Алдамова Мария, Пох1манча

Керлашеран базалг
Базалг цхьалха лаьтта,
Б1аьрхиш 1енош лаьтта.
Дагахь, иза 1ехо,
Цуьнга хотту хьиэхо:
-Стенна ахь сагатдо,
Дийца суна,доттаг1?
Ткъа базалго дуьйцу,
Г1айг1ано са луьйцуш:
Дуьхьалтуьйсу Керла шо,
Цхьанхьа хир ю х1ета со,
Бераш хир ду гуонаш дохуш,
Со лаьттар ю г1ийла йоьлхуш?
Берашсуна гонд1а хьийзарх,
Сан-м сагатло,
сан са хьийза.
Йитийша со,хьуьнхахь яха,
Суна а ма деза Дахар!

Сан Писулиг
 
Сан Писулиг, можа-хьаьрса,
 Ду ша даим лууш ловза,
 Мацлой, дукха уьдий д1аса,
Гарзанаш цуо юу говза.
Шен ма хуьллу кхисса а лой,
Кино хьожу д1а а нислой.

Алдамова Мария 4 А кл.7
гимназия


Рецензии