Рассказ на чеченском языке. Храбрый мальчик Зийны

               
                Зийнин «Майра к1ант».            

      Ша майраниг елахь, н1аьна жима йолушехь къаьсташ хуьлу, - олуш ду нохчийн.  Мох хьаькхича мохана корта хьалха дуьхьала йоьрзура ю майраниг, ледарниг-м букъ берзош д1ах1утту.
   Зийна бохуш йолчу тхан ненан тевне дехкинцу х1оъех шадерш а бохург санна к1орнеш дохуш беркате нийсделира. Цхьатерра можачу ахьаран мижаргаш санна долчу к1орнеша зезагаша санна мажйинера уьйт1ара сийна буц. Ц1ен котам ша-шех дозала дарна ч1ог1а юсаелла шорбинчу т1омана х1ора мас ша-шаха яьккхина лаьттаха хьокхуш шен к1орнеш т1аьхьа даьхна, ша хьалха яьлла шуьйра уьйт1е ма-ю йолалора котам. «Къуд-къуд-къуда!» - олуш шена т1аьхьа кхойкхура коматамо шен можа к1орнеш. Ч1ог1а самукъадолий т1аьхьахьовдура к1орнеш, нене ладуг1уш, муьт1ахь дара жима к1орнеш. Амма цхьа к1орни дара массарех къаьсташ, массарел онда дара и. Массо а к1орнеш, нанас кхайкхича, д1ахьовдуш, х1ара шен цхьацца г1уллакхаш деш хуьлура: я чуьркана т1аьхьа уьдуш, я т1ема долучу хьозане хьожуш, шен х1ун хуьлу хьожуш, жима т1емаш д1а-схьа а дохийтий стигала ирх долу кеп х1оттош. Буьйсана котамо шен довхачу т1ема к1ела духкура к1орнеш, хаза йовхо елла ца 1аш мостаг1чух куьйранах а лардора к1орнеш котамо. Амма цхьаъ ондо долу к1орни бовхачу т1ема к1елахь ца 1аш, котаман букът1е а долий цигахь д1адуьжура, кест-кеста самадолий г1арол санна гонаха а хьожуш. Ма сиха д1айоьду-кх котамийн дахаран хан, ма сиха йоьду-кх хан. Цхьа шо д1адаьлча можа котаман к1орни ц1ен басахь н1аьна к1орни а хилла ц1ен басахь т1емлойн г1аг1 санна кечделла д1ах1оьттира. Коьрта т1ехь йоккхачу борг1алан санна яцахь а, ирбинчу херхан ц1ергаш санна ц1ен бос а лепаш т1илдаг яра. Куьцехь буткъачу когашна т1ехь буьрса ира м1араш а яра, хьажар а дара т1емлочуьна санна буьрса. Масех н1аьнак1орнешна юккъехь а къаьсташ яра ц1ен к1орни, хийла кхин йолчу н1аьнак1орнешца къовсуш, уьш эша еш, шен доьнал а, майралла а гойтуш кертахь да хилла д1ах1оьттира ц1ен н1аьна кестта. Цхьа къена ц1ен-1аьржа борг1ал яра Зийнин кертахь кхин а, амма цо ша а реза хуьлуш ц1ен н1аьнин к1орнина схьаделира ков-кертахь долу 1уьналла. Дуьнена 1аламехь даима а хуьлуш ма-хиллара: къанало шен меттиг д1ало къоналан кара. Х1окху кертарчу котамашна доладеш йолу борг1ал къена юй хууш йолчу луларчу Малижа ц1е йолчу йоккхачу зудчунна кертара г1еметта х1оьттина йолу 1аьржа бос лепаш йолу цхьа борг1ал йог1ура кхуза, б1аьлланган серах юьйцинчу кертана, т1емаш тухуш, т1е а йолий, т1аккха чу а кхоссалой. Къена борг1ал тергал а ца еш йог1ий котамашца захло дуьйуш шен самукъа а доккхий, юьйцинчу керта буьхье а йолий «1у11аре-1у-у-у!» олий кхойкхура, аьрзонан санна шуьйра т1емаш а ластадой, уьш т1араш тухуш санна вовшаха а тухий шайн аг1ора чу а кхоссалой д1айоьдура и.
Амма цхьана хазчу б1аьстенан дийнахь, даима а санна юьйцанчу кертах сехьа елира 1аьржа борг1ал. Къена борг1ал ца тергалъеш уьйт1ахула х1инцца хьалаг1оьртинчу бацалахула го боккхуш йолаелира и, амма цхьаъ шега хьожуш хетаделла лерина хьаьжира и гонаха. Ц1ен жима н1аьна яра кхайкхаза веъначу хьеше хьожуш. 1аьржачу борг1ало-м къеначу борг1алан ша дина сий а ца дира х1окхуьнан. Дика ойла йина ца хиллера 1аьржачо. Лаьттаха хьаькхина шен коган м1араш а ирйина чухецаелира ц1ениг 1аьржачунна. 1аьржаниг-м х1инца а яцара х1окхо лелочух ешаш. Амма кестта шена «ткъа-ла-а-п!» аьлла еъна ц1ениг т1екхетча, з1окан а, когийн м1арийн а иралла а, ницкъа а шен 1аьржачу ц1окана т1ехь хаабелча «хьажахь оцу мер1уьрге!» - аьлча санна цец деъна йисира и. Кхин цкъа а, кхин а шена т1еетталучу з1око, еттачу м1араша б1арзйинчу 1аьржачо цкъан дуьхьало ян хилла дагадар а дицдира, цо хьалхара уьдуш го баьккхира, дуьхьала ерза аьтто лоьхуш. Кестта кхеташ дара, и едачий бен к1елхьара ериг ца хилар. И едира, едира гонаш туьйсуш, амма т1еетташ йолу з1ок ца соцура. И йоккха керт гатъеллера 1аьржачунна, дехьа эккха керт лохуш яра и, амма и керт карийча а цунна т1е хьалакхоссаяла кхуьуш яцара и. Х1инца-м кхераялар бен х1ума дацара 1аьржачуьнан горгачу б1аьргашна чохь. Оцу кхераяларо аьтто а баьккхира цуьнан. Шен ма-доггаха едира и ц1аьххьана х1иллане ядар а хуьйцуш, т1емаш даржош, ластош шена г1о а деш. Кертаха дехьаиккхина 1аьржа н1аьна ша шена го боккхуш майра т1ам хьокхуш йолаелира, цунна хаара: шен кертахь ша да юй. Амма дукха ца лаьттира 1аьржаниг шен кертахь а да, х1унда аьлча юьйцинчу кертах сиха сехьаиккхира ц1ен къона н1аьна. Шен шадолчу дахарехь а х1окху кертахь ша 1ийча санна майра т1елетира и мостаг1чунна. 1аьржаниг цкъа дуьхьало ян юьйлира, амма и йоца майралла кхин гена ца елира. Д1аедира и хьалхара шен де ма-дду, т1аьхьара ца йолура ц1ениг. Дукха к1адъелла т1емаш дазделлера 1аьржачуьнан, уьш-м цо х1инца майралла гайта г1ерташ текхош дацара, хьалха санна. Кертахула го тийсина кхин эккха меттиг а ца хилла, уьйча иккхира 1аьржаниг «къа-къа-къа-а!» аьлла котамо санна г1овг1а  а йоккхуш. И г1овг1а хезина, не1 йоьллуш араелира лулахо Малижа. Цец а яьлла йисира зуда ц1аьххьана и сурт шена гича, амма кестта кхийтира хуьлуш долчух, оьг1азало хьажюккъе шед х1оттийра. Х1инца зудчуна дуьхьала ша йисира ц1ениг. Зуда-м чу хецаелира ирх дахийтина оьг1азалонийн ши куьйг а долуш, ши буй. 1аьржаниг зудчунна т1ехьа д1алечкъира, к1адъяларан сих-сиха са а доь1уш. Амма гуттар а цецяьлла йисира и, юханехьа едда йог1уш х1усамнана гича, т1аьхьаедда йог1уш ц1ениг а йолуш. «Вай-й, нана!» - олуш ц1ог1а а хьокхуш хьалхахь масех т1ег1а кибирчигех боьттина лами болчу уьйча хьала а иккхина к1елхьара елира зуда. Кхераелла зудий, цул а ч1ог1а кхераелла 1аьржаниг 1адийча санна соцунг1а а хилла лаьтара ший а, ц1ениг уьйча хьала йолий хьоьжуш. Ц1ениг-м т1е хьаьжича буьрса елахь а, оьг1аза яхана елахь а, оьзда хиллера. Х1усамнанас нуй, горгам а хьаькхина ц1анйина баьццара басар хьаькхина аннийн уьйчанан ц1енкъа бехъян ца лиъира ц1ечу н1аьнийна. Ламина хьалхахь сецира и, д1аяхан сиха яцахь а. Дикка лаьттира  х1орш иштта. Уьйчохь хаза кечдинчу аннех йинчу г1опастана т1ехьа зудий, цуьнан 1аржа борг1аллий, ламина хьалхахь лахахь г1арол салти санна д1а схьа йолаелла лелаш йолу ц1ениг а. Жимма хан яьлча даима а шадериг а хаан лууш йолу котамаш улло г1оьртира цкъа цхьаъ йог1уш, т1аккха важа йог1уш.
- «К1о-к1о-к1о?» - кхузахь хилларг х1ун ду, вайн жима стаг, 1аржаниг х1усамнанна т1ехьа лечкъина х1унда лаьтта техьа, аьлла хаттар дира хьалха яьлла йог1учу к1айн т1емаш долчу котамо.
- «К1а-к1а-к1а-а!» ца хаа делахь, х1инцалца-м жима вацахь а ч1ог1а каден лелаш вара х1ара вайн стаг, олуш жоп делира улло г1уртуш вукху котамаша т1аьхьий, хьалхий.
- «К1о-к1о-к1о», - х1инца-м зудчуьна кучана т1ехьа а лечкъина 1аш ма ву х1ара вайн стаг, элира улло а хуьлуш, шен хаза ц1ен т1илдаг йолу к1айн корта аг1ора а боккхуш леррина хьаьжира вукхарах ондочу дег1аца къаьсташ йолу котам.
- «К1о-к1о-к1о-к1о-о!» - реза ца хилар гойтура кхин йолчу а котамаша, ша-ша лечкъина йоллучу 1аьржачуьнга хьажа а г1ерташ.
Ц1аьххьана к1айниг котамо шен хаза корта даима а санна коча раз а боккхуш д1ахьажийра ц1ен бос болчу, ша къона елахь а, онда дег1 долчу н1аьнийга. Ц1ениг-м яцара шен мостаг1ий бен х1ума а гучохь. Амма к1айниг-м яцара иштта атта шена дагадеънирг дуьтур долуш. Шершина улло яхара и ц1ечунна, бацалахь з1ок тохан х1ума лоху кеп х1оттош гонаха йолаелира и «к1о-к1о-к1о!» - олуш эшара мукъам а балош т1аьхьа.
Ц1ениг-м яцара цхьа а х1ума тергал дечохь а, оьг1азлой, даръяларий вовшаха хьаьрчина б1аьргаша сийна суйнаш д1асатуь1ситура цуьнан.
- «К1о-к1о-к1о-о-о!» - бецана юккъерчу зезагаца ирх кхоьссинчу зезагах къаьстина, зезаган г1а х1аваэхь хьаьвзиш го баьккхина ц1енчунна хьалхахь полла санна хьаьвзира.
Шена уллохь бецаш кхийса ваьхьарг мила ву, аьлла ира б1аьрг т1ебуьйг1ира ц1ен н1аьно котамна. Амма к1айн котаман хаза т1илдаг гича серла белира буьрса б1аьрг. Шадолу дуьне а дицдина котамна улло яхара ц1ениг. Кестта бацалахь шена сиха карийна кхалла чамчалхаг котамна кховдийра цо. Сиха дицделира жималло ловзош долчу н1аьнин дагна шен оьг1аза яхна хилар. Го бира бес-бесарчу кучамийн басахь мас йолчу кхин фолчу а котамаша. Хабаре делира церан вовшаха кхетар, вовшен довзар. «К1о-к1о-к1о-к1о! К1а-к1а-к1а-к1а!» - беларца самукъадаларца т1еоьцура котамаша х1ора дош а, къоначу н1аьно олуш долу. Йоккхачу кертахула д1асабаьржира уьш, ша-ша ц1ечу н1аьнина гайта г1ертара зударийн кучамаш санна бес-бесара мас йолу котамаш. Самукъа-м ц1ечу н1аьнин а даьллера керлачу довзарех. Уьйт1ахь беккъа ц1ена бай бен ца буьсуш ясъелча а уьйчохь х1усамин нанна т1ехьа хьулъелла 1ийриг йисира ша йоллучохь 1ен. Хусамнана а лаьттира хиллачух ца кхеташ санна. Жимма хан яьлча, ц1ечунна геннара куьйг нийсдина т1ара а гойтуш, ша лаьттачохь ког а тоьхна кхин уьйченан ламех чуйосса ца яьхьина, чу яхара и.
Дита-м ца дитира Малижас н1аьнина, ша кхераяр. Суьйрана кертайисте кхайкхира цо Зийна, чучча куьйгаш а доьхкина дийцира, дийцира цо бес-бесарчу дешнашца. Зийнин н1аьнас шен 1аьржачунна а, шена а ц1ечу н1аьно дина дов.
- Ванах, ва Зийна, и шун н1аьна ма ю тхан кертахь дола деш. Тхан 1аьржа борг1ал а яц карош, акха яьлла д1аяхана, стенга яхана а ца хууш, - арзнаш дора лулахочо Малижас.
- Делахь ца хаьа сайн н1аьна а яйна 1аш ма ю со а, хьажахь, шуьгахь хилла-кх и.
- Дера ю, тхоьгахь а ма ю, тхо шаверг а къар а вина 1аш а ма ю, ж1аьла санна массарна а чу а кхийсалуш.
- Дера ю со н1аьна леташ хиларна кхоьруш. К1анте, схьа а лаций урс хьакха эр ду аса, - бехкала яхара Зийна лулахочунна хьалха.
- Нийса боху ахьа, тхо массо а цо дайъина д1адахале урс хьакха деза цунна, - сиха т1етайра Малижа.
Малижина ца хаийтинехь а, х1инца-м шен н1аьнех дозалла дира Зийнас. «Хьажахь, оцу экхано лелош дерг! Кертал дехь а яьлла, цигахь «т1ом» беш ю тов!» - цецъяьллера и шен н1аьнин майраллех.
Малижа д1аяхна дукха хан ялале нанна улло веъира гена воцуш зударийн къамеле къайлаха ладоьг1уш лаьтташ хилла волу Зийнин жимаха волу Ризван.
- Нана, вайн ц1ен н1аьна мел майра ю хаьий хьуна! Цо-м церан 1аьржачунна мийра биттира кертах дехьа яьлча а ца юьтуш, дехьа а иккхина.  Урс хьокхийтура даций ахьа цунна?
- Ой, иштта леташ хилчи, экха санна кхераме хилчи, цо цхьа юьхьа1аьржо т1ейохьур ма ю вайна, - шен сагаттадар гайтира Зийнас.
- Ма хьакхийта-а урс, - б1аьргех хи делира жимчу к1антана.
- Ма велха, к1ант воьлхуш ца хуьлу. К1ант майра хила веза, хьо воьлхуш хилча майра хир вац, - к1ант яхье ваккха г1ертара нана.
- Вайн ц1ениг санна майра хила веза бохий ахьа, нана? – б1аьрхишна юккъехула велакъежира Ризван.
- Вайн ц1ениг-м «майра к1ант» хилла боккъал а, - к1ант шена улло а озош элира Зийнас. – Цунна-м урс хьокхийтучохь дац.
- «Майра к1ант» - нанас н1аьнийна тиллина ц1е тайнера жимчу Ризванина. И х1инца-м, нана шина а куьйгаца мара а к1евлина, воьлура. Цулла а ч1ог1а к1ентан лергашна там бинарг дара шена дукха езаеллачу н1аьнийна урс хьокхур дац бохуш долу нена дешнаш.
Хан д1а мел йоьду а йоккха хуьлуш, ницкъала хуьлуш д1айоьдура ц1ен н1аьна. Дехьа-сехьа а лулахойн кертахь нехан н1аьна кхойкхуш хезича, керташна т1ехула а йолуш цига йоьдура ц1ениг. Цигахьа майралла а къовсий, церан н1аьнех летий и къар а йой, церан котамашца гергало а тосий, де а доккхий, суьйрана ц1а йог1ура и. Ткъа нагахь санна шен керта стаг а зуда а йог1уш хилахь, ша и ж1аьла санна цунах лата чухьодура и. Зударий и шийла мохь а хьокъий бовдура н1аьнех, и ч1ог1а товра ц1ечунна. Боккъал а ша и доккха х1ума дича санна ша-шега дозалла а деш, корта ойбий шен котамашна шех даьлла хьунар дийца йоьдура и. Боьрша стаг уьйт1а веъча, цунна а чухьодура и, озаялар х1ун ду ца хууш. Божаршна н1аьнина хьалхара д1абовда эхь хетара, уьш-м когаш, куьйгаш лестош н1аьна кхерон г1ертара. Амма и «т1ом» бар эрна хуьлура церан, х1унда аьлча, н1аьна х1инца онда яра, цкъа делахь, майра а яра ша и борз санна. Т1ехула т1е, оцу н1аьнийна лата 1еминера говза. Шен аьрзун санна доккха долу т1емаш даржадой, цаьрца шена г1о а деш, мел ондачу а стагаца хьала а кхоссалуш дуьхьала йолура и. Амма уггаре а коьрта герз н1аьнин ондачу когашна т1ехь йохку еха ира м1араш яра. Хьалакхоссаелла ша ирх яьлча, и ира м1араш т1ехь йолу когаш дукха сиха тухура цо, стеган ког шен м1арашна юккъехь нийс а беш. Оцу м1арийн иралла ца ловра мел ондачу а стага. Ца кхерахь а, н1аьнас дов ца деш, т1ом ца беш, лоруш Зийна а яра, Ризванца а доттаг1ала дара цуьнан. Ризванас б1аьланган серех буьйцинчу до чуьра нанас гали чохь схьаэцна хаьжк1аш йохий и мерза буьртигаш сахь кедачохь хьора шен доттаг1чунна-н1аьнийна. Керт юьззина йолчу котамашна хьаьжк1ийн буьртигаш кхуьйсура Ризванас, ткъа ц1енчо, к1антана улло а йог1ий, сахькедана чуьра дуъура хьажкийн буьртигаш. Шена уллера хетачу котамашна а лора цо кеда чуьра з1ок тухий схьакхоьссина хьаьжк1ан буьртигаш.
Ризванин лула-кулара девзаш долу бераш уьйт1а даьхкича, цаьрца а гергало леладора ц1енчо. Уьш хиллера Ризван санна кегийра бераш ишколе д1аяздан арабевлла лелаш. Ризван шайна д1авига уьш баьхкича санна даръелла дуьхьала елира хьехархошна ц1ениг. Геннара хаам бира ц1енчо ша т1амана кечлуш хилар. Лаьттах ког а хьокхуш цо самса доккхура латта а, бухаха йоккхура буц. Гуттар а кечбелла арабевлла кегийра зударий, малхо мадбина качбина, уьш бацара х1окху уьйт1ахь буьрса н1аьна хир ю аьлла дагахь а. Уьш цкъа хьалха ца кхийтира ц1енчо х1иттош йолчу кепах. «Хозяева!» бохуш, мохь а бетташ уьйт1ахь шаьш бен кхин стагга а вац бохург санна буьйла белира уьш. Амма кестта хаам хиира царна х1окху уьйт1ахь да вуй а, мила ву а и.
Корта а та1ийна, ира з1ок хьалха а яьккхина мох санна чухьаьдира ц1ениг. Х1инца кхийтира кегийн зударий, шаьш бевда к1елхьара бевлича дика а долуш хилар. «Орца дала! Тхо к1елхьара даха!» - бохуш хьоькху маьхьарий а хезина, декхийн кертара ведда схьавеира Ризван. Геннара дуьйна кхийтира к1ант хиллачух. Вог1уш лаьтташехь н1аьниний, зударшний юккъе иккхира и сихонца. Н1аьна ч1ог1а реза яцара к1антана, шайна юккъехь гергарло делахь а.
- Д1аяла, Майра к1ант, эхь ца хета хьуна зударех лета! – н1аьна машаре кхойкхура к1анта.
Эхь-м ца хетара ц1енчунна, делахь а к1ентаца долу гергарло ч1ог1а мехала дара. Н1аьна юха елира, реза йоцуш цкъа-шозза яппарш а йина, «к1о-к1о-к1о!» - аьлла шен котамашка дийца яхара и ша х1инца гайтина майралла, тупалла. Шайна н1аьнийн ира з1ок ца кхетийла хиича бен хьоькхучура маьхьарий ца сацийра хьехархоша.
- Йиша, аса х1умма а дойтура дац цуьнга. Шуна мила оьшура, аса тхайн нене схьакхайкхий? – г1иллакх х1оттийра жимчу к1анта.
Г1иллакхен к1ант шен-шен дешархо хилийта лууш бара зударий-хьехархой. Ризван хьалхарчу классе д1а а язвина, 1 сентябрехь ишколехь шаьш хьоьжуш 1ийра ду аьлла д1абахара хьехархой.
Ризван-м х1инца царна т1аьхьа а ваьлла ишколе вахан реза вара, делахь а, 1 сентябре хьоьжуш 1ен везара. Ризванан хенара кегийра бераш д1аяздинера хьехархоша 1 классе. Х1инца-м шен ненаца туькана а вахана ишколе вахан кечам бан дезара, ц1ена ишколхойн духар эца дезара, тетрадаш, учебникаш, къоламаш эцан дезара. И шадерг а шен н1аьнига дийцира Ризванас.
К1ант ишколе воьдучу дийнахь а н1аьна кет1ара юьйцинчу кертах т1ех а кхоссаелла к1антана т1аьхьа еъира, к1антаца ишколе а д1айог1ура йолуш яра и. К1анта дукха дехарш а дина юхаерзийра и. Х1ора дийнахь а 1уьйрана Ризван ишколе воьдуш, цунна т1аьхьа арайолура ц1ениг, оцу ишколе ша а яхан дезаш санна, х1ора дийнахь к1анта кхетайора и, ишколе шен бен вахан ца дезарх. Ризванина нанас ишколе воьдуш т1аоьрмигна чу хадийна ши дакъа а дина, юккъе юьхь-жижиг а диллина долу бепиг а дуьллура. «Делкъана ишколехь хьайна даалахь!» - олура Зийнас. К1ант новкъа ваккха т1аьхьа еъначу ц1ечунна а кхочура оцу бепигах алсама дакъа. 1аж, я хьайба а юьллура к1ентан т1оьрмигна чу нанас.
Лулахь 1аш волчу Тумсо ц1е йолчу цхьана к1антана хааделлера Ризванан дешархочун т1оьрмигна чохь хуьлуш йолу мерзаниг. Бепиг-м кхин Тумсона а ца дезара, амма 1аж дага боьхна вара и даима а. Цхьана дийнахь Ризван 1уьйрана ишколе вахан кет1а ваьлла лаьтташ вара, ша новкъа ваккха т1аьхьа араяьлла н1аьна дехарш а дина юхаерзийра цо. Ц1ениг, шена к1антаца ишколе яхан лаахь а, цо бохург а дина юхайирзира. Кертана т1е хьала а яьлла «1у1-1ари-1у-у-у1» аьлла юкъ екош кхайкхина дехьа а яьлла кертарчу шен котамашна т1е д1аяхара и. Ц1ениг евзаш а, цунах озалуш а дара лулу-кулара даккхийн а кегийн а бераш. Цундела Тумсо а лаьттира хьулвелла, ц1ениг кертал дехьа а яьлла къевлаяллалц.
- Ризван, хьо ишколе воьдуш ма ву, вуй? Цхьана г1о вайшиъ?» - аьлла ведда т1е веъира и.
- Ву дера, ишколе воьдуш. Мегар ду, цхьана г1ур ву войшиъ, - реза хилира Ризван.
- Собардел цкъа, и тохура  ахьа суна аьлларг х1ун дара? – жимма дехьа ваьлча, к1ентан т1оьрмигна чуьра 1аж схьабаккха дов долийра Тумсос.
- Маца? Ас-м ца элира х1умма а, - шега кховдийначу девнах ца кхийтира жима Ризван.
- Дера боху-кх, соьца 3 классехь доьшуш волчу дишнийн юкъера Чаборзас-м, ахьа элира.
- Тумсо, ахьа соьга х1ун де боху, ма хьийзавехьа со, войшиъ цхьана хенара а вацара, хьо 3 классехь ву, со х1инца а 1 классехь бен вац, - к1ант кхетон г1ертара Ризван.
- Аьлла алий дере де боху-кх, - д1атеттира Тумсос Ризван.
- Ца аьлла! – Тумсо д1атеттира Ризванас.
- Аьлла! – чуг1оьртира Тумсо.
- Ца аьлла! – кога буьхьара а айбавелла дуьхьала велира Ризван.
- Ахьа аьлча а, хьоьга бохийтур а дац! – дов ца дуьжийтура Тумсос.
- Бохийтур ду!
- Дац!
- Ду!
- Мегар ду делахь, хьайн т1оьрмигна чуьра 1аж схьалол суна, т1аккха ас еттар яц хьуна, - дов кхечу т1ег1ана т1е даьккхира Тумсос.
- Ахьа йитича а, хьоьга хьан йоьттийту! Со вижина 1уьллуш ву-м ца моьтту хьуна? – шел лекхо волчу Тумсога д1анийсавалан г1ерташ кхин а ч1ог1а когабуьхьагашна т1ехь ийбалора Ризван.
Ц1аьххьана ч1ог1а д1атеттина Ризван охьа а тоьхна, и метта веъна валале сихвелла цуьнан гехь боллучу дешархойн т1оьрмигна чуьрчу 1ожана т1екхача г1ерташ воллура Тумсо.
- Собарде ахьа, со хьалаг1аттийта ахьа, ас бийр бу хьан болх! – мохь оьхура Ризванига, т1оьрмигах тасавелла воллучу Тумсос хьалаг1атта аьтто ца болийтуш.
- Вай! Дела! Вай, Дела-а-а! – ц1аьххьана мохь а баьлла аркъала охьавуьйжира Тумсо.
- Вахь-хьа-хьа! – аьлла г1адвахана воьлура Ризван, ша воьжна 1уьллушехь аг1онца Тумсона хилларг а гина.
Аркъала вижина 1уьллуш вара Тумсо, шен юьхьна дуьхьала куьйгаш а лаьцна. Дехьа йолуш, сехьа йолуш воьжна 1уьллучу к1антана когех, аг1онех з1ок тухуш, хьала а кхоссалой шен ницкъалийн когаш, м1араш тухуш дов шен кара а эцна йоллуш ц1ениг яра.
«К1о-к1о-к1о-к1о-о-о!?» - кхин тухур юй ахьа тхан Ризванина, бохуш дов а дора цо т1ехула т1е.
- Ва, Дела! Ас кхин дийр дац! Д1аяккха и! – мохь оьхура Тумсога.
Мохь тергал ца беш, шен дов деш яра ц1ениг-м. Х1инца-м и Тумсона г1одаюккъе т1е а яьлла т1ехь 1аш яра.
- Иштта, бе ахьа цуьнан болх! Ма валийталахь и к1елхьара! – керчаш хьала а х1оьттина чу ведда цкъа шозза муьшка йира Ризванас а. – Кхин оьхура вуй хьо хьайл кегийрчарна коча!
- Ва-а-ац! Ва Дела! Д1аяккха и, н1аьна аьлча а, и ж1аьла! – дехарш дора Тумсос Ризванига.
- Мегар ду делахь, кхин суна улло ма воьллахь, аса х1окху н1аьнига а ца кхочийтуш бат йохор ю хьан! – олуш п1елг ластийна. – Х1ан, тоьур ду, Майра к1ант, ахьа цунна т1ехь динарг, - н1аьна Тумсона т1ера д1аяьккхира Риванас.
- Д1алацалахь, Риван, и 1овдал, со гена валлалц! – олуш каде хьала а иккхина д1атасавелира Тумсо.
Ша гена ваьлча вуха а вирзина, ц1ечунна а, Ризванина а буй хьажийра цо:
- Собарде аша, ас бийр бу шун болх!
Амма цул т1аьхьа Ризванига-м х1етте а ца олура цо х1умма а, х1окхеран к1ет1ахула т1ех волуш некъана дехьа аг1ора а волий водий т1ехэккхара Тумсо.
Ризван а ерриг а ишколехь массара а лоруш вара, ша хьалхарчу классехь бен вацахь а. Тумсос д1адийцунчух тера дара, шена т1ехь н1аьной, Ризванас дина дабг1а.
Хан-зама мел елин а, н1аьнин сий а айбалуш д1адоьдуш дара цкъа хьалха ериге а куьпахь, т1аккха шайолчу а юьртахь а. Иштта майра н1аьна ю аьлла хезича, х1окхунах лата шайн н1аьна а ялош бог1ура н1аьнеш лотийтуш болу нах. Амма Зийна реза ца хуьлура ц1ениг латийта. Шен н1аьнин майраллех шекйолуш-м дацара цуьнан и, н1аьнеш вовшен латийтар къизалла ю аьлла тешна яра и. Ца бог1уш-м ца 1ара нах шайн борг1алаш а йохьуш латийта. Онда а, куц долуш н1аьнеш хуьлура оцу наха схьаялош еригш. До чу ховшайой, марахь хьалалоций а хуьлура уьш. Амма Зийна даима а дуьхьала хуьлура борг1алаш латийта, цундела ц1енчо царна а, цара ц1ечунна и серех буьйцинчу дона херашкахула а шайн дайн карара а б1аьргаш а къерзадой д1аса къаьстара уьш. Делахь а цкъа шозза иштта латийта н1аьна ялош веъначо ца хууш карара яьлла олий карара охьа а кхуссий шениг, ши н1аьна жимма тасалуш нисделира. Керташна т1ехула а юьйлуш, нехан керта д1а а оьхуш, церан н1аьнеш къар а йой схьайог1уш йолу Зийнин н1аьна кхузахь, шен кертахь, х1етта а хуьлура г1адъяхна оцу тасаяларх самукъадолуш, толамбоккхуш.
Цхьана дийнахь гуьйрана хьажк1аш хьаькхина, г1одмех такхораш а дина, хьаьжк1аш б1аьлланга сарех буьйцинчу до чу ерзийначу хенахь дара и. Зийнин ден шича вара массара а лоруш шех Лала а олуш 1абдулхьамид ц1е а йолуш. Хьаьжкаш чу ерзийначул т1аьхьа бухахь г1одамаш хьокхуш охьаэгна луьйдагаш а, докъарна мегар долуш дакъаделла суг1а а хьокхур дара ша кертара шайн аттана дала аьлла веънера 1абдулхьамид. Зийнас могуш-парг1ат а хаьттина, керта а вигина, шалгу а, кагтох а елла витира Лали. Шеца схьабеъа жима мангал а тухуш, кагтухца, шалгуца шена т1аьхьара мангалца дожийна суг1а а, охьаэгна хьаьжк1ан луьйдигаш а гулдеш шен куьйгех д1абоьлла болх бан волавелира воккха стаг.
Уьйт1а схьайог1уш саца а сецина геннара воккхачу стага къахьоьгуш безам хеташ хьоьжуш сецира Зийна. Цунна-м дагавеира, геннарчу Къилбаседан Казахстанехь ц1ера арадаьхначу хенахь, цамгарой, мацалой к1елавитина велла цигахь лаьтте кховдийна висина шен да Хьуьсен, ваша Шамсуди а. Бехк а боцуш нах ара ца баьхьнехьара, уьш дийна бисинехьара цара а гулдийра дар-кх кертахь докъар. Б1аьргех охьахьадан кечделла хи корталин маь1игца д1а а хьаькхина уьйт1а яхана цхьацца шен г1уллакхаш дан юьйлира Зийна.
Жимма хан яьлч, цхьаъ-м шега кхойкхуш санна хетта д1аса хьаьжира жима зуда шена сонаха. Шен буйнара декхин нуй жимчу раг1ун б1ог1амах г1ортош д1а а х1оттийна, цхьаъ-м ц1аьххьана дагадеъна керта д1ахьаьдира Зийна.
Лали жима текхна луьйш вара. «Ой, д1ая-яла!» - бохуш хезира Зийнина Лалис, и шена схьагалале. Зийнина тарделларг бакъ дара: т1ехьашхула тебина яхана, Зийнина ша гур йоцуш, воккхачу стагана т1елеттера ц1ениг. Цкъа яхна тешнабехк а бина т1ехьаша т1елеттера и, Лали цец а воккхуш. Амма воккхачу стага вуха а воьрзуш шен буйнара шалгу ластийра борг1ална. Т1е ца кхеттехь а, н1аьна мелла а къахкийра шалгуно. Амма н1аьна кхин а ч1ог1а масаелира кестта, юьхьанца хилла ловзаялар х1инца-м оьг1азалоне дирзинера цуьнан. Дехьа йолуш, сехьа йолуш т1аман йорт д1акхоьхьуш яра ц1ениг. Эцца т1екхечира Лалина орца а, Зийнас уллохь 1уьллуш йолу кагтох схьа а эцна д1акъахкийра ц1ениг. Дарьялар ч1ог1а делахь а, Зийница дов ца дезара н1аьнина. Г1илакх лаьцна йистаха елира ц1ениг, делахь а дукха гена ялан реза-м яцара и. Кестта Зийна уьйт1а д1аяхча, шен т1ом кхин а д1абахьа дагахь яра и. Х1иллане-м ц1ениг а яра, делахь а Зийнийна дика евзара шен «обарг», «Майра к1ант».
- Лали, ахьа хьайн г1улкх де ахьа, аса т1ейоийтур яц хьуна и. Лоза-м ца вина хьо оцу «ж1аьло»? – бехкала яхана, хаьттира Зийнас.
- Х1а-х1ан, х1ума а ца ди цо сан буйнахь шалгу хилар бахьана долуш. И стенгара ели, шун ю и? И-м ч1ог1а онда н1аьна ю, - цецвалар д1а ца даьллера воккхачу стагера х1инца а.
- Дера ю-кх тхан-м. Х1окху уьйт1а стаг ваг1ахь, иштта дов ду-кх цуьнан массаьрца а. Х1ун дийр ду а ца хаьа. Къа ца хетахьара, урс хьакхийтина хир дара аса цунна, - элира Зийнас.
- Х1а-х1ан, урс хьакхийта мегар дац, кхоам ма бу цуьнан, - текхина-а велавелира Лали.
- Делахь хьайн г1уллакх де, аса т1ейоийтур яц хьуна и, цо-м вац кхузахь х1умма а дан вуьтур а, ванне а, - шен кагтох паччахьан салтийчо топ санна белшна т1е а йиллина, г1ароле д1ах1оьттира Зийна.
Генахула, го тоссий, дехьа аг1ора т1е г1уртура ц1ениг воккхачу стагана, амма Зийна а меллаша ког боккхуш оцу аг1ора д1айолалора. «К1о-к1о-к1о-к1о», - олий ша иштта д1а саготтала, лаьттаха м1ар хьакха яьлла х1окху аг1ора, боху кеп х1оттайора н1аьно. Т1аккха, жимма лаьтаха м1араш а хьокхий, цигахь шена карийнарг д1а а кхоллий, вукху аг1ора генна д1а а йоьдий, юха а воккха стаг волчу аг1ора т1ег1уртура и. Иштта и шен «г1аролал» д1адехьира Зийнас, Лали кертахь мел долу чамхалг хьалагулдина валлалц.
Оцу керта баьхкинчу нахаца ша къаняллалца и т1ом латтош чекхъелира ц1ениг. Юккъехь, куьпехь а, юьртахь а сий долуш, массарна а евзаш, кхин доттаг1алла лелон тешамен яцахь а, массарна езаш а яра ц1ениг. Ц1ениг санна онда яцахь а, куц долуш лекхачу дег1ехь а ийна 1аьржа-к1айн басахь н1аьна хьалакхиира кертахь. Шен да санна жима йолуш дуьйна яра и кхераялар х1ун ду ца хууш, каде ког, амал йолуш а. Шен да санна адамех леташ-м яцара и, амма кхералуш яцара и адамех а, улло шена стаг т1е веъча а и д1а а туьйтуш, дуьхьала а г1ерташ лаьттара и. Шен да, ц1ениг, генара гучуяьлча бен хийцам ца хуьлура цуьнан амалехь, боларехь. Ц1ениг уьйт1а юккъе яьлча, йистаха йолура и, наггахьа лулахойн керта а йоьдий цигахь а 1ара цхьа хан д1аяллалца. Юьхьанца лулахойн н1аьнех а озалуш яра и, амма хенан-заманехь и озаялар а лахделира. Нехан н1аьнех летан а елира и, кхин гена керташка д1а ца эхахь а. Х1ара эшош а, х1окхо уьш эшош а д1адоьрзура х1окхеран дов. Наггахьа лулахойн зударша, бераша б1ал кхуссий човха а йой эккхайора х1ара. Адамех лата ца яьхьаш хилар бахьана къар а лой шен керта схьайог1ура и. Кхин а хан-зама д1аяьлча лулахоша г1аж а эцна т1аьхьа а бевлла ца къахкийнча схьа а ца йог1ура и. Х1инца и кхерош а, и эшош а кхин н1аьна яцара лула-кулахь. Кхин и ц1а ца йоьрзуш, и йайна д1аяларна кхоьруш Зийнас Ризван а вог1ийтий лаха а лохийтий, лулахой а орцаха бохий, ц1а ерзайора 1аьржа-к1айниг. Делахь а шен дех ц1ечу н1аьнех къехкачух тера дара и.
- Делахь ю со и вайн жимаха йолу н1аьна йоккхачух кхоьруш д1ауьдуш ю лулахойн керта. Царшинах цхьанна урс хьакха деза моьттуш дера ю со, - элира Зийнас цхьана дийнахь суьйрана, Ризван халла н1аьна а ялош чу кхаьчча.
- Х1унда хьокхийту цунна урс! – шен ц1ениг дагахьа йоллура Ризванина, массийтта шо хьалха санна.
И жиманиг къехкайо йоккхачо, х1уъъа дина а цхьаъ дан-м деза. Жимаха йолучунна хьакхийтича х1ун дара техьа, йоккханиг санна майра а яц и, лулахоша кхера а йо и? – ойла йора Зийнас.
- Нана, ца кхерайо хьуна и! И шайолу лулахойн н1аьнеш кхера йо цо. Церан зударша а, бераша а къехкайо и. Дера ца баьхьа уьш сан ц1енчунна х1ума ала-м, цо шен ира з1ок гайтина царна массарна а, - дозалла дора Ризванас шен н1аьнех. – Зийна, ма хьакхийтахь жимчу н1аьнина а урс, - жимачу н1аьнех а къахетара к1антана.
- Ванах, хьо ма къинхетаме к1ант ву, иштта хила мегара дац. Хьайн дахаран да хилалур вуй техьа хьо иштта дог к1еда хилча? – к1антана сагаттадора к1ентан нанас.
Кхин а цхьа бутт хан д1аелира, Зийнас ша аьлларг кхочуш ца дира, к1антаца ойла цхьана йог1учух тера дара цуьнан. Ризван а сагаттадечура а сецинера. Цхьана гуьйренан дийнахь Ризван ишколера ц1а а веъна нанас шена х1отийна юург кхоллуш 1аш вара. Арахь цхьа г1овг1а еш санна а хетта шен буйнара 1айг охьабилла са ца кхеташ уьйт1а велира и. Жимчу раг1уна т1ехьара схьахезаш яра г1овг1а-м. Т1ехьа керта воьдуш йолчу раг1ун бухара не1 а йиллина т1ехьа хьаьжира и. Цец а ваьлла висира… Йоккха ц1ен н1аьний, 1аьржа-к1айн жиманиг яра вовшен дов даьлла йоллуш. Дов-м д1адоьдуш долу дикка хан йолучух тера дара. Х1инцалца йоккхачо къахкийча, йистаха а йолий д1айоьдуш хилла жиманиг, х1инца-м вортана т1ера мас а г1аттийна, ши т1ам а т1емлочо санна баржийна дуьхьала яьллера ц1енчунна. Шен цецялар ца гайта г1ерташ, жиманиг къаръян г1ерташ б1аьргаш ирабина т1е боьг1на йоллура ц1ениг. Х1инцалца жима хеташ хиллехь а х1инцам жима н1аьна х1умма а йоккхачул оьшуш яцара. Г1аг1 дуьйхинчу шина т1емлочо санна х1орамо шен т1емлочун хаарш гойтура: ц1ечо хьала а кхоссалой шен когашна т1ерачу м1арашна юкъалоцура 1аьржа-к1айниг, амма цкъа тоьхча кхин тоха ца кхуьура ц1ениг шен ира герз, 1аьржа-к1айниг охьа а таь1ий юьстаха а эккхаш к1елхьара йолура, и мелла а каде хетаре йоккхачул а. Д1аса а кхоссалуш шен ира з1ок т1екхачайора цо ц1енчуьна юьхьна т1е. Б1аьргашна гонахара мас яра ц1енчуьн тилийна т1арг1а санна кегийна. Оцу тохаро ницкъа бечух тера а дара йоккхачунна. Х1ума кхета-м жимачунна а кхеттера. Ший а н1аьна толамна кечъелла яра. Дикка хан елира ши н1аьна къовсаме яьлла, амма хийцам боцуш ший а яра цхьатерра тасалуш. Ризван цкъа юьхьанца самукъадаьлла вара ши н1аьна тасалуш гина. Амма церан латар гена мел делан а цунна новкъа дара вовшен уллора ши н1аьна, дай, к1антий ала мегар долуш йолу ши н1аьна дов даьлла йоллуш, церан барт ца хилар а.
Кхета-м кхетара Ризван н1аьна кертахь цхьаъ бен тарлуш йоций, и иштта эзар шарахь схьадог1уш хилар. Делахь а къахетар-кх х1окху юьртахь а тоьллачех йолчу шина н1аьнех. Оцу шиннах цхьаъ «къурд» аьлла ца 1ахь, оцу шинна меттиг бац х1окху кертахь, х1ара ду церан дахар, церан дуьне.
- Доккха х1ума ду-кх х1ара! 1уьйрана сатесича дуьйна леташ ю-кх х1ара шиъ! Масийтаза г1оьртина со и шиъ д1аса къастаян. Сайх а и шиъ латарна а кхераелла 1ад 1ийна со-м, - элира Зийнас, н1аьнешка хоьжуш шен ойланийн карахь волчу Ризванига.
- Аса д1аса къастае и шиъ? – шега и далур ду аьлла ца тешаш элира Ризванас.
- Хьо лозорна кхоьру со оцу 1овдалаша, - корта ластийра Зийнас.
Д1аса а хаьжина, буйна цхьа г1аж а эцна меллаша т1еволавелира Ризван шина н1аьнина. Г1аж 1оьттича а, г1аж айбина уьш кхерон г1оьртича а тергал а ца вора к1ант леташ йохкучара. Царна х1окху доккхачу дуьненахь кхин гуш х1ума дацара, шайна дуьхьала лаьтта мостаг1 воцург. «Я толам, я 1ожала!» - дара оцу шиннен коьтахь. Иштта довхо даима а хилла кхерамен: шен мостаг1 вийна а толам баккха г1ерташ верг, олуш хилла вайн дайша.
Хьалакхоссалуш, вовшен м1араш тухуш, охьатаь1аш з1акарш тухуш – ц1елла-ц1ийх юьзинера ши н1аьна. Амма ший а ч1ог1а тасалуш яра, х1инцца лата йолаелча санна.
- 1адда йитахь, шаьшшима къастор ду цара шайн дов, к1адъелла а д1асакъаьстира яц техьа? – т1ехьара куьйг а лаьцна вухаозийра к1ант Зийнас. – Цара хьо а лозон сахьт дац.
- Х1умма а дийр дац цара. Витахьа со, - олуш юха а вукъаг1оьртира Ризван шина «т1емлочунна».
- Х1ан-х1а, жимма собар а дина хьожур ву хьо, - вухаваьккхира к1ант нанас кхин цкъа а.
Наний, к1антий раг1ун бухара не1 д1а а къовлуш чудахара.
Маьркъажа хан а хилира, котамаш д1аховшу хан а хилира. Ризван къайлаха ладуг1уш вара раг1уна т1ехьара тасадаларийн г1овг1ане. Г1овг1а х1инца-м лахъелча санна а хетта, меллаша не1 йиллина, раг1уна т1ехьа арахьаьжира к1ант. Ши н1аьна гуш яцара, д1асахьаьжича а гуш яцара. «К1ордийна хьуна царна т1ом бан» - дагадеира х1окхунна. Шена хазахетар нене хаийта, аьлла раг1ун буха валан дагахь не1арсаг1ех дехьа ког айбира Ризванас. Ц1аьххьана дагадеъна вуха а вирзина йоккхчу керта д1аволавелира и. Ялх, ворх1 хира болуш хьаьжк1ийн г1одамийн такхор бара кертахь лаьтташ. Волавелла оцу такхорашна т1ехьа хьежа вуьйлира и. Цхьана такхорана т1ехьа хьаьжича кхийтира и, т1ом х1инца а чекхбаьлла ца хиларх. Такхорана т1ехьахь д1адоьдуш дара дов. Жимаха йолчу н1аьнийна ницкъа хуьлучух тера дара, цуьнан г1елъялар а дара гуш, техка-аш дара цуьнан латтар а, дов дар а. Ц1ениг Ризванина юьхьдуьхьала яра, гуш дара цуьнан даръялар, вортана т1ера таь1ина ц1ечу басахь йолу мас яра г1аьттина, чукхоссаялан кечлуш яра и: т1аьххьара тохар а дина жиманиг къаръян дагахь яра и. Хууш дара, х1инца жиманиг цо кхераяхь, кхин цкъа а и кхин майра ериг ца хилар. Ризванина къа хийтира жимачу н1аьнех. «Х1ун дийра дара?» - аьлла карахь схьа эцна ч1аг1деллачу латтах хилла г1орзолаг хьажийна ц1енчунна кхоьссира к1анта. Г1орзолаг т1е ца кхетийта йоьлла ц1ениг, юханехьа кхоссаелира. «Тоха г1оьртинехь кхетара ма яцара хьо!» - к1ентан багара а долуш, корта а лоцуш букъана ехала т1е кхийтира г1орзолаг ц1енчунна.
Ц1енчунна юхакхоссаялар а, цунна кхетта г1орзолаг а шен аьтто а, шен майралла а лерина 1аьржа-к1айниг ц1аьххьана ницкъа чубоьссина чукхоссаелира жиманиг. Цуьнан аьтто а белира, цо шен ира з1ок туьйхира, г1орзолагах къаьхкина охьатаь1начу ц1ечунна коьртаха. Т1аьххьара тоьхна з1ок метте а кхийтира, нийса б1аьргана чу. Б1аьрг баьллачух тера дацара, делахь а лозийна б1агор-м баийтинера цо.
Кхин а дикка дуьхьала тийсаелира ц1ениг, даръяларо ницкъа а луш. Охьахьаьддачу ц1ино б1аьрса дайъира цуьнан т1аьххьара а, жимачо т1ееттачу з1аькаро а к1елайитинера. Шен дахарехь дуьхьара ницкъа эшна юхаелира ц1ениг. Къинхетам боцуш т1ееттара ира з1ок жимачу н1аьно. Чевнаша б1арзъйина, ц1ий чудуьзина б1аьргашна са ца гуш, раз а юьйлуш д1айирзина д1айолаелира ц1ениг. Гуттар а чуьраяьлла т1аьхьахьаьдира 1аьржа-к1айниг.
«Майра к1ант! Ц1ениг!» - олуш чухаьдда ша т1е охьа а кхеташ марайоьллира Ризванас шен ц1ениг. К1ант а тергала ца веш т1еетталора 1аьржа-к1айниг а. «Д1аяла кхузура, ас тухура ю хьуна!» - човхийра к1анта жиманиг. Хиллачух ша кхетча санна цецъяьлла лаьттина, йолаелла д1аяхара и цул т1аьхьа.
Хала са а доь1уш тийна 1ара Ц1ениг к1ентан марахь. Дикка 1иллира к1ант н1аьна марара д1а ца хоьцуш. Арахь 1аржлуш лаьттара. Эххар а, н1аьна мара а йоьллина раг1н буха схьаеира Ризванас. Буха тишачех галеш, х1ума а йиллина, цигахь йитира цо и.
Т1ееъначу Зийнина дийцира Ризванас хилларг.
- Дера х1ара санна майра н1аьна хилла ма яц х1окху юьртахь а, х1окху махкахь а! – ц1енчун сий дира Зийнас. – Х1окхузахь йита ахьа буьйса яккха, - элира цо к1анте.
Хи а дохьуш схьаеъна коьрта т1ера а, букът1ера а т1адийначу гатанца ц1ий д1а а даьккхина г1о а дира цунна Зийнас т1аккха.
Буьйса наб ца кхеташ яьккхира Ризванас. Ч1ог1а дохко ваьллера к1ант ша динчунна. Ша жима волуш, шена Ц1ениг т1ех1оттар а дагадеъира кхунна. Тумсона-м х1инца а кест-кестта дагадог1ура н1аьно шега Ризванигара схьа ца баккхийтина 1аж. Ша Ц1ечунна тешна бехк бина хилар дагара ца долура Ризванина, оццул тешамен, майрачу доттаг1чунна.
Сатосуш 1уьйрана самаваьлла раг1ун к1елахь шен н1аьна х1ун деш ю хьажа вахара и. Амма н1аьна яцара цигахь. Керт мел ю лийхира Ризванас н1аьна, амма цхьана а меттехь ца карийра. Дийнахь а лийхира ишколера ша ц1а веъча. 1аьржа-к1аниг яра котамашна дола деш керт ма-ю лелаш, ткъа Ц1ениг яцара цхьанхьа  а карош.
- Цхьанхьа лулахошка д1аяхана хир ю и, - жам1 дира Зийнас.
1аьнна хьаладоьттина лаьттачу дечигана юккъе а яхана хьулъелла йоллуш хиллера Ц1ениг. Дечиг шадериг а д1аса ца даьккхича т1екхочур волуш а яцара и.
Ризванас хьоьстуш дехарш дарах оцу бухара хьала ца йолура Ц1ениг. Ши де а даьккхира цо кхин оцу дечигна бухара хьала ца йолуш. Кхоаалг1ачу дийнахь, дечиг д1аса а даьккхина цу бухара схьаяьккхира Ризванас шен Ц1ениг.
Мацало г1елъйинера яхь йолу н1аьна, амма къар-м ца йинера.
               
                26.12.18 шо.

 


Рецензии