохуш…
Хьо 1уьйре юха а
Сан г1енаш къовлуш
Мерзачу 1аьнарца,
Маршалла хоьттуш.
Хьо ду – кх сан дуьне,
Сада1ар доцуш,
Ас тегнарг дахарехь,
Ирсе дог дохуш…

************
Ма хьийза, мА сетта,
Дац сан кхи амал.
Махуо г1а сана ас
Хьуйр ю хьо ц1ехьана.
Безаман ницкъ кхочу,
Аьчка дог лало.
Сан деган хьоьца яц,
Цуьриг а гамо…

Ядалахь, лачкъалахь,
Со вог1у вайча.
Къинхетам сох белахь,
Кхардам ца айта.
Къуберза буьйсанна,
Берза б1аьрг сана,
Со тебаш ву хьуна,
Хьо лачкъо сайна.

Малхо де хьистича,
Суьйре хазло.
Йо1 хаза кхиинча,
Некъаш шарло…
Сан ойланаш денъян,
Хилахь хьо реза.
Къегина седарчий,
Хир ду вайх хьегна.

Дахар мА доца ду,
Безамах къаста…
Синт1адам цакхиъал
Марзонах 1аба…
Зама мА йеха ю,
Дог доцуш даха,
Шех хаьддачу ирсана
Гуо туьйсуш ваха.
2017

Айшатийн нанна…

Нана хьо малх бу сан,
Садоь1у х1аваъ ду хьо.
Хьан багара йолучу 1аьнаран
Марзоно яха ницкъ ло.

Нана сан ойланийн кхоллам,
Лаамех кхаъ ахьа ло.
Сан деган бешахь хьан безамо,
Б1аьстенан аз декадо.

Нана, сан нана хьо йехийла,
Цамгарша цахуьйш хьайн са.
Нана хьо малх сана къегийла,
Кхолламан совг1ат тайна!!!


Кхин мотт цахаарна,
Буьйцуш шайн маттаца ненан мотт.
Да – нана чехадеш,
Церан къинхетаман цайеш чот…
Дайн латта хьоьшуш
Сов кхоамза, бецатхин а цабеш хам.
Хуо хьайх а цадешаш,
Ма уосал дели хьо нохчийн къам…

Хилла те вайн наной декъазчех,
Доьзал шайх кхардал,
Дай осала хилла те,
Т1аьхьено масал шайх цаэеццал??
Х1унда вай девли те ч1ана дайх,
Мостаг1ийн дог 1аббал,
Яхь елла х1унда ду вайн синош,
Нанойн дегнаш даъъал…

Мичахь бу къинхетам,
Вай метан буьхьарг т1е х1иттош берг,
Муьлхарш ю ойланаш,
Толаме 1ожаллех дохуш йерш??
Бусулба вай хилар, байракх ю билгало гойтуш йерг,
Г1аттахьа нохчийн къам,
Хьайн ц1енчу кхолламна хастам беш!


Гергара безаш, бевзарш гунаха,
Дукха бу сан дахарехь.
Безамца марзонан уьйраш,
Ю дог хьоьстуш даима.
Замано сан некъаш гатдеш,
Шайн некъаш т1ех1иттарна,
Сан баркалла ду даггара,
«Метан марзо» тобанна!

Вай вовшеха доьлла х1инца – м,
Вовшен доцуш цамаггал.
Шун марзо ю сан садузош,
Кхин кхачанах цакхеттал…
Къинхетаме, синкхетаме,
Шу сан дагчохь дисарна,
Сан баркалла ду даггара,
«Метан марзо» тобанна!
2017

Йог1ийла хьо маьрша,
Са сирла 1уьйре.
Б1аьрг хьоьстуш,
Дог делош,
Ирс доькъуш нуьре.
Синмарзо лаьттачу,
Кхачалуш г1ора,
Самукъне, беркате,
Хуьлда г1улч х1ора!

2017

Х1аа - х1а, цакарийна,
Хьуна хьайн дахаран аг1о…
Даьтта хих цаэело,
Лалорах, даторах хено.
Ахь дог мА дилалахь,
Х1инца а мегий и-м каро,
Цхьана муьргана мА йелахь,
Ирсана т1екхача мало…

Х1аа – х1а, хьо ца лелла,
Дахарехь хьайн некъах тилла.
Х1инца а вог1у хьо,
Керарчу заманах ийна.
Со а яц дахаран терзанахь
Барам бай хилла…
Хьегна яц со цкъа а,
Сайн доцчу мозчу 1айг билла…

Х1аа – х1а дера, ца висна,
Хьо синтем хьайн леха т1аьхьа,
Шеен хеннахь духьуна,
Сингаттам хьа - х хуьлу, къаьхьа…
Базбеллачу букъ - т1е,
Дахаран мохь бисча шенна,
Воккхалла – м хьаха ю,
Адаман мах хадо зама…
2017

Сан салам дац шуьга,
Яхь йелла к1иллой!
Салам ду, сийдолчу к1енташка сан!
Салам ду нохчашка,
Сийлардан мехкан,
Ц1еначу ниетца лелачарга!

Салам ду наношка,
Доьналлех буьзна..
Доьзалаш махкана кхиочарга…
Салам ду мехкаршка,
Шовданел сирла,
Тешаме ойланаш кхуллучарга!

Салам ду даггара,
Берашка нохчийн…
Дайн г1иллакх,
Ненан мотт лоручарга!
Салам ду Даймахке,
Лаьттачу оьзда,
Дайн лараш шеен букът1ехь
Ларйечуьнга!!

Салам дац сан шуьга,
Яхь йелла к1иллой!
Сан салам
Ц1ий ц1енчу нохчашка ду…
Даймехкан сий лардеш,
Бехачу, баьхначу,
Сийлаллехь хинболчу к1енташка ду!!!

2017

Сан Даймохк, со хьоьгу
Кхолламах маьлхан,
Йиш йолчу хьо хьеста,
Йовхо луш хьуна.
Хьоьгу со 1аламах,
Хьан кхолам хьаста,
Ирс хилла достучу
Зезагех лаьттахь…
Р.А

Х1унда хьо схьагушехь йоьду со
бераллийн хене,
Ас лоьху те стена, ца дайнарг
бераллехь сайна.
Уьду те циге са, лууш и марзо
Хьох эеян,
Я лаьа хьан дагчохь бер сана
Лечкъаш дог тедан??...
Хьан терго лела сан дахареь
Ойланаш къажйеш,
Сахиллац седарчех къега и
Хьан ойла хазъеш.
Сатосучу седанах со тарлой,
Са долу серла..
Дуьне сан сих къаггал там хуьли,
Ирсах дог кхела…
2017
 




























 


Рецензии